Акха Цициг

Доккхачу акха цицигах Акха цициг, ЦӀокъа (лат. Lynx lynx) олу.

Кавказехь наггахь бен тосалуш дац иза. Доца дегӀ а долуш экха ду иза. ЦӀога хадийчи санна доца ду цуьнан. ДегӀан дохалла 80-100 см. ЦӀога 20-30 см. Шина а агӀор беснеш тӀехь маж ю цуьнан. Лергаш тӀехь ирах дахана чоьш ду, маӀаш санна хеталуш. ТӀера чо беха а луьста а бу цуьнан. Мехка тесчи санна а хеташ овкъаран басахь ду иза. ЧукӀело жимма сирла ю. Жимма Ӏаьржа тӀедарчи ду цуьнан букъ тӀехь а хенаш тӀехь а. Вайн Кавказан лаьмнашкахь, хьаннийн аьрцнашкахь, хин тогӀешкахь хуьлуш ду акха цициг.

Акха цициг
Акха Цициг
Ӏилманан классификаци
Дуьненайукъара Ӏилманан цӀе
Lynx lynx Linnaeus, 1758
Дочерние таксоны
Хьажа йоза
Ареал
сурт
Ларйен статус
Акха ЦицигЛаьтта уггар кӀезиг кхерамехь
КӀезиг кхерам берш
IUCN 3.1 Least Concern : / 12519

Ижонна таллар буьйсанна ду акхачу цициган. Дийнахь дӀалечкъа иза диттийн баххьашкахь тӀулгийн чхернашкахь, боьрнашкахь. Вуно атта дитта тӀе хьаладолу иза. Цо олхазарш а, дехкий а доу. Оре дар февраль баттахь ду. КӀорни 2-3 йо. Пхеана тӀе кхаччалц еш меттиг а хуьлу. КӀорнеш йинчу хенахь са ца гуш бӀаьрзе хуьлу. БӀаьраса 12-чу дийнахь догӀу царна, Дас а нанас а до царна дола. Шина шарахь кхуьу кӀорнеш.

Акха цициг лечкъана лелаш ду.

Ӏаьса а, Марта а, Гиха а хиш схьадолучохь а Ч1аьнти-Органехь а, Хахалга, КӀериго, МӀайста лаьмнашкахь а хуьлуш ду акха цицигаш.

Хьажа. кхин

Хьажоргаш


Tags:

Латинан мотт

🔥 Trending searches on Wiki Нохчийн:

6 апрель29 март1911 шо2016 шоВен кхиэлИбрахӀимСулюсНохчийчоьнан историКхазакхстанФлоридаСен-МедагӀ (ЖегӀ)Руссо, Жан-Жак31 октябрьЭукариоташМоррисон, Джим1 августВикиларма4 декабрь.ne1966 шо8 мартЗударий исламехьАннаполис (Мэриленд)ДинHTMLШарлотт (Къилбаседа Каролина)29 июльТанзаниНидерландийн моттЯпон.hrЭфиопиКъонахаллаМажӀаьржа кӀаПейсон (Аризона)Аль-ХалилХӀиндонезиПрагаӀаьржаламанчоьРасаев ХьусейнКъуръанКемалпаша (Артвин)1908 шоБрежнев, Леонид Ильич.sdПариж7 сентябрьХьаьжНохчийчуьра олхазаршБутт (планета)22 июльДоналд ТрампБарселонаБисултанов, Апти Дибаевич18 апрель23 июльУрдан хин малхбузен хийистКлиматМалиКарина КапурКолма (Калифорни)Кап-д'АгдеӀовх5 октябрьЯковлев, Юрий ВасильевичЛувгӀАвстрийн империНикараАвстри🡆 More