Гӏала Себу

Себу́ (Cebú) — шен барамца йоьалгӀа а, уггаре шира а Филиппинашкара гӀала ю.

Себун агломерацин уггаре йоккха гӀала ю. Лаьтта Себу гӀайренан малхбален берда тӀехь, Мактан гӀайренан дуьххьала. Йоккха порт. Бахархой — 866 эз. вахархо (2010).

ГӀала
Себу
Cebú
Сурт
HGЯO
Пачхьалкх Гӏала Себу Филиппинаш
Истори а, географи а
Йиллина 1565 шо
Майда
  • 315 км²
Центран локхалла 135 метр
Бахархой
Бахархой 866 171 стаг (2010)
Луьсталла 2700 стаг/км²
Агломераци Себу 2 551 100
Идентификаторан терахьаш
Телефонан код +63 32
Поштан индексаш 6000
cebu.gov.ph
Картин тӀехь
Себу картан тӀехь
Себу

Истори

ГӀала 1565 шарахь Лопес де Легаспис 44 шо хьалха Магеллан охьавоьссинчехь йиллина лору. Велла сийлахь новкъахо Себун луларчу гӀайрен тӀехь — Мактанехь. Манила йиллале хьалха ялх шарахь Себу Филиппинашкахь коьрта европин гӀала лаьттира. Оцу шерашкахь йина Сан-Педро гӀап XIX бӀешо чекхдаллалц йисира испанин олаллин бастион къилба Филиппинашкахь. Кхин а Себу гӀайрен тӀехь йолало керсталлин истори Филиппинашкахь. Магеллана хӀоттийна Себухь дечиган жӀар. Оригиналан жӀарах йисинарг чуйоьллина тиндало диттах йинчу кхечу, Ӏаьржа жӀаран. 1595 шарахь кхоьллира университет Сан-Карлос.

Топономика

ГӀалан цӀе схьаяьлла филиппинийн «sebu» дашах, цуьнан маьӀна дийнатийн мохь ду. Испанхой бахкале дуккха а хьалха Себу яра овхойн эвла, урхаллехь Раджи Хумабон а волуш.

Дешар

Тахана Себухь итт университет ю.

Климат

Климат тропикан — йовха а, тӀуьна а, шеран юккъера температуран барам +26,5 °C. Майра октябрь кхаччалц хьоькху къилба-малхбузера муссон «хабакат», ткъа ноябрера апрель кхаччалц — бекъа мехаш «амихан».

Себу климат
Гайтам Янв. Фев. Март Апр. Май Июнь Июль Авг. Сен. Окт. Нояб. Дек.
Юккъера максимум, °C 29,9 30,2 31,2 32,3 33,0 32,1 31,7 31,9 31,7 31,6 31,2 30,3
Юккъера температура, °C 26,8 27,0 27,8 28,8 29,4 28,7 28,3 28,4 28,7 {{{Окт_юкъ}}} {{{Ноя_юкъ}}} {{{Дек_юкъ}}}
Юккъера минимум, °C 23,8 23,7 24,4 25,4 25,9 25,3 24,9 25,0 24,8 24,7 24,7 24,2
Йочанан норма, мм 78,1 62,3 41,5 29,1 54,8 149,9 157,0 136,5 167,3 148,4 131,4 103,8

Вежараллин гӀаланаш

Билгалдахарш

Хьажоргаш

Tags:

Гӏала Себу ИсториГӏала Себу ТопономикаГӏала Себу ДешарГӏала Себу КлиматГӏала Себу Вежараллин гӀаланашГӏала Себу БилгалдахаршГӏала Себу ХьажоргашГӏала СебуФилиппинаш

🔥 Trending searches on Wiki Нохчийн:

ЛергHTMLЛатинан абатХарнетт (гуо, Къилбаседа Каролина).auБрежнев, Леонид ИльичКазчина Империяле (Милано)Российн империБолгариМелардойСахьтан асаСимсимГенуя1 февраль1900 шоТаьӀна-цӀенРамазан (бутт)ГленьУьстaгӀСоммаУрдан1616Къилбаседа полюсМержойАйсийна босГебремариам Алана ТадегеКхача29 сентябрьКызыл-БелФранциГӀалакхДерригдуьненан могушалла Ӏалашйаран организациБӀарХӀарранДешаран, Ӏилманан, оьздангаллин гӀуллакхийн Вовшахтоьхна Къаьмнийн КхолламЦийн Халкъан РеспубликаФакундо АранаЖузиСавурСеда ДудуркаеваЖелтойчоьКесон-СитиЛе-КенельКапела (Испани)Нохчийн Республика ИчкериСтивенс-Пойнт (Висконсин)Аббевиль-Сен-ЛуьсьянВест-Аллис (Висконсин)ВикилармаМакедонийн ИскандарАндорраМенджицеЗарзарБерти (гуо, Къилбаседа Каролина)ПхьидарчийПачхьалкхийн могӀамКъилбаседаатлантикин бертан кхолламФедералан талламийн бюроЦилияНесерхоев, Изновр НесерхоевичТрансформаторЛовзо хӀумаИнтермашаАфрикин бартСтадолище (Городокан кӀошт)КъахьоАлгебраХӀаваан кемаИндуктивностин туьппалг🡆 More