Амазонкаш

Амазо́нкаш (желт.-шира.

ἀμαζόνες — «накха боцурш») — ширчу грекийн мифологехь шайна уллохь майранаш ца ловш деккъа зударех лаьтта халкъ ду, лелабоьлхуш хилла шайн паччахьан куьйга кӀела, кхоьллина тӀеман майралла йолу башха пачхьалкх. Ареса а, Гармонех а схьабевлла. ТӀехье халийтархьама амазонкаш кхечу къаьмнийн божаршца уьйр тосуш хилла. Дуьненна чубевлла кӀентий дай болчу дӀабогӀуйтуш хилла (кхечу легендица — бойуш хилла), зудабераш шайца дуьтий, керла амазонкаш кхиош хилла.

Амазонкаш
Човйина Амазонка (Капитолийн музей)
Амазонкаш
Грекийн амазонкашца хила тӀом
Амазонкаш
Геракл а, амазонкаш а

«Амазонкаш» боху цӀе схьайаьлла шира грекийн маттера ἀμαζός — маьӀна доккху «накха боцург» олий — дуьххьал дӀа бохург дац иза, ткъа кхечу зударех къаьста бохург ду.Мифашкахь дийцарехь пхенаӀад кхосса атта хилийтархьама амазонкийн бераллехь аьтту накха багош хилла.

Кхечу версица схьадаьлла персин дашах «ha-mazan» — тӀемло-зуда. Кхин цхьа вариант — «a masso» дашах — куьг Ӏотта йиш йоцу (божаршна)[хьост?].

Сурт хӀоттор

Мифашкахь дийцарехь, амазонкаш баьхна Ӏаьржа хӀорд йисттехь, Фермодонт а, Ирис (хӀинца Ешильырмак) а хиш тӀехь. Историк волчу А. Б. Снисаренкос лору, тайпанан ареал цхьана йогӀу хӀункаран Амаси а, Самсун а вилайетаца (тарло, и топоним цӀарах тиллина а церан цӀе). Амазонкаш кхузара болхара Азе лела. Мифаш дийцарехь цара йина Эфес а, Смирна а, кхин гӀаланаш а.

Мифологин гӀиллакхо билгалйоккху Эвбера а, Беотера а Танаисе а, Таркхойн хӀорде а кхаччалц амазонкийн «лараш».

Плутарха хаам бо, амазонкаш /Маскутийн тайпана тӀемлой-зударий хила тарло/, беха Кавказан дукъан Гирканан, аьлчи а Таркхойн хӀорде кхаччалц /Таркхойн хӀордан йисттехула Куран хикхочера Самур тӀекхаччалц йолчу Мазкут кӀошт, ткъа цхьацца муьрехь — Дербенте (Чола, йа Чора, цунна цӀарах регионо а лелийна и цӀе) кхаччалц/, уьш бац албанийн /скифел хьалхара кавказан аланийн тайпа/ лулахой, царна йукъах беха гелаш а, легаш а /орамера кавказан тайпанаш/, албанашца уьш беха хӀора шарахь шишша баттахь, цул тӀехьа уьш йухабогӀу божарий боцучу шайн махка.

Проф. И. Е. Суриковс кховдина тезис «генабовлу амазонкаш» — уьш «баьхна» Ойкуменаш шор мелла ло, эллинин дуьненан центран тӀехь-тӀехьа гена бовлуш. Ист. Ӏилмийн д-р йолчу М. В. Скржинскаяс лар лаьцна эволюци йинчу амазонкин антични вастан — грекийн йоцачу хитонера хаза тегначу, скифийн герзаца йолчу куче кхаччалц.

Гомер хьехадо Беллерофонтан а, фригахойн а амазонкашца хилла тӀемаш. Тайпанан паччахь йолу Ипполита (кхечу дийцаршца, Антиопа), Еврисфейс доьхка схьадаккхар тӀедиллинчу Геракла йийна хилла. Оцу тӀелатарехь Тесейс Антиопа шена тӀейерзийра, Аттике амазонкаш тӀелатар тӀаьхье хилар цуьнан. Плутархан «Дахар дийцарехь» Гелланикан тӀетевжаш дуьйцу, амазонкаш Киммерийн Боспор ша тӀехула бахара Аттике. Аттикин оцу хенахь хиллачу паччахьца Тесейца аьттонза хиллачу беабеттан тӀамехь, тайпа цӀадирзира шайн махка.

Пентесилея паччахьан куьйга кӀелахь амазонкаш грекашна дуьхьалбевлира: Приам паччахьца цхьаьна цара ларйира Троя. ТӀеххьарлера дийцаршкахь хьахайо амазонкийн паччахь Фалестре, Македонин Искандар волучохь хиллайолу (хьаьжа Везачу Искандаран зударий).

Амазонкаш хьехабо вайга кхаьчначу уггар хьалхарчу шира оьрсин тептарехь — «Хенара шерашкара хаамаш» (дӀайолорехь тайп-тайпана халкъаш дуьйцучохь)::

«…Амазонкийн майра ца хуьлу, мотт ца хуу хьайбан санна, амма цхьанне аьхкан хазчу дийнахь богӀу уьш луларчу божаршна, цхьаболчара царна даккхий тойнаш а, ловзарш а хиттадо. Царех доьзалхочух хилларш дӀасабоьлху кхузара. КӀант дуьненна тӀевалахь — вуй, ткъа нагахь йоӀ хилахь дика кхиайо».

Амазонкех долу мифаш шира поэзи чудагӀна ца Ӏа, иза дакъа хилла грекин сурт дилларан говзаллин. Шира грекийн суьрташ дохкучара (сурт дуьллург Микон, хӀолламаш бийриш Фидий а, Поликлет а) шайн белхашкахь гайтина амазонкийн васташ хӀолламашкахь, рельефашкахь, суьрташкахь. Цара гойту амазонкийн тӀемаш, Тесейн амазонкашца хилларш, кхин дуккха а хӀуманаш. Дисина иштта антикан суьрташ бевзачу пхьерийн хӀолламаш тӀиера дехкина, Галикарнасера рельефаш а, кхабанаш тӀиера суьрташ а.

Амазонкаш лорура шайн дела тӀемло-зуда Артемида.

Хаттар, боккъал хиллийтехьа амазонкаш, йист йаьккхина йац хӀинца а. Тайпа хиларехьа йолу верси бакъйо хӀокху факто, амазонкаш бу дукхахчу антикан суьрташ тӀехь — мифологеин турпалашца хила ца Ӏаш боккъалчу историн турпалашца а. Ширачу суьрташ тӀехь гойту цара мехкаш схьабоху тӀелатарш (масала, амазонкаш Аттикан тӀелатар). Дукхаха болчу историкаш лору, и факт тӀе ца лацар бахьана амазонкех лаьцна дукха мифаш хилар ду. И тайпа хиларан агӀо лаьцначара билгалдоккху, тӀаьххьара исторехь амазонкаш хьахадар Македонин Искандар паччахьаллин мур бу. Цул тӀехьарчу тептаршкахь амазонкаш хилар хьахийна дац.

Украинин дозан тӀехь а, кхечу меттигашкахь а, амазонкаш дийцарехь баьхначехь, карийнера зударийн кешнаш, царна чохь карадора секха Ӏодмаш, пхенаш, гоьмукъаш. Амма кхузахь дацара тарраш, тӀеман дигарш, уллора тӀом бен кхин герз (Ӏадатан шаьлтанаш доцурш, цара гойту белларш элех хилар йа уьш цӀух хилар). Иштта карийначу кешнашчохь ларбаран герз дац. Цуо гойту зударша, кегийрчара санна, тӀом дӀаболо гӀодеш хилар (геннара Ӏад кхуьйсуш), цул тӀехьа божарех лаьттачу коьртачу эскарна тӀехьа лечкъаш хилар.

Чибча-муискийн лаьттанашкара амазонкех болу хьалхара хаамаш

Амазонкаш 
Бейтс Генри Уолтеран «Натуралист Амазонкехь» (1958) цӀейолчу жайнин тӀиера Амазонкин карта

Къилбан Америкехь амазонкийн тайпа хиларан хьалхара хаамаш балабо шайн хаамашкахь, конкистадораца де Кесада Гонсало Хименесца Колумбин лаьттанашкахула (июль 1539) лелабахарехь дакъалаьцначу, паччахьан белхалоша де Сан Мартин Хуана а, де Лебрихи Антониос а:

Лагерь Боготан тогӀенехь йолуш тхойга хаам беара цхьаьна, шаьшша Ӏаш болчу шайца индхой [божарий] а боцуш, зударийн халкъах лаьцна; цуьндела оха царех амазонкаш элира. Цара, тхойга иза хаам бинчара дийцарехь, шаьшша эцначу цхьаболчу лайшах доьзалхочух хуьлу, нагахь кӀант хилахь, иза дена дӀавохуьйту, ткъа йоӀ кхиайо шайн республика шоръярхьама. Дуьйцу, цара лай лелаво доьзалхочах хилархьама, хилча сихха йухавогӀуьйту ца оьшучу хана, оьшшучу хенахь уьш царна болуш бу.

Хуан Сан Мартин Хуан а, де Лебрих Антонио а. Керла Пачхьалкх Гранада схьаяккхарх лаьцна хаам (1539 шеран июль).

Де Кесада Хименеса индхойн галдаьллачу хабарх тешна амазонкин паччахьан цӀе Харатива йу, кхин тӀе уьш бехачу кӀоште шен ваша де Кесада Эрнан Перес.

Амазонкийн список

Амазонкех лаьцна мифаш довлар

Мифаш схьадовларан бух чӀогӀа шира бу, цуьнан орамаш Минойн цивилизаци кхочу. Котинан А. В. моттарехь, амазонкех йолу миф йоьзна йу Йоккхачу «делан» культаца, цуьнца йиц а ца еш схьаеина зударийн лакхара меттиг. Тамашина йу факт, амазонкаш Артемида шайн дела лору[хьост?]. Артемидан культ схьакхелхина Крит гӀайрен тӀиера материкан Греце, кхин дӀа лийлира грекийн оьздангаллехь[хьост?].

Оьрсийн историк волчу Иванов Вячеслава дийцарехь, Дионисан культ йу, мадарра аьлча, божарийн йуьхьигера зударийн культ: цуьнан коьрта хьесап ду зударийн божаршка йолу чӀир а, «майрнаш байар» а.

Зударийн леларш кӀезга ца хиллачух тера ду, уьш керла латтанаш схьадохуш а хилла. Эврипида дийцарехь, менадаш баьхкина Дионисца Фригера Фивашка. Аргиван дийцаро боху, Дионис веана Аргосе хӀордал дехьара, тӀаккха Персей коьртехь волу аргиваша тӀемца дуьхьало йира[хьост?].

Амазонкаш алсамо Жимачу Азехь беха (Дионисан культ, мифаца, кхин а хаало гергарчу фракийн а, фригийн а). Амазонкийн Артемидаца йолчу йукъаметтиго церан тайпа цуьнан «доттагӀий» а, «нисархой» а бо (Диодора дийцарехь, уьш Артемидица цхьана толлуш лела). Амазонкаш гойту, Дионисан символ йолчу, шина дигаран йоӀ санна. Церан цӀераш (Меланиппа, Антиопа, Пенфесилея, Молпадия) а йу дионисин амалехь[хьост?]. Эфесан мифаца, амазонкаш лоьху Дионисера гӀо, тӀаккха уьш цуо эша а бо. Амазонкаш Гиадан гергара лору, иштта менадийн цхьа кеп а, Дионисан новкъахо.[хьост?]

Талламхочо А. В. Котинас чӀагӀдо, амазонкийн мифийн циклан суьртийн сизнаш коьрта роль ца лелайо, цулла а коьрта ду зударий-тӀемлошан феноменах ойла яр лелаш йолчу адам дехачу дуьненан йистехь — шира грекийн ойкуменашкахь.

1601 шарахь арахецначу жайнин тӀехь Орбини Маврос яздо «Славянхой схьабовлар а, церан ницкъ баржар» цӀе йолу дийцар, Горпий Вагрин Иоргана яздо, амазонкаш славянхой сарматийн зударий хилла. Идал бердашца, Идалан йисттехь меланхеленашна а, сербашна а йукъахь баьхна.

Амазонкаш искусствехь

Кинохь

  • «Зена — тӀемлойн паччахь» телесериалехь Зена Габриэлан накъост йу, цунах амазонкийн тайпанан паччахь хуьлу.
  • «Геракла тамашийна некъбар» сериалехь пилотан хенан «Геракл а, зударий-амазонкаш а» цӀе йолчу дуьххьарчу серехь амазонкаш гучубовлу.
  • «Тарзан а, амазонка а» 1945 шеран фильм йу.
  • Иштта амазонкаш гучудевли «Ӏаламехь доцург» телесериалан 7 сезонан 13 серехь.
  • Керла амазонкаш (фильм).
  • Амазонкаш беттан тӀехь.
  • Амазонкаш хьехадо ЦӀийн кхайкхам цӀе йолчу сериалехь, кхоалгӀачу сезонера хьалхарчу серехь.
  • Иштта «Амазонкаш а, Гладиатор а» фильмехь.
  • «Футурама» масех серехь.
  • Амазонкаш иштта бу Нийсонан лигехь, гуш бу мультсериалийн а, мультфильмийн а Супермен & Бэтмен - Апокалипсис серешкахь.
  • Ӏаламат-зуда мультфильмехь.
  • СТС тӀехь гайтинчу Амазонкаш сериалехь.

Литературехь

  • Крупняков Аркадийн «Амазонкаш» роман.
  • Фортье Энна " Амазонкийн паччахь " [чулацаме?].

Таханлера искусство

  • Комиксашкара DC Comics Ӏаламат-зуда дуьненан тӀейаьлла кхиbйна хилла Темискира гӀайрен тӀиера амазонкаша. Цуьнан нана — Ипполита паччахь.

Амазонкаш астрономехь

  • Клименан сийн цӀе тиллина 1868 шарахь дӀайиллинчу (104) Климена астероидан.
  • Астерийн сийн цӀе тиллина 1908 шарахь дӀайиллинчу (658) Астерия астероидан.
  • Ипполитан сийн цӀе тиллина 1988 шарахь дӀайиллинчу (10295) Ипполита астероидан.
  • Отреран сийн цӀе тиллина 2004 шарахь дӀайиллинчу Нептунан Троянан астероидаш йукъара (385571) Отреран.

Хьажа иштта

  • «Амазонин рота» — Российн империн зударийн тӀемлойн дакъа.
  • «Човйина амазонка» — шира грекийн хӀолламан тайпа.
  • Мотт хуу чӀерий — тӀурненера «Дюнаш» амазонкийн аналог.
  • «ЙоӀстаг-тӀемло» — зуда-тӀемло — архетайпан васт.

Билгалдахарш

Литература

Хьажоргаш

Tags:

Амазонкаш Сурт хӀотторАмазонкаш Амазонкийн списокАмазонкаш Амазонкех лаьцна мифаш довларАмазонкаш искусствехьАмазонкаш астрономехьАмазонкаш Хьажа ишттаАмазонкаш БилгалдахаршАмазонкаш ЛитератураАмазонкаш ХьажоргашАмазонкашЖелтойн шира мотт

🔥 Trending searches on Wiki Нохчийн:

АрташесгӀарПатрикаАкарджа (Дазкири)АндреттаСеленкугӀБоьстЖузиNGC 6916НохчийКасумкентМезон-МожиКромвель, ОливерВиль-СавуаНенан моттТий (Ландаш)Кье-суьгӀ-БезондСент-Джозеф (Теннесси)XII бӀешо1816 шо1669 шоМенвилле(1116) КатрионаНизки (Егорьевскан кӀошт)Розенберг (Техас)ТитаникГорньи ЛюбешMediaWikiГгӀасПорту-МонишОвертон (гуо, Теннесси)Меньково (Ленинградан область)Гримальди (Калабри)Фулга (коммуна)Арал (Сузакан кӀошт, Таш-Булакан эвлан меттиг)БагӀгӀу (коммуна, Франци)Биковице (Чехи)Худат.neДе-Калб (Иллинойс)Берт (Айова)1642 шоСелчоара (коммуна, Димбовица)УкраинаОвен (Висконсин)Казчина Окио (Пави)Гиресун (ил)Грязно1622 шоСоьлжа-ГӀалаГолли-Спрингс (Къилбаседа Каролина)АуньиNGC 6906ВольфисаймНемцойн моттКириБарнаулТарбенаЭрмалойчоьБагӀзоьнКарасаш1834 шо1909 шоПонтийн ВикипедиКодоньоНохчийн Республика Ичкерин ТӀеман НицӀкъашВан ГогЛаво-де-ФгӀетуаӀиракъ🡆 More