Гӏойтӏа

Гӏойтӏасхьадаьлла нохчий «гӏой» дашах — эскар) — Нохчийн Республикин Хьалха-Мартанан кӀоштан эвла .

ГӀойтӀин йуьртан меттиган административан йукъ.

Эвла
нох. Гӏойтӏа
оьрс. Гойты
Сурт
HGЯO
Пачхьалкх Росси
Регион Нохчийчоь
КӀошт Хьалха-Мартанан
Йуьртда Бакашев Сайд-Селим Мохьмадан воӀ
Истори а, географи а
Дуьххьара хьахор 1785 шо
Хьалхара цӀерш 1944 кхаччалц — ГӀойтӀа
1957 кхаччалц — Свободное
Центран локхалла 214 м
Климатан тайпа барамера
Сахьтан аса UTC+3
Бахархой
Бахархой 18 939 стаг (2020)
Къаьмнийн хӀоттам нохчий
Официалан мотт Нохчийн мотт, оьрсийн мотт
Идентификаторан терахьаш
Телефонан код +7 87145
Поштан индекс 366502
Автомобилан код 20, 95
ОКАТО код 96234813001
Картин тӀехь
нох. Гӏойтӏа[1] картан тӀехь
нох. Гӏойтӏа[1]
нох. Гӏойтӏа[1] картан тӀехь
нох. Гӏойтӏа[1]
нох. Гӏойтӏа[1] картан тӀехь
нох. Гӏойтӏа[1]

Географи

Гӏойтӏа 
ГӀойтӀин йуьртан меттиг ТӀехьа-Мартанан кӀоштан картин тӀехь

Эвла лаьтта ГӀойтӀа эркан (Соьлжин аьтту га) шинне бердаца а, Промышленни татолаца а. Соьлжа-ГӀалин 12 км къилбехьа а, федералан «Кавказ» автонекъан 7 км къилбехьа а, ТӀехьа-Марта гӀалин 3 км къилбаседа-малхбалехьа а лаьтта.

Уггаре гергара нах беха меттигаш:ТӀехьа-Марта къилба-малхбузехьа, Ӏалхан-Йурт къилбаседа-малхбузехьа, Шовдане къилбаседа-малхбалехьа, Йоккха АтагӀа малхбалехьа, Доулт-Мирзан-КӀотар, ГӀой-Йист, Олхазар-КӀотар къилбехьа.

Истори

Эвланах болу дуьххьарлера хаамаш бу 1785 шарахь, Кавказан тӀеман исторех лаьцна, цигахь ду, шейх Мансура ГӀойтӀара зуда йалийна аьлла.

1822 шарахь ГӀойтӀа а, ТӀехьа-Марта а эвланаш хӀаллакйира полковника Грековс. Кхин а эвланах хаамаш бу инарло Фрейтага хьуьнан йукъахула «ГӀойтӀин некъ» баккхарх (1846 шеран 16 декабрехь — 5 январехь).

1918-19 шерашкахь эвлахь йара Советийн Ӏедалан гӀолаьцна Эльдарханов Таьштамар куьйгаллехь волу Нохчийчоьнан Халкъан кхеташо. ГӀойтӀин кхеташоно кхоьллира баьччаллехь Шерипов Асланбек волу Нохчийн ЦӀен эскар. 1919 шеран февралехь Соьлжа-ГӀала инарла Шатиловн оьрсийн эскарша мукъайаьккхича, Гикало Николай куьйгаллехь волу цӀенэскархойх бисинарш, бевдира Соьлжин дехьа. ГӀойтӀин Халкъан кхеташоно цӀенаш дӀа а ца белла, къиза дуьхьало йира РКъТӀН дакъошна. 1919 шарахь, ГӀойтӀа йолчохь, Гражданийн тӀеман муьрера БӀе дийнан тӀемашкахь, хӀаллакдира инарла Деникинан эскар.

1944 шарахь нохчийн къам арадаьккхинчул тӀаьхьа Нохч-ГӀалгӀайн АССР дӀайаьккхира, йуьртан цӀе хийцира Свободни (нохчех маьрша). 1958 шарахь Нохч-ГӀалгӀайн АССР меттахӀоттийначул тӀаьхьа эвлан историн цӀе схьайелира.

Бахархой

Бахархойн дукхалла
1939197919902002201020122013
5886896610 40213 22116 17716 66117 016
2014201520162017201820192020
17 37117 83118 01418 25118 53418 81618 939

Инфраструктура

Эвлан йуккъехь лаьтта XIX бӀешарахь диллина доккха маьждиг. Эвлахь болх беш йу 5 ишкол, цхьа могӀа дешаран меттигийн филиалаш. Совхоз а, цхьа могӀа промышленностан предприятеш а йу.

Галерей

Билгалдахарш

Tags:

Гӏойтӏа ГеографиГӏойтӏа ИсториГӏойтӏа БахархойГӏойтӏа ИнфраструктураГӏойтӏа ГалерейГӏойтӏа БилгалдахаршГӏойтӏаНохчийн РеспубликаХьалха-Мартанан кӀошт

🔥 Trending searches on Wiki Нохчийн:

Йохангеоргенштадт1698 шоБрамки1898 шоБадарж1704 шоАбсолютизмГитлер, АдольфСен-Луиз-ан-л'ИльАхмадов, Муса Магомедович1792 шоРомошЗовашенАшау-им-Кимгау1616 шо(9770) ДискавериСент-АвегӀтенЛа-ТугӀетт (ЛуагӀа)1610 шоЛа-БиньШенье (КгӀоьз)ЛалефБуьзиСеленкугӀЗенденхорстИльфуьгӀтШпицбергенСандалджик (Аджипайам)Ильински (Наро-Фоминскан кӀошт)Патрика1693 шоЛ'ЕгӀмитьегӀСент-Джозеф (Теннесси)Фонтен-БельнжегӀКунакбаево (Кунакбаевски йуьртан меттиг)1836 шоКларендон (Арканзас)НохчийСен-Филипп-д'ЕгийМансанарес-эль-РеальЖупийНуаель-ле-ВегӀмельСен-Леже-ТгӀиеМазгӀоль (Лакха ПигӀенейш)Греничери (коммуна)БагӀзоьнМышковцыНохчийчоьЛессагӀ-э-ле-ШенВивьегӀNGC 3992Кодоньо1632 шоЮбанк-да-КамараНуагӀонтГантингтон (Массачусетс)Дуьххьара нохчийн-оьрсийн тӀом1829 шо1658 шоАксёнова, Анна ВячеславовнаАлександро-Невскан кӀоштМаккаЖуьнкаласКье-суьгӀ-Безонд20 декабрь1867 шоЛе ВеСен-СигӀ-ла-ГӀивьегӀПтивиль (Кальвадос)🡆 More