Фальстаф

Сэр Джон Фальстаф (инг. Sir John Falstaff) — Шекспиран цхьа могӀа кхолларашкара комикин персонаж: «Виндзоран кхаьрдарш», «IV-гӀа Генрих, дакъа 1» а, «IV-гӀа Генрих, дакъа 2».

Фальстафан роль «Генрихан» шинне декъехь а 1200 могӀа сов бу, цундела иза чухоамца шекспиран шолгӀа роль ю Гамлетан роль дӀаяьлчи.

Фальстаф
Шрёдтер Адольф. Фальстаф а, цуьнан паж а. 1867
Фальстаф
фон Грютцнер Эдуард «Фальстаф йоккхачу чагӀаран кхабанца а, кедаца а» (1896)

Фальстаф — шен хан сакъоьруш болчаьрца (Бардольф, Ним, Пистоль) а, маьхкаршца а йойуш волу верстана, къинхетаме, осала маларча. Фальстаф — «къонах» ву, цуо дозаллаш до шен хилла хетачу тӀеман хьуьнарех, амма тӀом а, къонахийн сий а цунна оьшуш дац, хӀунда аьлчи цунах цхьан а дуьненан рицкъ цахуьлу (гӀараяьлла монолог-«катехизис» «Сийно ког тобийр буй?» а, дешнаш «йоккхатоьпан жижиг» а, авторалла Фальстафан ду). «IV-гӀа Генрихехь» гайтина, муха йоккху Фальстафа компанехь хан (гуттаренна емалвеш сэр Джон, ткъа иза цунах цакхета) паччахьан кӀанта, Фальстафан дукха везаш волчу «Хэла» — хинволчу паччахьо V-гӀа Генриха. Паччахь хилча, тажтилла воьдучу V-гӀа Генриха, шен когаш кӀелаиккхина дикане сатуьйсуш волу сэр Джон цавевза кеп хӀоттайо, олу, шена иза цавевза, и «мийлина, верстана воккха стаг» шен гӀенах гина; цул тӀаьхьа сэр Джон а, цуьнан кедан накъостий а набахте буьгу. «V-гӀа Генрих» пьесехь кхечу персонажийн хабарех хьовсархошна хаьа Фальстаф, шеца гергарло лелочу хьеший болчохь валарх. Цуьнан валарх дийцаро Сократан валар дагадоуйту.

Фальстаф
фон Грютцнер Эдуард «Фальстаф» (1921)

«Виндзоран кхаьрдарш» чохь Фальстаф а, цуьнан гергара гуо (Бардольф, Ним, Пистоль, трактир чуьра миссис Куикли) дехьакхуссу Шекспир вехачу елизаветин муьре.

«Генрихан» дуьххьарчу редакцехь Фальстафах олура «Сэр Джон Ольдкастль» (Oldcastle) — XV бӀешарахь вийна волу протестантан-лоллардан цӀе. ТӀаьхьа фамили Ольдкастль хийцира Фальстаф (Ольдкастлн тӀаьхьенах волчу Кобхэман дехарца динчух тера ду) аьлла, «IV-гӀа Генрихан» шолгӀачу декъан эпилогехь Шекспира леррина кхусса, «иза а, Ольдкастль а — цхьаъ вац, Ольдкастль велла Ӏазапхо волуш». «Фальстаф» цӀе, хетарехь, къонах хиллачу Фастольф Джонан сийдеш тиллина. Иза ингалсаша эшначу БӀешеран тӀеман Жанна д’Аркан дуьхьала Патера тӀамехь (1429) осалаллех бехке вира (Шекспира гайтира Фастольф — ишттачу цӀарца — гайтира и хиламаш шен «VI-гӀа Генрих» хроникин хьалхарчу декъехь).

Фальстаф — коьрта персонаж ву Джузеппе Вердин изза цӀе йолчу хьехийначу шекспиран пьесийн сюжетийн (алсама «Виндзоран кхаьрдарш»).

Хьадоргаш

Tags:

Ингалсан моттШекспир

🔥 Trending searches on Wiki Нохчийн:

Ненан моттАгржанаш20 апрельПшемент (Великопольскан воеводалла)Аьчка-ХитӀеНохчийн Республика ИчкериЯпонийн моттБисултанов, Апти Дибаевич.mkЛибегӀмонГласко (Канзас)Тесера (Венеци)ХӀирийн моттСанта Мария ди Пиаве (Венеци)26 апрельЭйзенштейн, Сергей Михайлович17 апрельОьрсийн моттФранциРублевскЭджворт (Пенсильвани)ГуьмсеТьюринг, АланПшиборув (Силезин воеводалла)Цийн моттКавказМоттТаджикийн Советийн Социалистийн РеспубликаПалестина пачхьалкхӀийсаАрнауташПимпри-ЧинчвадКоблевоМонторфано (Вербано-Кузио-Осола)ПоэтТкемлованаПобегиКингстон (Ямайка)2001 шоМарано ВенецианоПоло, МаркоНурадилов, Ханпаша НурадиловичРуандаХӀорджӀаьлаЭдильгириев, Амруди АхмедовичИскандриПермийн мохкПарадайс КейРоссийн империМарукетиАвстралиКиевКомпьютерХӀиндонезиНохчийн тайпанашБуттЧӀинхойУэйлс, ДжиммиБаторово (Познанскан повет)Ебланж.foКадыров, Рамзан АхматовичӀалий ибн Абу ТӀалибЙоккха БританиКоьрта агӀоНохчийн бӀаьвнийн архитектура10 ноябрьОшаев, Халид ДудаевичМамакаев, Мохьмад АмаевичКоци (Катания)Алжир🡆 More