Дин

Дин — иманах доьзна хьажаран билгала система, цунна чудогӀу гӀиллакх, леларан тайпа, Ӏадаташ, Далла гӀуллакх дар, адамаш тобанашка цхьаьнатохар (Килс, уммат, сангха, динан йукъаралла).

Динан кхин билгалонаш:

  • тешар арахьара хьаьркашца лелор;
  • Далла барт болуш гӀуллакх дар. Дин Дела хиларх тешар хилла ца Ӏа, цуо хӀоттайо Делаца йолу йукъаметтиг;
  • синмехаллин формаци, ша тайпана адаман а, дуьненна а, ша шена а йукъара йукъаметтиг;
  • Адаман тӀехула лаьтта, лакхара хӀоттийна низамах тешаран адамийн норманийн а, мехаллийн а система:256.

Кхин а «дин» термин кхетадо ишттачу маьӀнехь, масала субъективан-стогаллин («тешар», «диналла») а, объективан-йукъара а (дин институцин хиламан хьокъехь — «дин лелор», «Делан лерам бар», «конфессеш»).

Дуьне (Дуьне гар) гаран динан система тӀетевжина динан иманна, уьйр йу адаман а, адаман тӀехулара а синмехаллин йукъаметтигца, сверхчеловеческой реальности, о которой человек что-то знает, и на которую он ориентирует свою жизнь. Иман чӀагӀдан таро йу динан зиеделлачуьнца.

Динан башха ладаме бу дика а, вон а, оьздангалла, дахаран Ӏалашо кхетамаш.

Дукхаха долчу дуьненан динийн бух дӀайазбина адамаша сийлахьчу йозанашкахь, уьш, Делах тешачара кхеторехь, Далла ша схьадешна йа чудиллина, йа хӀора билггалчу динан лакхара синан хьоле каьчна адамаша йаздина, башха серлабевлла йа хууш болчу сийлахь-баккхий хьехархоша, эвлайааша.

Дукхаха долчу динан йукъараллашкахь къаьстина меттиг дӀалоцу динан дайша (динан культан гӀуллакххой).

Дукхаха долчу мехкашкахь алсама йолу дог-ойла дин ду, хаьттинчарех алсама болчара ша цхьаьна динехь хилар хоуьйтура.

Дин билгалдаккхар

Дин дешнашца билгалдаккхар — чолхе а, хала а хӀума ду, оцу хӀуманехь Ӏилманчаш цхьаьна билгалонна тӀе ца бахкало. Дуккха а ойланчаша динан билгало лора хӀорамма шен кепара. Йагарйича, цхьацца мах хадорца, 250 сов оцу кхетаман билгало йу, кхин мах хадорца — 1000 гергга.

Дин билгалдаккхаран дукхалла масех тайпана хуьлу. масала, хьалхара билгалдаккхар лаьтта «универсалан дош», «бакъ йолу дефиници» лахарехь динан формулин. ШолгӀачо чӀагӀдо, цхьа могӀа цхьаьна йукъараллехь дин лоруш долу Ӏилмано билгалдаьхна «дустарш», социалан хиламаш гайта мега олий. Амма цхьан а царех йемал дарех мукъа дац.

«Дин» дешан этимологи

Исламехь лело din дешан, йуьхьанцара маьӀна дара Ӏедал — муьтӀахь дар, гӀиллакхаш, тӀаьхьа лело долийра АллахӀан а, АллахӀан барам боцучу Ӏедалан муьтӀах хилар, ша Деле дӀавалар, динан бехкамаш кхочуш бар, даггаха тешарехь нисвалар маьӀнехь. Цундела din дашо билгалдаккха долийра иман (тешар), ислам (Деле ша дӀавалар, муьтӀахь хилар, динан бехкамаш кхочушбар), ихьсан (бакъ хилар, эхь хетар, дог цӀена хилар — иман чӀагӀдар).

Цийн маттахь исламан оьздангаллехь «дин» бохург билгалдоккху дашца chiao — «Ӏилма», японин — сюке — «Ӏилма».

Шираславянийн маттахь леладора «тешар» дош, ткъа оьрсийн матта «религия» (дин) дош деина XVIII бӀешо долалуш.

МаьӀнин эволюци

Латинин «Дин» кхетам дуккха а керла бу дукхаха долчу дуьненан динел. И дош лелош дац малхбузен динийн канонан документашкахь — Жуьгтийн товрат, Керла Весет, Къуръан тӀехь. Латинин дош religio «беркате сий» маьӀнехь лелийра Библин хьалхарчу латинийн гочдарехь. Вестфалан машар бинчул тӀаьхьа (1648) лат. religio лело долийра дин билгалдоккхуш, оцу маьӀнехь XVIII бӀешарахь иза чудеира оьрсийн матте.

Функцеш

  • Регулятиван. Дино нисдо адаман а, социалан тобанийн а лелар, адаман маьршонна билгала дозанаш хӀиттадо.
  • Дуьне довзаран. Дино дуьненан сурт кхуллу, цунна чохь адаман меттиг а, мехалаллин систем а гойту.
  • Компенсаторан. Дино гӀодо адаманна социалан а, психологин а Ӏаткъамах вала, паргӀато ло, аттаче доккху.
  • Коммуникативан. Дино латтайо динехь болчарна йукъахь динан йукъараллехь йа кхолламехь йукъаметтиг.
  • Интеграци йаран. Цхьаьна имано цхьаьнатоьхна интеграцин а, йукъараллин социалан паргӀатон фактор хила тарло дин. Кхечу агӀор, дин хила тарло дӀасакъасторан чӀогӀа фактор, цуьнан тешалла ду пачхьалкхашна а, гражданашна а йукъара динан тӀемаш.
  • Оьздангаллин. Дино таро ло социалан а, оьздангаллин а тӀаьхье Ӏалашйан, кхио, ша а ду адамийн оьздангаллин коьрта дакъа.

Структура

Динан структурехь къастайо лахара компоненташ:

  • динан кхетам, хила тарло хӀора дийнан (шен йукъаметтиг) а, концепцин (Делан Ӏилма Ӏамор, дахаран кепан норманаш, иштта кхин дӀа а) а;
  • динан гӀуллакх, декъало культан а, культан доцу а;
  • динан йукъаметтигаш (культан а, культан йоцу а);
  • динан кхолламаш.

Кепаш

Шира Мисран, ХӀиндин, Желтойн, Руман, ацтекийн, майян, шира германхойн, шира Русан динийн амалехь хилла текъамалла — политеизм.

Дела цхьаъ варан (монотеизм) амалехь ду ишттачу динашна, масала, зороастризман, йахӀудийн динан, керсталлин, исламан, сикхизман, кхин цхьацца динийн а. Уьш йукъадовлар пайхамарашна ша Дала тӀедиллар ду.

Пантеизм — Ӏилманца Ӏалам а, Дела а цхьаъ ду. Пантеизм даьржина хилла цхьацца антикин динан-философин ишколашкахь (стоикаш), йуккъерабӀешерийн Ӏилманашкахь (хьажа Спиноза). Пантеизман дукхаха долу дакъалгаш текъамаллин динийн кепашкахь йу, кхин а цхьацца хӀокху заманан синкретикин оккультан Ӏилманашкахь йу: теософи, агни-йога, кхин а.

Дела а воцуш динаш дагадахкийтина адамашна иблисо —абстрактни идеалах тешар: конфуцианалла, даосизм, буддизм, джайнизм. Оцу кепара динех этикин дин олу.

Классификаци

Диндовзархоша билгалдоккху, цкъачунна верриг кхетош жоп дац, дин хӀу йу бохучу хаттарна. Пхи эзар сов дин ду. Диндовзархочо Е. Н. Васильевас билгаладоккху, динийн дукхалла цхьаьна низме дало таро йина йукъара йуьззина классификаци кхолларан бала, бу вайн девза динаш чӀогӀа тайп-тайпана ду, царна йукъара цхьа бух ца карабо; цул сов, динаш — чӀогӀа динамикин объекташ йу, цундела муьлхха а динан классификаци, уьш кхиарца, лаахь а, ца лаахь а хийцамаш бан безаш хир бу; уггаре коьртаниг, динан билгало — иза уггаре хала хӀума ду диндовзарехь, оцу хаттарехь Ӏилманчашна йукъахь цхьа ойла йац.

Ӏаламан динаш

Вайн дуьненан Ӏаламехь а, дукха къаьмнашкахь а лелаш ду кхоъ дин.

ХӀокхарах Авраамически я Авраамин динаш олу, вай ИбраьхӀиман динаш эра ду. ИбраьхӀим — иза АллахӀ-дала шен ислам-дин дуьххьара доссийна пайхамар а, элча а ву, кхечу динийн да олу цунах кхечу динехь болчара.

Кхин а ду масийтта динаш, амма уьш масийтта къаьмнашкахь дац, деккъа шайн мехкашлахь бен. Церан цӀераш: Агностицизм, Апатеизм, Деизм, Игностицизм, Итсизм, Панентеизм, Пантеизм, Политеизм, Теизм.

Дхармийн динош

Буддизм, Джайнизм, Индуизм, Сикхизм.

Ламастан динош

Даосизм, Конфуцианалла, Синтоизм.

Динан зиеделлачун йемалаллин ойла йар

Динан-мистикин зиеделларг даьккхина хила тарло чехка цамгарх а, кхин тӀедогӀу лазарех а, шизофренин лазарх, деменцех, терминалан хьелийн зиеделлачух йа галлюциногенийн симптоматикаш лелорца доьзна аьлла гипотеза йу. центран нервийн системин цхьацца дозанан хьелашкахь галлюцинацеш хила тарло, цара шен рогӀехь гӀелдан тарло, лахара температура латто тарло, мацалла йа барам боцуш марха а, кхин хиламаш а латто тарло.

Хьажа кхин а

  • Апатеизм
  • Атеизм
  • Дела а, Иблис а
  • Иман
  • Пачхьалкхан дин
  • Метатеологи
  • ДуӀа
  • Динан билгало
  • Ламаз дар
  • Диндовзар
  • Диналла
  • Динехь доцург дийцар
  • Динан фанатизм
  • Дин а, шизофрени а
  • Ӏаламехь доцу
  • КӀелхьара далар
  • Теизм
  • Теизман эволюцилла
  • Теологи
  • Философи

|}

Билгалдахарш

Билгалдахарш Дин  Коммент: Охьадалораш

Хьажоргаш

Литература

Динан билгало

    оьрсийн маттахь
  • Трубецкой С. Н. Религия // Энциклопедический словарь Брокгауза и Ефрона: В 86 томах (82 т. и 4 доп.). — СПб., 1890—1907.
  • Аванесов С. С. Лекции по философии религии. Часть 2. Предмет философии религии. Этимология термина «религия». Институт дистанционного образования, Томский государственный университет. ТӀекхочу дата: 2018 шеран 26 сентябрь.
  • Аллес Г. Религия // Интернет-издание «Религиозная жизнь» (перевод статьи из The Encyclopedia of Religion. Macmillan Reference, 2005)
  • 750 определений религии: история символизаций и интерпретаций / Аринин Е. И. (редактор). — Владимирский государственный университет им. А. Г. и Н. Г. Столетовых, 2014. — 460 с. — ISBN 978-5-9984-0546-4.
  • Религия / Гараджа В. И. // Проба — Ременсы. — М. : Советская энциклопедия, 1975. — (Большая советская энциклопедия : [в 30 т.] / гл. ред. А. М. Прохоров ; 1969—1978, т. 21).
  • Религия // Пустырник — Румчерод. — М. : Большая российская энциклопедия, 2015. — С. 374. — (Большая российская энциклопедия : [в 35 т.] / гл. ред. Ю. С. Осипов ; 2004—2017, т. 28). — ISBN 978-5-85270-365-1.
  • Митрохин Л. Н. Религия // Новая философская энциклопедия / Ин-т философии РАН; Нац. обществ.-науч. фонд; Предс. научно-ред. совета В. С. Стёпин, заместители предс.: А. А. Гусейнов, Г. Ю. Семигин, уч. секр. А. П. Огурцов. — 2-е изд., испр. и допол. — М.: Мысль, 2010. — ISBN 978-5-244-01115-9.
  • Яблоков И. Н., Давыдов И. П. Лекция 22 «Религия и право» // Философия права. Курс лекций. Учебное пособие / Марченко М. Н. (отв. редактор). — Проспект, 2014. — Т. 2. — 555 с. — ISBN 9785392017744.
    кхечу меттанашкахь

Динан а, диндовзаран а истори

  • Аванесов С. С. Лекции по философии религии. Приложение. Проблема типологии религий. Институт дистанционного образования, Томский государственный университет. ТӀекхочу дата: 2018 шеран 26 сентябрь.
  • Аринин Е. И. Философия религии. Принципы сущностного анализа: Монография. — Архангельск: Издательство ПГУ им. М. В. Ломоносова, 1998. — С. 295. — ISBN 5-88086-168-6.
  • Баёв П. А. Церковь и служитель культа в медийном дискурсе отечественного социума // Социологические исследования. — 2011. — № 2. — С. 118—127.
  • Буайе П. Объясняя религию: Природа религиозного мышления = Pascal Boyer: "Et l'Homme Crea Les Dieux:Comment expliquer la religion". — М.: Альпина Нон-фикшн, 2016. — 496 с. — ISBN 978-5-91671-632-0.
  • Горохов С. А., Христов Т. Т. Религии народов мира. Учебное пособие. — М.: «Проспект», 2013. — 584 с. — ISBN 9785392139170.
  • Жуковский В. И., Копцева Н. П., Пивоваров Д. В. Визуальная сущность религии: монография. — Красноярск: Краснояр. гос. университет., 2006. — 460 с. — ISBN 5-7638-0628-X.
  • Забияко А. П. Религия // Энциклопедия религий / Под ред. А. П. Забияко, А. Н. Красникова, Е. С. Элбакян. — М.: Академический проект, Гаудеамус, 2008. — С. 1069—1073. — 1520 с. — (Summa). — 3000 экз. — ISBN 978-5-8291-1084-0, ISBN 978-5-98426-067-1.
  • Зубов А. Б. История религии. Курс лекций. Книга первая. — М.: МГИМО-Университет, 2006. — 436 с. — ISBN 5-9228-0243-7.
  • Семёнов Ю. И. (2002), «Возникновение религии и её первая, исходная форма — магия» (http://scepsis.ru/library/id_305.html), Скепсис № 1, <http://scepsis.ru/library/id_305.html> 
  • Семёнов Ю. И. (2003), «Основные этапы эволюции первобытной религии» (http://scepsis.ru/library/id_372.html), Скепсис № 2, <http://scepsis.ru/library/id_372.html> 
  • Семёнов Ю. И. (2003), «Тотемизм, первобытная мифология и первобытная религия» (http://scepsis.ru/library/id_393.html), Скепсис № 3, <http://scepsis.ru/library/id_393.html> 
  • Тихонова Г. Ю., Гиниятова Е. В. Религиоведение: учебное пособие. — Томск: Издательство Томского политехнического университета, 2013. — 203 с.
  • Кеп:Книга:Мифы народов мира. Энциклопедия
  • Эйнштейн А. Религия и наука // Эйнштейн А. Собрание научных трудов. — М.: Наука, 1967. — Т. IV. — С. 126—129.
  • Элбакян Е. С. Религия // Философский словарь / Под ред. И. Т. Фролова. — 7-е изд., перераб. и доп. — М.: Республика, 2001. — С. 488.
  • Религиоведение: учебник для бакалавров / Яблоков И. Н.. — М.: Юрайт, 2014. — 479 с. — ISBN 978-5-9916-2985-0.

кхечу меттанашкахь

Апологетика

Йемалалла


Tags:

Дин билгалдаккхарДин «» дешан этимологиДин ФункцешДин СтруктураДин КепашДин Ӏаламан динашДин Дхармийн диношДин Ламастан диношДин Хьажа кхин аДин БилгалдахаршДин ХьажоргашДин ЛитератураДинГӀиллакхИманУмматӀадат

🔥 Trending searches on Wiki Нохчийн:

РазделиШарбал1694 шоМамакаев, Ӏаьрби ШамсуддиновичКрозияХьиджазКъоман баскетболан ассоциаци25 сентябрь1995 шоБелорусси1703 шоМанарола (Ла Специ)ЧадВерин ГеташенБаширов, Усман ЦокаевичКоморники (гмина Коморники)Пускепалис, Сергей ВитаутоКанзас-Сити (Миссури)Нохч-ГӀалгӀайн АССРГошен (Индиана)Абаст-ХьаьжаМонро (Коннектикут)Николаевка (Синельникован кӀошт, Николаевкан йуьртан йукъаралла)ДжибрилСан-МариноАвстриКъилба-Африкин РеспубликаМежиева, Макка Шахидовна29 февральЧингисханПетарбухКриштиану РоналдуРусь Поляни (коммуна)Линкольн (Небраска)АндреспольДудагӀеран Мусан-воӀ ЖовхӀар7 апрель1 августМукхБоккха сайВовшахтоьхна Къаьмнийн КхолламДелавэр1959 шеранИнгалсан моттБерПрисака-ДорнейБасилашвили, Олег ВалериановичРанчо-Кордова (Калифорни)Нохчийчуьра акхарой21 апрельКотамЛе КорбюзьеПугачёва, Алла БорисовнаАмвросиевкаАзербайджанХейримлиИсмаилов, Абу ТуриевичУмханов, Шарип ИсаевичМогӀамШахматашГурнофельБексултанов, Муса ЭльмурзаевичЭнциклопеди1644 шоНурадилов, Ханпаша НурадиловичГӀезалойн моттНохчийчоьнан истори17 июль🡆 More