Нохчийн Республикан Халкъан Библиотека

Абуза́р Айдами́ров цӀарах йолу Нохчийн Республикан Халкъан библиотека — Соьлжа-ГӀалан хьлхара йукъара библиотека.

Иза схьайиллина 1904 шарахь. 1920 шо дуьйна пачхьалкхо харж йо цунна. 1929 шарахь иза областной библиотека хилира. 1936 шарахь Нохч-ГӀалгӀайн областех Нохч-ГӀалгӀан АССР а йинера, библиотекан республикин дарж а деллера. 2013 шарахь Абузар Айдамирован 80 шо кхачар бахьнехь библиотекин цуьнан цӀе тиллира.

Нохчийн Республикан Халкъан библиотека
Нохчийн Республикан Халкъан библиотека
Нохчийн Республикан Халкъан Библиотека
Мохк
Кхоьллина 1904
Веб-сайт biblioteka-chr.ru
Викилармин логотип Медиафайлаш Викилармехь

Истори

Кхиар

Библиотека схьайиллира 1904 шеран октябрехь Соьлжа-ГӀалан Пушкински училищен хьехархой къинхьегаман бахьнехь. Болх дӀаболуш хенахь фондаш наха еана керлачу книшкашца алсамъйоккхур. Совет Ӏедал дӀахӀоттале библиотека Соьлжа-ГӀалахь дуккха йоцу культуран учрежденешках цхьаъ яра. 1917 шеран революци хилира библиотекехь яра 14 эзар книга а, журнал а. Библиотеке оьхуш вара 1172 дешархо.

1920 шо дуьйна иза пачхьалкхан доле яллера. 1929 шарахь Соьлжа-ГӀала, хьалха Нохчийчоьхь дӀакъестина йола, Нохчийн областен йукъа яханчултӀехь, библиотекан областной дарж делира.

1934 шарахь Нохчийн а, ГӀалгӀайн а областеш цхьанатуьхуьра. Цу шарахь Иван Васильевич Сергеев библиотекан директор хӀоттийра. Иза оцу даржехь 1964 шо кхаччалц леттира.

1936 шарахь Нохч-ГӀалгӀайн областех республика йира, библиотекина республикански дарж делира.

Сийлахь-боккха Даймехкан тӀом

1943 шеран январехь фронт республикан дозан тӀекхачаран бахьнехь библиотекин болх сацабира. Иза юха а схьайиллира 1943 шеран сентябрехь.

Вайнах махках беккхинчултӀехь библиотекан белхалош къайлаяккхина ларйира нохчийн а, гӀалгӀайн а меттанашкахь Ӏедало хӀаллак йен аьлла дукха книгаш.

ТӀом чекхбелча

Нохчийн Республикан Халкъан Библиотека 
«Грозный. Сквер имени Чехова». СССРн конверт. 1971 шо.
Нохчийн Республикан Халкъан Библиотека 
«Грозный. Библиотека имени Чехова». СССРн конверт. 1985 шо.

1945 шеран 11 июлехь Антон Чехов валарна 40 шо кхачар бахьнехь библиотекан цуьнан цӀе тиллира. 1964 шарахь А. П. Чехован цӀе йолу скверехь схьайиллира библиотекан керла гӀишло.

1980 шарахь библиотекан директор дуьххьара нохчий хилира — Нохч-ГӀалгӀайн АССРн а, РСФСРн а Сийлахь культуран белхало Тамара Пацевна Габисова. 1983 шарахь библиотекин Пачхьалкхан универсалан Ӏилманийн библиотекан дарж делира. Цу хенахь библиотеке хӀора шарахь 35 эзар книга а кхочура, 60 газет а, 485 журнал а. 1990-гӀа шераш долалуш хенахь библиотекехь яра 2,65 млн книга а, журнал а, газет а, 10 эзар наггахь бен ца нислуш йолу книга а.

1989 шарахь дешархошна схьайиллира хьалха дӀакъойлина йолу спецфондаш. Республикехь арахецна 10 эзар книга яра архивехь. Цу чохь ера ерриг республикан зорбанан продукци 1957 шо дуьйна. Библиотекехь болх беш вара 137 белхало. Библиотекехь дӀабоьдуш бара Ӏилманан-талламан болх. 1988 шарахь хьалхара аспирант Эдилбек Хасмагомадов «Развитие книгоиздательского дела в Чечено-Ингушетии (1917—1941 годы)» цӀе йолу диссертаци ларйира. Библиотекехь массийта институтан студенташ практика чекхйоккхура.

Совет Ӏедал дӀадаьлча

Нохчийн Республикан Халкъан Библиотека 
Нохчийн Республикан Халкъан библиотека
Нохчийн Республикан Халкъан Библиотека 
Нохчийн Республикан Халкъан библиотека. Ӏаьн беш.
Нохчийн Республикан Халкъан Библиотека 
«Викимедиа РУ» векалш «2020 шеран Къилбаседанан Кавказан Вики-семинарехь» Халкъан библиотекехь. Кофе-брейк.

1993 шарахь библиотекан директор хӀоттийра историн Ӏилманийн кандидат Эдилбек Хасмагомадов.

1994—1995 шерашкахь хилла тӀом бахьнехь библиотека бух ца буьсуш хӀаллакйира, цу чура книгаш лечкъинера я ягинера.

Библиотекас болх болинера Соьлжа-ГӀалан куьгийн ловзарийн стадионан трибунаш бухаш йолу чоьнашкахь. 1995 шеран 12 декабрехь библиотекан Нохчийн Республикан Халкъан библиотекан дарж делира. Библиотекан керла фондаш юзура Дагестанан а, Кабардино-Балкарин а, Ставрополера а, Москвара а яийтина книгаш. Иштта Соьлжа-ГӀалан а, Нохчийчоьнан а бахамхой схьакхоьхьура шай книгаш библиотекан совгӀатан.

2005 шо дуьйна библиотека яра Респуликан исбаьхьаллин а, культуран а центран 2-чу этаж тӀехь. Цу хенахь библиотекехь яра 23 эзар книга. Библиотеке оьхуш вара 3 эзар стаг.

2013 шеран 23 мартехь библиотекан керла гӀишло схьайиллира. Иза ю Соьлжа-гӀалан юккъехь. Цуьнан чура майда ю 13 эзар м² сов. 2013 шеран 30 октябрехь Нохчийн Республикан Халкъан йаздархо Абузар Айдамиров 80 шо кхачаран бахьнехь библиотекан цуьнан цӀе тиллира. Оццу гӀишлончохь ю Нохчийн Республикан берийн библиотека.

2013 шарахь Нальчикехь хилла фестивалехь «Традиции и новаторство в архитектуре Северного Кавказа» НР Халкъан библиотекан проект тоьллинарг лерира.

2017 шеран мартехь схьайиллира библиотекан электронны фондашка тӀекхачар.

2019 шеран 10 ноябрехь Халкъан библиотекехь хилира хьалхара Къилбаседан Кавказан Вики-семинар.

2020 шеран 7 нояберхь библиотекехь хилира «Северокавказский Вики-семинар 2020».

Библиотекан куьйгалхой

  • 1934—1964 — Иван Васильевич Сергеев;
  • 1964—1978 — Инна Фёдоровна Голикова;
  • 1978—1980 — Полина Сергеевна Горбунова;
  • 1980—1993 — Тамара Пацевна Габисова;
  • 1993—2014 — Эдилбек Хамидович Хасмагомадов;
  • 2014 — таханналц — Сацита Магомедовна Исраилова.

Филателиехь

1971 а, 1985 а шерашкахь СССРехь арахийцира цу хенахь хилла долу библиотекан гӀишлон сурт тӀехь долуш йолу конверташ.

Библиографи

Книгаш

  • Альтимирова З. Х-А. Национальная библиотека: история и современность (1904—2004). Библиографический указатель. — Гр.: ГУП «Книжное издательство», 2004. — 200 экз.
  • Ваксман Александр. Записки краеведа. — Гр.: Чечено-Ингушское книжное издательство, 1984. — С. 19—21. — 96 с. — 5000 экз.
  • Музакаев Дикалу. Чеченская культура — от традиционности к современности. — Гр.: ФГУП «Издательско-полиграфический комплекс», 2012. — 280 с. — 800 экз.
  • Чечня: право на культуру. — М.: «Полинформ-Талбури», 1999. — С. 25—28. — 120 с. — 1500 экз.

Статьяш


Билгалдахарш

Хьажоргаш

Tags:

Нохчийн Республикан Халкъан Библиотека ИсториНохчийн Республикан Халкъан Библиотека Библиотекан куьйгалхойНохчийн Республикан Халкъан Библиотека ФилателиехьНохчийн Республикан Халкъан Библиотека БиблиографиНохчийн Республикан Халкъан Библиотека БилгалдахаршНохчийн Республикан Халкъан Библиотека ХьажоргашНохчийн Республикан Халкъан БиблиотекаАйдамиров, Абузар АбдулхакимовичСоьлжа-ГӀала

🔥 Trending searches on Wiki Нохчийн:

2003 шо.pmАнгкор-Ват27 январьФранци1974 шоМария СтюартВальфгӀуакугӀ1924 шоТанкОьрсийн моттКадыров, Рамзан АхматовичГезлой.rwЭстгӀеАстрономиМаьрша гӀирсашБисмарк, Отто фонХелхарРожнова (Белорусси)РамаданЛоман Карабах1728 шоЛюдвинова (Вилейкан кӀошт)Льори (Империя)Арсанукаев, Шайхи Ӏабдулмуслиман воӀАвстрали.me1929 шоКорсунь-Шевченковски.yt29 мартАмерикин Цхьаьнатоьхна ШтаташТогӀси-ан-ВалуаNGC 6319Атмосфера12 январь1930 шоНемцойн моттИсландиIP-адресГуьржийчоьКаннаполис (Къилбаседа Каролина)Метр.mrАсуараКомарово (Польша)15 январь1999 шо.umГӀувгӀуа-суьгӀ-СегӀThe Beatles.idКеплер, ИоганнБежӀунан баппаБӀешоӀусман-ХьаьжиМохкСмогулецка-ВесьМумбаиПачхьалкхСен-ГальмьеСурат Фатихьат1917 шо2000 шоКъурайшӀаьрбийн мотт🡆 More