Гӏала

ГIала, Шахьар — бахархойн барамца, бахархойн мукъа ца хиларийн, географин, экономикин, историн, оьздангаллин маьIна долу амалца йогIу статус лоруш нах беха меттиг, .

Нах беха меттиг гIала лоруш низам, массо а пачхьалкхехь хIоттайо законашца. Уггаре алсама нах беха меттигах гIала йийриг: лору дукха хьолехь 1-2 эзар стаг, амма цхьацца меттигашкахь хила тарло 100 стаг а 50 эзар стаг а.

Гӏала
Токио, Япон
Гӏала
Чешме, Туркойчоь
Гӏала
Выборг, Ленинградан область
Гӏала
Константинополь, IX—XII бIешерашкахь Европехь уггаре йоккха а, уггаре хьал долу а гIала

Истори агIора термин схьадолу меттиган гуонаха дуьхьалонан керт — вал йа пенаш хиларх. Шира Русехь гIала олура муьлххачу йоккхачу нах беха меттигах, гуонаха гуо бинчу. ГIаланаш, говзалла а, пхьола а кхиаран йукъ йара.

Йоккха хуьлуш, гIало йо гIалин агломерацеш. ЧIогIа ладаме роль мехкашна а, континенташна а лелайо коьрта гIаланаш, кхин а гIаланаш-миллионникаша йа агломерацеш-миллионераш[en] (бахархой 1 миллионал сов болчу), царна йукъахь мегалополисаш а, глобалан гIаланаш а йу. ГIаланашкахь беха ах сов Дуьненан бахархой.

ГIала нийса хIоттар Iамадо леррина дисциплина — гIалайар, цуо Iамадо гIалин хIоттаман законаш а, бакъонаш а. ГIалайар йукъадаьлла архитектурин чуьра, амма хан мел йели гIаланаш хилла йаккхий, церан планаш хIитто оьшура кхин тIе хаарш — гигиенех, экономикех, экологех, транспортах, кхин а дуккха хIумнех лаьцна.

Истори

Гӏала 
Актау, Кхазакхстан

Ламастехь нах беха меттигийн истори йолало йозанийн хьостехь дуьххьала хьахийначу хенахь дуьйна. Ша йолчу муьрехь гӀало масийттаза хийца таро йара статус а, цӀе а. Йевза,археологаша дӀайиллина, шортта йуккъера бӀешерийн гӀаланаш. Церан махкахь йоьгӀна керла гӀаланаш, ткъа цхьаццанна хадданза истори йу тахана а.

Шира дуьненан гӀаланаш

Гӏала 
Археологаша схьаьхкина Мохенджо-Дарон саьлнаш

Дуьххьарлера гӀаланаш лору неолитин вайн эран VII—IV бӀешерийн нах Ӏа меттиг: Иерихон, Чатал-Хююк, кхин а. В.э. 5 эз. шо хьалха йаьржина йаккхий мехкан йаккъаш Дунайна тӀера хин йолчу Желтойчоьнан а, Днепран а. В.э. 4—3 эзар шо хьалхара терахь хӀоттадо дуьненахь йевза мехкийн йаккъаша: Шира Месопотамин — Ур, Урук, Ницер, Шуруппак, Сиппар, Эреду, Бад-тибира, Ларак, Киш; Мисран — Мемфис, Фиваш; ХӀиндин — Мохенджо-Даро, Хараппа; Желтойчоьнан — Спарта, Афина.

Европин гӀаланийн йукъара йевза истори йолало в.э. VIII—VII бӀешо хьалха: Гадес (Испани), Массили (Франци), Рум (Итали), Ольви, Пантикапей (Керчь, ГӀирма), кхин йерш, оцу муьрехь кхиина Кавказера гӀаланаш: Поти, Кутаиси (Гуьржийчоь), Сухуми (Республика Абхази), Ереван (Эрмалойчоь). в.э. VI-V бӀешо хь. хуьлу Фанагори, Гермонасса, Танаис, кхин антикаллин гӀаланаш Россин гӀаланаш хӀинцалерачу махкара. Хьалхара гӀаланийн луьста уьйра йара промыслашца а, йуьртан бахамца а, хӀунда аьлчи уьш йора охьахевшинчу латталелорхоша а, даьхнийлелорхоша. И зӀе дукхаха болчу мехкашкахь хӀинци а Ӏалашйо, йуьртабахаман къинхьегам безаш цхьа дакъа йаккхий гӀаланийн бахарахой а бу.

Йуккъера бӀешерийн гӀаланаш

Гӏала 
Париж XV бӀешарахь

ЙуккъерабӀерийн гӀаланаш в.э. V бӀешо хь. дуьйна, Руман историно ма-гайттира, Константинополо, Херсонесо (Севастополь, ГӀирма), кхин дуккха а йаккхий а, кегий а маьхкийн йаккъаш, дукхаха дерг кхин дӀадаьхьира антикаллин заманахь хӀоьттина ламаста йукъараллин Ӏедал. XI—XII бӀешерашкахь Европин уггаре йаккхий гӀаланаш: Венеци, Флоренци, Рум, Париж, Лондон, Кёльн, Киев, кхин йерш (дика хьажа исторехь уггаре йаккхий гӀаланаш).

ГӀаланийн экологи

Гӏала 
КӀур вьетнаман гӀалахь

ГӀаланашкахь кхоллало башха микроклимат. ГӀалара хӀаваан температура даиман мелла а сов хуьлу йуккъера температурел гуонахьарчу меттигел. ГӀалин атмосфера йохло дагорг дагар, гӀишлоша йовхо йалар бахьнехь. ГӀаланашкахь хьалха деша ло, сенло ораматаш, сих-сиха дӀакхелха олхазаршна, дукхах дерг Ӏа доккху кхечу мехкашкахь, «дицло» шайн инстинктах лаьцна, Ӏаьнна дуьсу гӀалахь.

Хьажа иштта

  • Урбанистика
  • ГӀалайар
  • Йайна гӀала[en]

Билгалдахарш

Литература

  • Иванов Вяч. Вс. К семиотическому изучению культурной истории большого города // Иванов Вяч. Вс. Избранные труды по семиотике и истории культуры. Т. 4. — М., 2007, с. 165—179
  • Макс Вебер. Город
  • Chandler, T. 1987. Four Thousand Years of Urban Growth: An Historical Census. Lewiston, NY: Edwin Mellen Press.
  • Modelski, G. 2003. World Cities: −3000 to 2000. Washington: Faros2000.
  • А. Гутнов, В. Глазычев. Мир архитектуры. — Москва: Молодая гвардия, 1990. — 351 с. — 200 000 экз. — ISBN 5-235-00487-6.Мир архитектуры. Лицо города Архивйина 2017-05-07 — Wayback Machine
  • Хайдуков Д. С. Университетские города — обучение будущему // Мировой опыт и отечественные традиции управления человеческими ресурсами: Сб. материалов III Международной научно-практической конференции. МГУ / Под общ. ред. д. ф. н., проф. В. П. Пугачёва;. — М.: МАКС Пресс, 2012.

Хьажоргаш

Tags:

Гӏала ИсториГӏала ГӀаланийн экологиГӏала Хьажа ишттаГӏала БилгалдахаршГӏала ЛитератураГӏала ХьажоргашГӏалаНах беха меттиг

🔥 Trending searches on Wiki Нохчийн:

ПластмассашДийнаташБувиль (Эссонна)2019 шоТаджикийн Советийн Социалистийн РеспубликаӀаьржа уор.zrКъинхьегамАгржанашӀаьрбийн моттБолгариНохчийчуьра олхазаршМоскохКайдановоЯпонийн моттЛенин, Владимир ИльичВрончин (гмина Стеншев)Черу-Бекеинць (коммуна)Хассетт, БиллиФеллини, ФедерикоШотСанта Мария ди Пиаве (Венеци)Башкирийн моттМарукетиЙийЦӀонтаройКоци (Катания)Бетани-Бич (Делавер)КиевFacebookКгӀамайЭукариоташПутин, Владимир ВладимировичИскандриВачагаев, Майрбек МомуевичСербийн моттЭфелерПускепалис, Сергей Витауто8 июньБисултанов, Апти ДибаевичТоронто (Огайо)Устрада-ГӀалаКурскан областьАвстралиПачхьалкхХасстоьмашПимпри-ЧинчвадШекарРоссийн империВенец (Ардатован кӀошт)НохчийБратошевицеМарано ВенецианоНалогIP-адресКуцдошПоломниКуртан (Эрмалойчоь)ВаьппийКатуништеНурадилов, Ханпаша НурадиловичПалестина пачхьалкхАламКоьрта агӀоЛибегӀмонСерень🡆 More