Хи

Хи (водородан оксид , водородан гидроксид , химин формула — H2O) — бинаран органикин йоцу уьйра, молекула лаьтта водородан шина атомах а, кислородан — цхьаьна атомах а, церан вовшешца ковалентан уьйранца уьйр йу.

Нормера хьелашкахь бос боцу, (кӀорга дацахь) хьожа а, чам а боцу чекх са го тӀуналла йу. Хин онда хьолах ша олу, (шенан кристаллаша до ло йа йис), ткъа газкепара — хинан Ӏа. Хи кхин а хила тарло тӀуьна кристаллийн кепара (гидрофилаллин тӀехалонаш тӀаьхь).

Хи
Химин структуран сурт Молекуляран моделин сурт
Хи
Йукъара
Систематикин
цӀе
Водородан оксид
Хи
Ламаста цӀераш хи
Хим. формула H2O
Физикин хьелаш
Хьал тӀуналла
Моляран масса 18,01528 г/моль
Луьсталла 1 г/см3
Ондалла 1,5
Динамикин маза 0,00101 Па•с
Кинематикин маза 0,01012 см²/с
(при 20 °C)
Ионизацин энерги 2,0E−18 джоуль
ХӀуманан чуьра озан сихалла (дистиляци йина
хи) 1348 м/с
Йовхонан хьелаш
Температура
 • лаларан 0,002519 °C, 0 ± 0,002 °C
 • кхехкаран 373,1 K; 99,974 °C
 • дӀасадекъадаларан 2200 °C
КхоалгӀа тӀадам 273,2 K (0,01 ° C), 611,72 Па
Критикин меттиг 647,1 K (374 ° C), 22,064 МПа
Йовхо чекхйалийтар 0,56 Вт/(м·K)
Энтальпи
 • кхоллайаларан −241 818 джоуль на моль, −285 830 джоуль на моль
 • кхехкаран 40,656 килоджоуль на моль, 40 655,928 джоуль на моль
Химин хьелаш
Мусталлин диссоциацин константа 15,74
Диэлектрин чекхдалар

80,4 (20 ° C)

78,5 (25 ° C)
Оптикин хьелаш
Саттаран гайтам 1,3945, 1,33432, 1,32612, 1,39336, 1,33298, 1,32524
Структура
Диполан момент 6,2E−30 кулон на метр
Классификаци
Рег. лоьмар CAS 7732-18-5
PubChem 962
Рег. лоьмар EINECS 231-791-2
SMILES
InChI
RTECS ZC0110000
ChEBI 15377
ChemSpider 937
Кхерамзалла
NFPA 704
NFPA 704 four-colored diamond
F, ХиH, ХиR, ХиS, Хи

Хи дика поляран дашориг ду. Ӏаламехь даиманна а цуьнца йу йашийна хӀуманаш (туьханаш, газаш).

ЧӀогӀа ладаме роль йу хинан хӀуманан а, энергин а глобалан гуотийсарехь а, Дуьненна тӀехь дахарна гӀолатторехь а, дийна организмийн химин хӀоттамехь а, климат а, хенан-хӀоттам кхолларехь а. Дуьненна тӀера йерриг дийна хӀуманашна чӀогӀа ладаме хӀума йу хи. Йуккъера барам ораматийн а, дийнатийн а организмехь ду 50 % сов хи.

Дерриг Дуьненна тӀехь 1400 млн км³ гергга хи ду. Хишша къовлу 71 % дуьненан тӀехало (Ӏапказаш, хӀордаш, Ӏаьмнаш, эркаш, шеш — 361,13 млн км²). Дуьненан хинан доккхаха долу дакъа (97,54 %) Дуьненан Ӏапказ чохь ду — иза дуьра хи ду, иза ца мега йуьртан бахамна а, мала а. Молу хи долу коьртаниг шешшанна йукъахь (1,81 %) а, лаьттан бухара хишна а йукъахь (0,63 % гергга), ткъа жима дакъа (0,009 %) эркаш а, Ӏаьмнаш а чохь ду. Материкан дуьра хиш ду 0,007 %, атмосферехь ду 0,001 % Дуьненан дерриг хих. Дуьненан мантин йукъахь доллу Дуьненан Ӏапказ чохьчул 10—12-зза алсама хи.

Хи
Хи — муха кхоллина, Дела кхоллам.
Хи
Хи — муха кхоллина, Дела кхоллам.

Литература

Кеп:Жайнаш кечдар

Билгалдахарш

Tags:

АтомВодородКислородЛо

🔥 Trending searches on Wiki Нохчийн:

Бисултанов, Апти ДибаевичКоци (Катания)Хьайбахехь нах байарОшаев, Халид ДудаевичНасуханова Ляля Ӏандарбекан йоӀЦӀеяйархоYouTubeПарамонов (Советскан кӀошт)Нохчийн Республика Ичкери.mhОшарово (Эвенкийн кӀошт)ЕбланжПоло, МаркоРуандаМадагаскарВаьппийАзербайджанЭнид (Оклахома)ВикихаамашМежиева, Макка ШахидовнаУошито (кӀошт, Луизиана)ЗендекЯпон.gpИсториДе Голль, ШарльКуцдошӀалий ибн Абу ТӀалибМоскохМисарМоттКавенчин (Турецкан повет)РагӀ (рельеф)Америкин Цхьаьнатоьхна ШтаташБайракхПекинГӀансолОкуев, Шима ХамидовичПобегиБена-ЙуртУрдан хин малхбузен хийистХӀиндонезиКайдановоШекар10 ноябрь2002 шоКомпьютерЕгатЛондонПшиборув (Силезин воеводалла)Озтери Барцан (Венеци)Ингалсан моттРейнджерс (футболан клуб)КескЭлектронан поштаПхьамтойМонблан (Таррагона)ЛовзарКавказБратошевице.mkОзтери ал Троваторе (Венеци)Цийн мотт1842 шоАристотельАрнауташПачхьалкхКанакераван🡆 More