Малх

Малх
Малх

Малх (астр. символ: ☉) — Маьлхан системехь цхьаъ бен боцу седа. Иштта Малхан гонах хьийза оцу системи кхийолу а объекташ: планеташ а, цера спутникаш а, кегий планеташ а, астероидаш а, метиориташ а, кометаш а, космосан чан а. Малхан системин йозалла 99,866 % а Малхан йозалла йу. Малхан зӀенарш ДуьненатӀехь дахар латтадо — фотосинтезан серло оьшу, Малхо климат латтайо. Малх лаьтта водородех (йозаллийн 73 %, чухоаман 92 %), гелийх (йозаллийн 25 %, чухоаман 7 %), иштта а кхоьчу элементашках: эчиг, никель, кислород, кремний, саьнгал, магний, углерод, неон, кальций, хром. 1 млн водород атоман тӀейогӀу 98 000 гелийн атом, 851 кислородан атом, 398 углеродан атом, 123 неонан атом, 100 азотан атом, 47 эчиган атом, 38 магнийн атом, 35 кремнийн атом, 16 саьнгалан атом, 4 аргонан атом, 3 алюминийн атом, 2 никельн а, натрийн а, кальцийн а атом, къеззига кхийолу элементаш а.

Маьлхан йуккъера йукъалла йу 1,4 г/см³. Спектран классификацица Малх йукъабоьдуш бу G2V тайпан («можа буйдол»). Малхан тӀехуле йовхалла 6000 Кельвин тӀекхочуш йу. Цундела Малхан бос кӀай бу. Амма Лаьттан тӀехуле кхачале цуьна бос мажло зӀенарш дӀасаяржарна бахьнехь а, спектран йоцатулгӀенаш долу дакъа атмосферас худар бахьнехь а.

Малхан спектрехь ду ионизаци йина а, яза а металлий а, ионизаци йина водородан а сизнаш. Вайн Галактикехь бу 100 млрд сов седарчий. Царех 85 % бу Малхал кхоьлина (дукха хоьлехь цӀен буйдолш). Коьрта рогӀалле массо а седарчий санна Малхо термоядерни синтезца йоккху энерги. Дукха хьолехь иза йу водородах гелий хилча йолу энерги.

Малх Дуьненна 149,6 млн км генахь бу (цхьаъ астрономан барам), ДуьнентӀера хожуш хенахь цуьна сонан барам бу 31-32 сонан минута (Баттан санна).

Малх бу 26 000 серлонан шо генахь Шуран некъан йуккъера. Цунна гонахь хьийзаш Малхо цхьа го боккху 200 млн шарахь. Малхан орбитин сихалла йу 217 км/с — иштта цо цхьаъ серлонан шо некъ бо 1400 Дуьненна шарахь, цхьаъ астрономин барам — 8 дийнахь-буси.

ХӀокху хенахь Малх бу Орион пхьошан йуккъера йистехь, Персей пхьошан а, Стрелец пхьохан йукъахь, иштта цӀейоккху «Меттиган седарчий йукъаран мархан» чохь — дукъалла сов ялла меттигахь. И меттиг йу, шен рогӀехь, дукъалла кезиг йолу «Меттиган лоппагехь» — яьржина йовха седарчийн йукъара хӀон меттигехь. 17 серлонан шо гонахь болучу 50 уллера седарчий системан йукъахь Малх бу массарелла сирлачарехь боьулгӀа — цуьна абсолютны седарчийн йоккхала йу +4,83m.

Малх багар гойтуш видео

Коьрта кхетамаш

Малх йукъабоьдуш бу седарчий хьалхара тайпан йукъа. Цхьана яьржина Малх системан кхолларал теорис дуьцу иза цхьаъ я масийтта тӀехь-керла седарчий аьккхара бахьнехь кхоллаелла. Оцу моттар бахьан ду Малхан системехь тӀех сов деши а, уран а хилара. Уьш кхоллаелла оцу эккхар бахьнехь хилла эндотермически реакциш бахьнехь я элементан ядерни хицаялар.

Малхан зӀенарш йу Дуьненахь коьрта энергин хьост. Цуьна нуьцкъала гойту Малхан постоянныс — Малх зӀенаршна перпендикулярни йолу майдан барамех чекхйолу нуьцкъала дукхалла. Цхьаъ астрономан барам Малхан генахь (Дуьненна орбитехь) иза йу 1,37 кВт/м² гергга.

Атмосферех чекхъялча малхан зӀенарш цхьайолу нуьцкъала йойъу. Латтан тӀекхочу 1000 Вт/м² герга нуьцкъала (сирлачу дийнахь Малх зенитехь болуш хенахь). Оцу нуьцкъалас дакъа лоцу тайп-тайпана Ӏаламан а, искусственни а процессашкахь. Иштта, ораматаш пайда оьцу цунах фотосинтезца а, органически хӀумни синтезца а, кислород дӀаккхарца а. Термоэлементашца я фотоэлементашца Малхан зӀенаршах нуьцкъала баккхало, я кхи пайда эцало. Дукха хан хьалха фотосинтез бахьнехь ӀаӀина нуьцкъалла мехкдаьттанчохь а, кхоьчу тайпан маьӀдани ягоргашкахь а.

Малхан ультрафиолетан зӀенарш антисептикан билгалонаш йолуш йу. Цундела цаьрца дезинфекци я мегарду. Иштта ультрафиолетан зӀенарш чкъор дагадо, уьш бахьнехь организмехь D витамин хуьлу. Ультрафиолетан зӀенари Ӏаткъам озонан чкъора гӀелйо, цундела ультрафиолетан эвсаралла чӀогӀа хийцало шораллица.

Дийна делкъехь Малх ана тӀоьхула лаьтта маьӀиг Ӏаткъам йо дукха тайпан биологи адаптацин. Масала, и бахьнехь тайп-тайпана меттигашкахь Ӏашболу неха чкъоран бос хийцало.

Дуьнен тӀера гуш болу стигалхулу Малхан некъ шарахь хийцалушбу. Малха стигалхулу шарахь беш болу некъан цӀе аналемма йу. И некъ бу къилбера къилбаседе дъасаоьзна «8» цифран тера бу. Массарелла къесташ болу Малх меттиган хийцам бу къилбера къилбаседе техкар 47° амплитуда йолуш. Цуьна бахьан ду Дуьнен экватор эклиптики экъан 23,5° охьатаӀар. Оцу техкаре кхи цхьаъ дакъа ду малхбузе — малхбале дирзина. Цуьна бахьан ду Дуьнен орбитан сихалла лакхаялара иза перигелий тӀе кхочуш а, орбитан сихалла лахъялара иза афелий тӀе кхочуш а. Оцу шина меттаххьер хьалхарниг (къилбера къилбаседе) шеран заманаш хийцаялар бахьан ду.

Малх 
Кхоьчу Малх системан планеташ тӀера хаьжча дустаран Малхан барамаш

Дуьне афелийх чекхдолу июль бутт болалуш хенахь. Таккха иза доьдуш Малхана 152 млн км гена долу. Дуьне перигелийх чекхдолу январехь. Цул тӀеха иза тӀедоьду Малхана 147 млн км улле. Оцу шина терахь йуккъехь Малхан диаметр хийцало 3 %. Афелийн а, перигелийн а геналла башхал 5 млн км хилар бахьнехь афелийхь Дуьненна 7 % йовхо кезга кхоча. Цундела аьхкенаш къилбаседе дуьненан эхигехь жимма шило йу, амма Ӏанош жимма йовха йу къилбера дуьненан эхигехьчулла.

Малхан йу чӀогӀа мисарболтана майда. Оцу майдин ницкъ даимна хийцалуш бу. ХӀора 11 шарахь цьуна хьажор хийцало Малхан максимум болуш хенахь. Оцу мисарболат майдан хицами дукха тӀехьонаш йу. Оца тӀехьонех Малхан жигаралла олу. ТӀехьонашна йукъайогӀуш йу Малхан таммагӀаш а, Малхан эккхарш а, Малх мохан хийцабалар а, и. к. д. Дуьненан тӀехь Малхан жигаралла бахьнехь хуьлу мисарболатан дарц а, Къилбаседанан нур дагар а. Цара вон Ӏаткъам бо зӀенан а, электроэнергетикина а, са долчу хӀумнашна а (корта лаза бокху, хьал талхадо). Схьахетарехь Малхан жигараллас доккха дакъа лецна Малхан система кхоллалуш а, кхиуш а. Иштта а Малхо боккха Ӏаткъам бо Дуьне атмосферан хӀоттаме.

Малх бахаран цикл

Малх кхозлугӀа тӀаьхьена къона седа бу эчигий доккха дакъа долуш. И бохург ду Малх кхоллабелла хьалхара а, шозлугӀа а тӀаьхьена седарчех бухадисинчунах.

ХӀинцалера компьютер моделица йустина Малх болу хан йу 4,57 млрд шо гергга.

Малх санна беза седа баха беза 10 млрд шаран герга. Цундела Малх шен дахаран йуккъе кхаьчна..

ХӀокху хенахь Малхан тӀумехь йодуш йу водородах гелий хуьлуш термоядерни реакци. ХӀора секундехь Малхан тӀумехь 4 млн тонн хӀумахь зӀенаре нуцкъалла а, нейтрино а хуьлу.

Малхо шен водородан ягорг мел йойа иза бохло, цуьна серло сов йола. Кхиа 1,1 млрд шо делча Малх хӀинцачул 11 % сирла хирабу. Малхан серло сов ялар бахьнехь Дуьне тӀех довха хирду цу тӀехь хӀинцлерачунах дахар хила. Амма хӀордаш чохь дахар диса мега. Иштта дахар диса мега полюсашна уллехь. Пенсильвани университетан профессор Дж. Кастингс хьадийцарехь , Малхан серлао совъялла Дуьненан тӀера дахар дӀадала мега Малх цӀен гигант мур тӀекхачали, 1 млрд шо даьлча.

3,5 млрд шо даьлча Малхан серло 40 % сов ераю. Цу хенахь ДуьненатӀера хьал таханлера Венери тӀехь долчунах тера хирду: вода с поверхности планеты исчезнет полностью и улетучится в космос. И бахьнехь Дуьненна тӀехь массо а тайпа дахар хӀаллак хирду. Малхан тӀера водород ягаре терра цуьна тӀоьхлара чкъор шорлурду, ядро жимлурду, дохлурду.

Цул тӀехьа Малхо 3 млрд шарахь дисин водород дагорду. Кхиа 700 млн шарахь субгигантан муре кхочурду. Оцу хенахь Малхан диаметр 1,6-2,3-за боккху хирбу, цуьна йовхо лахлур йу 4900 Kельвин кхаччалц.

7,6-7,8 млрд шо даьлча Малхан тӀум дукха йохъелла цунна гонах долу чкъорехь водород дага долалурду. И бахьнехь Малхан чкъор деста долалурду. Малх цӀен гигант хир бу. Оцу хенахь Малхан радиус 256-за йоккха хир йу хӀинца йолчунга хьаьжча. Малх бестар бахьнехь цуьна сирлалла 2714-за жимлур йу, цуьна чкъор 2650 К кхаччалц шеллурду.

Схьахетарехь цу хенахь шорлушдолу Малхан тӀоьхулу чкъорнеш таханлера Дуьненна орбите тӀекхочурду. Талламаш гойту Малха шен 28 % йозалла яйалера Дуьне Малхан генара орбите тӀедераду. Цундела Малхан тӀоьхула чкъорнаш Дуьненах тӀекхочурдац.

Амма 2008 шарахь бина талламаш гойту Дуьне схьахетарехь дӀахьулдира хирдар Малхан чкъораца зӀе хилар бахьнехь. Деррига Дуьне Малхо дӀа цу хулдехь а, ДуьнентӀера деррига хих Ӏа хира йу, Дуьненан атмосфера онда Малхан мохо дӀайоккхура йу.

Оцу мурехь Малх леттира бу 10 млн шо герг. ТӀакха цуьна тӀум 100 млн. К йохъеллчултӀехь гелийн эккхар хир йу. Йолалура йу гелийх кислород а, углерод а хуьлуш термоядерни реакци.

Шена керла нуьцкъала хьост карийча Малх жимлурбу 9,5 R☉ кхаччалц. 110 млн шо даьлча Малхан тӀера гелий дӀаера йу. ТӀаккха Малх йуха а бестара бу, йуха а иза цӀен гигант хира бу. Оцу мурехь Малхан тӀех онда эккхарш хира йу, цуьна серло хӀинцлера чулла 5200 сов ераю. Иза хирду йисина гелий термоядерни реакцехь дакъа лаца доладалар бахьнехь. Оцу хьолахь Малхо 20 млн шо доккхура ду.

Малхан йозалла тоьуш йац тӀехкерла седа хилла эккха. ЦӀе гигант мур чехкбелча йовхон яттаялар бахьнеь цуьна тоьхлара чкъор дӀадераду. Оцу чкъорах хира йу планетан дохк. Оцу дохкан йукъахь хира йу Малхах йисна кӀай буйдол — Дуьненан барамехь чӀогӀа еза а, йовха а объект. Дуьххьара дӀа оцу будол тӀехулле йовхо хира йу 120 000 К. Цуьна серло хира йу 3500 Малхан серло, амма масийтта млрд шарахь иза шеллур а йу, кхоллалур а йу. Оцу тайпа дахаран цикл йу массо а жима а, йуккъерачу барамехь беза болчу а седарчий.

ХӀоттам

Малхан тӀум

Термоядерни реакциш йолу 150—175 эзар км радиус йолу Малхан йукъехь (Малх радиусан 20-25 %) Малхан тӀум олу. Малхан тӀумехь хӀуман йукъалла 150 000 кг/м³ йу (150-за хин дуькъалла сов, Дуьненахь массарелла деза осмий боху металлал 6,6-за сов. Малхан тӀумехь 14 млн К йовха йу. SOHO аьлла космосан аппарато яийтина информацис гайтина Малхан тӀум Малхан чкъоралла дуккха а сиха хьийзар.

Малхан тӀум чохь йодуш йу протон-протонан термоядерни реакци. Иза йодуш еа протонах цхьаъ гелий-4 атом хуьлу. ХӀора секундехь Малх хӀуман 4,26 млн тоннех серло хуьлу. Амма иза вуно къезга ду Малхан йозалле хьажча — 2×1027 тонн.

ТӀуман тайп-тайпан дакъош бокхуш болу нуьцкъалла Малхан йуккъе кхаччалц болу некъе хьаьжна бу. Нисса йуккъехь иза бу, теорис ма дийцара, 276,5 Вт/м³. Иштта адаман чухоаме (0,05 м³) кхочу 285 Ккал/дийнахь (1192 кДж/дийнахь). Иза ду иттуза сов адаман дегӀо йоккхучу йовхонал къезга. Дина Малхо йоккхуш йолу декъан йовхо кхиа бӀоза кӀезга йу. Цундела Малхан ягорг (водород) масийтта милиард шаран тоьа.

ТӀум — Малхан тӀехь цхьаъ бен йоцу меттиг йу термоядерни реакцех нуьцкъалла а, йовхо а йоккхуш. Дисин Малхан дакъа оцу йовхоно дохдеш ду. И ериг нуьцкъала а, йовхо а Малха массо а чкъорах чекхйолу тоьхлара чкъотӀе кхаччалц. Малхан тоьхлара и йовхо а, серло а дӀасайоду.

Билгалдахарш

Хьажоргаш

Маьлхан суьрташ:

Tags:

Малх Коьрта кхетамашМалх бахаран циклМалх ХӀоттамМалх БилгалдахаршМалх ХьажоргашМалх

🔥 Trending searches on Wiki Нохчийн:

МакдоналдсЛитваНеапольТаьӀна-цӀенСен-Луьмье-ан-Шампань15 март24 сентябрьТелуьЛинкольн (Массачусетс)Виктория (Техас)ФранциКадыров, Рамзан АхматовичЭкономикин лакхара ишколЛозови (Луганан га)КандалакшаЧартойПолитикин партиРамаданДиодЧехов, Антон ПавловичЛакха НогӀмандиСаградоДади-Йурт24 мартМейгилл (Нью-Мексико)СократАркейн, ЖанетКот-д’ИвуарЗамКометаБухарестЛе-БельеБермуда гӀайренашРоуэн ЭткинсонАЦШ1991 шо5 март14 апрельДегӀастанан АССРМаксвелл, Джеймс КлеркПакияАмерикин Цхьаьнатоьхна ШтаташЭджворт (Пенсильвани)(2984) ЧосерЭлектроникаИзмирISO 3166ДаосизмБашаев, Тамерлан Таусович18 январьАбсолютизмФранклин (Огайо)Акчаабат29 мартПуэбла-дель-БрольонВайн эрал 45 шо хьалхаМалтойн орденГота (Флорида)КрасногорскБэтменКиевСпилберг, СтивенФоь.axКанадаАнкваб, Александр Золотинскович2000 шо🡆 More