Зороастри́зм (авест.
vahvī- daēnā- māzdayasna- — «Хьекъалечун лерам бен беркате дин», гӀаж. «بهدین» — behdin, «Беркате дин») — ширачех цхьа дин, юьхьиг схьаяьлла Спитама Заратустра (авест. 𐬰𐬀𐬭𐬀𐬚𐬎𐬱𐬙𐬭𐬀 Zaraθuštra пайхамаран Догделлар чура, иштта вевза Зардушт пехл. 𐭦𐭫𐭲𐭥𐭱𐭲 Zardu(x)št а, Зороастр желт.-шира. Ζωροάστρης), а санна, уьш йелла «дала» Ахура Маздас. Заратустран Ӏилманан бух тӀаьхь — адаман дика ойланийн, дика дешнийн, дика гӀуллакхийн маьрша, оьзда харжам. Ширачу заманахь а, юккъерачу бӀешерашкахь а зороастризм яьржира алсама Йоккха Иранан махкахь.
Ков |
Дин Ӏаморан баххаш |
Ахура Мазда |
Дуализм |
Спента Маинью • Ангра-Майнью |
Динан тексташ |
Гаташ • Авеста Денкард • Бундахишн |
Динан гӀуллакх а, оьздангалла а |
Мобед • Ясна |
ТӀаьхьа бозурш |
Гебраш |
|
Заратустран дин шала монотеизман амалехь хиларе хьаьжна доцуш, пайхамар веллачул тӀаьхьа иттех шо даьлча делахойн дине юхаберза буьйлабелира. Дела цхьаъ вар дисира V бӀешо кхаччалц къовлаеллачу мидийхойн магийн кастехь. Кхин а тӀаьхьара зороастризм ду политеистийн дин.
Тахана зороастризм дукхаха ерг аратеттина исламо, кегийра йукъараллаш йисина Иранехь а, ХӀиндехь, тӀаьхьхӀиттинарш бу малхбуза мехкашкахь, советийн хилла аренашкахь (коьртаниг Таджикистанехь).
This article uses material from the Wikipedia Нохчийн article Зороастризм, which is released under the Creative Commons Attribution-ShareAlike 3.0 license ("CC BY-SA 3.0"); additional terms may apply (view authors). Чулацам лело мега CC BY-SA 4.0 лицензица (кхениг билгалйина йацахь). Images, videos and audio are available under their respective licenses.
®Wikipedia is a registered trademark of the Wiki Foundation, Inc. Wiki Нохчийн (DUHOCTRUNGQUOC.VN) is an independent company and has no affiliation with Wiki Foundation.