Руман импери (латинан маттахь Imperium Romanum; Койне маттахь Βασιλεία τῶν Ῥωμαίων-Basileía tōn Rhōmaíōn) — Ширачу Руман пост-республикин мур бу.
Цу муьрехь Руман имперехь автократин урхалла дара, иштта цо Европехь, Лаьттайуккъехь дӀалоцура даккхий мехкаш. Цо Лаьттайуккъера хӀордан йерриг хийист дӀалоцура. Руман империн истори йолайелла Октавиан Август паччахь хӀоттарца (вайн эрил хьалха 27-гӀа шо). Ткъа 476-чу шарахь иза шина декъе йекъайелла: Малхбузера, Малхбалехьара.
Руман импери | |||||
---|---|---|---|---|---|
лат. Imperium Romanum желт.-шира. Βασιλεία τῶν Ῥωμαίων | |||||
| |||||
Пачхьалкхан Шатлакхан Илли | |||||
Официалан меттанаш | Латинан мотт, Шира грекийн мотт, Желтойн мотт | ||||
Коьрта гӀала | Рум, Константинополь, Равенна, Милан, Рим[d] | ||||
Ахча | сестерци, денари, ауреус | ||||
Медиафайлаш Викилармехь |
Константинополь нана-гӀала йолу Руман империн Малхбалехьара дакъа кхиъ 977 шарахь хилла- ткъа 1453-чу шарахь иза доьжна.
Руман импери муьрашка йекъар тайп-тайпана хуьлу. Ишта, цуьнан пачхьалкхан-бакъонан дӀахӀоттам къастош билгалбоккху шиъ коьрта мур:
1. Принципат — республикин, монархин амалш йукъайогӀу пачхьалкхан дӀахӀоттаман кеп йу (цигахь республикин Ӏедалан меженийн дуьхьалонца тӀеман монархи йара). Хилла вайн эрил хьалха 1-чу бӀешарахь — вайн эран 3-чу шарахь). Принципатин рогӀера муьраш хилла:
2. Доминат (284—476) — монархех тера йолу политикин система йу. Цу муьрехь билгалйоккху рогӀера этапаш:
Руман империн истори маца чекхйаьлла цхьатерра билгал ца доккху историкаш. Цхьаболчара Малхбузера дакъа 476-чу шарахь доьжна олу, цу шарахь император волу Ромул Август дӀаваьккхина. Ткъа кхечара билгалдоккху 480-гӀа шо, цу шарахь кхелхина тӀаххьара бакъонан император Непот. Малхбалехьара декъан пачхьалкхалла хийцалуш кхиъ эзар шарахь хилла. И дакъа дожар хила тарло 5-чу бӀешеран чаккхенгахь, йа 610-чу шарахь, 1204-чу шарахь, 1453-чу шарахь, кхин а.
This article uses material from the Wikipedia Нохчийн article Руман импери, which is released under the Creative Commons Attribution-ShareAlike 3.0 license ("CC BY-SA 3.0"); additional terms may apply (view authors). Чулацам лело мега CC BY-SA 4.0 лицензица (кхениг билгалйина йацахь). Images, videos and audio are available under their respective licenses.
®Wikipedia is a registered trademark of the Wiki Foundation, Inc. Wiki Нохчийн (DUHOCTRUNGQUOC.VN) is an independent company and has no affiliation with Wiki Foundation.