Футбол

Футбо́л (инг. football схадаьлла foot «ког» + ball «буьрка») — мостагӀчун кевнашна когашца я кхечу дегӀан меженашца (куьйгаш доцург) дуьхьала йолу командел алсама буьрка чутоха Ӏалашо йолу командин спортан тайпа.

Футбол
Сурт
Амал
Категори командин ловзар
ГӀирс футболан буьрка
ЦхьалгӀа къийсамаш
Дуьненан чемпионат 1930 шо
Дуьненайукъара федераци
ЦӀе ФИФА
Кхоьллина шо 1904 шо
Веб-сайт FIFA.com
Кхуьнца йолу проекташ
Ков:Футбол
Футбол
Футболан буьрка
Футбол
Англин футболан буьрка — толаман совгӀат.

Тахана ю дуьненахь уггаре гӀараяьлла а, массийн а спортан тайпа.

Оцу ловзарех ловзучух олу футболи́ст.

Ловзаран цӀе

ФИФАс а, Дуьненайукъара олимпийн комитето лелайо «футбол» дуьненайукъара ловзаран официалан цӀе йина.

Юьззина ингалсметтан ловзаран цӀе, «association football» («футбол Ассоциацин бакъонашца»), иза хаьржина ингалсан Футболан ассоциаци йиллинчул тӀаьхьа 1863 шарахь, иза кхечу футболан тайпанех къасторхьама. Оцу хенахь яра, масала, регби-футбол («rugby football», «футбол Рагби ишколан бакъонашца»), цунах куьйгашца ловза а мегара. Хан мел йоьду ловзаран еха цӀераш яцъян йолийра къамелехь а, зорбанехь а. Юьхьанца Ингалсехь яьржинера яцйина цӀе «assoc.», цул тӀаьхьа 1880-гӀа шерашкахь цунах елира термин «соккер» (инг. soccer), дацдарна тӀе «-soc-» суффикс «-er» тоьхна оксфордан ламастаца[en] а тоьхна (регби-футболахдацдина олура «раггер» (инг. rugger)). В периодике термин «соккер» используется по крайней мере с 1892 года. Ингалсан меттан оксфордан дошамца, уггаре хьалха «soccer» дош йозанан маттахь хааделла 1889 шарахь, ингалсан поэтан Доусон Эрнестан кехат тӀехь (делахь а цуо яздо socca, хетарехь, цуьнан хӀинца а яцара стандартан йозанан кеп).

Тахана «соккер» цӀе яьржина ю цхьа могӀа ингалсметтан мехкашкахь, оцу пачхьалкхашкахь генара схьа гӀарадевлла ду кхин футболан тайпанаш а. Масала, Австралехь а, Керла Зеландехь а футбол олу австралин футболах я регбилигах. Ирландехь «футбол» термино билгалйоккху гэлан футбол, цундела «соккер» прессехь лелон цӀе ю. КъАРехь дукхаха болчарна ловзар девза «соккер» санна, иза гойту КъАР чемпионатан цӀеро, «Премьер соккер лига» а, тӀехь ДЧ-2010 финал хилла стадион «Соккер Сити» а. АЦШ а, Канадехь а термин «соккер» лелайо, хӀунда аьлча футбол опу америкин футболах а, канадин футболах а. Ингалсахь «соккер» цӀе ширъелла, керла чкъоьро иза ца лелайо.

Кхечу меттанашкахь ловзаран цӀе ю:

  • я тӀеэцна ингалсан дош football, масала нохчийн маттахь — «футбол», португалихой — futebol;
  • я football дош гочдина тӀеэцна, масала немцойн — Fußball, желтойн — ποδόσφαιρο, финнийн — jalkapallo, жуьгтийн (иврит) — כדורגל, карелийн — jalgamiäččy, адыгийн — лъэпэеу;
  • я схьадаьлла «мийра бетта», «ког» дешнех, масала италихойн — calcio, хорватийн — nogomet, полякийн — piłka nożna (коган буьрка), мажарийн — labdarúgás (буьрканах мийра беттар).

Футболан истори

Футболан хьалхара кепаш

Буьрканех ловзура дукха мехкашкахь. Цийчохь оцу тайпана ловзарх олура Чжу-Кэ. Ширачу Спартехь ловзарх олура «Эпискирос», ткъа Ширачу Румехь «Харпастум». Керла замахь Брянскан латтанаш тӀехь ловзура адаман коьрттал йолу, чу месаш йоьхкина, цӀоканан буьрканца. Оцу къийсамех олура «шалыга» а, «кила» а. XIV бӀешеран гергахь италихошна дагадеира «Кальчо» ловзар. Нисса иза чудеира италихоша Британин гӀайренашка.

Дуьххьарлера бакъонаш

XIX бӀешарахь Ингалсехь футбол гӀараелира, крикетца бен юсталур йоцуш. Цунах ловзура коьртаниг колледжашкахь. Цхьацца колледжашкахь бакъонаша магадора буьрка куьйгашца лело а, дӀаяла а, кхечанхьа иза ца магадора. Дуьххьара, масех колледж цхьаьнакхетта, цхьа бакъо ян гӀоьртира 1846 шарахь. Цара хӀиттийра хьалхара бакъонаш. 1857 шарахь кхоьллира дуьххьарлера говзаллин футболан клуб — «Шеффилд». 1863 шарахь дехха дийцарш дина тӀеийцира Ингалсан футболан ассоциацин бакъонаш. Иштта тӀеийцира аренан а, кевнийн а барамаш. Ткъа 1871 шарахь кхоьллира Ингалсан кад — дуьненахь уггаре шира футболан турнир. 1891 шарахь тӀеийцира пенальтин бакъо. Амма юьхьанца пенальти тӀадам тӀера, ткъа тухура асанан тӀера, иза кевнашна 11 метр генахь яра.

Футболан тайпанаш

Футбол 
Стоьлан футбол

Футболан шортта кепаш ю, коьртаниг ловзархойн барам кӀезиг болуш, царна йукъахь: футзал (AMF) а, футзал (FIFA) — мини-футбол (ловзу зал чохь башха цӀенкъан тӀехь) а, шоубол (ловза адаптаци йина хоккейн ботт чохь йиллина цӀенкъа тӀехь) а, кертара футбол (ловзу муьлхха а барам болу аренахь, муьлхха ловзархойн барамехь), пляжан футбол (ловзу гӀум тӀехь), «эркан футбол» (голлелца хи чохь, ингалсан Бёртонера хӀора шеран турнир), «уьшалан футбол» (ловзу уьшал чохь), футболан фристайл (массо кепара финташ а, трюкаш а гойту), рашбол (ловзу кевнахочун, гӀуданан буьрка тохаран, атакин, дуьхьалонан, нейтралан зонашка екъна аренахь), футдаблбол (ловзу шина буьканца).

Иштта ю виртуалан а, стоьлан а футбол спортан ловзарш санна, кехатан футбол логикин ловзар ду.

Футбол чӀогӀа гӀараяларна, дукха ловзарш ду футболах тардина.

Манчестерехь болх беш ю Футболан къоман музей, цу чохь гойту хьалхалера гӀараевлла матчийн пхийтта минотан фильмаш ы, музейн залашкахь ду гӀарабевллачу ловзархойн балозан суьрташ, футболан исторера тайп-тайпана экспонаташ.

Футболан гуонахьара оьздангалла

  • Футболе хьовсархой (хьаьжа хьажархо)
    • Немцойн футболе хьовсархой
    • Британин футболе хьовсархой
    • Хорватин футболе хьовсархой
  • Футболан хулиганаш

Хьажа кхин а

Категори «Футболан лиганаш» ца карийна.
Категори «Футболан кедаш» ца карийна.

Билгалдахарш

».

  • Mazumdar, Partha The Yanks are Coming: A U.S. World Cup Preview (инг.). Embassy of the United States in London (2006 шеран 5 июнь). ТӀекхочу дата: 2009 шеран 6 июнь. Кху чуьра архивйина оригиналан 2009 шеран 21 августехь
  • Baily's Magazine of Sports & Pastimes, vol. lvii(ингалс.). — London: Vinton, 1892. — P. 198.
  • Soccer: first printed use of the word in 1891? ТӀекхочу дата: 2020 шеран 6 июнь.
  • The Irish Times: Soccer. ТӀекхочу дата: 2012 шеран 28 ноябрь. Архивйина 2012 шеран 28 ноябрехь (ингалс.)
  • Independent.ie: Soccer. ТӀекхочу дата: 2012 шеран 28 ноябрь. Архивйина 2012 шеран 28 ноябрехь (ингалс.)
  • Гиффорд, 2007, p. 10.
  • 1 2 Малов, 2002, p. 10.
  • Малов, 2002, p. 14.
  • "Англия «украла» футбол на Брянщине". Владимир Митрофанов. 2010-10-13. Дата обращения: 2013 ш. 24 июнехь.
  • Малов, 2002, p. 17.
  • Малов, 2002, p. 27.
  • Футбол // Малый энциклопедический словарь Брокгауза и Ефрона: В 4 томах. — СПб., 1907—1909.
  • Малов, 2002, p. 34.
  • Малов, 2002, p. 36.
  • Малов, 2002, p. 38.
  • Малов, 2002, p. 39.
  • Малов, 2002, pp. 41—46.
  • Малов, 2002, p. 53.
  • Малов, 2002, p. 49.
  • National Football Museum. ТӀекхочу дата: 2013 шеран 6 май. Архивйина 2013 шеран 10 майхь
  • Третяк А. Знаменитые болельщики российских команд // Чемпионат — 2013.
  • Литература

    Хьажоргаш

    This article uses material from the Wikipedia Нохчийн article Футбол, which is released under the Creative Commons Attribution-ShareAlike 3.0 license ("CC BY-SA 3.0"); additional terms may apply (view authors). Чулацам лело мега CC BY-SA 4.0 лицензица (кхениг билгалйина йацахь). Images, videos and audio are available under their respective licenses.
    ®Wikipedia is a registered trademark of the Wiki Foundation, Inc. Wiki Нохчийн (DUHOCTRUNGQUOC.VN) is an independent company and has no affiliation with Wiki Foundation.

    Tags:

    Футбол Ловзаран цӀеФутбол ан историФутбол ан тайпанашФутбол ан гуонахьара оьздангаллаФутбол Хьажа кхин аФутбол БилгалдахаршФутбол ЛитератураФутбол ХьажоргашФутболИнгалсан мотт

    🔥 Trending searches on Wiki Нохчийн:

    ШотТкемлованаКингстон (Ямайка)АстероидГоврашВенециано (Ровиго)Сабина ЮсубоваЭдильгириев, Амруди АхмедовичКавказМухьаммадФлавий АркадийАми (Уаза)Рейнджерс (футболан клуб)Black Lives MatterУэйлс, ДжиммиЧичманиНохчийн Республика ИчкериУьшалан шачТульцеКурдулиПоломниКескНовр-ГӀалаДуьненайукъара зударийн деПачхьалкхБенгалойБадр (СаӀудийн Ӏаьрбийчоь)Азербайджан21 апрельАристотельПхьамтойНохчийчуьра олхазаршКанакераванТранспортДаттон (Монтана)ШамбегӀиДе Голль, ШарльОрга (эрк)23 апрельРоссиХӀостВрончин (гмина Стеншев)Саракаев, Хамзат Ибрагим-БековичМамакаев, Мохьмад Амаевич.gp20 апрельАбсолютизмОьрсийн моттСинанРедипульи (Венеци)ГӀебгӀев-ГӀаншикугӀ.ccТоронто (Огайо)Ахмадов, Муса МагомедовичУстрада-ГӀалаӀалий ибн Абу ТӀалиб1974 шоРуандаЛатвиИскандриСтара Весь (Прушковскан повет)Венера (планета)ЛомКавенчин (Турецкан повет)Башкирийн моттДахкильгов, Ибрагим Абдурахманович🡆 More