Европин Барт

Евро́пин барт (Е́вробарт, ЕБ) — европин 27 пачхьалкхан экономикин а, политикин а цхьаьнакхетар.

Сийна бесан тӀехь шийтта дешийн седан гуо.
Байракх
Девиз: Барт шорта кепашца
Шатлакхан Илли: Самукъане ода
Европин бертан шатлакхан илли
noicon
Самукъане ода (фортепианан верси)

Европин Барт
     Пачхьалкхаш — Европин бертан декъахой
Коьрта хаамаш
Политикин центраш Брюссель
Люксембург
Страсбург
Пачхьалкхаш-декъахой
Официалан меттанаш
Куьйгалла
— Европин барт
— Комисси
— Парламент
— Министрийн кхеташо
Мишель Шарль
Урсула фон дер Ляйен
Давид-Мария Сассоли
Хорвати
Бух
— Парижан
— Риман
— Маастрихтан
1952 шеран 23 июль
1958 шеран 1 январь
1993 шеран 1 ноябрь
Географех лаьцна
Майда дуьненахь 7-гӀа
4 236 351 км²
Бахархой (2020)
— мах хадор
— луьсталла
дуьненахь 3-гӀа
453 007 803
106,9 ст/км²
ДЧС (ЭТПца, 2018)
— дерриг
— ДЧС/ст
дуьненахь 2-гӀа
21,7 трлн долл.
42 460 долл.
ДЧС (номинал, 2018)
— дерриг
— ДЧС/ст
дуьненахь 2-гӀа
18,4 трлн долл.
35 940 долл.
Ахчанаш
Сахьтан аса
— аьхкенан хан
— хӀордал дехьарчу мехкашца
UTC 0 тӀера +2 тӀекхаччалц
UTC +1 тӀера +3 тӀекхаччалц
UTC −4 тӀера +4 тӀекхаччалц
Лакхара тӀегӀанан домен .eu
Телефонийн кодаш хьажа могӀам
Официалан сайт
http://europa.eu/

Европин барт бира 1992 шарахь Маастрихтехь (леладаьлла 1993 шеран 1 ноябрехь) Европин экономикин йукъараллин бух тӀехь, хьажийна бара регионан интеграцега.

ЕБ — дуьненайукъара кхоллам, шена чохь дуьненайукъара кхолламан (пачхьалкхашна йукъара) а, пачхьалкхан (пачхьалкхан тӀехулара) а хьесапаш ду, амма юридически иза йац ший а.

Европин Барт
Европин комисси

Бертан массо а мехкашкахь лела стандарт йина законийн системин гӀоьнца, кхоьллира йукъара базар, цунах адамаш, сурсаташ, капитал, хьашташ кхочушдар маьрша леларан гарант хилира, царна йукъахь ду Шенгенан зонера (цунна чуйогӀу мехкаш-декъашхой а, кхин Европин пачхьалкхаш а) паспортан терго дӀайаккхар.

Дуьненан бакъонан субъект йолу, Европин бертан йуьззина бакъонаш йу дуьненайукъара йукъаметтигашкахь дакъалаца а, дуьненайукъара берташ дан а. Кхоьллина йукъара арахьара политика а, кхерамзаллин политика а, цуьнца бертахь арахьара а, дуьхьалонан а политика лело йеза. Дерриг дуьненахь кхоьллина ЕБ гуттаренна а йолу дипломатин миссеш, болхбеш йу вакилаташ Вовшахтоьхна Къаьмнийн Кхолламехь, ДМКх, Йоккха ворхӀ пачхьалкхехь, Йоккха ткъа пачхьалкхехь.

Европин бертан институташна йукъайогӀу Европин кхеташо, Европин комисси (правительство), Европин бертан кхеташо (официалан цӀе — Кхеташо, хьахайо Министрийн кхеташо санна а), Европин бертан суд, Европин чоьтан палата, Европин центран банк, Европин парламент. Европин парламент хоржу ЕБ гражданаша хӀора пхеа шарахь.

Кхеташоно тӀеоьцу бакъонан суьдан а, чоьхьарчу гӀуллакхийн а[en] сферера закононашкхолларан акташ (директиваш, законаш, сацамаш), кхин а кхуллу махлелоран областера йукъара политика, йуьртан бахамера, чӀерийлецарера. регион кхиаран политика.

Европин бертан мехкашкахь веха 450 миллион вахархочун, дерриг чоьхьара сурсатан (ДЧС) дуьненачух долу ЕБ дакъа хуьлу 2018 шарахь 23 % (21,6 трлн доллар) гергга эцаран хьуьнараллин паритетца, 19 % (16,1 трлн доллар) гергга — номиналан маьӀница.

Пачхьалкхаш-декъашхой

Европин бертан йукъайогӀуш йу 27 пачхьалкх: Австри а, Бельги а, Болгари а, Мажаройчоь а, Германи а, Желтойчоь а, Дани а, Ирланди а, Испани а, Итали а, Кипр а, Латви а, Литва а, Люксембург а, Малта а, Нидерландаш а, Польша а, Португали а, Румыни а, Словаки а, Словени а, Финлянди а, Франци а, Хорвати а, Чехи а, Швеци а, Эстони а.

Экономика

Инфраструктура

Европин Барт 
Данина а, Швецина а йукъара Эресунан тӀай трансъевропин транспортан машан проектан дакъа ду

ЕБ болхбо европин йукъара инфраструктура кхиаран, масала, Трансъевропин машанаш (TEN). Иштта TEN гуранчура проекташна йукъайогӀу Евротоннель, LGV Est, Мон-Сенисан туннель, Эресунан тӀай, Бреннер тоннель, Мессинан хидоькъен тӀехулара тӀай. 2001 шарахь мах хадорца 2010 шарахь машано къовла безара: 75 200 км некъаш, 76 000 км цӀерпоштнекъ, 330 аэропорт, 270 хӀордан порт, 210 континентан чоьхьара порт.

Кхуьуш йолу Евробартан дукхачу регионашкахь транспортан маша шорбеш йолу транспортан политико совбоккху Ӏаламан бешболу ницкъ. 2004 шеран шорйаран пхоьалгӀа тулгӀенехь коьрта транспортан Ӏалашо хилира транспорт экологи агӀора цӀена йар (хӀаваъ бехдар, гӀовгӀа), некъаш машенех бастар (ца латтийтархьама). Шорбаро тӀетуьйхира болчу баланашна кхин а массарна дакъа кхачаран бала (инг. accessibility). Масала, 2006 шарахь Европин инвестицийн банко делира 650 миллион евро Польшин некъан система кхио, дерриг а 1990 шарахь дуьйна Польшина делла 12 млрд евро кредит, царех 40 % гергга хьажийна транспортан инфраструктура кхиоре.

ЕБ кхин инфраструктуран проект — навигацин «Галилео» система. Спутникан навигацин система хиларе терра, «Галилео» кхуллуш йу Европин барто Европин космосан агенталлица цхьаьна. Спутникан тоба кхоллар чекхдаккха лерина 2019 шарахь. Проект хьажийна йу, цхьаьна агӀора Цхьаьнатоьхна Штаташ доладечу GPS ца базархьама, вукха агӀора америкин ширъеллачу системал меттиг дика дӀалаца а, сигнал тойан а. Ша йечу хенахь «Галилео» проекто зийна дуккха а финансийн, техникийн, политикийн халонаш.

Йуьртабахам

Йукъара йуьртабахаман политика — Европин экономикин йукъараллин программех уггар шираниг йу, цуьнан хала меттиг а йу. Политико йуьртабахаман сурсат совдаккхаран, дааран сурсаташ цхьанаэшшара латтадаран, йуьртабахамехь къахьоьгучу бахархойн дахар хьакъ долуш туокхе даран, йохк-эцара цхьанаэшшара йаран, ткъа иштта сурсаташна хьекъале мехаш латтадаран Ӏалашо хӀоттайо. Дукха хан йоццуш уьш леладора субсидеш луш, мехашна йукъагӀерташ. 70-гӀа а, 80-гӀа а шерашкахь йуьртабахаман политикин хьашташна латтадора Европин йукъараллин бюджетан кхааннах ши дакъа, 2007—2013 шерашна оцу статьян харжан дакъа охьадаьлла 34 % кхаччалц.

Политикин хӀоттам

Лахахь йазйина йу ЕБ коьрта меженаш йа институташ. Хаа деза, пачхьалкхийн ламастехь долу законкхолларан а, кхочушдаран а, суьдан а Ӏедал декъадалар ЕБ амалехь дац. ЕБ суд майрра суьдан меже лара мегар ду, амма законкхолларан функцеш йу цхьанне ЕБ Кхеташонан а, Европин комиссин а, Европарламентан а, ткъа кхочушдаран — Комиссин а, Кхеташонан а.

Европера кхеташо

Европера кхеташонан лакхара политикин меже, лаьтта пачхьалкхийн-декъашхойн пачхьалкхийн коьртех а, правительствех а, церан гӀовсех — арахьарчу гӀуллакхийн министрех. Европера кхеташонан декъашхо ву Европера кхеташонан председатель а, Еврокомиссин председатель а. Европера кхеташо кхолларан бух французийн президентан Шарль де Голлан коьрте йеина ойла йу ЕБ пачхьалкхийн кортош формалан боцу гуламаш бар, уьш лерина бара къаьмнийн пачхьалкхийн роль интеграцин кхолларан гуранчохь охьайаккхарна дуьхьало йарна. И гуламаш хилира 1961 шарахь дуьйна, ткъа 1974 шарахь Парижерчу гуламехь и практика формалан йира оцу хенахь Францин президентан даржехь волчу Жискар д`Эстен Валерин дехарца.

Кхеташоно билгалйоккху ЕБ киаран коьрта стратегин агӀо. Политикин интеграцин инарлин аса йаккхар — Европера кхеташонан коьрта некъ бу. Министрийн кхеташонца цхьаьна могӀарехь, Европера кхеташонан йелла европин интеграцин коьрта барташ хийца йиш йолу политикин функци. Цуьнан гуламаш дӀахьо шарахь шозза а, цул сов а — йа Брюсселехь, йа председатель йолчу пачхьалкхехь Европин бартан Кхеташонан оцу хенахь коьртехь йолчу пачхьалкхан-декъашхочун председателан куьйгаллица. Гулам лаьтта шина дийнахь. Кхеташоно тӀеэцнарг дан дезаш ду иза къобал йинчу пачхьалкхаш.

Европера кхеташонан гуранчохь дӀахьо иштта олуш долу «ламастан» куьйгалла, цигахь уггар лакхарчу тӀегӀанера политикаш хиларо ло тӀеэцначу бартан доккха маьӀна до. Лиссабонан барт хиллачул тӀаьхьа, аьлчи а 2009 шеран декабрехь дуьйна, Европера кхеташо официалан йукъайахна ЕБ институтийн структуран. Бартан чулацамашца кхоьллина керла дарж Европера кхеташонан председатель, цуо дакъа лоцу массо а ЕБ декъашхочун пачхьалкхийн а, правительствийн а коьртийн гуламашкахь.

Европера кхеташо къаьсташ хила еза ЕБ Кхеташонах а, Европин кхеташонах а.

Ӏилма

Евробертан Ӏилманан дика къаьста инновацин агӀо йу. Евробертан куьйгакӀела болхбеш бу масштабан талламан маша Future and Emerging Technologie, цуо координаци йо искусственни интеллектан, виртуалан бакъдолчун, робототехникин, нейрофизиологин, кхин лакхатехнологин областийн Ӏилманчийн къинхьегамехь.

ТӀеман структураш

Хьажа кхин а

Билгалдахарш

    Комменташ

Хьажоргаш

Европин Барт  ХӀара чекхбаккханза йаззам бу. Хьоьга, йоза тодина, нисдина, гӀо далур ду проектана.
ХӀара дехар ду, хьай аьтту балахь хийца йоза билгала долучуьнца.

This article uses material from the Wikipedia Нохчийн article Европин барт, which is released under the Creative Commons Attribution-ShareAlike 3.0 license ("CC BY-SA 3.0"); additional terms may apply (view authors). Чулацам лело мега CC BY-SA 4.0 лицензица (кхениг билгалйина йацахь). Images, videos and audio are available under their respective licenses.
®Wikipedia is a registered trademark of the Wiki Foundation, Inc. Wiki Нохчийн (DUHOCTRUNGQUOC.VN) is an independent company and has no affiliation with Wiki Foundation.

Tags:

Европин Барт Пачхьалкхаш-декъашхойЕвропин Барт ЭкономикаЕвропин Барт Политикин хӀоттамЕвропин Барт ТӀеман структурашЕвропин Барт Хьажа кхин аЕвропин Барт БилгалдахаршЕвропин Барт ХьажоргашЕвропин БартЕвропа

🔥 Trending searches on Wiki Нохчийн:

Ломан КарабахОперационни системаНурадилов, Ханпаша НурадиловичУлленНесерхоев, Изновр НесерхоевичФоьТрипураЮнусДудаев, Муса Абдиевич29 мартПайнал (Аризона)РовьяноМорган (гуо, Малхбузен Виргини)Хичкок, АльфредӀийса денваларОктавиан АвгустКометаПортугалиБеркаберГендаргнойЦрвена РекаNGC 19841997 шо22 апрельМоскохГрацХӀинди10 апрельЙоза хаарРибейра (Испани)МатериализмФома АквинскиОьлгузаАпостол ПавелБрежнев, Леонид ИльичХалкъашна йуккъера валютан фондСеда ДудуркаеваНохчийВествиго (Луизиана)Къилбаседа КавказПлонно (Западно-Поморскан воеводалла)Нохчийн ВикипедиНурнусНевшательЭнциклопедиАрмстронг, НилКерла ЗеландиРумыниЭрмалойн акъариКриштиану РоналдуЖутиньи8 июньПолитикаВенетоАсунсьонЛа-Верн (Теннесси)ХорватиГӀандалойДуьнеII ЕлизаветаЯпонБангладешБазаревич, Сергей Валерианович19 сентябрьИранНой-УльмБрунейЭрмалойчоьЭрмалойн драмМаксвелл, Джеймс Клерк🡆 More