Протестанталла

Протестанталла я протестантизм (латинан маттер схьадеъна protestatio дош ду; нохчийн матте гочдича «дуьхьало яр, сийлахь-деза дӀахьедар, дӀакхайкхор, чӀагӀдар» маьӀна ду цуьнан)- ортодоксалла а, католицизм а санна керстачу динан коьртачарех цхьа некъ бу.

Кеп хӀоттича иза цхьанатоьхна шайн лаамехь йолу килсийн а, килсийн бертийн а, деноминацийн а вовшахкхетар ду.

Протестантизман схьадалар доьзна ду Реформацица (Хийцадаларца)- XVI-чу бӀешарахь Европехь католицизман дуьхьало йинчу шуьйрачу боламца.

Хабар

Протестанталла кхоллайелла Европехь XVI-чу бӀешаран хьалхарчу декъехь. Иза кхоллайелла керста нах Руман-католикийн килсан реза ца хиларна а, цу килсан оппозици санна а. Оцу муьрехь Хийцадалар (Реформаци) (лат.мат.reformatio) олу. Протестантийн лакхара Ӏалашо яра апосталийн керсталле юхадерзар.

Реформацин агӀончаш дийцарехь, дукха схоластикан теологин а, Ӏадатийн дакъош а леладарна Риман-Католикийн килс хьалхарчу керстанан миссех а, принципех а юхаяьллера.

Динан карчаман (революцин) хьалхаваьлларг Лютер Мартин вара. Цуьнан хьалхара килсан политикна дуьхьал йукъараллин къамел хилира 1517 шарахь эсаран (октябран;гӀадужу) 17-чохь. Цо нахала яьккхира доьзткъе пхийтта (95) тезис. Церан чуламацехь Мартино критика йора- килсас Ӏараф а, индульгенциш а йохкар а, эвлаяаш динчу гӀуллакхашца кӀелхьардаха гӀертар а, белчарна тӀера доӀанаш дара а. Цул сов, цо керстдора Папан Ӏедал а, мозгӀарийн ша-тайпа ниӀмат а, цуьнан адам кӀелхьардаккхарехь юкъарло а, килсан ламасташ а, Килс дуьненан Ӏедалан долаллехь хилар а.

ЦӀе схьаялар

«Протестантизм» билгало схьайаьлла Шпайер-шахьрехь немцойн элаш Лютерхьа гӀодоккхуш протест йинчул тӀаьхьа. 1521-чу шарахь арахецначу Вормскан эдиктан тӀехь папан нунцино Ӏаткъам барца Мартин Лютер зуламе еретик хилар кхайкхира. Цу питанина дуьхьал 1526-чу шеран Хьалхарчу Шпейеран рейхстаго лютеранаш-элаш тӀедожорца Вормскан эдикт йолуш хилар саца а дира poгӀepa рейхстаг хиллалц.

Амма 1529-чу шеран Шпайеран рейхстаго Вормскан эдикт карлаяьккхира. Динчун резабоцуш рейхстагехь хиллачу элаш (пхеаммо) а, Сийлахьчу Риман империн дейтта векало а «Шпайеран протестаци» дӀакхайкхира. Цу кехатан цӀарца Реформацин лархойх протестанташ олура. Ткъа Реформацин муьрехь кхоллайелла католикийн боламехь доцучу динийн вовшахкхетарехь «протестантизм» олу.

Динан Ӏилма

Ортодоксан теологи

Реформаци (Хийцадалар)

XVI-чу-XVIII-чу оьмарехь кхоллайелла динан Ӏилманах шира (классикан) теологи олу. Цу муьрехь гучуяьхна Реформацин коьрта ойланаш (идейш) а, вовшахтоьхна цуьнан догматин а, практикан а динан Ӏилма а. Шира теологи ша-тайпана протестантизман «ортодокси» ю. Циг чу юкъайоху рогӀера кхетамаш: адам Делах тешарца цӀандалар а, массеран йукъара мозгӀаралла хилар а, Библи къаьсттина ларар а, адамо летош долу къинош Делера схьадалар а, кӀелхьарваларан таро Делан ни1матца бен ца хилар.

Ша Хийцадаларан (Реформацин) динан Ӏилманан жамӀ хиларе терра а, иштта цу заманан Руман-католикийн килсан дуьхьал хиларе терра, цуьнан кхетамаш билгалбаьхна Quinque sola принципшца- пхиъ латинийн тезис «Пхиъ „бен кхин хӀума дац“». Массеран йукъара мозгӀаралла санна Quinque sola принципаш кхузаманан протестантизман Ӏилманан бух бу.

Ширачу (классикан) динан Ӏилманан коьрта тезисаш:

1.    Библи башха Делера дог ирахӀоттош а, бакъ долу Делан дош ду, иштта цхьаъ бен доцу кхеташ долу (дуьйцийла йоццуш) керстанийн доктринан хьоста ду.

2.    Дикачу гӀуллакхашца а дозуш доцуш, гечдар Делера бен хила йиш йац.

3.    Адам кӀелхьардалар Делан беркатца бен хила йиш йац.

4.    Ӏийса цхьаъ бен воцу Делан а, адаман а юккъахь волу юкъарлонча ву.  КӀелхьарвалар цунах тешарца бен хила таро йац.

5.    Адамо Делан бен хьурмат а, вирд а даккха ца деза. КӀелхьарвалар Цуьнан гӀуллакхашца а, лаамца а бен хуьлийла дац.

Ширачу (классикан) динан Ӏилма дӀаяздина ду Реформацин динлелоран кехаташ тӀехь: 1563-чу шеран Гейдельберган Катехизис (Немцойчоь), 1580-чу шеран Бертан Жайна (Немцойчоь), 1618—1619 шерийн Дордрехтера Синодан Канонаш а (Дордрехт,Нидерландаш), 1643—1649 шерийн Вестминстеран динлелор а (Вестминстеран аббати, Лондон, Йоккха Британи).

Протестантизман ширачу теологин бухбиллархой бу Лютер Мартин а, Жан Кальвин а, Цвингли Ульрих а, Филипп Меланхтон а.

Дукхалла а, даржар а

Килс Иймандерш Дин
1 Делан Ассамблей 67 500 000 ШовзткъеиттолгӀахой
2 Ингалсан килс 25 000 000 Англиканаш
3 ВорхӀолгӀачу дийнан адвентисташ 25 000 000 Адвентисты
4 Германин Инжилан килс 23 700 000 Лютеранаш а, реформаташ а
5 Нигерин англиканан килс 18 000 000 Англиканаш
6 Къилбера баптистийн конвенци 16 200 000 Баптисташ
7 «Ӏийсан тӀехь Китай» килс 12 000 000 ШовзткъеиттолгӀахой
8 Цхьаьнакхетта методистийн килс 12 000 000 Методисташ
9 Угандан килс 11 000 000 Англиканаш
10 Китайн инжилан вошалла 10 000 000 ШовзткъеиттолгӀахой
Протестанталла 
Керсталла исторехь
Кеп: ХьажарДийцарНисйе
Протестантизм
Реставрационизм
Анабаптизм
Кальвинизм
Англиканалла
(Руман-католикин килса)
Католикийн килса
(Малхбаленкатоликин килсанаш)
Православи
Ширамалхбален килсанаш
Малхбален Ассирийн килса
(XVI бӀешо)
Доккха декъадалар
(XI бӀешо)
Эфесан гулам (431)
Халкидонан гулам (451)
Хьалхара керсталла
Уни

Хьостанаш

Tags:

Протестанталла ХабарПротестанталла ЦӀе схьаяларПротестанталла Динан ӀилмаПротестанталла Дукхалла а, даржар аПротестанталла ХьостанашПротестанталлаКатолицизмЛатинан моттНохчийн моттОртодоксан керсталла

🔥 Trending searches on Wiki Нохчийн:

Северенс (Колорадо)Идрисов, АбухаджиТехӀранКоьрта агӀоISO 3166Маврики4 мартБарак ОбамаТгӀезийеАлабамаМонтанаХӀиндиГӀалгӀайн моттIP-адресHTMLYouTube1953 шоРай, СатьяджитЭдди МерфиПродюсерБассоль-ОлеХьиджазАндерсен, Ханс Кристиан2004 шо15 сентябрьПловдив23 февральМохкӀаьрбийн ахгӀайреБексултанов, Муса ЭльмурзаевичНосков, Николай ИвановичАчкасово (разъезд)УЕФА Чемпионан лигаПачхьалкхийн могӀамПортугалиИсхьакъ НьютонДатхойн мотт16 июнь1977 шоШолгӀа дуьненан тӀомТхэквондоМексикаНемцойн моттАхмадов, Муса МагомедовичНикараМесопотамиАвстрийн импери2016 шоВен кхиэл16 майИнтермашаЧаплин, ЧарльзСпортДуьнеКанадаИнгалсан моттЕзидаш.foӀумар ибн аль-ХаттӀабВьетнамӀарамийн абат26 сентябрьИтали20 июльКотамДаьтта доккху баӀ21 декабрь14 январьXX бӀешоПеле7 сентябрь🡆 More