Эрмалойн Драм

Драм (эрм.

Цхьа драм 100 лума (эрм. լումա) ду, амма лумаш факт хилла лелаш дац, хӀунда аьлча цунах мискъалзарратал хӀума ца йогӀу. Курс 1 АЦШ долларах 500 драм гергга делча, америкин центах ло 0,002 лума.

Эрмалойн драм (нох.)

Հայկական դրամ (эрмал.)
Armenian Dram (инг.)
Dram arménien (фр.)

2009 шеран 100 000 драм 2004 шеран 10 драм
2009 шеран 100 000 драм 2004 шеран 10 драм
Кодаш а, символаш а
Кодаш ISO 4217 AMD
Аббревиатураш
Ахчан хьаьрк AMD цакарий
Лелаш долу меттигаш
Эмитент Эрмалойн Драм Эрмалойчоь
Официально йоцу Ломан-Карабахан Республика
Схьадаьлларш а, параллельни цхьаццаннаш а
Къасторан лума (1100)
Монеташ а, банкноташ лелар
Банкноташ 500, 1000, 2000, 5000, 10 000, 20 000, 50 000, 100 000 драм
Истори
Йукъадалор 22.11.1993
Ахча-хьалха хилларг ССРС сом (SUR) / Российн сом (RUR)
Монеташ а, банкноташ а арахецар
Эмиссионни центр Республика Эрмалойчоьн Центран банк
www.cba.am
Мах 25 февралехь 2015 шо
1 RUB = 7,691 AMD
1 USD = 481,4 AMD
1 EUR = 546,2 AMD
1 GBP = 746 AMD
1 JPY = 4,052 AMD
Мах ша карлабоккхуш бу МВФ а, ЕЦБ а, ЦБ РФ а хаамашца. Дуьззина йаздина хьажа декъехь «Ахчан механ раж».
Эрмалойн Драм Category:Banknotes of Armenia Викилармехь

Ахча арахецаран бакъо Республика Эрмалойчоьнан Центран банкан бен йац. Эрмалойчоьнан пачхьалкхан ахча лелаш ду 1993 шеран 22 ноябрехь дуьйна. ХӀора шарахь оцу дийнахь даздо «драман де».

Драман символ (֏) — шиъ ана сиз хьаькхна «Դրամ» («Драм») дешан хьалхара элп Դ (элпан цӀе: «да»), и графика (кеп) эрмалойн абатехь бен йац.

Истори

XI бӀешо чекхдолуш кхоллайелира Киликийн эрмалойн пачхьалкх. Цуьнан детийн нахартийн цхьаннан цӀе йара «драм».

1991 шарахь ССРС мукъайаьллачул тӀаьхьа Эрмалойчоьно 2 шарахь Ӏийра къоман ахча а доцуш. Махкахь боьдуш къийсамаш бара соьман зонехь дисар пайдехь дуй теша бохуш. 1993 шеран 26 июлехь Российн Федерацин Центран Банко йукъадехира керла кепара банкноташ. Факт йара, Росси советийн сом лелачу зонера арайалар. Октябрехь — ноябрехь Туркменис а, Кхазакхстана а, Узбекистана а йукъадаьккхира шайн къоман ахча. Эрмалойчоь энергин къоьллан, блокадан, Карабахан тӀеман хьолашкахь, терго а ца йан луш советийн соьмаш чударжаран кхерамехь йисира, тӀаккха кхин а чӀогӀа йухур йара финансийн система, цунна ийшира шайн ахча йукъадаккхар.

1992 шарахь дуьйна кхоьллина йара «Эрмалойчоьнан къоман ахчан цӀе тилларан, кепийн, йукъадаккхаран механизмийн» комисси. Коьрта ахчан йуьйцу варианташ йара «Драм», «Стак», «Ибар», «Даекан», кегийра ахча (нахарташ) — «Манрадрам», «Ар», «Манр», «Ими», «Зуза», «Плик», «Лума». Комиссин йукъа бахара говзанчаш, пачхьалкхан лакхара даржера нах, царна йукъахь вара президент Л. А. Тер-Петросян а, вице-президент Г. Г. Арутюнян а. Кхаж сов баьлла коьртачу а, къасточу а ахчанашна цӀераш харжира «драм» а, «лума» а.

Эрмалойн Драм 

1993 шеран 27 апрелехь кхоьллина Республика Эрмалойчоьнан Центран банк, ткъа цуьнан хьалхара куьйгалхо хӀоттийра Исаакян Исаак. Оцу шеран 22 ноябрехь Эрмалойчоьнан керла ахча хилира драм. Республикехула лело советийн сомаш, хийца дезара цхьаьна кӀирнах 200-х цхьаъ курсаца.

Билгалдахарш

Tags:

АЦШ долларАхчаЛоман-Карабахан РеспубликаЭрмалойн моттЭрмалойчоь

🔥 Trending searches on Wiki Нохчийн:

ЕвропаКукечВинтер-Спрингс (Флорида)Маньи-ле-АмоПхьагалМао ЦзэдунХарачойн Зеламха1 апрельСервантес, Мигель деФерменташГӀезалойчоьНатахтариСаратовНохчийчуьра акхаройБексултанов, Муса ЭльмурзаевичДерриг дуьненан жайнин а, авторан бакъонийн а деЧупина (Свердловскан область)Аьккхий1991 шоЖелтойчоьУтини (станцин эвла)Челябинскан областьЧермакаванСоьлжа-ГӀалаӀаьржа хӀордБонвильУфаКорнице (Польша)Ведар2009 шоБиблиМать (фильм, 1926)Ибрагимов, Канта Хамзатович3 ноябрьMediaWikiМамакаев, Ӏаьрби ШамсуддиновичСулейманов, Ахьмад СулеймановичКианетиСоветски Союзан Турпалхой (Нохч-ГӀалгӀайн АССР)Несерхоев, Изновр НесерхоевичРасаев ХьусейнНидерландашТверьМаккаАмерика23 февральГӀиргӀазойчоьЗовуниТӀомКадыровЦуруев, Шарип МовладовичБальеКапитализмСоветийн Социалистийн Республикийн СоюзМежиева, Макка ШахидовнаЗнаменск (Аштаркханан область)fdwbzПсари (Бендзинскан повет)Йоза хаарЙоккха БританиЛондонHTMLГрот-ЗюндертНохчийчуьра олхазаршКаспий-хӀорд1979 шоКейШоАхматова, Раиса Солтамурадовна🡆 More