Механизм Зеразакъ

Зе́разакъ йа Домкрат (схьадаьлла нидерл.

dommekracht) – шена тӀиера йа тӀетесна кира хьалаойу стационаран, дӀасаяхьаран йа дӀасалеларан механизм. Зеразакъаш хуьлу рейкан, винтан, гидравликан, зайлан, пневматикан.

Механизм Зеразакъ
Автомобилан зеразакъ
Механизм Зеразакъ
ЦӀерпоштнекъан зеразакъ УДС-160МА

Оцу механизман уггаре яьржина верси — цхьаъ йа масех чкъург хийца Ӏалашо йолуш, автомобиль хьалаойу дӀасаяхьаран йа дӀасалеларан зеразакъ. Дукха хьолахь жима автомобилаца хуьлу жима винтан зеразакъ, болх бойту адаман куьйган ницкъаца.

Гидравликан автомобилан зеразакъ, трансмиссин бӀогӀам а олу, лелайо автосервисашкахь автомобилан дакъош а, агрегаташ а монтаж а, демонтаж а ечу хенахь кира хьалаойуш а, дӀасалелош а. ХӀиттайо хьажаран ор тӀехь, эстакадехь йа электрийн ойбучун гергахь. Иза бу гидравликан бӀогӀам, шен гуран чохь гидроцилиндр а, куьйга поршенан насос а йолуш, цуо латтайо автономилла, лакхара эффекталла, кхерамазалла ремонт ечу хенахь. Автомобилан агрегат йа дакъош схьадахархьама, бӀогӀамаш хила тарло тайп-тайпанчу хуьйцу дакъошца комплектехь.

Самукъане фекташ

  • Шира дийцар ду, зеразакъ ширачу заманахь лелош хилла тӀеман гӀуллакхехь гуо бинчу гӀалан кевнаш кегго гӀирс санна. Оцу бахьнехь зеразакъан конструкци къайлаяьккхина хилла. Ширачу дийцарах теша мегар делахь, зеразакъан конструкци йоьхкина (историн бевза дуьххьарлера шпионажан болх). Кхечу версица, волавелла лела сурт диллархочо сурт диллина зеразакъан тӀетевжинчу элан. Цул тӀаьхьа цуо сурт юха а диллина дӀаделла (дӀадоьхкина) девнен агӀонан.
  • Дуьххьарлера автомобилан гидравликан зеразакъ ян ойла кхоллаелира цӀеххьана. Цуьнан автор — автомобилаш тоеш волу Лунати Питер, парикмахер волчохь цунна гира, пхьеро атта дӀачӀагӀдира гӀант оьшучу локхаллехь. Шо а ца делира, 1925 шарахь Лунатис йира автомобилан платформан зеразакъ юккъехь гидравликан бӀогӀам болуш, куьйга насос йолу гидроагрегатах екхаш йолу.

Литература

  • Таненбаум А. С. Домкрат // Энциклопедический словарь Брокгауза и Ефрона: В 86 томах (82 т. и 4 доп.). — СПб., 1890—1907.
  • Домкрат // Большая советская энциклопедия : [в 30 т.] / гл. ред. А. М. Прохоров. — 3-е изд. — М. : Советская энциклопедия, 1969—1978.

Tags:

Нидерландийн мотт

🔥 Trending searches on Wiki Нохчийн:

Пуэнте-Нуэво.foНохчийн ВикипедиАбрамова, Светлана МихайловнаСевастопольШемаКадыров, Рамзан АхматовичТитаник (фильм, 1997)Менделин, ИренеТрасс Мэри ЭлизабетМатериализмЕгӀондельДорнешть (Сучава)Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀомАссвиллеГрацЙоза хаарРейнФранклин (Огайо)Сахьтан асаАбаранЯпонРузмаХичкок, АльфредАйдамиров, Абузар АбдулхакимовичНурнусӀаьрбийн моттРамаданКазе Нориз (Горица)ГалактикаГендаргнойЙайлакоьй (Артуклу)АбхазиМарзлуш долу ловзарОьрсий24 сентябрь.axНенан моттДушники (Обржистви)Урдан хин малхбузен хийистГергара МалхбалеТаьӀна-цӀенКирос (Астури)БавариБедарВинкелман (Аризона)(243) ИдаСайтиев, Бувайсар ХамидовичВайн эрал 45 шо хьалхаСоветийн Социалистийн Республикийн СоюзДерригдуьненан йохц-иэцаран кхолламСтом тоьхна хьокум1 январьВоткинс (Колорадо)ХӀинди29 мартӀийса денваларХамидов, Ӏабдул-Хьамид ХамидовичМакедонийн ИскандарСан (Йонна)Сан Вито-Черето (Маса-Карара)NGC 2608Форд, ГенриТулия (Техас)1939 шоАкчаабат🡆 More