ЧуӀийдаргийн къеп, йа Эндокринин система — ЧуӀийдаргийн къеп тайп-тайпана мутта Ӏийдало пхенаш доцчу Ӏийдаргех кхоллало, церан мутта шайн дилханашлахь цӀийх дӀакхета.
ЧуӀийдаргаш шина тайпана хуьлу: беккъа чуӀийдаргийн болх бийраш а, чуӀийдаргийн а, араӀийдаргийн а болх бийраш а. ЧуӀийдаргаша цӀий чулучех гормонаш олу. Гормонаша салгийн, дилханийн, воканийн болх карзахбоккху йа малбо. ЧуӀийдаргийн къепо салатторан къепаца цхьаьна адаман дегӀан чорхан болхбаран барам латтабо. Иштта чуӀийдаргашца, чуӀийдаргийн, араӀийдаргийн болх бечу ийна Ӏийдаргашца цхьаьна болх бо кхача охьу маршан оганашкара а, гӀашвоканийн къепера а, садаӀаран некъашкахь йолчу а гормонаш йохучу салгаша. Церан гормонаша шаьш йолчу воканийн дилханашлахь болх бо.
This article uses material from the Wikipedia Нохчийн article ЧуӀийдаргийн къеп, which is released under the Creative Commons Attribution-ShareAlike 3.0 license ("CC BY-SA 3.0"); additional terms may apply (view authors). Чулацам лело мега CC BY-SA 4.0 лицензица (кхениг билгалйина йацахь). Images, videos and audio are available under their respective licenses.
®Wikipedia is a registered trademark of the Wiki Foundation, Inc. Wiki Нохчийн (DUHOCTRUNGQUOC.VN) is an independent company and has no affiliation with Wiki Foundation.