Оьрсий

Оьрсий — Россехь а, Европехь а уггаре дукха малхбален славянийн къам.

Йаккхий оьрсийн йукъараллаш йу Украинехь, Кхазакхстанехь, АЦШхь, Германехь, кхин а цхьа могӀа мехкашкахь. Оьрсийн къоман оьздангаллин генара ламасташ ду, таханлера йерриг Российн оьздангаллин бух а бу. Ненан а, къоман а мотт — оьрсийн. Динехь болу оьрсий — коьртаниг православехь бу.

Оьрсий
Оьрсий
Дукхалла а, ареал а
Дукхалла ≈134,1 млн ст.
Хаам
Мотт оьрсийн
Дин ламаста православи (царна йукъахь шираламасталла)
Йукъабоьду малхбален славянаш
Гергара къаьмнаш украинаш, белорусаш, русинаш
Этносин тобанаш
  • къилбаседаоьрсий,
  • къилбаоьрсий,
  • гӀазакхий,
  • сибрехой,
  • кхин берш
Схьабалар шира славянаш, шираоьрсийн къам
Викилармин логотип Медиафайлаш Викилармехь

Оьрсийн къам кхолладелла Шира Русан муьрехь цхьаьнакхетта малхбаленславянийн тайпанех. Оьрсийн къоман дуккха а йукъара историн а, оьздаллин а аматаш йу кхечу европин къаьмнашца, кхечу малхбаленславянийн къаьмнашца — белорусашца, украинашца, русинашца муххале а. Оьрсийн историн луьста уьйра йу кхин дуккха а къаьмнашца, цуо таро йелла оьрсийн мотт а, оьрсийн оьздангалла а йаржо. Оьрсийн мотт официалан бу Россехь, Белоруссехь, Кхазакхстанехь, ГӀиргӀазойчохь. Кхин а иза баьржина ССРС йоьхначул тӀаьхьа кхоллайелла пачхьалкхашкахь.

Этноним

Къоман цӀе русь (шир.-оьрс. а, слав.-килс. арѹсь) йаржинчу версица йьхьанца билгалбохура скандинаваш (варягаш), тӀаккха шираоьрсийн матте деира шираскандинавийн маттера: шира.-сканд. rōþr «пийсиг хьакхархо» а, «пийсиг хьокху кеманахь лелабахар» а, цуьнан трансформаци хилира фин. ruotsiх шир.-оьрс. рѹсь, цул тӀаьхьа де дене мел долу скандинавийн элашна тӀера дехьадаьккхира Шира Русин дерриг къоме. ТӀаккха «Роусах» хилира галдаьккхина нохчийн «Урус», цул тӀаьхьа «Оьрси». Кхин а йу къилбаседаиранан, славянийн, кхин цхьацца этимологеш.

Термин Русь (нохчаша) «Рус» йа «Урус» малхбален славянийн пачхьалкхан цӀе а, церан хьалхара этноним а хилла. Этноним Кеп:Slavonic (дукх.тер. Кеп:Slavonic, лелийна шайн цӀе санна XVIII бӀешо кхаччалц. XVII—XVIII бӀешерашкахь иза тӀаьхь-тӀаьхьа хийцаделла жайнин тӀера российхой, ткъа XVIII—XIX бӀешерашкахь дуьйна, Кхоъ цхьалха оьрсийн къам концепции хӀотторца — литературин маттахь хӀотта йолало этноним великороссаш. XIX бӀешарахь буьйцу меттан Ӏаткъамца литературин маттахь чӀагӀделла хӀинца лела этноним оьрсий, оцу хенахь цунна чохь билгалдоккхура малхбален славянийн дерриг кхо га, 1917 шерал тӀаьхьий бен (массо а бахархой йукъара багарбар 1926 шарахь бен ца хилла) — беккъа великорусаш (великоросаш) билгалбохура.

Барам

Оьрсий 
Оьрсий дуьненан мехкашкахула (картана тӀехь хила тарло оьрсех схьабевлларш йа российн гражданалла йерш):
     100 млн сов      1 млн сов      100 эз. сов      10 эз. сов      1 эз. сов      хаамаш бац

Берриг оьрсий дуьненахь бу 134 миллион стаг гергга (кхечу мах хадорца: 125 млн ст.—129 тӀера 150 млн с. кхаччалц а, 167 млн ст.). Царех Россехь веха 105,6 млн стаг (2021 шеран бахархой багарбаран хаамаш), аьлча а 71,73 % мехкан бахархойх йа 80,85 % бахархой багарбеш шайн къам гайтинчу респондентийн йукъара барамех, [2010 шарахь бара — 111,0 млн ст. (царна йукъахь Республика ГӀирма а, Севастополь а — 112,5 млн ст.); 77,71 % и 80,90 %]. 2010 шеран хаамашца, дуьненара берриг оьрсех — 86 % бехара Россехь, 11,5 % — ССРС хилла республикашкахь, 2,5 % — кхечу мехкашкахь.

Хьажа кхин а

  • Русь (къам)
  • Русинаш (хьалхалера этноним)
  • Шираоьрсийн къомалла
  • Кхоъ цхьалха оьрсийн къам
  • Оьрсийн цивилизаци
  • Оьрсийн дуьне
  • Оьрсийн барам
  • Русификаци (политика)
  • Оьрсий безар
  • Оьрсий цабезар
  • Россихой

Билгалдахарш

    Кхетораш

Литература

Хьажоргаш

Оьрсий 
Викидошаман логотип
Викидошам чохь бу йаззам «оьрсий»

This article uses material from the Wikipedia Нохчийн article Оьрсий, which is released under the Creative Commons Attribution-ShareAlike 3.0 license ("CC BY-SA 3.0"); additional terms may apply (view authors). Чулацам лело мега CC BY-SA 4.0 лицензица (кхениг билгалйина йацахь). Images, videos and audio are available under their respective licenses.
®Wikipedia is a registered trademark of the Wiki Foundation, Inc. Wiki Нохчийн (DUHOCTRUNGQUOC.VN) is an independent company and has no affiliation with Wiki Foundation.

Tags:

Оьрсий ЭтнонимОьрсий БарамОьрсий Хьажа кхин аОьрсий БилгалдахаршОьрсий ЛитератураОьрсий ХьажоргашОьрсийКъамМалхбален славянашНенан моттОьрсийн моттРосси

🔥 Trending searches on Wiki Нохчийн:

ФольклорПлауруОкурджалар (Алани)Айдамиров, Абузар АбдулхакимовичЕвразин экономикин бартБевзаш болу нохчийНохчийчоьБеркаберСулейман IМумбаиКонин-ЖаганскийГжегож (Куявско-Поморскан воеводалла)Эйзенштейн, Сергей МихайловичЖелтойчоьЛаздуны 1АбаданЙийЖабя-Воля (Гродзискан повет)ЗарзарАктёрMediaWikiМайя (цивилизаци)Свердловскан областьЛошанцыУкраинийн ССР футболан чемпионатМаьрша гӀирсашГезлойПутин, Владимир ВладимировичБумбариСулаев, Магомет АбуевичHTMLКиранцДжакартаЮлианан рузмаАмбарли (Авджилар)ФранциАристотельИранан шахӀрестанашФатӀимат бинт АсадЦийн Халкъан РеспубликаКхазакхстанНаумово (Ярославлан кӀошт)Торонто (Огайо)2002 шоЧёлмужиКеретароЭджворт (Пенсильвани)Сидней (Нью-Йорк)Желтойн моттКаспий-хӀордПланк, МаксNGC 2654Викимедин фондНемцойн моттIP-адресМаунтин-БрукСвердловскЭквадорYouTubeМархашПономаревӀаьрбийн моттДжеймстаун (Калифорни)🡆 More