Лингвистика (мотт-Iамабар, мотт-хаар; лат.lingua — мотт) — иза мотт Iамош Iилма ду.
Кху Iилмано толлу шаболу адамийн мотт, дуьненан массо къаьмний моттанаш а, церан схьабалар а, царна юкъайоху бакъонаш а. Лингвистика лору, семиотика бохучу Iилманан дакъа. Лингвистикан тIехьбезначу Iилманчашах − лингвистхой, йа лингвисташ олу.
Лингвистикас дуьнена моттанаш доцург а, кхин ша адамийн мотт Iамабо, цул сов дуккхахена дуьйна белла болу моттанаш а. Лингвистхочуна хууш боцу меттан Iамор кхоллало фонетикахь, наха буьйцучу дийна болу моттах, цунах пайда а оьцуш хоттало цу меттан йоза. Ткъа дийна боцу мотт Iамабарн, оьшу цу маттахь язийна йолу текст, йа кхин пайдехьа хира болу йаззам.
Моттанах лаьцна Iилм долуш дара шира заманчохь (юьйцуш ерг «грамматика» ю), ткъа оцу Iилмано Iилманчийн къоман мотт бен ца Iамабора, нехан мотт Iамошдолу Iилма кхолладелча, цуьнан кхин долу Iилманаш юккъахь шен цIе, меттиг а хилира.
This article uses material from the Wikipedia Нохчийн article Лингвистика, which is released under the Creative Commons Attribution-ShareAlike 3.0 license ("CC BY-SA 3.0"); additional terms may apply (view authors). Чулацам лело мега CC BY-SA 4.0 лицензица (кхениг билгалйина йацахь). Images, videos and audio are available under their respective licenses.
®Wikipedia is a registered trademark of the Wiki Foundation, Inc. Wiki Нохчийн (DUHOCTRUNGQUOC.VN) is an independent company and has no affiliation with Wiki Foundation.