1977 Шо

Абрахам Лемпела а, Яков Зива а дӀайиллина LZ77 терахьаш тӀеттӀатаӀаран алгоритм.

II эзар шо
XVIII бӀешоXIX бӀешоXX бӀешоXXI бӀешо — XXII бӀешо
1890‑гӀа 1890 1891 1892 1893 1894 1895 1896 1897 1898 1899
1900‑гӀа 1900 1901 1902 1903 1904 1905 1906 1907 1908 1909
1910‑гӀа 1910 1911 1912 1913 1914 1915 1916 1917 1918 1919
1920‑гӀа 1920 1921 1922 1923 1924 1925 1926 1927 1928 1929
1930‑гӀа 1930 1931 1932 1933 1934 1935 1936 1937 1938 1939
1940‑гӀа 1940 1941 1942 1943 1944 1945 1946 1947 1948 1949
1950‑гӀа 1950 1951 1952 1953 1954 1955 1956 1957 1958 1959
1960‑гӀа 1960 1961 1962 1963 1964 1965 1966 1967 1968 1969
1970‑гӀа 1970 1971 1972 1973 1974 1975 1976 1977 1978 1979
1980‑гӀа 1980 1981 1982 1983 1984 1985 1986 1987 1988 1989
1990‑гӀа 1990 1991 1992 1993 1994 1995 1996 1997 1998 1999
2000‑гӀа 2000 2001 2002 2003 2004 2005 2006 2007 2008 2009
Хронологин таблица

Оцу шарахь хилларг

1977 Шо 
ССРС Поштан марка, 1977 шо

Январь

Февраль

  • 3 февральЭфиопехь Аддис-Абебехь хиллачу тӀеман девнехь вийна пачхьалкхан корта инарла Банти Тефери. Ӏедал карадахна цуьнан гӀовс волчу подполковникан Менгисту Хайле Мариаман, иза 12 февралехь кхайкхийра Социалистийн Эфиопин Хенан тӀеман административан кхеташонан председатель (ХТӀАКХ).
  • 5 февральТанзанехь кхоьллина куьйгаллехь йолу Революцин парти.
  • 7 февральБайконур космодромера хьалахецна советийн пилоташ болу космосан кема Союз-24. Экипаж — Горбатко В. В., Глазков Ю. Н.. Охьабиссина 1977 шеран 25 февралехь.
  • 15 февраль — Минеральни Водашна уллера Ил-18 бохам.
  • 25 февраль — Москохара «Росси» хьешацӀахь йаьлла цӀе.

Март

  • 2 мартЛиви Джамахири кхайкхийна.
  • 4 март — Румынехь мохкбегор.
  • 8 март — Конгон Къам мукъадаккхаран фронтан тӀемлой чубахара Анголан махкара Заиран Шаба провинце.
  • 14 март
    • Кастро Фидела вахана Эфиопи. Пачхьалкхан керлачу куьйгалхочуьнца Менгисту Хайле Мариамца къамел дича цуо гӀо дийхира ССРС Социалистийн Эфиопин режиман.
    • Лаосехь кхайкхийна, Луангпхабангехь паччахьан гӀалин урхалчин Спантирангсис паччахь вен бина барт. Лецарш хилла, бертан декъахь хиларехь бехке вина Лаосан хьалха хилла волу паччахь Шри Саванг Ваттхана, Лаосан президентан лакхара хьехамчийн формалан даржехь хилла волу. Иза дӀахьажийна ширачу режиман даржехь хиллачеран политикин кхеторан лагере.
  • 25 март — Натальин Яр тӀехула ши Ан-2 тӀеттӀакхетар.
  • 27 март — авиацин исторехь уггар боккха бохам. Тенерифехь (Испани) тӀеттӀакхетна 2 кема, велла 583 стаг.
  • 30 март — Ждановн тӀехулара Як-40 бохам.

Апрель

  • 2 апрель — Либревилера Ту-134 бохам.
  • 4 апрель — Джорджи штатера Нью-Хоупехь доьжна Southern Airways компанин McDonnell Douglas DC-9 кема, велла 72 стаг.
  • 5 апрель — «Нива» арахеца йолийна.
  • 9 апрель — Мобутун режиман тӀемца гӀодархьама Заире кхаьчна мароккан экспедицин корпус.
  • 19 апрель — Моэра Ан-24 бохам — Эстонехь уггар боккха бохам (21 велларг).
  • 23 апрельЭфиопис дӀакъевлира АЦШ а, кхечу малхбузерчу пачхьалкхийн Асмарера консулаллаш.
  • 30 апрель

Май

  • 2 май — Крыжовка цӀе йолчу новкъан постера бохам. Велла 19 - 22 стаг. Белоруссера уггар боккха цӀерпоштнекъан бохам (официалан).
  • 6 майЭфиопин керла тхьамда Менгисту Хайле Мариам ССРС веанчу хенахь Москохахь куьйгаш йаздина ССРС а, Социалистийн Эфиопин а доттагӀаллин йукъаметтигийн а, цхьаьна къахьегаран а бух тӀехь долчу Декларацин, ткъа иштта экономикехь а, техникехь а цхьаьна къахьегар протоколан, оьздангаллехь а, Ӏилманехь а цхьаьна къахьегаран бартан, консулийн конвенцин.
  • 7 май — Тавдан тӀехулара ши Ан-2 Ӏоттадалар.
  • 16 май — 1968 шо1968 шарахь дуьйна цӀахь лаьцна ларвеш волу пачхьалкхан хьалхара президент Кейта Модибо валаран бахьана ца хаарна Малира сийсарш.
  • 26 май — Заиран правительствон эскарш а, мароккин экспедицин корпусо а Заиран махкара арабехира FLNC тӀемлой.
  • 27 май
    • Анголехь пачхьалкхан харцам бан гӀортар. ЧӀогӀа ортодоксалан-коммунистийн политикин агӀонча Алвиш Нито коьртехь волу «фракционерийн» бунт, охьатаӀийна президента Нето Агостиньос Кубин эскаран гӀоьнца.
    • Гаванан уллера Ил-62 бохам.
  • 30 маймозамбикийн РЕНАМО гӀаттамхойн дуьххьара тӀемца тӀелатар правительствон ФРЕЛИМО эскарна, Мозамбике гражданийн тӀом болабелла.

Июнь

Июль

  • 8 июль — Сухумера Ан-24 бохам.
  • 15 июль — АЦШ президенто Картер Джиммис кхайкхийна, АЦШ Сомалин тӀеман а, политикин а гӀо дан кийча хилар.
  • 20 июль — Витиме Ил-14 бохам.
  • 23 июльСомалин эскар Эфиопи чудахна, тӀеман хьалхарчу кӀирнашкахь дикка кхиамаш баьхна.

Август

  • 1 августРумынехь йолаелла шахтёрийн забастовка.
  • 3 август — Чаушеску Николае забастовка йечу шахтерашна хьалха ледара вистхилар. Забастовка чекхйалар.
  • 13 август — ССРС министрийн Советан пурбанца Эфиопи хьажийна советийн тӀеман хьехамчаш.
  • 17 август
    • Атомоход «Арктика» дуьххьара хин тӀехула лелачу кеманашлахь Дуьненан Къилбаседа полюсе кхаьчна.
    • Пушкино станцехь тӀай чудожар, 20 сов стаг велла.
  • 29 августСомалин Демократин Республикин президент инарла Сиад Барре Мухьаммад тӀаьххьара веана ССРС Эфиопица тӀамехь накъосталла дайтаран Ӏалашо йолуш. Цуьнан ССРС Министрийн Советан Председательца А. Н. Косыгинца, ССКП ЦК секретарьца М. А. Сусловца, ССРС арахьарчу гӀуллакхийн министраца А. А. Громыкоца хиллачу цхьаьнакхетарша аьтту ца бира. 31 августехь Сиад Барре ССРС йитира.

Сентябрь

  • 5 сентябрь — Канаверал мара (США) космодром тӀиера хьалахецна ракета-хьалахьуриг «Titan IIIE», цуо орбите йаьккхина АПЮС «Вояджер-1».
  • 20 сентябрь — Социалистийн Республика Вьетнам дӀаэцна ВКЪКХ.
  • 21 сентябрь — мажарийн Ту-134 Бухарест уллера бохам.
  • 26 сентябрь — Чернобылан АЭС болхбан йолаялар.
  • 27 сентябрь — Куала-Лумпур уллехь DC-8 бохам, велла 34 стаг.
  • 28 сентябрьКампучин куьйгалхо Пол Пот ЦХР а, КХДР а вахар. Вахар дахделира цхьана батте гергга.

Октябрь

  • 6 октябрь — истребитель-кема МиГ-29 дуьххара тӀемадалар.
  • 7 октябрь — тӀеэцна ССРС Конституци.
  • 8 октябрь — долаелла дуьххьарлера Мини-трансат — Атлантикин Ӏапказ чухула гатан кеманаш хахкар. «Мини» класс йукъайаьлла.
  • 9 октябрь — космосан кема Союз-25 хьалахецар. Экипаж — Коваленок В. В., Рюмин В. В.. Охьабиссина 1977 шеран 11 октябрехь.
  • 11 октябрьСанехь вийна Къилбаседа Йеменан президент аль-Хьамди ИбрахӀим. Цуьнан меттиг дӀалаьцна эскаран инарла штабан хьаькимо аль-ХӀашими Ӏалис.
  • 13 октябрь — Дон-тӀиера-Ростовн тӀехула Як-40 хилам.
  • 1318 октябрь — «Ландсхут» кема дададар.
  • 20 октябрь
    • Таиландера тӀеман карчам. Краивичьен Танинан гражданийн правительство шаршийна коьртехь адмирал Чаролью Сангад волчу къоман тӀеман кхеташонан бартаца.
    • Авиабохамехь велла музыкин Lynyrd Skynyrd тобан 4 декъашхо.

Ноябрь

  • 4 ноябрьСоьлжа-ГӀалахь схьайиллина керла театран-концертан зал.
  • 5 ноябрь — Джорхат уллера Ту-124 бохам, велла кеман тӀехь хиллачу 10 стагах 5 стаг. Дийна бисинчарна йукъахь — ХӀиндин премьер-министр Морарджи Десаи.
  • 7 ноябрьТашкентехь схьайиллина метрополитен .
  • 9 ноябрьТаиландехь тӀеман карчам бинчул тӀаьхьа йукъайаьккхина хенан Конституци.
  • 11 ноябрьТаиландан премьер-министр хӀоттийна тӀеман ницкъийн коьрта баьчча инарла Чаманан Криангсак.
  • 12 ноябрь — дешаран «Перекоп» хӀордан кеман тӀехь айина ТӀеман-хӀордан байракх, ткъа ша кема йукъатоьхна Балтийн флотан Ленинградан ТӀХӀБ дешарийн кеманаш цхьаьнатохараллин йукъа.
  • 13 ноябрь — Сомалин правительство кхайкхийна советийн-сомалийн доттагӀаллех а, цхьаьна къахьегарехь а болу барт бохор, берриг советийн гражданашка кӀиран хенанчохь арадовла аьлла.
  • 19 ноябрь — Фуншалера Boeing 727 бохам.

Декабрь

  • 2 декабрь — Аль-Байда уллера Ту-154 бохам.
  • 4 декабрь — Малайзехь доьжна дадийна Boeing 737-2H6, велла 100 стаг.
  • 9 декабрь — Тарко-Салера Ан-24 бохам.
  • 10 декабрь — космосан кема Союз-26 хьалахецна, охьадоьссина 1978 шеран 16 январехь. Экипаж — Романенко Ю. В., Гречко Г. М..
  • 31 декабрь — зорба тоьхна Демократийн Кампучин правительство цхьаьна хенан совцийна Вьетнамца йолу дипломатин йукъаметтигаш.

Ӏилма

Спорт

Музыка

Кино

Театр

Литература

ССРС суртдилларан говзалла

Компьютерийн ловзарш

Авиаци

Йукъараллин транспорт

Метрополитен

ЦӀерпоштнекъан транспорт

Шеран адамаш

Time журналан версица шеран стаг ву — Анвар Садат, Мисран президент.

Оцу шарахь бинарш

Оцу шарахь белларш

Tags:

1977 Шо Оцу шарахь хилларг1977 Шо Ӏилма1977 Шо Спорт1977 Шо Музыка1977 Шо Кино1977 Шо Театр1977 Шо Литература1977 Шо ССРС суртдилларан говзалла1977 Шо Компьютерийн ловзарш1977 Шо Авиаци1977 Шо Йукъараллин транспорт1977 Шо Метрополитен1977 Шо ЦӀерпоштнекъан транспорт1977 Шо Шеран адамаш1977 Шо Оцу шарахь бинарш1977 Шо Оцу шарахь белларш1977 Шо

🔥 Trending searches on Wiki Нохчийн:

МаккаӀарамийн меттанашАшокаБарабу (Висконсин)АфрикаШведийн моттБелокашЛитвахойн моттСнижки (Польша)МисарИпатован кӀоштХӀиндой овлБрадфорд (Род-Айленд)Уатт, ДжеймсУкраинийн моттАбазул-голЧихалда1851 шоГалилей, ГалилеоБакъоДитрих, МарленКоморийн гӀайренашШолгӀа дуьненан тӀомБотурчаЭмпайр-стейт-билдингШира МисарПекинМина (Арканзас)НевеГӀордалойМамкодаЭдильгириев, Амруди АхмедовичКениКалканкале (Акйака)АрхимедКхаараРингвуд (Нью-Джерси)Гарри ПоттерАмазонка (эрк)Сахьтан асаЛекьель-Сен-ЖегӀменМахатма ГандиБржези (Жинкови)МозамбикПуожапхьаруоКӀербитӀеФакундо АранаЖузиБошнягуДолаш йол организациБерлинТайваньПетарбухТуркойчоьКонде-ан-БгӀиБернар, СараБоураШедд (Орегон)Нохчийн моттФирлей (Люблинан воеводалла)Бофорт (гуо, Къилбаседа Каролина)Камерун2004 шоШакшукаБананЗверевоГуджаратСихалла🡆 More