Австрали

Австра́ли (инг. Australia, МФА: , схьадаьлла лат. austrālis — «къилбен»), официалан кеп — Австрали́н Барт, я Австра́лин доттагӀалла (инг. Commonwealth of Australia, МФА: ), — Къилба эхигера пачхьалкх, дӀалоцу изза цӀе йолу материк, Тасмани гӀайре, ХӀиндин а, Тийна а Ӏапказаш чура масех кхин гӀайре а, ; майданца йалхолгӀа пачхьалкх йу дуьненахь.

Австралин Бертан къилбаседехьа лаьтта Малхбален Тимор, ХӀиндонези, Папуа — Керла Гвиней, къилбаседа-малхбалехьа — Вануату, Керла Каледони, Сулейманан ГӀайренаш, къилба-малхбалехьа — Керла Зеланди. Папуа — Керла Гвинейн коьртачу гӀайренах Австралин Бертан материкан дакъа къастийна Торресан хидоькъено уггаре кӀезигчохь шоралла 150 км, а расстояние от австралийского острова Боигу до Папуа — Новой Гвинеи составляет около 5 километров. 2018 шеран 31 декабрехь бахархойн мах хадийна 25 180 200 стаг, Дукхаха берш царех беха малхбален бердан тӀера гӀаланашкахь.

Австралин Барт
инг. Commonwealth of Australia
Байракх ХӀост
Байракх ХӀост
Австралин Пачхьалкхан Шатлакхан Илли
Австрали
Маьрша йаьлла терахьаш Доминион: 1901 1 январехь
Вестминстеран статут: 1931 11 декабрехь (тӀеэцна 1939 9 сентябрехь)
Австралин Омар: 1986 3 мартехь
(Йоккха Британех)
Официалан мотт ингалсан меттан Австралин кеп (де-факто)
Коьрта гӀала Австрали Канберра
Йаккхий гӀаланаш Сидней, Мельбурн, Брисбен, Перт, Аделаида, Голд-Кост, Ньюкасл, Канберра, Вуллонгонг
Урхаллин тайпа конституцин монархи
Паччахь
Инарла-губернатор
Премьер-министр
Карл III (Йоккха Британин паччахь)
Дэвид Харли
Албаниз Энтони
Латта
 • Шадерг  (6-гӀа дуьненахь)
 • % хина тӀехле 1%
Бахархой
 • Мах хадор 25 978 935 стаг
ДЧС
 • Шадерг (2021) 1,454 трлн долл. (20-гӀа)
 • ХӀораннан а сина 56 412 долл.
АДКИ (2021)  (тӀех лакхара; 5-гӀа меттиг)
Бахархойн цӀерш австралихо, австралихой
Ахча австралин доллар (AUD, код 036)
Интернет-домен .au
Код ISO AU
Код МОК AUS
Телефонан код +61
Сахьтан аса +8 … +11
Автомобилийн некъаш аьрру[d]
Викилармин логотип Медиафайлаш Викилармехь
Австрали

Австрали кхиина пачхьалкхех цхьаъ йу, дуьненахь экономикин барамца кхойтталгӀа йу, и имеет бахархойн хӀора синна кхочу ДЧСца йалхалгӀа йу дуьненахь. Австралин тӀеман гӀуллакхан харжаш дуьненах шийтталгӀа меттигехь йу дуьненахь. Адаман потенциал кхиаран индексца шолгӀа барамца Австралийу лакхарчу меттигехь дукхаха йолчу сферашкахь, масала: дахаран дикалла, могашалла, дешар, экономикин маршо, гражданийн маршо ларйарехь, политикин бакъонашкахь. Австрали йу G20, ЭЦКхКхан, ДДМКхан, АТЭЦан, ВКЪКхан, Къаьмнийн доттагӀаллин, АКЗАШан, АУКУСан, ТийнаӀапказан гӀайренийн форуман декъахо.

ЦӀеран этимологи

Австрали 
Terra Australis некъбар чуьра Порт-Джэксон гар. Оцу меттигехь йиллина Сидней

«Австрали» термин (инг. Australia, [əˈstɹæɪljə, -liə] австралин ингалсехь) схьадолу лат. austrālis («къилбен»). Австралихойн къамелехь леладо Oz дош. «Австралин» боху билгалдош билгалдоккхуш австралихоша леладо Aussie дош ([ˈɒzi]).

Девзаш доцу Къилбен латтах легендаш (лат. Terra Australis Incognita) — «къилбехьара девзаш доцу латтах» — хьаладоьду Руман империн замане, континентах болчу хаамашна тӀетовжа цхьан а меттиг боцушехь, тамашийна хӀума а дацара йуккъерабӀешерийн географехь,.

Уггаре хьалхара тептар тӀе баьккхина ингалсан матахь «Australia» дешах хаамаш бара 1625 шарахь йаздина дешнаш «Говзанчо Халклайта дӀайаздина Аустралиа-дель-Эспириту-Сантух лаьцна хаамаш» (инг. A note of Australia del Espíritu Santo, written by Master Hakluyt) а, Пурчас Самуэла[en] зорба тоьхна Hakluytus Posthumus а, цигахь Керла Гебридаш архипелагера гӀайренна йелла испанхойн цӀе Аустралиа-дель-Эспириту-Санту (испан. Australia del Espíritu Santo), галйаьккхинера «Australia» аьлла. Билгалдош «Australische» иштта лелайора голландин Батавин (хӀинцалера Джакарта) чинхоша 1638 шарахь дуьйна карийна дерриг керла къилбехьара латтанашна. «Australia» дош лелийра ингалсан матте даьккхинчу французийн йаздархочун-утопистан Габриэля де Фуаньин жайнахь «Садер Жакан хиламаш а, Астралин Латтанаш дӀаделлар а» (фр. Les Aventures de Jacques Sadeur dans la Découverte et le Voyage de la Terre Australe; 1676). Тийна Ӏапказан дерриг къилба декъана и термин лелайот шотландин географо Далримпл Александра, шен «Тийна Ӏапказан къилбан декъахь некъбаран а, керла латтанаш кароран а историн коллекци» (инг. An Historical Collection of Voyages and Discoveries in the South Pacific Ocean; 1771) жайнахь. XVIII бӀешеран чаккхенгахь термин лелайо ботаникаша Шоу Джорджа а Смит Джеймс Эдварда а австралин континент шайн «Зоологи а, ботаника а Керла Голландехь» (инг. Zoology and Botany of New Holland1793) жайнахь билгалйоккхуш, ткъа иштта 1799 шеран Уилсон Джеймсан[en] долу картин тӀехь .

«Australia» цӀе гӀарайелира 1814 шарахь капитана Флиндерс Мэтьюс«Terra Australis некъбар» зорба тоьхначул тӀаьхьа, иза ву дуьххьара Австралин континентан гуо баьккхинарг. Цунна кечам беш Флиндерса тешийра шен хьаькам, Бэнкс Джозеф, нахана йевза термин Terra Australisлело йезар, цу тӀе элира:

Нагахь аса сайна магийтича муьлхха керла хӀума йукъадаккхар, иза хир дара «Australia» аьлла континентан цӀе хийцар, иштта иза лерган хаза тамехь йу, дуьненан кхечу даккхийчу дакъойн цӀерашца йогӀуш а йу.

Иза могӀамехь цхьаъ бен доцу «Australia» дош ду; амма жайнин Броун Роберта тӀейаздиначу III « Терра Аустралисан географин а, систематикин а йукъара хаамаш, ботаникех лаьцна а» (инг. General remarks, geographical and systematical, on the botany of Terra Australis; 1814) жайнахь массанхьа леладо билгалдош «Australian», и ду дуьххьара и дош документе даьккхина жайна. Даьржина тилдаларе хьаьжна ца Ӏаш, жайно башха роль ца ловзийра «Australia» дош континентан цӀе санна даржорехь — и цӀе тӀеийцира жайна арадаьллачул тӀаьхьарчу итт шарахь. Керла Къилба Уэльсан губернаторо Лаклан Маккуорис, лелийра и цӀе Ингалсе дохьуьйту официалан кехаташкахь, ткъа 1817 шеран 12 декабрехь Британин империн колонийн гӀуллакхийн министралле рекомендации йира и цӀе официалан тӀеэца аьлла. 1824 шарахь Британин адмиралтейлло чаккхенца чӀагӀйира континентан и цӀе.

Истори

Австрали европахойх хьакхайаллалц (1606 шо кхачале)

Австрали 
Къоман Какаду паркера бухарчу бахархоша дехкина суьрташ, церан 30 000 шо гергга хир ду.

Австралин аборигенийн дай Австралехь гучубевлла 40—60 эз. шо хьалха (Кхечу хаамашца — 70 эз. шо хьалха). Адамаш Австрале даьхкина хӀорд чухула, оцу хенахь Керла Гвиней а, Тасмани а континентан дакъа хилла, цуо гойту уьш дуьненахь уггаре хьалхара хӀордахой хилар. Адам континентан тӀе охьахаа доладелира 42—48 эз. шо хьалха.

Уггаре хьалхарлнра адамийн даьӀахкаш карийна Мунго Ӏам тӀехь, иза бакъабелла Ӏам бу Къилба-Малхбалехьара Керла Къилба Уэльс штатехь . и даьӀахкаш йу хьалха карийначарех уггаре ширачех Дуьненахь багоран масалех, цуо гойту австралин аборигенашна йукъахь хьалха динан Ӏадат хилар .

ХӀинца а лелочу говзаллех дуьненахь уггаре ширачех лору аборигенийн говзалла . Цуьнан хенан мах хадабо 30 000 шо, иза ган тарло Австралин берриг махкахь (масала, Улуру а, Какадухь а.. Хенан а, суьрташ дукха хилар а агӀора хьаьжча, Австралера тархаш тӀе суьрташ дахкар дуста мегар ду Европера Ласко а, Альтамиран хьехаршца.

Вайн эрал 10—12 эзар шо хьалха Тасмани дӀакъаьста материках, цхьайолу тӀулган технологеш ца кхиира тасманин аборигенашка (масала, бумеранг лелор). Австралин историн ширачу заманахь Къилба-Малхбален Австралехь сих-сиха тӀаплаьмнаш Ӏаьттадора. Къилба-малхбален Австралехь, Виктори штатера Кондах[en] Ӏам тӀехь, карийна ахгуттаренна йолу нах баьхна меттигаш, шортта дааран сурсаташ долуш. БӀешерийн дохаллашкахь макасараша махлелабора Австралин аборигенашца, масала Арнем-Лендан къилбаседа-малхбалера йолнгу адамашца.

Австрали хӀордахоша дӀайеллар (1606—1788)

Австрали 
Австрали европахойн хӀордахоша таллар (1812 шо кхачале)
     1606 — Виллем Янсзон      1606 — Луис Ваэс де Торрес      1616 — Дерк Хартог      1619 — Фредерик де Хаутман      1644 — Тасман Абел      1696 — Виллем де Вламинк      1699 — Уильям Дампир      1770 — Джеймс Кук      1797—1799 — Джордж Басс      1801—1803 — Мэтью Флиндерс

Цхьацца авторш гӀиртира XVI бӀешарахь Австралехь европахой хилла хилар гучудаккха. Макинтайр Кеннета[en] а, кхин историкаша а чӀагӀдора, португалхоша къайлаха Австрали дӀайиллина XVI бӀешаран 20-гӀачу шерашкахь. Дьепан карташ[en] тӀехь «Жав-Ля-Гранд»[en] (фр. Jave La Grande) йоза хилар тӀеоьцура цара «португалихоша дӀайелларан» тешалла санна». ТӀаккха а, Дьепан карташа гойту оцу муьран географин хьал чекхдаккханза хилар, фактех дерг а, теоретикех дерг а. XVII бӀешо кхаччалц европахойн зийаратийн теорино Австралин а, кхечу мехкийн а тӀеозайора дукха ойла.

ТӀеман ницкъаш

Австралин тӀеман ницкъех олу Австралин дуьхьалонан ницкъаш (ADF). Уьш лаьтта Паччахьан австралин тӀеман-хӀордан флотах, Австралин эскарх, Паччахьан австралин тӀеман-хӀаваан флотах.

ТӀН вовшахтуху — контрактан бух тӀехь шайн лаамца, гӀуллакхан хан контрактан хьелаша доза тухий билгалйоккху.

  • Йукъара барам: 51,5 эзар (рогӀера хӀоттам) а, 19,5 эзар (резерв)
    • Латтан тӀера эскарш:
    • ТӀХӀН:
    • ТӀХӀФ:
  • Мобилизацин ресурсаш: 4,9 млн ст. (царех эскарна пайденна бу 4,2 млн)

Австралин дерриг тайпана тӀеман ницкъаш жигара дакъалоцуш ду машарен операцешкахь (хӀинца — Малхбален Тиморехь а, Сулейманан ГӀайренашкахь а), кӀелхьарабахаран операцешкахь а, тӀеман девнашкахь а (хӀинца — Ӏиракъехь а, ОвхӀанехь а).

Премьер-министро хӀоттаво тӀеман ницкъийн тайпанийн баьччех коьртабаьчча. ХӀинца Австралин дуьхьалонан ницкъийн баьчча ву авиацин мудир Хьюстон Ангус[en]. 2005/06 финансийн шарахь тӀеман харж хилира 17,5 млрд австралин доллар — ДЧСах 2 %.

Хьажа кхин а

  • Австралин ойла[en]

Хьажа ишта

Билгалдахарш

    Комментареш

Литература

Хьажоргаш


This article uses material from the Wikipedia Нохчийн article Австрали, which is released under the Creative Commons Attribution-ShareAlike 3.0 license ("CC BY-SA 3.0"); additional terms may apply (view authors). Чулацам лело мега CC BY-SA 4.0 лицензица (кхениг билгалйина йацахь). Images, videos and audio are available under their respective licenses.
®Wikipedia is a registered trademark of the Wiki Foundation, Inc. Wiki Нохчийн (DUHOCTRUNGQUOC.VN) is an independent company and has no affiliation with Wiki Foundation.

Tags:

Австрали ЦӀеран этимологиАвстрали ИсториАвстрали ТӀеман ницкъашАвстрали Хьажа кхин аАвстрали Хьажа иштаАвстрали БилгалдахаршАвстрали ЛитератураАвстрали ХьажоргашАвстралиАвстрали (континент)ВануатуИнгалсан моттКерла ЗеландиКерла КаледониЛатинан моттМалхбален ТиморПапуа — Керла ГвинейСулейманан ГӀайренашТийна ӀапказХӀиндин ӀапказХӀиндонези

🔥 Trending searches on Wiki Нохчийн:

ДжакартаЮлианан рузмаКоблевоЖелтойн моттСвердловскВисокосан шоШиӀашОьрсийн моттСидней (Нью-Йорк)Нохчийн Республика Ичкерин ТӀеман НицӀкъашГендаргной1945 шоРешетников, Лев БорисовичФинляндиСвердловскан областьТоронто (Огайо)СловакиГезлойФутболЕрмекееван кӀоштКотамНове Двори (Мочеради)Кицин (Великопольскан воеводалла)2002 шоУстроне-МорскеВодемонНью-ЙоркПортугалихойСолёни ЗаймищеЯшуркаев, Султан СайдалиевичIOS 17МассачусетсНемцойн моттКремияТаьӀна-цӀенПодлесе (Нискан повет)Каспий-хӀордЖелтойн абатMediaWikiУмханов, Шарип ИсаевичНаполеон IЛаосБумбариСагаипова, Макка УмаровнаБевзаш болу нохчийГуьржийчоьЭквадорКадыров, Рамзан АхматовичБетенНижалойБелагвардия (Пезаро а, Урбино а)Коьрта агӀоБоснийхойСакаиминатоГӀалгӀайн моттЭджворт (Пенсильвани)Пускепалис, Сергей ВитаутоДудагӀеран Мусан-воӀ ЖовхӀарЖолкиноАль-ХорезмиПугачёва, Алла БорисовнаБезруков, Сергей ВитальевичАЦШ долларМитаркаЗарзар🡆 More