Самцхе-Джавахети

Са́мцхе-Джавахе́ти (гуьрж.

სამცხე-ჯავახეთი) — Гуьржийчоьнан мохк (мхаре), мохк бу пачхьалкхан къилба декъехь, дозанаш ду Эрмалойчоьца а, Туркойчоьца а.

Мохк (АД 1-гӀа тегӀа)
Самцхе-Джавахети
სამცხე-ჯავახეთი
Самцхе-Джавахети
HGЯO
Пачхьалкх Гуьржийчоь
Адм. центр Ахалцихе
Губернатор Бесик Амиранашвили
Истори а, географи а
Кхоллар 1995
Латта 6413 км²
Сахьтан аса UTC+4:00[d]
Бахархой
Бахархой 155 903 стаг (2018)
Къаьмнийн хӀоттам Эрмалой (50,5 %), гуьржий (48,3 %), оьрсий (0,4 %), желтой (0,3 %), хӀирий (0,2 %)
Динан хӀоттам 2014 шарахь: православниш (45,2 %), эрмалойн АЦ (40,0 %), католикаш (9,4 %), бусулбанаш (3,8 %)
Официалан меттанаш гуьржийн; иштта баьржина бу эрмалойн
Идентификаторан терахьаш
Код ISO 3166-2 GE-SJ
Официалан сайт
Самцхе-Джавахети картин тӀехь
Викилармин логотип Медиафайлаш Викилармехь

Коьрта историн сийлахь меттиг йу хьехарш йолу килсаш Вардзиа (йиллина Тамарас. Махкахь йу курорт Боржоми дерригдуьненахь гӀарадаьлла долу дарбане хишца.

Регионехула йу Баку — Тбилиси — Джейхан нефтьузург а, Къилбакавказан газъюьгург а.

Административан йекъайалар

Махкахь йу ялх муниципалитет (2006 шо кхаччалц кӀошт). 2016 тӀера 2018 шш. къаччалц Ахалцихе гӀалина муниципалитет статус елира (мехкан муьтӀахь йолу гӀала яра).

Муниципалитет майда,
км²
бахархой
ларар
2002,
стаг
бахархой
ларар
2014,
стаг
бахархой
ларар
2018,
стаг
центр
Адигенин муниципалитет 800 20 752 16 462 16 305 Адигени гӀкэ
Аспиндзин муниципалитет 825 13 010 10 372 10 531 Аспиндза гӀкэ
Ахалкалакин муниципалитет 1235 60 975 45 070 42 949 Ахалкалаки гӀ.
Ахалцихин муниципалитет 1010 46 134 38 895 39 375 Ахалцихе гӀ.
Боржомин муниципалитет 1189 32 422 25 214 25 240 Боржоми гӀ.
Ниноцминдан муниципалитет 1353 34 305 24 491 21 503 Ниноцминда гӀ.
мохк, берриге 6413 207 598 160 504 155 903 Ахалцихе гӀ.

Административан центр — Ахалцихе.

Махкахь йу 5 гӀала, 6 гӀалин кепара эвла, 268 эвла.

ГӀаланаш: Ахалцихе (17 903 стаг, ларар 2014 шо), Боржоми (10 546 стаг), Ахалкалаки (8295 стаг), Ниноцминда (5144 стаг), Вале (3646 стаг);

ГӀалин кепара эвланаш: Аспиндза (2379 стаг, ларар 2014 шо), Бакуриани (1879 стаг), Ахалдаба (1586 стаг), Абастумани (937 стаг), Цагвери (799 стаг), Адигени (783 стаг), Бакуриански Андезит (352 стаг).

Бахархой

Мехкан къаьмнийн хӀоттам
(2014 шарахь

стаг %
берриге 160 504 100,00 %
Эрмалой 81 089 50,52 %
Гуьржий 77 498 48,28 %
Оьрсий 712 0,44 %
Желтой 420 0,26 %
ХӀирий 393 0,24 %
Украинаш 142 0,09 %
Азербайджанаш 89 0,06 %
Жуьгтий 16 0,01 %
Абхазаш 11 0,01 %
кхиберш 134 0,08 %

2018 шеран 1 январехь ларарца махкахь 155 903 бахархой бу, 2014 шеран 1 январехь — 213 700 бахархой, 2009 шеран 1 январехь — 208 100 бахархой.

2014 шарахь ларарца махкахь 160 504 бахархой бара, 2002 шарахь ларарца — 207 598 бахархой.

Самцхе-Джавахети мохк тайп-тайпнара къаьмнаш долуш бу. 2002 шарахь ларарца махкахь бара 207 598 бахархой царах 54,6 % эрмалой (113 347 стаг), 43,4 % — гуьржий (89 995 стаг), 1,1 % — оьрсий (2230 стаг), 0,4 % — хӀирий (822 стаг), 0,4 % — желтой (740 стаг).

Гуьржий (месхетинхой) Адигенин муниципалитетехь бу дукхахкарш (95,7 % я 19 860 стаг 3,4 % эрмалойн дуьхьала), Боржомин муниципалитетехь (84,2 % я 27 301 стаг 9,6 % эрмалойн, 2,2 % хӀирийн, 1,8 % оьрсийн, 1,7 % желтойн дуьхьала), Аспиндзин муниципалитетехь (82,0 % я 10 671 стаг 17,5 % эрмалойн дуьхьала), Ахалцихин муниципалитетехь (61,7 % стаг 28 473 стаг 36,6 % эрмалойн (16 879 стаг дуьхьала).

Эрмалой Ниноцминдин муниципалитетехь бу дукхахберш (95,8 % я 32 857 стаг. 2,7 % оьрсийн а, 1,4 % гуьржийн а дуьхьала), цул совнах Ахалкалакин муниципалитетехь (94,3 % я 57 516 стаг 5,3 % гуьржийн дуьхьала).

Месхетехь бехаш хила болу туркой-месхетинхой (туркой-Ӏосманаш) 1944 шарахь Гуьржийчура арабаьхира; хӀинца йолу ханна цера тӀаьхьенаш еха хилачу ССРСн тайп-тайпанара пачхьалкхашкахь а, АЦШ-ехь а. ХӀинцалерачу регионехь бусулбанаш кӀезига бу; бахархой лараро уьш «гуьржашна» йукъатуха.

    • Мехкан бахархой Юккъера оьмар хьалхарчу а, Лакхарчу а муьрехь.

Оцу хенахь Джавахка ахкахь бехаш бара эрмалой. Иза бакъ хилар тешалладо эрмалойн, а гуьржийн а, иштта Ӏаьрбийн а хӀосташа. XI бӀешеран Леонти Мровели цӀе йолучу тептархочуна хаамашца, Джавахка бахархоша эрмалойн мотт бара буьйцуш.

    • Мехкан бахархой XVI — XVIII бӀешо

XVI — XVIII бӀешерашкахь хилачу туркойн налогийн реестраш боху, Джавахка махкахь а, цуьна гонахьарчу кӀошташкара а нах бехачу меттигашкахь дукхахберш бара эрмалой. Вахушти Багратиони а, мхитаристийн конгрегацин декъашхочун Гукаса Инчичянан а кхиболу а гӀуржийн авторийн тептаршкахь а карадо иза. Кхузахь туркойн Ӏедал дӀахӀотиначул тӀехьа Джавахка махкан къаьмнийн хӀоттам хийцабала болабелира. Джавахка махкан керста бахархой, маддара аьлча эрмалой, кӀизига хилира, бусулба къаьмнаш совдала доладелира, кхуза баха ховшира лазаш а, чергазий а бара. XVIII бӀешеран чакхехь дукху эрмалой Джавахк махкара арабаьллира, кхидолу дакъа хӀалак дира. Туркойн Ӏедало Джавахк махкахь кхоьллира Ахалцихин пашалык, иза тӀехьо Хункар-мехкан къилбаседа-малхбалехьара дозанийн коьрта форпост хила дӀахӀоьтира.

    • Махкан бахархой 1829-1831 шш.

Оьрсийн-туркойн тӀом болабалале, 1820-гӀа шераш долалуш, Джавахкехь дехаш дара 2534 доьзал, царах: эрмалой - 1716 доьзал (67,7 %) бусулбанаш - 639 доьзал (25,2 %) гуьржий - 179 доьзал (7 %) Оьрсийн-туркойн тӀом чекхбелчул тӀехьа Самцхе-Джавахети бехаш болу бусулбашна (оцу йукъахь бара гуьржий а) аьллира Хункар-мохк дехьа довла аьлла. Цера метта Ӏедала гӀоьнца 1829-1831 шш. Самцхе-Джавахети Туркойчура сихьабаьллира эзаршкахь эрмалой. Адрианополин машаран бертан сацамца, шайна баха пачхьалкх харжа 18 бутт беллира. Оцу муьрехь бусулба бахархойн аьтту бара бусулба йолу Туркойчу дӀакхалха, ткъа эрмалойн - керста Росси. Керла администрацино 1830 шарахь цига баха ховшира Эрзерумера 35 эзар эрмало.

    • Махкан бахархой ХХ бӀешеран йуьхьехь.

1914 шарахь, Дуьххьара дуьнен тӀом болабалале, Джавахкехь бехаш бара 98159 стаг, царах:

Самцхе-Джавахетии а, цуьна муниципалитетийн а къаьмнийн хӀоттам (2014)

муниципалитет шаберш эрмалой % гуьрж-
ий
% оьр-
сий
% жел-
той
% хӀир-
ий
% ук-
раин-
аш
% азер-
байд-
жанаш
% Жуьг-
тий
% др. %
Адигенин 16 462 372 2,26 % 15 985 97,10 % 41 0,25 % 6 0,04 % 11 0,07 % 12 0,07 % 13 0,08 % 0 0,00 % 22 0,13 %
Аспиндзин 10 372 1381 13,31 % 8959 86,38 % 12 0,12 % 7 0,07 % 5 0,05 % 3 0,03 % 0 0,00 % 0 0,00 % 5 0,05 %
Ахалкалакин 45 070 41 870 92,90 % 3085 6,84 % 54 0,12 % 41 0,09 % 2 0,00 % 5 0,01 % 0 0,00 % 0 0,00 % 13 0,03 %
Ахалцихин 38 895 12 028 30,92 % 26 450 68,00 % 144 0,37 % 71 0,18 % 37 0,10 % 28 0,07 % 60 0,15 % 11 0,03 % 66 0,17 %
Боржомин 25 214 2176 8,63 % 21 990 87,21 % 277 1,10 % 293 1,16 % 338 1,34 % 88 0,35 % 16 0,06 % 5 0,02 % 31 0,12 %
Ниноцминдин 24 491 23 262 94,98 % 1029 4,20 % 184 0,75 % 2 0,01 % 0 0,00 % 6 0,02 % 0 0,00 % 0 0,00 % 8 0,03 %
мохк, шаберш 160 504 81 089 50,52 % 77 498 48,28 % 712 0,44 % 420 0,26 % 393 0,24 % 142 0,09 % 89 0,06 % 16 0,01 % 145 0,09 %

Мехкан динан хӀоттам: Гуьржийн православин килс (45,24 %), Эрмалойн Апостолийн килс (39,95 %), католикаш (9,36 %), Ислам (3,78 %).

Билгалдахарш

Tags:

Гуьржийн моттГуьржийчоьТуркойчоьЭрмалойчоь

🔥 Trending searches on Wiki Нохчийн:

СугӀаЙоккха БританиКокдейл (Колорадо)ВазиристанЦийн империШипииМенделин, ИренеАсхабов, Хусейн МагомедовичПадуяЙеараЛивиПачхьалкхПиаф, ЭдитАсунсьонКвебек (гӀала)ВикингашБедарГебремариам Алана ТадегеЛелха хӀуманашХомски, НоамӀаьрбийн пачхьалкхийн лигаРамаданБабаян, Роксана РубеновнаСновидза17 мартДемократиМаккаАлленеЛиванАбсолютизмЧӀуоСпилберг, СтивенДерригдуьненан банкЗовуниМакедонийн ИскандарМазалкЕха буьйсанашКъуръанПимпри-ЧинчвадХьиджазЙукъара адамийн бакъонийн декларациПускепалис, Сергей ВитаутоНью-ДелиИбараки (префектура)ХорватиЛез-Ансиз-КомЦрвена Река25 мартГригорийн рузмаӀаьрбийн моттНохчийн Республика Ичкерин ТӀеман НицӀкъашСевастопольДжомолунгмаИнтермаша2019 шоШийла тӀомВосковице-ГурнеФоьКъилбаседа Кипран Туркойн РеспубликаВинкелман (Аризона)30 апрель1969 шо🡆 More