Хамидов, Баудин Хожаевич (1958 шеран 9 апрель, Агадырь, Карагандан область, Кхазакхийн ССР, ССРС) — геологин-маьIданийн Iилмийн кандидат.
Къоман нохчо, тайпана аргIано.
Хамидов Баудин Хожаевич | |
---|---|
ГӀуллакхан тайпа | бизнесмен |
Вина терахь | 1958 шеран 9 апрель (65 шо) |
Вина меттиг | Агадырь, Карагандан область, Кхазакхийн ССР, ССРС |
Корматалла | Геолог |
Гражданалла | ССРС → Росси |
Да | Хамидов Хожа Даудович |
Нана | Шамсутдинова Асмаъ |
Зуда | Хамидова Асет |
Бераш | Адам, Ислам |
СовгӀаташ | Сийлаллин орден (2005 ш.), Сийлахь маьхкдаьттахой |
Бауди вина 1958 шарахь Кхазакхийн ССР Карагандан областера Агадырехь. 1975 шарахь цо чекхйаьккхира № 1 йолу Горагорскан йуккъера ишкол. 1980 шарахь чекхйаьккхира И.М.Губкинан цӀарах йолу маьхкдаьтта-химин а, газан а промышленностан институт геологи а, маьхкдаьтта, газ йоллу меттиг талларан говзаллица. Геологин-маьӀданийн Ӏилмийн кандидат. 1981—1996 шерашкахь болх бира «Грознефтехь», цигахь некъ бира лакхарчу геолог даржера маьхкдаьтта а, газ а йаккхаран «Горскнефть» урхаллин хьаькам дарже кхаччалц. 1996—1997 шерашкахь — «ЮНКО-Грознефтеоргсинтезан» генералан директор вара. 1997—1999 шерашкахь — «ЧеНеКо-Нефтепродуктан» генерал директор, Къилба маьхкдаьттан компанин генералан директоран маркетингехула волу гӀовс, маркетинган вице-президент белхаш бира. 2000—2004 шерашкахь — ОАО «Грознефтегазан» инарлин директор. 2004—2007 шерашкахь — ОАО "НК «Роснефтан» оперативан урхаллин а, мониторинган а департаментан директоран хьалхара гӀовс, маьхкдаьттагазйаккхаран департаментан директоран хьалхара гӀовс. 2007—2015 шерашкахь — ООО "Компания «Полярное Сияние» генералан директор. 2016 шеран мартера 2017 шеран август кхаччалц — ПАО АНК «Башнефтан» оперативан урхаллин департаментан директоран гӀовс. 2017 шеран августехь ПАО АНК «Башнефтан» директорийн Кхеташонан ДаржехӀотторан а, совгӀатдаран а комитето магорца чӀагӀдина Хамидов Баудин ООО «Соровскнефтан» генералан директоран дарже хӀоттор. СовгӀаташ: Сийлаллин Орден (2005 ш.), Сийлахь маьхкдаьттадаккхархо.
Ши кIант, ши йоI.
This article uses material from the Wikipedia Нохчийн article Хамидов, Баудин Хожаевич, which is released under the Creative Commons Attribution-ShareAlike 3.0 license ("CC BY-SA 3.0"); additional terms may apply (view authors). Чулацам лело мега CC BY-SA 4.0 лицензица (кхениг билгалйина йацахь). Images, videos and audio are available under their respective licenses.
®Wikipedia is a registered trademark of the Wiki Foundation, Inc. Wiki Нохчийн (DUHOCTRUNGQUOC.VN) is an independent company and has no affiliation with Wiki Foundation.