Азербайджа́н (азерб.
Бахархой, 2013 шеран январехь мах хадорца, 9 миллион сов стаг ву, мехкан майда — 86 600 км², оцу шинне а гайтамца иза уггаре йоккха пачхьалкх йу Чоьхьарчу Кавказан. Дезткъе хьалхарчу меттигехь йу дуьненахь бахархойн барамца , бIе шийтталгIа меттигехь йу мехкан майданца .
Азербайджанийн Республика | |||||
---|---|---|---|---|---|
азерб. Azərbaycan Respublikası | |||||
| |||||
Девиз: «Odlar Yurdu (ЦIершийн Пачхьалкх)» | |||||
Азербайджанийн Республикин Пачхьалкхан Шатлакхан Илли | |||||
Маьрша йаьлла терахьаш | ЗДФР: 1918 шеран 28 май СССРх: 1991 шеран 18 октябрехь | ||||
Официалан мотт | Азербайджанийн | ||||
Коьрта гӀала | Бакох | ||||
Йаккхий гӀаланаш | Бакох, Гянджа, Сумгаит, Мингечаур, Хырдалан, Ленкорань, Нахичевань, Ширван, Ханкенди | ||||
Урхаллин тайпа | Президентан республика | ||||
Президент Премьер-министр | Ильхам Алиев Артур Расизаде | ||||
Пачхь. дин | Светски пачхьалкх | ||||
Латта | |||||
• Шадерг | 86 600 км² (112-гӀа дуьненахь) | ||||
• % хина тӀехле | 1,6 % | ||||
Бахархой | |||||
• Мах хадор (2013) | 9 590 159 стаг | ||||
• Ларар | 91 стаг | ||||
ДЧС (НЭТ) | |||||
• Шадерг (2012) | 98,776 млрд. долл. | ||||
• ХӀораннан а сина | 10 624 долл. | ||||
Бахархойн цӀерш | азербайджанаш | ||||
Ахча | Азербайджанан манат (AZN, код 944) | ||||
Интернет-домен | .az | ||||
Код ISO | AZ | ||||
Код МОК | AZE | ||||
Телефонан код | +994 | ||||
Сахьтан аса | Ӏай +4, аьхккий +5 | ||||
Автомобилийн некъаш | аьтту агӀора[d] | ||||
Медиафайлаш Викилармехь |
Коьрта шахьар — Бакох. Пачхьалкхан мотт — азербайджанийн. Йу Дуьненан хIуман пачхьалкх.
Азербайджан — дуккха а къаьмнаш долуш, дуккха а конфессеш йолуш мохк бу. Дукхаха болу республикин бахархой ислам (алсама шиIийн новкъа) дин лелош бу, кIезиг бу керсталла а, яхIудийн дин лелошберш.
Унитаран пачхьалкх, президентан республика. 2003 шеран октябрехь президентан дарж дIалаьцна Алиев Ильхама. Йекъало 66 кIоштан, 11 республикин куьйгакIелара гIалан, 1 автономин республикин — Нахичеванан Автономин Республикин. Азербайджанан мехкан цхьа дакъа доладеш ду къобалйанза йолу Ломан-Карабахан Республико, дакъа — Эрмалойчоьно (эксклаваш Кярки, Бархударлы, Софулу, Лакхара Аскипара). Азербайджано доладеш ду Эрмалойчоьнан цхьа дакъа (анклав Арцвашен).
Малхбалехьара бердашца Каспий-хӀордан хиш ду. Латта тIехула доза ду Российца, Гуьржийчоьнца, Эрмалойчоьнца, Иранца. Нахичеванан Автономин Республикин — Азербайджанан эксклаван — доза ду къилбаседа-малхбалехь Эрмалойчоьнца, къилба-малхбузехь Иранца, къилбаседа-малхбузехь Туркойчоьца.
Кхуьуш экономика йолу аграрно-индустриалан мохк бу. Иэца таро йолу паритетан ДЧС барам 2012 шарахь хилира 98,776 миллиард АЦШ доллар (10 624 АЦШ доллар цхьаьна синна). Ахча — азербайджанийн манат.
Мехкан маьршо дIакхайкхийна 1918 шеран 28 майхь. 1918 шарахь кхайкхийна Азербайджанан Демократин Республиках олу дуьххьарлера демократин дуьненан хIуман республика бусалба дуьненан йукъахь.
Топоним «Азербайджан» схьайаьлла парфянийн а, йуккъерагIажарийн а ширачу пачхьалкхан Атропатенан йа Мидийн Атропатенан Атурпатакан (Āturpātakān) цIарах. Мидийн Атропатена (гӀаж. Мад-и-Атурпаткан, Миди Атропатан), йа деккъа Атропатена, Искандар Македонийн ГIажарийчу ваханчул тIаьхьа ала долийна Мидийн къилбаседа декъах, цигахь шен тIаьххьара ахеменидийн паччахьалла Мидийн Атропат (Атурпатак) кхоьллина. Антикан авторийн кхин цIе йу — Жима Миди. «Атурпаткан» цIерах йуккъерагIажарийн «Адербадган» (гӀаж. Âzarâbâdagân) гIоьнца схьайаьлла таханлера цIе Азербайджан.
1918 шо кхачале Азербайджан лорура уггаре хьалха Аракс хин къилбехьара Атропатенан хилла Урми Iоман гуонахьара мохк, хIетте а цхьацца историн муьрашкахь «Азербайджан» цIе йаржара Араксан къилбаседан мехкашна а.
Официалан пачхьалкхан цIе «Азербайджан» дуьххьара лело йолийна 1918 шеран 28 майхь года дуьйна, Азербайджанийн Демократийн Республика кхоьллинчул тIаьхьа. И. М. Дьяконовс а, В. Ф. Минорскийс а билгалдоккхура, XX бIешо доладалале и термин лелайора туьркийн мотт буьйцучу иранан къилбаседа-малхбузан регион билгалйоккхуш. Пачхьалкхан иштта цIе харжаран бахьна, В. В. Бартольдан а, И. М. Дьяконовн а, В. А. Шнирельманан а хетарехь йу керла пачхьалкх кхуллучеран Иранан Азербайджанан догазалла хилар ду.
(Азербайджанан Конституцин статья)
1918 шеран 9 ноябрехь Азербайджанан Демократин Республикин правительствос дуьххьала тIеэцна кхаа бесара пачхьалкхан байракхах болу сацам. 1920 шарахь 28 апрелехь АДР йоьжначул тIаьхьа, Азербайджанехь хIоттийначу Iедало и байракх дIатеттира.
1990 шеран 17 ноябрехь кхаа бесара байракх йуха а метахIоттийра Нахчеванан Автономин Республикин Лакхарчу Меджлисан сацамца, цунах хилира Автономин Республикин пачхьалкхан байракх. Оцу гуламехь Нахчеванан АР Лакхара Меджлисо дехар дира Азербайджанан ССР Лакхарчу Совете кхаа бесара байракх Азербайджанан пачхьалкхан сийлалла йина къобалйар.
1991 шеран 5 февралехь Азербайджанан Республикин Лакхарчу Совето къастийра Нахчеванан АР Лакхара Меджлисан дехар, тIеийцира кхаа бесара байракхах Азербайджанан байракх йарах болу сацам. АгIонийн йукъаметтиган барам — 1:2. Байракх кхаа бесара кIади ду (Кхоъколор). Асанаш (айсина, баьццара, цIиен бесаш) йу анасизаца. Байракхан йуккъехь цIиечу асан тIехь лаьтта бархIсен седа а, ахбутт а. Ший а кIайн басахь ду. Байракх тIиера айсина бос ламастан бос бу туьркийн къаьмнийн, символ йо — туьркалла, цIечо — прогресс, баьццарачо — ислам. Ахбетто гойту ислам динехь хилар, бархIсенан седано туьркийн къаьмнийн бархI га гойту.
Азербайджанан шатлакхан илли йу «Азербайджанан марш!» (азерб. «Azərbaycan Marşı!» («Азәрбајҹан Маршы»)). Шатлакхан иллин мелоди йазйина 1918 шарахь азербайджанийн композиторо Гаджибеков Узеира, дешнаш поэто Джавад Ахьмада (азерб. Əhməd Cavad[az]). Иза советийн Азербайджанал хьалхара официалан шатлакхан илли йара. Шатлакхан илли официалан тIеэцна (1918 шарахь чIагI а йина, 1920 шарахь дIа а йаьккхинчул тIехьа) 1991 шарахь Азербайджан маьрша йаьлчи.
ХIостан йуккъехь го цIе, цуо гойту «ЦIерийн мохк». ХIост тIехь лелийна басарш, ду Азербайджанан къоман байракхан басарш. БарIсенан седано гойту туьркийн къаьмнийн 8 га. Лахахь лаьтта кIен кенийн цIов а, нажан геннаш. Кенийн цIевно гойту бахам, латан хьоналла. Нажан геннаш гойту мехкан ширалла.
Спутникан тIиера даьккхина Азербайджанан сурт (аьрру агIора) а, Азербайджанан физикин карта а |
Дукхаха болчу советийн, российн, малхбузаевропин авторитет йолчу хьосташца Азербайджанан мохк, Кавказан муьлханиг санна, йукъахь лору Хьалхара Азин цхьайолчу америкин хьосташ йукъатуху Азербайджан Гергара Малхбален регионан, оццу хьосташа лору, Европин а, Азин а йукъара доза чекхдолу Йоккхачу Кавказан дукъ тIехула, ткъа масех Азербайджанан кIошт йукъатуху Малхбален Европин.
Азербайджанан ах мохк гергга дIалаьцна лаьмнаша. Къилбаседехь — Кавказан дукъ, йуккъерачу декъехь — Куран-Араксан акъари, къилба-малхбалехь — Талышийн лаьмнаш а, Лаьнкаьранан акъари а, малхбузехь — Эрмалойн акъари.
Азербайджанан майда — уггаре йоккха йу Чоьхьара Кавказан республикех (официалан дозанашца йолу майда — 86,6 эз. кв. км, фактаца доладийриг — 75 эз. кв. км гергга). Азербайджанан къилбаседера къилбехьа йолу йохрлла — 400 км гергга йу, ткъа малхбузера малхбалехьа — 500 км гергга.
Йисттера меттигаш: къилбаседа — Гутон лам (3648 м) (41°54' къ.-с. ш), къилба — Астара эрк (38°25' къ.-с. ш), малхбален — Нефт-Дашлари (50°49' м.-бал. д.), малхбузан — Джандаргель Iам (44°46' м.-бал. д.).
Азербайджанан климатан зонаш тайп-тайпана йу — Лаьнкаьранан акъарин а, Талышан а йовхачу, тIуьначу субтропикашна тIиера Кавказан лайн баххьашка кхаччалц. Дукха шортачу эркийн йоккха энергетикан потенциал йу, цуо до дика хьал до гидростанцеш хи лоттийлашца а, хи дилларан системаш а йаран. Коьрта эрк — Кура. Хи дилларан татолаш: Лакха Карабахан, Лакха Ширванан, кхин а, ладаме йу Мингечауран хи лоттийла.
Латташ дукхаха дерг сиралатта ду, лаьмнашкахь – боьра, боьмаша ломан хьаннийн а, ломан-байн а; Лаьнкаьранан акъари — можа латта. Йекъачу аренийн, ахгIум-аренийн, лекхачу лаьмнийн бай-аренийн а ораматаш; лаьмнашкахь шуьйра гIа долу хьаннаш.
Iаламан бахамашна йукъахь башха меттиг дIалоцу Азербайджанан чIогIа хаза климатан а, дарбане хин курорташа.
Кёппенан климатийн классификацица, Азербайджанехь хаало 9 тайпана климат (ерриг 11 тайпана климат). Июлан температурийн йуккъера барам +5°C лекха лаьмнашкахь, +25—27 °C кхаччалц акъарийн кIошташкахь (максимум +32-35 °C, амма наггахь кхочу +40 °C). Январан йуккъера температураш −10 °C лекха лаьмнашкахь, +4 °C акъарийн кIошташкахь. Атмосферан йочанаш 200 мм/шарахь Кавказан кIажошкахь 1200—1700 мм/шарахь Лаьнкаьранан акъарин тIехь.
Азербайджанан лаьттан кийрахь дум ехала пайден маьIданаш: мехкдаьтта, Iаламан газ, алуниташ, цIеста, деший, молибден, кхин а. Махкахь кхин а йу кечйаран промышленностан тайп-тайпана аьргаллаш: мармар, каолин, туф, доломит.
Каспи-хIордан Iаламан ресурсашца чIогIа йихкина йу халкъан бахаман отраслаш, мехкдаьттадаккхар, чIеран промышленность, хIордан транспорт, кеманаш тодар.
Республикин мохк токхе бу алсама а, наггахь а бен доцучу флорица. Буьстича а боккха боцучу махкахь хаало дуккха а дуьненахь йаьржина ораматийн тайпанаш. Масала: аьчган дитт (дамир агач), иберийн наж, албIарагIан наж, хьурма, баьццара колла, пха, къахк, бага, талл, бӀалланг, миндаль, хьуьнан кхор, Ӏаж, мангал-комаран а, цӀиен комаран а коьллаш. Йаккхийчу гӀаланашкахь хаало Японан софора, кӀайн а, ровзанан а олеандраш, жасминан коьллаш, ткъа Лаьнкаьранехь кхиайо альбици — кхоьшан доьзалера декоративан орамат. Азербайджанехь кхуьу 450 гергга тайпана лакхара ораматаш цхьаьнатоьхна 125 тобане. Азербайджанан махкахь долу ораматийн тайпанаш доккхаха долу дакъа ду йерриг Кавказехь кхуьу ораматийн тайпанийн. Кавказехь а, кхечу регионашкахь а шуьйра даьржина ораматийн тайпанаш доцуш, азербайджанан флорехь ду тоъал барамехь деккъа Азербайджанехь бен ца кхуьу ораматаш, уьш 240 гергга эндемикийн тайпанаш ду.
Азербайджан лаьтта масех зоогеографин асанийн дозанехь. Пачхьалкхан махкахь деха луларчу Иранан, Йуккъера Азин, Лаьттайуккъера хӀордан мехкашкара цхьадолу дийнаташ. Ӏаламан хьал тайп-тайпана хилар бахьнехь, Азербайджанийн Республикин мехкара дийнаташ лаьтта 12 эзар гергга тайпанах, царна йукъахь 623 тайпана букъа даьӀахк ерш (90 сов декха дийнаташ, 350 сов тайпа олхазарш, 40 тайпана текхаргаш, 80 сов тайпана чӀерий, дисинарш — гоьргабатъерш а, лаьтта-хин дийнаташ). Акъарин тӀехь даьржина текхаргаш, пхьагалш, берзлой, цхьогалш, джейран. Куран а, Араксан а тогӀенаш чохь еха налаш, лунаш, даӀамаш, чагӀалкхаш. Лаьмнашкахь деха сеш, дегӀастанан масар, масар, безоаран бож, лу, ча, цӀокъ, хьуьнан акха цициг, хаало дикобраз, муфлон, леопард. Чуйалийна иштта дийнаташ: тӀеданаш долу сай, сайгак, акха жӀаьла, нутри, скунс. ЧӀогӀа бес-бесара ду олхазарш: акха боргӀалаш, мошанаш, акха котамаш, кхин а. Дукхаха долу хин олхазарш Ӏа даккха догӀу (бедаш, гӀезаш, гӀургӀаз, чӀерийлоьцурш, пеликанаш, фламинго, бакланаш, кхин а).
Азербайджанан ЦӀиечу жайнин чудаьхна 108 тайпана дийнаташ, царна йукъахь 14 тайпана декха дийнаташ, 36 тайпана олхазарш, 13 тайпана лаьтта-хин дийнаташ а, текхаргаш а, 5 тайпана чӀерий, 40 тайпана сагалматаш.
Апшеронан ахгIайре а, кхин бердашца йолу кIошташ а йу экологин агIора уггаре а ирча хьал долчех цхьаъ дуьнан кIошташна йукъахь, хIаваъ, хи, латта чIогIа бехдар бахьнехь. Латта а, лаьттан бухара хи а бехдар доьзна ду, бамба кхиош ДДТ а, токсикан дефолианташ лелайарца. ХIаваъ бехдар доьзна ду промышленностан нехаш аракхийсарца Сумгаитехь а, Бакохахь а, кхечу гIаланашкахь а. ХIорд бехбаран ладаме хьост ду мехкадаьттадаккхаран а, мехкдаьттатодаран а промышленность. Мехкан мехала флора а, фауна а чIогIа Iаткъам беш йу адамийн агIора. Хьаннаш гIуочу хьолехь йу хьекхарний, даьхний дажорний. Хьаннаш хьоькхуш йуьртабахаман латташ шордо.
Азербайджанехь беш бу Iалам лардаран болх. Iаламан хьаннийн цхьацца дакъош, реликтан флора, наггахь бен доцу дийнаташ лардина хIаллак ца хилийта Iалашо йолуш 9 къоман парк, 11 заповедник, 24 заказник йина. Башха лардеш ду сенаш, тIеданаш долу сенаш, масар, джейран, безоаран бож, муфлон, лу, сайгак.
ТIаьхьарчу бIешарахь экономикин областашкара адаман гIуллакхаш сиха кхиаран жамI тIех сов Iаламан бахам лелор ду. Азербайджанан Республикин коьрта экологин баланаш:
2009 шарахь махкахь болх беш йу Азербайджанан пачхьалкхан альтернативан а, карладовлу хьостийн а энергин агенталла.
Азербайджан йукъайоьду субтропикан зонан, оцу зонехь хила тарло 11 тайпана климатах, 9 йу Азербайджанан махкахь. Иштта Азербайджанан махкахь бу 800 гергга сацкъаран тIаплам, цара Азербайджан дуьненахь хьалхара йо сацкъаран тIаплома барамца.
Азербайджанан заповедникаш — Ӏилманан-талламан урхаллин статус йолу мехкаш бу, кхоьллина нилха Ӏаламан комплексаш дуьххьара хиллачу кепехь йитар, Ӏаламан процессаш а, хиламаш а Ӏамор Ӏалашо йолуш. Уггаре йаккхий заповедникаш: Кызылагачан, Закаталин, Ширванан.
Къоман паркаш — Ӏилманан-талламан урхаллин Ӏалам лардаран статус йу, йехкина Ӏалам лардархьама, царна чохь йу башха экологин, историн, эстетикан, кхин ладаме Ӏаламан комплексаш.
Азербайджанан мохк бекъало 66 кӀоштан (дукх. т. азерб. rayonlar, цхь. т. азерб. rayon), республикин куьйгакӀелара 11 гӀалин (дукх. т. азерб. şəhərlər, цхь. т. азерб. şəhər), 1 автономин республикин (азерб. muxtar respublika) — Нахичеванан Автономин Республика.
Нахичеванан Автономин Республика — Азербайджанан Республикин йукъара автономин кхоллар (эксклав). Азербайджанан а, Нахичеванан Автономин Республикин а Конституцица тӀаьхьарниг Азербайджанан йукъара автономин пачхьалкх йу. Автономин статус нисйо Азербайджанан а, Нахичеванан Автономин Республикин а Конституцица, ткъа иштта 1921 шеран Москохан а, Карсан а барташца.
Эксклаван доза ду Туркойчоьнца, Иранца, Эрмалойчоьнца. Карабахан дов доладелчахьана, таханлера де кхаччалц Эрмалойчоьнца доза къевлина ду. Азербайджанан кхечу мехкашца уьйр латтайо коьртаниг Нахичеванан аэропортехула, иштта лелайо автомобилан уьйр Иран чухула.
Беркате дика Ӏаламан-географин хьолаша адам охьахаийра кхуза ширачу заманахь дуьйна. Уггаре дукха шира нах Ӏийна меттигаш карийна Карабахехь, Казахехь, Нахичеванехь. Карабахехь мехала хӀуманаш карийна Азых Таглар, Зар хьехаш чохь. Казахийн кӀоштарчу Дашсалахлы а, Дамджылы а хьехаш чохь, ткъа кхин а Шишгузей, Кекилли адам лаьттина меттигашкахь карийна белхан гӀирс а, кхин гӀирсах йисина хӀумнаш а. ТӀулган бӀешеран адам лаьттина меттигаш карийна иштта Талышийн зонехь.
Ширачу бӀешерашкахь Азербайджанан республикин боккхаха болчу махкахь баьхна кавказан албанхой, цара буьйцура лаьзгийн геннан меттанаш, Нахичеванан махкахь гӀажарийн мотт буьйцуш хилла мидийхой. Антропологин хаамашца кавказан албанхой кавказан тайпана хилла. Азербайджанаш, гӀумкий, ткъа иштта цахураш кавказан расан каспийн тайпана бу. Албанхойн классийн йукъаралла ца хӀоьттина, схьагарехь, вайн эрал II бӀешо хьалхачул хьалха. Хьалха, цхьаболчу Ӏилманчашна хетарехь, Мидийн ахеменидгӀеран сатрапан куьйгакӀела бара, АхеменидгӀеран пачхьалкх йоьжначул тӀаьхьа — Атропатенан паччахьийн (коьртаниг Иранан Азербайджанехь, дакъошкахь Азербайджанан махкахь а). Вайн эрал хьалхара II бӀешо долалуш Кура эркан къилбехьара, иза Араксах кхетале болчу Азербайджанан тайп-тайпана албанхойн тайпанаш деха дерриг малхбуза дакъа, схьадаьккхира Сийлахь-Йоккха Эрмалойчоьно. Вайн эрал хьалхара II бӀешо чекхдолуш, ткъа кхечеран ойланца I бӀешеран йуккъехь албанские племена создали своё царство. I бӀешо долалуш Страбона хоуьйтура, албанхой бекъало 26 тайпана, цара буьйцу шайн меттадекъан мотт, цундела «атта ца бовлу вовшешца гергарлоне», церан йукъара паччахь хӀоьттина дукха хан йоццуш, ткъа хьалха хӀора тайпанан шен паччахь хилла.
Алсама лелочу теорица, Куран аьтту берд (Арцах а, Утик а провинцеш) ГӀажарчоьнах йозуш йолчу Эрмалойчоьнера Албанин кхаьчна иза 387 шарахь дуьххьара йекъар бахьана долуш.
Каспийнйистан кӀоштахь баьржинера йуккъерамидийн мотт, хӀинцалера талышийн мотт цунах баьлла лору, оцу муьран Ӏаьрбийн географийн а, историкийн а Истахри, Ибн-Хьаукъаль, Мукъаддаси, кхин болчеран а тешаллашца, албанийн мотт лелош бара коьрта гӀалахь а, Барда гӀалахь а X бӀешарахь, амма цул тӀаьхьа иза хьахош дац. Иштта Ӏаьрбойн хьосташа хоуьйту, Бардал а, Шаьмкурал а дехьа бехара эрмалой. Албанийн паччахьалла гӀажарийн СасанидгӀеран олаллехь йара 457 шарахь дуьйна, амма тӀаьхьа албанхойн аьтту белира гӀеххьа маьрша бовла. VII бӀешарахь Албани схьайаьккхира Ӏаьрбоша. Этносан агӀора къорза болу аьрру бердан (Куран къилбаседехьара) Албанин бахархой оцу хенахь гӀажарийн мотт бийца буьйлало. Коьртаниг иза догӀу Арран а, Ширван а гӀаланашна, иштта ала долийра IX—Х бӀешерашкахь хӀинцалерачу Азербайджанан махкара оцу шинан областех. Йуьртарчу бахархоша, схьагарехь, коьртаниг лелийра ехачу хенахь шайн шира меттанаш, хӀинцалерачу ДегӀастанан меттанийн гергарчу, угаре хьалха лаьзгийн.
VII бӀешеран йуккъехь Кавказан Албанин мехкан тӀелетира Ӏаьрбийн халифатан эскар. Дуьхьало еш гӀаравелира албанхойн баьчча Джеваншир — феодалийн мехкан Гардманан корта, тӀаьха Албанин урхалча хила волу. VIII бӀешо долалуш, халкъан дуьхьало каггийна, Ӏаьрбийн халифато къарбира Албанин мохк, йисина Чоьхьара Кавказ санна. IX бӀешарахь Ӏаьрбашна дуьхьала гӀаттам бо иранийн хуррамиташа, куьйгаллехь хуьлу Бабек. МасӀудица а, Ибн ан-Надиман «Фихристаца» а, уггаре сий долчу хенан Бабекан Ӏедал, даьржира Ардебилан а, Мерендан а къилбехьа, малхбалехьа — Каспий-хӀорд тӀе а, Шамахи, Ширван гӀаланашка кхаччалц, къилбаседехьа — Муганан аренашка а, Аракс эркан бердашка а кхаччалц, малхбузехь Джульфа, Нахичевань, Маранда кӀошташка кхаччалц.
Чоьхьарчу кавказехьаьрбийн халифат малъеллачу хенахь IX—X бӀешерашкахь болабелира керла политикин айам: хӀинцалерачу Азербайджанан махкахь йира Ширваншахийн пачхьалкхаш (уьш лаьттира 1538 шо кхаччалц), тӀаьхьа Шеддадидийн (970—1075, Гянджан эмират), дакъошкахь иза дӀалоцура Багратидийн Эрмалойн паччахьалла (885—1045), ткъа иштта иранан исламан Саларидийн (941—981) а, Раввадидийн (981—1054) а некъийн эмираташ. Марталлин Эрмалойн паччахьалла йожарца, хӀинцалерачу Азербайджанан малхбузехь найн маршо Ӏалаш йира эрмалойн Ташир-Дзорагетан паччахьалло а, Хасенан олалло а.
Арранехь а, Ширванехь а Ӏедалехь болчу бусалбачеран куьйгакӀелахь, дика жигара ислам тӀеоьцура меттигерачу бахархоша. Амма XI—XII бӀешераш кхаччалц, Ширванан а, Арранан а бахархойн доккхаха долу декъо ислам тӀе ца оьцура.
XII бӀешо чекхдолуш чӀагӀъеллачу Гуьржийн паччахьаллин эскарша, коьртехь эрмалойн элийн тайпанан ЗакарянгӀар болуш, меттигерачу эрмалойн бахархойн гӀоьнца туьркийн-сельджукийн Ӏедалах мукъайоккху Малхбален Эрмалойчоь. Гуьржийчоьнан сюзеренит йолу ЗакарянгӀеран Эрмалойн олалла (цунна йукъахь йу Куран а, Араксан а шина эркан йукъ — хӀинцалерачу Азербайджанан малхбузе) лаьттира монголаш тӀелатталц XIII бӀешо йуккъе даххалц.
1136 шарахь Сельджукийн импери йохарца цхьаьна кхоллаелира Тебризехь, Ардебилехь, Нахичеванехь коьрта шахьар йолу Ильдегизидийн пачхьалкх. Атабекаш цхьаьнатуьйхира шайн Ӏедал кӀела Иранан Азербайджанан коьрта дакъа а, хӀинцалера Азербайджанан республикин дакъош а. 1194 шо кхаччалц лорура малхбуза-сельджукийн (Ӏиракъан) султанийн олаллин бухара. И пачхьалкх йуьйжира Хорезмшахан Джалаледдинан куьйгах 1225 шарахь, ткъа иза ша а ижу хилира монголийн, уьш Хорезман, Иранан, Чоьхьара Кавказан тӀелеташ.
1136 шарахь Сельджукийн импери йохарца цхьаьна кхоллаелира Тебризехь, Ардебилехь, Нахичеванехь коьрта шахьар йолу Ильдегизидийн пачхьалкх. Атабекаш цхьаьнатуьйхира шайн Ӏедал кӀела Иранан Азербайджанан коьрта дакъа а, хӀинцалера Азербайджанан республикин дакъош а. 1194 шо кхаччалц лорура малхбуза-сельджукийн (Ӏиракъан) султанийн олаллин бухара. И пачхьалкх йуьйжира Хорезмшахан Джалаледдинан куьйгах 1225 шарахь, ткъа иза ша а ижу хилира монголийн, уьш Хорезман, Иранан, Чоьхьара Кавказан тӀелеташ.
Туьркаш-огузаш Малхбален Чоьхьара Кавказе кхачаро туьркаш бира меттигерачу бахархойн ладаме декъах, XI—XIII бӀешерашкахь бух биллира туьркийн мотт буьйцу азербайджанийн къам кхолларан. Азербайджанийн этногенезан процессехь дакъа лецира иранан къаьмнаш. Азербайджанийн этнос кхолларан процесс коьртаниг чекхъелира XV бӀешо чекхдолуш, амма туркошна а, азербайджанашна а йукъара этносан доза ца хӀоьттира XVI бӀешарахь бен, тӀаккха а иза чеккхенца билгала ца делира. Ряд исследователей отмечают принятие шиизма (XVI век) в период правления Сефевидов как окончательный фактор формирования азербайджанского народа.
XIII бӀешо долалуш регион схьайаьккхира монголаша. XIII бӀешеран йуккъехь кхоьллира монголийн ХулагугӀеран импери, иранан Азербайджан цуьнан коьрта база йара, ткъа коьрта шахьар Тебриз йара.
ХулагугӀеран импери йоьжначул тӀаьхьа церан Дербентера БагӀдаде кхаччалц хиллачу мехкашкахь, кхоллаелира вовшашца дов лелош йолу туркман-огузийн Кара-Коюнлу а, Ак-Коюнлу а пачхьалкхаш. И тайпанийн конфедерацеш аратеттинера Йуккъерачу Азера Хьалхарчу Азе монголаша. 1410 шарахь Кара-Коюнлус хӀоттийра шен Ӏедал Чоьхьарчу Кавказан, къилбаседа-малхбузан Иранан, Ӏаьрбийн Ӏиракъан доккхаха долчу декъехь.
XV бӀешеран дохаллехь дикка маьрша йара историн область а, пачхьалкх а Ширван (Бакох лаьтта меттиг). И область а, иштта цуьнан къилбаседа-малхбузера жима Шаьки олалла а бехаш мехкаш бара. 1461 шарахь регионан Ӏедал карадахара Ак-Коюнлу. XV бӀешеран юккъехь тӀом болабелира Ак-Коюнлун а, Хункар-мехкан а йукъахь. ГӀоьртира Хункаран дуьхьала коалиции йан, цунна йукъахь йара Гуьржийн паччахьалла, Трапезундан импери, Европера пачхьалкхаш тӀехь. Амма 1461 шарахь хункароша хӀаллакйира Трапезундан импери, ткъа 1473 шарахь Терджанехь хӀаллакдира Ак-Коюнлун урхалчин Узун-Хьасанан эскарш.
XV бӀешо чекхдолуш—XVI бӀешо долалуш болабелира керла мур Азербайджанан исторехь. СефевидгӀеран некъех волу шах ИсмаӀил I-чо цхьаьнатуьйхира шен урхаллехь ерриг Чоьхьара Кавказ а, иранан провинци Азербайджан (Аракс эркан къилбехьа) а, ткъа тӀаьхьуо ерриг Иран а. Туркошна дуьхьала ИсмаӀилан бартхой бара Ингалс а, Португали а. Амма 1514 шарахь Чалдыранехь иэшаро, чӀогӀа ницкъ бира цуьнан империн. И тӀемаш бара шиӀизм а, суннизм а байракхашна кӀелахь, историн йукъабахна туркойн-гӀажарий (хункаран-сефевидгӀеран) тӀемаш цӀарца.
XVII—XVIII бӀешерашкахь ломан Карабахан махкахь йара эрмалойн меликаллаш Хамсаш. Уьш ехкинера сефевидгӀеран шахийн омарца, эрмалойн феодалийн тайпанийн урхаллехь а йара.
Кызылбашеша а, хункароша тӀом бира йукъа хан а йуйлуьйтуш деа бӀe шарахь. XVI бӀешо чекхдолуш СефевидгӀеран импери гӀелъелира хункарошца хиллачу тӀемашкахь, цуьнан жамӀ хункароша таханлера Азербайджанан берриг мохк схьабаккхар хилира. Хункаройн Арранера а, Азербайджанера олалла лаьттира 20 шарахь. СефевидгӀеран когаметтаволу Шах ИсмаӀил I-чун кӀентан кӀентан кӀант Шах Ӏаббас I-чо сацам бира мохк маьрша баккха мохк баккхархойха. Шах Ӏаббаса йоцучу хенахь кхоьллира регуляран эскар, иэшийра туркой, XVII бӀешеран йуьххьехь меттахӀоттийра ерриг аьлча санна СефевидгӀеран хилла импери. МеттахӀоттийна СефевидгӀеран пачхьалкхо гӀажарийн васт эцнехь а, азербайджанийн мотт буьйцура паччахьан кертахь а, эскарехь а.
XVIII бӀешо долалуш СефевидгӀеран империи йуха а гӀелъелира, йерриг Азербайджан Иранца йуха а схьайаьккхира туркоша. Керла хункаройн оккупаци 6 шарахь бен ца лаьттира. Хункароша дуьхьала хӀинца велира Иранан азербайджанийн субэтносан тобанера афшарийн тайпанах ваьлла баьчча Надир-Кули хан Афшар, тӀаьхьа Надир-шах, цуо чекхдаьккхира Сефевидийн некъийн урхалла.
СефевидгӀеран пачхьалкх йоьхначул тӀаьхьа Надир-шаха лаьхкира туркой-хункарой, кхин а алсама шорбира куьйгакӀелара мехкаш, 1739 шарахь йаьккхира Къилбаседа ХӀинди, Делица цхьаьна. Амма Надир-шах веллачул тӀаьхьа цуо урхалла деш йолу импери йуьйжира. Надир-шахан заманахь дуьйна Чоьхьара Кавказехь а, Иранан Азербайджанехь а кхоьллинера шортта ханаллаш а, султанаташ а (коьртехь алсама азербайджанийн туьркийн мотт буьйцу некъий бара), уьш гӀертара маршоне. ГӀийла Зендийн некъийн заманахь уьш маьрша йу ала мегар дара, амма XIX бӀешераш долалуш Иран йуха а цхьаьнатуьйхира туьркийн тайпанан къаджарийн тхьамдано Ага-Мухьаммад-хана. Иранан Азербайджанан ханаллаш дӀалецира Къаджарийн Ирано, Чоьхьарчу Кавказан ханаллашшайн маршо Ӏалашйира, царех шимма, Кубин а, Карабахан а, куьйгакӀела йалийра дукхаха йолу ханаллаш. 1796 шарахь Малхбален Чоьхьара Кавказе чудаьхкира оьрсийн эскарш, цара йаьккхира Бакох а, Талыш а, амма сихха арабехира; Бакох йуха а йаьккхира 1806 шарахь керла оьрсийн-гӀажарийн тӀамехь.
Гюлистанан (1813) а, Туркманчайн (1828) а берташца, чекхбелира оьрсийн-гӀажарийн тӀемаш, гӀажарийн шаха хӀинцалера Азербайджанан мохк Российн битира. Российн империс кхоьллира комендантийн урхаллин система. Хилла ханаллех а, султанатех а гуонаш а, провинцеш а йира. Оцу махкахь йира Бакохан, Губанан, Шаькин, Ширванан, Карабахан, Лаьнкаьранан провинцеш, Елизаветпольскин а, Джар-Балакенски а гуонаш а, Казахан а, Шамшадилан а дистанцеш. Кхоьллира провинцин а, гӀаланийн а суьдаш. 1829 шарахь кхоьллира динан гӀуллакххойн бакъонаш а, декхарш а билгалдоху комитет.
1918 шо кхаччалц азербайджанийн шайн паччахьалла йацара, луларчу гуьржех а, эрмалойх а къаьсташ, ткъа цара шеш лорура бӀешерийн ламастийн тӀаьхье лелориш, Чоьхьара Кавказан бусулбачара шеш лорура доккхачу бусалба дуьненан, уммин, коьрта дакъа.
1. Апшеронан кӀошт 2. Агджабедин кӀошт 3. Агдаман кӀошт 4. Агдашан кӀошт 5. Акстафан кӀошт 6. АгӀсуйн кӀошт 7. Ширван 8. Астаран кӀошт 9. Бакох 10. Белоканан кӀошт 11. Бардан кӀошт 12. Бейлаганан кӀошт 13. Билаьсуваран кӀошт 14. Джаьбраилан кӀошт 15. Джаьлилабадан кӀошт 16. Дашкесанан кӀошт 17. Шабранан кӀошт 18. Фуьзулин кӀошт 19. Кедабекан кӀошт 20. Гянджа 21. Горанбойн кӀошт 22. Гоьйчайн кӀошт 23. ХӀаджигабулан кӀошт 24. Имишлин кӀошт 25. Исмаиллин кӀошт 26. Каьлбаьджаьран кӀошт 27. Куьрдаьмиран кӀошт 28. Лачинан кӀошт 29. Лаьнкаьранан кӀошт 30. Лаьнкаьран 31. Лерикан кӀошт 32. Масаллин кӀошт 33. Мингечаур 34. Нафталан 35. Нефтчалан кӀошт | 36. ОгӀузан кӀошт 37. Гаьбаьлаьн кӀошт 38. Гахан кӀошт 39. Газахан кӀошт 40. Гобустанан кӀошт 41. Губан кӀошт 42. Губадлин кӀошт 43. Кусаран кӀошт 44. Саатлин кӀошт 45. Сабирабадан кӀошт 46. Шаькин кӀошт 47. Шаьки 48. Салйанан кӀошт 49. Шамахин кӀошт 50. Шаьмкиран кӀошт 51. Самухан кӀошт 52. Сийаьзаьнан кӀошт 53. Сумгаит 54. Шушан кӀошт 55. Шуша 56. Таьртаьран кӀошт 57. Товузан кӀошт 58. Уджаран кӀошт 59. Хачмазан кӀошт 60. Ханкенди 61. Ханларан кӀошт 62. Хизин кӀошт 63. Ходжалин кӀошт 64. Ходжаваьндан кӀошт 65. Йардимлин кӀошт 66. Йевлаханан кӀошт 67. Йевлах 68. Заьнгиланан кӀошт 69. Закаталан кӀошт 70. Заьрдабан кӀошт |
КӀоштан цӀе | Азербайджанийн маттахь | Административан центр | Майда | Бахархой | Чуьра йекъайалар |
---|---|---|---|---|---|
Апшеронан кӀошт | Abşeron rayonu | Хирдалан | 1 546 км² | 15 муниципалитеташ | |
Агдаман кӀошт | Ağdam rayonu | Агдам | 1 093,9 км² | 14 юьртин муниципалитеташ | |
Агдашан кӀошт | Ağdaş rayonu | Агдаш | 1 023 км² | 51 муниципалитет | |
Агджабедин кӀошт | Ağcabədi rayonu | Агджабеди | 1 760 км² | 46 муниципалитеташ | |
ХӀаджигабулан кӀошт | Hacıqabul rayonu | ХӀаджигабул | 1 641,4 км² | 23 муниципалитета | |
Акстафан кӀошт | Ağstafa rayonu | Акстафа | 1 504 км² | 24 муниципалитеташ | |
Астаран кӀошт | Astara rayonu | Астара | 616 км² | 15 представительствош а, 49 муниципалитеташ а | |
АгӀсуйн кӀошт | Ağsu rayonu | АгӀсу | 1 020 км² | 59 муниципалитеташ | |
Бакох | Bakı | 2 130 км² | 11 кӀошташ | ||
Бардан кӀошт | Bərdə rayonu | Барда | 957 км² | 110 муниципалитеташ | |
Бейлаганан кӀошт | Beyləqan rayonu | Бейлаган | 1 131 км² | 40 муниципалитеташ | |
Белоканан кӀошт | Balakən rayonu | Белоканы | 923 км² | 24 муниципалитета | |
Билаьсуваран кӀошт | Biləsuvar rayonu | Билаьсувар | 1 358 км² | 26 муниципалитеташ | |
Гаьбаьлаьн кӀошт | Qəbələ rayonu | Гаьбаьлаь | 1 548 км² | 55 муниципалитеташ | |
Гоьйчайн кӀошт | Göyçay rayonu | Гоьйчай | 736 км² | 41 муниципалитет | |
Горанбойн кӀошт | Goranboy rayonu | Горанбой | 1 731 км² | 60 муниципалитеташ | |
Гоьйгоьлан кӀошт | Göygöl rayonu | Гоьйгоьл | 1 380 км² | 30 муниципалитеташ | |
Гобустанан кӀошт | Qobustan rayonu | Гобустан | 1 369,4 км² | 26 муниципалитеташ | |
Гаьнджаь | Gəncə | 129 км² | 2 кӀошт а, 1 эвла а | ||
Дашкесанан кӀошт | Daşkəsən rayonu | Дашкесан | 1 046,97 км² | 32 муниципалитета | |
Джаьлилабадан кӀошт | Cəlilabad rayonu | Джаьлилабад | 1 441 км² | 119 муниципалитеташ | |
Джаьбраилан кӀошт | Cəbrayıl rayonu | Джаьбраил | 1 050 км² | ||
Йевлаханан кӀошт | Yevlax rayonu | Йевлах | 1 555 км² | 32 муниципалитета | |
Закаталан кӀошт | Zaqatala rayonu | Закаталы | 1 348 км² | 31 муниципалитета | |
Заьнгиланан кӀошт | Zəngilan rayonu | Заьнгилан | 707 км² | ||
Заьрдабан кӀошт | Zərdab rayonu | Заьрдаб | 856 км² | 41 муниципалитет | |
Имишлин кӀошт | İmişli rayonu | Имишли | 1 826 км² | 49 муниципалитеташ | |
Исмаиллин кӀошт | İsmayıllı rayonu | Исмаиллы | 2 074 км² | 67 муниципалитеташ | |
Газахан кӀошт | Qazaxı rayonu | Газах | 698 км² | 22 муниципалитета | |
Гахан кӀошт | Qax rayonu | Кахи | 1 494 км² | 53 муниципалитета | |
Кедабекан кӀошт | Gədəbəy rayonu | Кедабек | 1 229 км² | 44 муниципалитета | |
Каьлбаьджаьран кӀошт | Kəlbəcər rayonu | Каьлбаьджаьр | 3 050 км² | ||
Губадлин кӀошт | Qubadlı rayonu | Губадли | 802 км² | ||
Кубан кӀошт | Quba rayonu | Куба | 2 610 км² | 101 муниципалитет | |
Кусаран кӀошт | Qusar rayonu | Кусары | 1 542 км² | 68 муниципалитеташ | |
Куьрдаьмиран кӀошт | Kürdəmir rayonu | Куьрдаьмир | 1 631,5 км² | 60 муниципалитеташ | |
Лачинан кӀошт | Laçın rayonu | Лачин | 1 883 км² | ||
Лаьнкаьранан кӀошт | Lənkəran rayonu | Лаьнкаьран | 1 539 км² | 65 муниципалитеташ | |
Лерикан кӀошт | Lerik rayonu | Лерик | 1 084 км² | 99 муниципалитеташ | |
Масаллин кӀошт | Masallı rayonu | Масалли | 721 км² | 106 муниципалитеташ | |
Нафталан | Naftalan | ||||
Нефтечалан кӀошт | Neftçala rayonu | Нефтечала | 1 451,7 км² | 27 муниципалитеташ | |
ОгӀузан кӀошт | Oğuz rayonu | ОгӀуз | 1 216 км² | 31 муниципалитет | |
Саатлин кӀошт | Saatlı rayonu | Саатлы | 1 180,4 км² | 44 муниципалитета | |
Сабирабадан кӀошт | Sabirabad rayonu | Сабирабад | 1 469,35 км² | 75 муниципалитеташ | |
Салйанан кӀошт | Salyan rayonu | Салйан | 1 799 км² | 45 муниципалитеташ | |
Самухан кӀошт | Samux rayonu | Самух | 1 455 км² | 35 муниципалитеташ | |
Сийаьзаьнан кӀошт | Siyəzən rayonu | Сийаьзаьн | 759 км² | 14 муниципалитеташ | |
Сумгаит | Sumqayıt | 143 км² | |||
Товузан кӀошт | Tovuz rayonu | Товуз | 1 942 км² | 62 муниципалитеташ | |
Таьртаьран кӀошт | Tərtər rayonu | Таьртаьр | 412 км² | 43 муниципалитеташ | |
Уджаран кӀошт | Ucar rayonu | Уджары | 867 км² | 29 муниципалитеташ | |
Фуьзулин кӀошт | Füzuli rayonu | Фуьзули | 1 386 км² | 18 юьртин муниципалитеташ | |
Ханкенди | Xankəndi | ||||
Хачмазан кӀошт | Xaçmaz rayonu | Хачмас | 1 063 км² | 70 муниципалитеташ | |
Ходжаваьндан кӀошт | Xocavənd rayonu | Ходжаваьнд | 1 458 км² | ||
Ходжалин кӀошт | Xocalı rayonu | Ходжалы | 970 км² | ||
Хизин кӀошт | Xızı rayonu | Хизи | 1 850 км² | 13 муниципалитеташ | |
Шабранан кӀошт | Şabran rayonu | Шабран | 1 739 км² | 33 муниципалитета | |
Шаьмкиран кӀошт | Şəmkir rayonu | Шаьмкир | 1 956,7 км² | 57 муниципалитеташ | |
Шаькин кӀошт | Şəki rayonu | Шаьки | 2 432,75 км² | 66 муниципалитеташ | |
Шамахин кӀошт | Şamaxı rayonu | Шамахи | 1 611 км² | 50 муниципалитеташ | |
Ширван | Şirvan | 30 км² | |||
Шушан кӀошт | Şuşa rayonu | Шуша | 289 км² | ||
Йардимлин кӀошт | Yardımlı rayonu | Йардимли | 667 км² | 62 муниципалитета |
AZERBAIJAN (ah-zer-bie-JAHN): Ali Bay Huseynzada, the leading nationalist of Azerbaijan, created its modern national flag. The colors of that tricolor stood for the Turkic people (blue), their lslamic faith (green), and the commitment to modernization. In the center of the flag was the traditional Muslim star and cresent. The eight points stood for the eight Turkic peoples, including the Azerbaijanis. This flag was used from 1918 to 1920, when Azerbaijan was independent, and it was revived on February 5, 1991. After the fall of the Soviet Union, independence for Azerbaijan under this flag was proclaimed on August 30, 1991.
Armenian Highland, mountainous region of western Asia. It lies mainly in Turkey, occupies all of Armenia, and includes southern Georgia, western Azerbaijan, and northwestern Iran.
Античные авторы, описывая албан, отмечают их высокий рост, светлые волосы и серые глаза. Таким именно представляется учёным-антропологам древнейший тип коренного кавказского населения — кавкасионский, широко представленный в настоящее время в горных районах Дагестана, Грузии и отчасти Азербайджана. Видимо, несколько позднее на Восточный Кавказ проник другой (тоже достаточно здесь широко представленный антропологический тип), а именно каспийский, значительно отличающийся от кавкасионского.
Азербайджанцы. Несмотря на значительные различия отдельных этнографических групп азербайджанцев по форме головы, в остальных признаках они сравнительно мало различаются между собой. Повсеместно преобладает каспийский тип и только в северных районах может быть прослежена некоторая примесь элементов кавкасионского типа.
During the Hellenistic period they joined with other neighboring tribes to form a unified state under a single ruler (Strabo 9.7.6; cf. below). It has been supposed that the unification took place towards the end of the 2nd century B.C.
Прикаспийские районы, где было сильно влияние атропатенского зороастризма, приняли для этого среднемидийский язык, ставший впоследствии народным языком в некоторых районах (в виде талышского и родственных, ныне вымерших диалектов); для областей, примыкавших издавна (по крайней мере с начала нашей эры) к армянским по языку областям, где уже и ранее было сильно армянское христианское влияние, естественно, лингва франка был армянский.
This unique aspect of Azerbaijan, the only area to have been almost entirely “Turkicized” within Iranian territory, is the result of a complex, progressive cultural and historical process, in which factors accumulated successively (Sümer; Planhol, 1995, pp. 510-12) The process merits deeper analysis of the extent to which it illustrates the great resilience of the land of Iran. The first phase was the amassing of nomads, initially at the time of the Turkish invasions, following the route of penetration along the piedmont south of the Alborz, facing the Byzantine borders, then those of the Greek empire of Trebizond and Christian Georgia. The Mongol invasion in the 13th century led to an extensive renewal of tribal stock, and the Turkic groups of the region during this period had not yet become stable. In the 15th century, the assimilation of the indigenous Iranian population was far from being completed. The decisive episode, at the beginning of the 16th century, was the adoption of Shiʿite Islam as the religion of the state by the Iran of the Safavids, whereas the Ottoman empire remained faithful to Sunnite orthodoxy. Shiʿite propaganda spread among the nomadic Turkoman tribes of Anatolia, far from urban centers of orthodoxy. These Shiʿite nomads returned en masse along their migratory route back to Safavid Iran. This movement was to extend up to southwest Anatolia, from where the Tekelu, originally from the Lycian peninsula, returned to Iran with 15,000 camels. These nomads returning from Ottoman territory naturally settled en masse in regions near the border, and it was from this period that the definitive “Turkicization” of Azerbaijan dates, along with the establishment of the present-day Azeri-Persian linguistic border—not far from Qazvin, only some 150 kilometers from Tehran.
“The mass of the Oghuz Turkic tribes who crossed the Amu Darya towards the west left the Iranian plateau, which remained Persian, and established themselves more to the west, in Anatolia. Here they divided into Ottomans, who were Sunni and settled, and Turkmens, who were nomads and in part Shiite (or, rather, Alevi). The latter were to keep the name “Turkmen”for a long time: from the 13th century onwards they “Turkised”the Iranian populations of Azerbaijan (who spoke west Iranian languages such as Tat, which is still found in residual forms), thus creating a new identity based on Shiism and the use of Turkish. These are the people today known as Azeris.”
В 1639, после мира, заключённого между Турцией и Ираном, А. была окончательно разделена: Западная А., составляющая большую часть страны, отошла к Турции, Восточная А. — к Ирану. Последними остатками армянской государственности являлись 5 меликств Нагорного Карабаха, просуществовавших до конца 18 в.
The title of King of Armenia was inherited by the Lusgnans of Cyprus and, from them, by the House of Savoy. Only in Old Armenia could some vestiges of the once imposing structure of the Armenian polity be found in the houses of dynasts (meliks) in Qarabagh
No specifically Azerbaijani state existed before 1918, and, rather than seeing themselves as part of a continuous national tradition, like the Georgians and Armenians, the Muslims of Transcaucasia saw themselves as part of the larger Muslim world, the ummah.
Во-вторых, у армян имелись все основания связывать начало своей славной государственности с эпохой эллинизма, а азербайджанцы создали своё первое государство, Азербайджанскую Демократическую Республику, только в 1918 г. Наконец, армяне как особая этническая общность со своим названием были известны ещё в I тыс. до н. э., в то время как консолидация тюрок-мусульман Северного Азербайджана происходила только в 1920—1930-е гг., и именно тогда название «азербайджанцы» стало популярным.
This article uses material from the Wikipedia Нохчийн article Азербайджан, which is released under the Creative Commons Attribution-ShareAlike 3.0 license ("CC BY-SA 3.0"); additional terms may apply (view authors). Чулацам лело мега CC BY-SA 4.0 лицензица (кхениг билгалйина йацахь). Images, videos and audio are available under their respective licenses.
®Wikipedia is a registered trademark of the Wiki Foundation, Inc. Wiki Нохчийн (DUHOCTRUNGQUOC.VN) is an independent company and has no affiliation with Wiki Foundation.