Эльдарханов, Таьштамар Эльжуркъин Воӏ

Эльдарханов Таьштамар Эльжуркъин воӀ (1870 шеран 1 апрель, ГихтӀа, Нохчийчоь, Российн импери — 1934 шеран 14 ноябрь, Соьлжа-ГӀала, Нохч-ГӀалгӀайн АССР, РСФСР, ССРС) — нохчийн серлонча, йаздархо, йукъаралин а, политикин а, пачхьалкхан а белхало, Российн империн Хьалхара а, ШозлагӀа а Пачхьалкхан Думи депутат.

Эльдарханов Таьштамар Эльжуркъин воӀ
Эльдарханов, Таьштамар Эльжуркъин Воӏ
ГӀуллакхан тайпа политик
Вина терахь 1870 шеран 1 апрель({{padleft:1870|4|0}}-{{padleft:4|2|0}}-{{padleft:1|2|0}})
Вина меттиг ГихтӀа, Нохчийчоь, Российн импери
Кхелхина терахь 1934 шеран 14 ноябрь({{padleft:1934|4|0}}-{{padleft:11|2|0}}-{{padleft:14|2|0}}) (64 шо)
Кхелхина меттиг Соьлжа-ГӀала, Нохч-ГӀалгӀайн АССР, РСФСР, ССРС
Корматалла хьехархо, серлонча, йаздархо, йукъаралин белхало, политикин белхало, пачхьалкхан белхало, шина Думин депутат
Гражданалла Российн импери Российн империССРС ССРС
Викилармин логотип Эльдарханов Таьштамар Эльжуркъин воӀ Викилармехь

Биографи дӀайолайалар

Эльдарханов Таьштамар вина 1870 шеран 1 апрелехь ГихтӀахь. Цунна дешар дезар хьалха гучуделира. ВорхӀ шо кхаьчча иза Нохчийчохь цхьаъ бе йоцу Соьлжа-ГӀалахь хиллачу нохчийн ишколе дӀавелира. Ишкол чекхйаьккхича иза деша вахара БуритӀеера реальни доьшийле. 1893 шарахь Тиблисера хьехархойн институт чекхйаькхира. Дешна ваьлча пхеа шарахь Майкопехь болх бира, цул таьхьа — Соьлжа-ГӀалахь.

Ша студент волчу хенахь иза волавелира Тиблисехь а, БуритӀехь а нохчийн дицарш гулдан. 1900 шарахь арахецна «Кавказан меттигаш а, къаьмнаш а дуьйцу гулам», цунна чохь дара цо йаздина масийтта нохчийн дицар орсийн маттахь. 1911 шарахь Тиблисехь арахецна цо йазйина хьалхара нохчийн абат.

Политикин болх

Эльдарханов, Таьштамар Эльжуркъин Воӏ 
Эльдарханов Таьштамар (йуккъехь хиъна ву) ШолгӀа пачхьалкхан думин депутатийн тобанца. 1907 шо

Цуьна хьехаман а, йукъараллин а болх нисбелла нах меттахбаларца. Иза пачхьалкхан чохь хуьлучунна тӀаьхьакхиа гӀерташ вара, меттигашкахь дакъалоцуш вара. Ша йарташка кхаьчча нахан демократи хьоьхура. Цундела иза школера дӀаваькххира «политикин тешам цахилар» бахьнехь.

Теркан областан депутат ву аьлла иза хаьржира Хьалхара Думе. Цуьна Ӏалашо йара массо а къамнийн къинхьегамхой паччахьан дуьхьал цхьана тохар.

1906 шеран 8 июлехь Ӏедало Хьалхара Думин болх сацийра. 1907 шеран 6 февралехь Теркан областан харжамийн гуламехь Эльдаханов, оцу хенахь гӀараваьлла йукъаралин белхало, хаьржира ШолгӀа Думин депутат.

ШолгӀа Дума дӀакъевлинчул тӀаьхьа Соьлжа-ГӀала веара иза. Амма Ӏедало ца магийра цунна Теркан областан ишколашкахь болх бан. ТӀаккха цуьна Бакох ваха дийзира. Цигахь цуо ишколашкахь болх бира 1917 шеран Февралан революци кхаччалц. ТӀаккха цуо Нохчийчу веина революцин болх болийра. Цунна хетара Кавказан халкъийн кхане революцин Российца йозна йу аьлла.

Иза вара большевикашна гӀо деш, салташна йукъахь болх беш. Цуьнийн, цуьнан накъостийн болх бахьнехь Петарбух схьайаккха тӀейоду «Акха дивизи», Корниловн эскарехь коьрта дакъа, цхьа а топ ца кхуссуш сацийнера.

Граждански тӀом

1918 шеран августера дуьна ноябрь кхаччалц Соьлжа-ГӀалахь боьдуш тӀом бара (тӀаьхьа цунна цӀе тиллира «БӀе дийнан тӀом») ЦӀен эскарна а, Бичераховн эскарна а йукъахь. Оцу хенахь Эльдарханов куьйгалхо деш йолу ГӀойтӀара кхеташоно ЦӀен эскарна гӀодеш Соьлжа-Г\ала тӀемлой богӀуьйтура, йаахӀума а, тӀеман гӀирсаш а бохьуьйтура.

Бичераховхой эшийначул тӀаьхьа Нохч-ГӀалгӀайчу деира Деникинан эскар. И эскар дукха хилар бахьнехь ЦӀен эскаран Соьлжа-ГӀала а, БуритӀе а йита дийзира.

Советийн Ӏедалан зама

Гражданийн тӀом чекхбаьллачул тӀаьхьа Нохч-ГӀалгӀайчохь халкъан гуламаш хилира. Цигахь наха Советийн Ӏедална шаьш реза хилар хаийтира. Кавказан фронтан председатель волчу Г. К. Орджоникидзес аьлла, Нохчийн ревкоман председатель Эльдарханов хӀоттийнера.

1920 шеран августехь Нохчийчохь хиллачу хьалхара Кхеташонан гуламехь Эльдарханов Таьштамар областан кхочушдаран комитетан председатель хаьржинера. Цул тӀаьха иза хаьржира Ламанан АССР ЦКхК председатель, областан кхочушдаран комитетан председателан дарж цуьнан карахь дуьсуш. 1922 шарахь Нохчийн Автономин область кхоьллинчул тӀехь областан ревкоман председатель болхбира цо. Нохчийчуьра Кхеташонан гуламехь иза хаьржира Нохчийн автономин областан исполкоман председатель. Къилбаседин мохк кхоьллинчул тӀаьхьа иза хӀоттийнера Къоман Кхеташонан председатель. Иза бахьнехь цуьнан Дон-тӀера-Ростов ваха дийзира.

Эльдарханов вара VIII, X, XI, XII Йерригроссийн Кхеташонан гуламийн векал, Йерригроссийн Центран Кхочушдаран Комитетан 10, 11, 12 кхайкхаман декъахо, ССРСн Центран Кхочушдаран Комитетан декъахо, Нохчийн автономин областан 1, 2, 3 кхайкхаман дакъахо.

1929 шарахь иза Соьлжа-ГӀала схьавеира. ТӀаьхьара заманахь цуо «Грознефть» цхьанакхетараллехь куьйгалла деш болх бора. Иза велира 1934 шеран 14 ноябрехь.

Хьажоргаш

Tags:

Эльдарханов, Таьштамар Эльжуркъин Воӏ Биографи дӀайолайаларЭльдарханов, Таьштамар Эльжуркъин Воӏ Политикин болхЭльдарханов, Таьштамар Эльжуркъин Воӏ Граждански тӀомЭльдарханов, Таьштамар Эльжуркъин Воӏ Советийн Ӏедалан замаЭльдарханов, Таьштамар Эльжуркъин Воӏ ХьажоргашЭльдарханов, Таьштамар Эльжуркъин Воӏ1 апрель14 ноябрь1870 шо1934 шоГихтӀаЙаздархоНохч-ГӀалгӀайн АССРНохчийНохчийчоьРСФСРРоссийн империССРССоьлжа-ГӀала

🔥 Trending searches on Wiki Нохчийн:

Бассоль-ОлеБарак ОбамаДжоуль, ДжеймсЛенин, Владимир ИльичЮккъера МалхбалеИоганн Себастьян БахТеннисСулюсСуэцан татолФоркс (Вашингтон)Сен-МедагӀ (ЖегӀ)31 октябрьПариж1 августМалхбузен Виргини2004 шоНенан моттЛатинан моттПачхьалкхийн могӀамСеда ДудуркаеваДийнаташЭджворт (Пенсильвани)26 сентябрьӀаж12 июнехьНемцойн моттМохк1836 шоӀебархойн моттХьиджазПневмони2 мартехь2002 шоБостонМаьрша гӀирсашЙаздархоДолу герзАнимеПублий Овидий НазонАвстралиНикараАндерсен, Ханс Кристиан21 майПеруШахматашОклахомаИбрахӀимӀумар ибн аль-ХаттӀабСоьлжа-ГӀалаУфаВашингтон (Гуо Колумби)СаӀудийн Ӏаьрбийчоь29 июльЕвразиМинскШайх Мансур11 октябрьАлиев, Гапур Хамидович29 мартХмельницки (гӀала)Гезлой1872 шоГочИнгалсан мотт23 август1983 шоБургазNickelodeon🡆 More