Сицкъар — диаметр 1 - 15 см йолу, тайп-тайпана тӀегӀанера яийна ломан породаш.
Кхин а йаккхий йаийначу кийсагех тӀулгаш а, тархаш а олу.
Ира йуьхьигаш йолу кеггарш йаайар хуьлу и уьш эркан бух тӀехулу керчачу хенахь, кеггарш шайна йукъахь шортта тӀеттӀаеттаялар бахьнехь, йа тулгӀенийн ӀаткӀамца. ХӀордан сицкъаран чӀапо кеп хуьлу эрканчуьнга хьаьжчи. Барамца сицкъар йекъало кегийрчарна (1—2,5 см), йуккъерчарна (2,5—5 см), йаккхийчарна (5—10 см).
Сицкъар лелайо коьртаниг некъаш дахкарехь, хӀордан пляж еш, ткъа кхина а декоративан Ӏалашонна.
Сицкъаран чӀапа йа гоьрга кеп йозу, уггаре хьалха, породан структуран-текстуран башхаллех, изотропаллин тӀегӀан, иштта дӀа.
Генезисца сицкъар йоькъу лахарчу кепашка:
Породийн тоба | Кеггарийн барам | Цемент хиланза | Цемент хилла | ||
---|---|---|---|---|---|
Горгйелла | Горгйаланза | Горгйелла | Горгйаланза | ||
Шога кегйелла породаш (псефиташ) | 10 — 1 м | Окъаман тархаш | Окъамаш | — | — |
1 м — 10 см | Тархаш | Каггар (блокаш) | Тархийн конгломерат | Каггаран (блокан) брекчи | |
10 — 1 см | Сицкъар | ТӀо | Сицкъаран конгломераташ | ТӀон брекчеш | |
1 см — 2 мм | ЖагӀа | Дресва | Гравелиташ | Дресвяникаш | |
ГӀамаран породаш (псаммиташ) | 2 — 0,05 мм | ГӀамарш | ГӀамара тӀулгаш | ||
Ченала породаш (алевриташ) | 0,05 — 0,005 мм | Алевриташ | Алевролиташ | ||
Саз-лаьттан породаш (пелиташ) | < 0,005 мм | Сацкъарш, Саз-латташ | Саз-латташ, аргиллиташ |
This article uses material from the Wikipedia Нохчийн article Сицкъар, which is released under the Creative Commons Attribution-ShareAlike 3.0 license ("CC BY-SA 3.0"); additional terms may apply (view authors). Чулацам лело мега CC BY-SA 4.0 лицензица (кхениг билгалйина йацахь). Images, videos and audio are available under their respective licenses.
®Wikipedia is a registered trademark of the Wiki Foundation, Inc. Wiki Нохчийн (DUHOCTRUNGQUOC.VN) is an independent company and has no affiliation with Wiki Foundation.