Регион

Регион (лат. regio пачхьалкх, мохк) — термин лелайо лаьттан я хин кхечух цхьа могIа критерешца къасто йишйолу дакъа билгалдоккхуш (масала, ша йукъахьйерг).

Регион, пачхьалкх санна чолхе термин ю. Цуьнан тарою билгалдаккха тайп-тайпана дерг тайп-тайпанчу отраслашкара, ткъа цхьаьна отраслехь бес-бесара тидало. Нагахь регионийн классификаци йийцахь, тарою къасто «географин, политикин, социалан-экономикин, экологин, хаамийн, цивилизацин, кхин а агIонаш». Iилманчаша йоькъу регионаш йоккхачу шина тобане: цхьаьна кепарниш а, функционаланаш а.

Иштта «регион» лелайо пачхьалкхан мехкан барам маьIнехь. Россехь — Федерацин субъектан йукъара цIе санна. ХIора региона бу шакепара Географин хIоттам.

Тайп-тайпанчу дисциплинашкахь

Физикин географи

Физикин географехь регион — йоккха кӀошт, доккха лаьттан дакъа, шен башха физикин-географин барамаш болу лаьттан тӀехулон дакъа, географин дозанашца билгалдоккху географин дакъа.

Йукъараллин географи

Социалан-экономикин географехь регионан маьӀна ду тӀехь бахаман субъектийн зӀенийн системан лаьттан дакъа ду, пачхьалкхан социалан-экономикин комплексан бухара система, шен арахьарчу а, чоьхьарчу гуонийн зӀенийн структура йолу чолхе мехкан-экономикин комплекс

Политикин географи

Политикин географехь регион — социалан-мехкан йукъаралла ю, аьлчи а цхьа мохк кхиаран социалан а, экономикин а, политикин а факторш цхьаьна. Иштта регионан амал: бахархойн этносан хӀоттам, белхан ресурсаш, социалан инфраструктура, социалан-психологин климат, кхиаран политикин аспекташ, оьздангаллин факторш, кхин дӀа а.

ТӀеман гӀуллакх

Арахьарчу пачхьалкхийн тӀеман гӀуллакхехь — оперативан-стратегин дакъа, шена чохь 1 000 000 тӀиера 3 000 000 стаге кхаччалц адам долу.

Административан-мехкан дакъа

Регион 
Российн регионаш
  • Ингалсан регионаш
  • Францин регионаш
  • Бельгин регионаш
  • Италин регионаш
  • Чадан регионаш
  • Камерунан регионаш
  • Конго Республикин регионаш
  • Кот-д’Ивуаран регионаш
  • Мароккон регионаш
  • Чили регионаш
  • Ганин регионаш
  • Гвинеян регионаш
  • Гвинеи-Бисаун регионаш
  • Гайанан регионаш
  • Венгрин регионаш
  • Мадагаскаран регионаш
  • Мали регионаш
  • Намибин регионаш
  • Керла Зеландин регионаш
  • Перун регионаш
  • Сенегала регионаш
  • Танзанин регионаш
  • Тогон регионаш
  • Тринидадан а, Тобагон а регионаш
  • Филиппинийн регионаш
  • Квебекан регионаш

Статистикин (план хӀотторан) лаьттан дакъа

  • Исландин регионаш
  • Македонин регионаш
  • Малтан регионаш
  • Сингапуран регионаш

Оьздангаллин-историн мехкан дакъа

  • Корейн регионаш
  • Латвин регионаш
  • Сербин регионаш
  • Украинин регионаш

Кхин маьIнаш

РФ энергилатторехь — оцу меттигехь йовхо а, электри а латто декхарийлахь йолу энергилатторан кхолламах бихкина мохк.

Нах беха меттигаш

  • Регион — къилба Италин Реджо-ди-Калабри гIалин шира цIе в южной.

Хьажа иштта

  • Географи
  • Историн-оьздангаллин областаш
  • Историн-оьздангаллин пачхьалкхаш
  • Историн область
  • Регионализаци

Билгалдахарш

Хьажоргаш

Tags:

Регион Тайп-тайпанчу дисциплинашкахьРегион Административан-мехкан дакъаРегион Статистикин (план хӀотторан) лаьттан дакъаРегион Оьздангаллин-историн мехкан дакъаРегион Кхин маьIнашРегион Хьажа ишттаРегион БилгалдахаршРегионЛатинан моттЛатта

🔥 Trending searches on Wiki Нохчийн:

УзбекистанГаза (дийнат)Къилба Америка2012 шоВикипедиДаьтта доккху баӀФерми, ЭнрикоМамакаев, Мохьмад АмаевичЭдди МерфиФизикаГоворухин, Станислав СергеевичXX бӀешоСагаипова, Макка УмаровнаЯпонКъилбаседа МакедониАвстрийн империОхотскан хӀорд11 октябрьИранБутт (планета)ЕвразиИсраилКоблевоГайтукаева, Бана МустафаевнаРигаТехӀран17 июньМахатма Ганди19 декабрьГӀалгӀайн моттАмерикин Цхьаьнатоьхна Штаташ21 мартУзбекийн моттИмамMediaWikiОлхазаршАЦШ долларГуанчжоуКолма (Калифорни)8 мартИсламан календарьМаслаченко, Владимир Никитович.hrНохчийн ВикипедиАрсанов, Саидбей АрсановичӀаьрбийн Цхьаьнатоьхна Эмираташ1944 шо21 декабрьИсхьакъ НьютонХейримлиИбрахӀимСахьтан аса3 февралехьНетайловоЭнциклопедиЦӀерпошт1915 шоШахматаш15 ноябрьИстмалаИспанхойн мотт17 августИнженеран гӀуллакх29 мартСклодовски-Кюри, МариӀумар ибн аль-ХаттӀабТаьӀна-цӀен3 январь🡆 More