Оцу шарахь хилларг
Оцу шарахь бинарш
- Айдамирова, Марьям Ахмедовна (1924 шеран 1 январь — 1992 шеран 2 ноябрь) — нохчийн эшархо, пондарча, композитор, Нохч-ГӀалгӀай АССРн Халкъа артист, РСФСР Сийлахь артист;
- Алиева, Тамара Шугаиповна (1924 шеран 18 сентябрь — ?) — нохчийн актриса, эшархо, эстрадан хелхархо, конферансье, тайнагаш лелорг а, Нохч-ГӀалгӀайн АССР Халкъан артистка, РСФСР Сийлахь артистка;
- Эсамбаев, Махмуд Алисултанович (1924 шеран 15 июль — 2000 шеран 7 январь) — советски нохчийн балетан артист, эстрадан хелхархо, хореограф, актёр, СССРн Халкъан артист (1974 шо), Социалистически Къинхьегаман Турпал (1984 шо);
- Дачиев Хайсултан (1924 шо — 1943 шеран 26 октябрь) — Советски Союзан Турпал.
Оцу шарахь белларш
- Кафка, Франц (1883 шеран 3 июль — 1924 шеран 3 июнь) — XX бӀешеран сийлахь воккху немцойн йаздархо. Цо йазйинарш дукха хьолехь иза веллачула тӀехь арахецнера.
- Пуччини, Джакомо (1858 шеран 22 декабрь — 1924 шеран 29 ноябрь) — итальянин операн композитор, музыкехь «веризм» олу боламан векал.
- Ленин, Владимир Ильич (1870 шеран 22 апрель — 1924 шеран 21 январь) — российн а, советан а политикин а, пачхьалкхан а гӀуллакххо, революционер, Российн социал-демократин белхалойн партин (большевикин) кхоллархо, Россиехь 1917 шеран октябран революцин куьйгалхойх цхьаъ, РСФСРн Хьалкхан Комиссарин Советан председатель, дуьненахь хьалхара социализман пачхьалкхан кхоллархо.
This article uses material from the Wikipedia Нохчийн article 1924 шо, which is released under the Creative Commons Attribution-ShareAlike 3.0 license ("CC BY-SA 3.0"); additional terms may apply (view authors). Чулацам лело мега CC BY-SA 4.0 лицензица (кхениг билгалйина йацахь). Images, videos and audio are available under their respective licenses.
®Wikipedia is a registered trademark of the Wiki Foundation, Inc. Wiki Нохчийн (DUHOCTRUNGQUOC.VN) is an independent company and has no affiliation with Wiki Foundation.