Шекаран Диабет

Шекаран диабет (лат.

diabetes mellītus) — эндокринин цамгарийн тоба йу. И цамгар йоьзна йу дегӀо марзалла (глюкоза) тӀеэцар талхарца а, инсулин гормон йуьззина йа гӀехьа кепехь цатоарца а. Цу хьокъехь кхуьу гипергликеми — иза цӀийнехь глюкоза совйалар ду. Цайоьрзу кепехь токху шекаран диабет. Оцу цамгарца йерриг а хӀумаллийн хийцамийн тайпанаш (углеводан а, хьоналлин а, белокийн а, минералан а, хинан- туьхан а) йуху. Иштта цхьайолчу дийнатийн а хуьлу шекаран диабет, масала цицкийн а, жӀалийн а.

Шекаран диабет
Шекаран Диабет
МКБ-10-КМ E08-E13, E10.E14, E11
МКБ-9-КМ 250
MedlinePlus 001214
MeSH D003920

Шекаран диабет классашка екъар

Шекаран диабетан тайп-тайпанчу билгалонашца классификацеш йу. Йерриг а цхьаьна уьш диагнозан хӀоттаме йукъайоху. Цаьрца лазархочунна цамгаран ма-дарра сурт хӀоттадо.

Этиологин классификаци

Ӏ. Хьалхарчу тайпанан йа «жимчу стеган» шекаран диабет. Жимачунна а, воккхачунна а хила тарло (валлалц инсулин цатоар кхиош йолу β-клеткийн йохар)

  • Аутоиммуннан, цунна йукъахь LADA
  • Идиопатикан

II. Шекаран диабетан 2-гӀа тайпа (инсулинорезистентност кхиаран хьокъехь инсулинан секрецин дефект)

  • MODY - β-клеткийн белхан генетикан сакхташ

IӀI. Диабетан кхийолу кепаш:

  • инсулинан а/йа цуьнан рецепторийн генетикан сакхташ,
  • набан (Pancreas) экзокринан цамгарш,
  • эндокринин цамгарш (Иценкон-Кушинган синдром), акромегали а, къаьсташ йоцу дӀаьвше йекхахӀоъ йар (оьрс. диффузный токсический зоб), феохромоцитом и дӀ.кх.,
  • молханаш меттахйаьккхина диабет,
  • уьно карзахйаьккхина диабет,
  • шекаран диабетаца йолу генетикан синдромаш.

IV. Бераха болчу зударийн шекаран диабет — гипергликемица доьзна патологин хьал ду. Цхьацца бераха болчу зударийн хуьлу гипергликеми. Бера дуьненчу даьллачул тӀаьхьа цӀаьххьана дӀайолу иза.

Дуьненайукъарчу могушалла Ӏалашйаран кхолламо (ВОЗ-о) магорца къастайо рогӀера берах болчу зударийн шекаран диабет:

  • Берах хилле шекаран диабетан 1-ра тайпа
  • Берах хилале шекаран диабетан 2-гӀа тайпа
  • Берахчера шекаран диабет — оцу терминаца билгалйоккху берах йолчу муьрехь муьлха а глюкозаца толеранталла йохар.

Цамгар чӀагӀйалар классификаци

  • Диабетикан микро- а макроангиопати
  • Диабетикан нейропати
  • Диабетикан ретинопати
  • Диабетикан нефропати
  • Диабетикан ког

Билгалдахарш

Tags:

Шекаран Диабет Шекаран диабет классашка екъарШекаран Диабет Цамгар чӀагӀйалар классификациШекаран Диабет БилгалдахаршШекаран ДиабетЛатинан мотт

🔥 Trending searches on Wiki Нохчийн:

ВикипедиЧуӀийдаргийн къепФранциПастер, ЛуиАмерикин Цхьаьнатоьхна ШтаташКалгариПетарбухНатахтариИталиЖелтойн абатДийнаташКонин-ЖаганскийСоветски Союзан Турпалхой (Нохч-ГӀалгӀайн АССР)ДухьаНохчийчуьра акхаройКоблевоВашингтон (Колумби гуо)Кхазакхстан.ruБисмарк, Отто фонУдмуртиКоьрта агӀоКремиГӀумПортугалихойПиенАхмадов, Муса МагомедовичЧандигархАктёрБадуев, СаьӀид СулеймановичТелефонIOS 17Ненан моттМитаркаБиблиНеджип Фазил (Султанбейли)ФатӀимат бинт АсадКовгариПономаревРосси (маьӀнаш)ISO 3166Гаусс, Карл ФридрихФутболГдув(1413) РукариСвердловскЙоккха БританиЕрмекееван кӀоштКицин (Великопольскан воеводалла)Абхазхойн моттПланк, МаксПопки (Польша)Щури (Великопольскан воеводалла)КотамНохчийн моттНохчийн Республика Ичкерин ТӀеман НицӀкъашАлиев, Гапур ХамидовичХӀиндиКриштиану Роналду(3171) WangshouguanГезлой-ЭвлаХьасан ибн Ӏалий🡆 More