Чермой

Чермой — Нохчмахкахойн тукхумера нохчийн тайпа.

Тайп L3 гаплотобан йукъара ду. Декъало гарашна а, некъешна а: Биги гар, Галай гар (L3), ГӀойсам некъе, КӀорни гар, Ражап некъе, Чипи некъе (L3), Юьхк некъе.

Къена тайпа
Чермой
Этноиерархи
Раса кавказан
Тукхам Нохчмахкахой
Йукъара хаамаш
Мотт Нохчмахкахойн лер
Дин ислам (суннизм)
Къам нохчий
Таханлера дӀасакхалхар
Чермой Росси: хууш дац
Чермой Нохчийчоь: хууш дац
Хьалхалера дӀасакхалхар

Къилбаседа Кавказ:

• шира. мохк Нохч-Мохк

Географи

ХӀХ бӀешарахь Чермой эвла Хул-Хулон бердашца хилла. Чермойн доза хилла Хорачаца, ЧӀебарлаца, Садаца, Саьрбалаца, Дишни-Веданца, Элистанжаца. Дахар халахиларна Чермой охьабиссина акъари тӀе, баьржина йерриг Нохчийчухула. Дукхах берш охьахевшина Бас хин тогӀи чу, МахкатӀе эвла кхуллуш. Чермойн лам тӀиера МахкатӀе кхалхаран бахьана имам Шемалан эскаршна дежийлаш ца тоар хилла, цуо далийтина чермойн дежийлашна дуьхьала и латташ .

Чермойн мехкан йукъайогӀуш хилла нах беха меттигаш: ГӀарчханан кӀотар, ГӀотанаш Ӏийначу тӀехьах, Дуццахотие, Кхо-кха долтӀие, МахкатӀе, Мусаханан кӀотар, НикӀижан кӀотар, Садой, Селман-Тевзана, Тевзана, Тевзинхойн кӀотар, Туьнкахана, Хоттане, Хьаьмцан кӀотар, Чуьра лам, ЭгIашта, Яхьяйн кӀотар .

Тайпанан лам

Чермойн лам – ломан бохь Веданан кӀоштехь; лаьтта шина хин йукъахь Кокичохь а, Хул-Хуло а. Локхалла – 2361 метр. Лам бахбелла лаьтта къилба-малхбузера МахкатӀера къилбаседа-малхбалерачу Хул-Хуло хин йисттерачу Хорача кхаччалц, Веданан къилбехьа буьсу. Орониман кхин цӀе – Горга лам. Тайпанан Чермойн лам тӀехь шира маьлха кешнаш ду, культан меттигаш ю, царна йукъахь Тишоли тӀе. Баха хала долун дела аренан юьрташка охьахевшина, дуккха а Басс хин майдане, МахкатӀе а кхуллуш. Чермойн ломан дакъа ду Хорачан гергара Беха лам.

Топонимаш

  • Шелан къилбехьа лаьтта Чермойн дукъ.
  • Орсойн махкахь Чермойн кхашка цӀе йолуш меттиг ю.
  • ГӀойтӀахь куп ю Чермойн йукъ олуш.
  • Чермойн кхашка ТӀундакхан малхбалехьа.

Этимологи

А.Д.Вагаповс а, Р.П.Ахмадовс а йоьхку субэтноним чермой нохчийн «черманца», жамӀ до тайпанан цӀе церан белхан говзаллех схьаяьлла, цара черманаш деш хилла олий.

К.З.Чокаевс Чармой дош доькъу масех декъе: «ча» – экхан цӀе, «ма» – цӀуйн динехь маьлхан делан цӀе, «р» – дожаран чаккхе, «ой» – суффикс.

С.Х.Нунуевс дийцарехь, Чармой тайпа ЧӀармахой тайпанан га ду.

Беха меттигаш

Чермой беха йарташ: Гал-ГӀала, ГӀойтӀа, Жима АтагӀа, Левобережни, Керла Солкушино, Новр-ГӀала, НогӀамирзин-Йурт, Соьлже, Фрунзенски, Цоци-Эвла, ЧӀулга-Йурт, Ӏалхан-Йурт, Ӏелин-Йурт.

Билгалдахарш

Литература

Tags:

Чермой ГеографиЧермой ЭтимологиЧермой Беха меттигашЧермой БилгалдахаршЧермой ЛитератураЧермойНохчийНохчмахкахойТайпа

🔥 Trending searches on Wiki Нохчийн:

МерклингенNGC 6530Аннандейл (Виргини)260 км (казарма)20 км (разъезд)Аре Индустрияли (Авелино)Гербер, Иоганн ГуставКузнецова Светлана Александровна (поэт)Португалихойн моттДжурински СлободкаМухьаммадУмханов, Шарип ИсаевичБандирмаМалхбален ТиморОмонимашСиржа-ЭвлаСуннизмЮрдюк КумахРожноХадорНепалИспаниКхархойГӀезалойчоьЮлианан рузмаКадыров, Рамзан АхматовичТуьркАмерикин Цхьаьнатоьхна ШтаташГолестанВикихаамашСинанНеткиСолинаКозлово (Гдован кӀошт)Плайнфельд (Зальцбург)Абра (кратер)ЛуньяккоПетрушово4 апрельИталиПуть (телерадиокомпани)БегӀмегӀикугӀМаясБрансон (Миссури)ДжайнизмВисалияХьасан ибн ӀалийБилта (Долж)ФилиппинашБакъо1849 шоКот-д’ИвуарБотмегӀЛойовицеСаракаев, Хамзат Ибрагим-БековичСербийн моттАгвиЧернелицаХасбулатов, Руслан Ӏимранан воӀЦӀесийГрот-ЗюндертПолякийн моттВайнахМалайзиСен-ЛеонагӀ (МагӀна)ТаьӀна-цӀенКаспий-хӀордКанадаАбетти (беттан кратер)🡆 More