Ӏалий Ибн Абу Тӏалиб

Абул-Хьасан Ӏалий ибн Абу Тӏа́либ аль-ХӀашими аль-Къураший (Ӏаьр.

أبُو الحَسَنْ عَلِيُّ بْنُ أَبِيْ طَالِبٍ الهَاشِمِيّ القُرَشِيُّ‎‎; гергга 600, Макка, Хьижаз, Ӏаьрбийн ахгӀайре661 шеран 29 январь, Эль-Куфа[d], Бакъ Халифат) — иза Рашидунин халифатан воьалгӀа халиф ву 656—661 шерашкахь урхалладина, Мухьаммад пайхамаран ﷺ девешин кӀант а, нуц а, цуьнан накъостех (асхьабех) цхьаъ а ву. Йалсаманица кхаъбаьккхинчу иттаннах цхьаъ ву.

Ӏалий ибн Абу ТӀалиб
Ӏаьр. علي بن أبي طالب‎‎
Сурт
Абул-Хьасан, Абу Тураб, АсадуллахӀ, аль-Муртаза, Бабу мадинатил-Ӏилм, саййидуна Ӏалий, имам Ӏалий
Вина терахь 599 шеран 17 март({{padleft:599|4|0}}-{{padleft:3|2|0}}-{{padleft:17|2|0}})
Вина меттиг Макка, Хьижаз
Кхелхина терахь 661 шеран 28 февраль({{padleft:661|4|0}}-{{padleft:2|2|0}}-{{padleft:28|2|0}}) (61 шо)
Кхелхина меттиг Куфат, Ӏиракъ, Рашидунин халифат
ДӀавоьллина меттиг Имам Ӏалийн маьждиг
Къам Ӏаьрбий, къурайш, Бану ХӀашим
Да Абу ТӀалийб
Нана ПетӀимат бинт Асад
Зуда ФатӀимат аль-ЗахӀраъ, Уммуль Банин[d], Умамат бинт Абу Ӏас[d], Асмаъ бинт Ӏумайс[d], Хавлат бинт ДжаӀфар[d], Лайла бинт Масуд[d], Ас-Сахба бинт Рабиа[d], Умм Са'ид бинт Урва[d]
Динлелор ислам

Ӏалий дуьххьара бера хилла божаршна йукъахь ислам тӀеэцначарах. Мухьаммад пайхамара ﷺ аьлла: «Нагахь санна со — Ӏилманан гӀала йелахь, ткъа Ӏалий — оцу гӀалийн догӀа ду».

Ӏалий жигара декъашхо хилла хьалхарчу исламан историн берриг ладаме хиламийн а, пайхамара ﷺ динан мостагӀашца бан безна берриг тӀемийн а. Ӏела халиф хилла Ӏусман вийначул тӀаьхьа. Тайп-тайпана хиламех бахьна хилира Муавийс гражданийн тӀемаш бар, ткъа чеккхенгахь халиф хьавариджийн карах иза валар.

Исламан исторехь Ӏела вуьйцу тайп-тайпана. Суннийшна го иза веа бакъ халифехь тӀаьххьара халиф санна. ШиӀийш Ӏела лору хьалхара имам а, веза стаг а санна, Мухьаммад пайхамарца Ӏалий Ибн Абу Тӏалиб башха уьйр йолу муъмин а, тӀемло а, корта а. Цунна йаздо дукха тӀеман майраллаш а, инзараллаш а. Йуккъера Азин легендо чӀагӀдо, Ӏелин ворхӀ каш хилар, хӀунда аьлча, дӀавуллучу нахана гина, Ӏелин дакъанца йолу цхьаьна эмкалах ворхӀ а хилла, уьш маьӀ-маьӀӀе дӀасайахар.

Дахар дӀайаздар

Хьалхара шераш

Цуьнан йуьззина цӀе йу: Абул-Хьасан Ӏалий ибн Абу ТӀалиб ибн Ӏабдул-МуттӀалиб ибн ХӀашим ибн Ӏабд Манаф аль-Къураший. Цунах олуш хилла кхин а Абу ТӀураб а, Хьайдар а. Мухьаммад пайхамара олуш хилла цунах Муртад («резавинарг», «хаьржинаверг») а, Маула («хьомениг») а.

Вина хӀижрат далале 22 шо хьалха (599—600 шераш) ражаб беттан 13-гӀа дийнахь Маккахь къурайшийн тайпанан Бану ХӀашиман некъийн коьртан Абу ТӀалийбан а, Фатима бинт Асадан а доьзалехь. Дукха хьосташ хоуьйту, Ӏела бен вац сийлахь КаӀбатан чохь вина. Ӏелин да — Абу ТӀалийб хуьлура Мухьаммад пайхамаран Ӏалий Ибн Абу Тӏалиб  ден ӀабдуллахӀан нанас дена вина ваша. Да-нана деллачул тӀаьхьа, Мухьаммад Ӏалий Ибн Абу Тӏалиб  масех шарахь кхийра девешийн доьзалехь. Шен рогӀехь, Абу ТӀалийбанан гӀуллакхаш дакъазадевллачул тӀаьхьа, ткъа Хадижат йалийначул тӀаьхьа Мухьаммадан Ӏалий Ибн Абу Тӏалиб  гӀуллакхаш тоделлачул тӀаьхьа, цуо кхион схьаийцира шега Ӏела.

Ӏелийн исс йа итт шо долуш, цуо тӀеийцира ислам дин, цунах хилира дуьххьарлера бер а, боьрша стаг а ислам дин тӀеэцначарах. Шен дахаран берриг Маккан муьрехь Ӏалий генаваьлла вац Мухьаммад пайхамарна. Мухьаммад пайхамар Мадината кхалхале, маккахой гӀиртира иза виен. Зуламхой цуьнан цӀа чу бахча, царна цу чохь карийра Ӏела, ша верна кхерам боллушехь Мухьаммадан Ӏалий Ибн Абу Тӏалиб  метта вижнера иза, зуламхойн терго йайархьама. Ткъа пайхамар оцу хенахь Мадината новкъахь вара. Мелла а хан йаьлча Ӏалий а кхелхира цига.

Кхин хьажа

Ӏалий Ибн Абу Тӏалиб   Ислам Ӏалий Ибн Абу Тӏалиб   Мухьаммад Ӏалий Ибн Абу Тӏалиб   ШиӀалла

Tags:

29 январьd:Q186234АсхьабашЙалсаманица кхаъбаьккхина иттМаккаМухьаммадРашидунин халифатХьижазӀаьрбийн ахгӀайреӀаьрбийн мотт

🔥 Trending searches on Wiki Нохчийн:

АфрикаБржези (Жинкови)ЛчапОгӀлеа.mhОмогаевоЭнди УорхолАбазойМармараджик (ЙенишехӀир)Эльмурзаев Аслан СераждиновичОбласть (административан дакъа)Шелбивилл (Иллинойс)Нохчийчуьра акхаройМоскваПачхьалкхПанама-Сити-Бич (Флорида)Ботиза (эвла)Мали БерезанкаВашингтон (Колумби гуо)Беснаш HTMLРингвуд (Нью-Джерси)Ланган2017 шоСоьлжа-ГӀалаКоми РеспубликаКунта-Хаджи КишиевДукълуо-ЛамШакшукаКемпско (Лебушанийн воеводалла)СалафшАшокаМуниципалан кӀошт2002 шоМелфа (Виргини)ПетарбухБулгаков, Михаил АфанасьевичРоссиСаут-Венис (Флорида)Пермийн мохкГерманиБейсболЭмкалшАбу Бакр аль-БагӀдадиГунойБарабу (Висконсин)ПекинСахьтан асаПачхьалкхийн могӀамДюшор (Пенсильвани)Мирбо, ОктавБоьйуьк МаьрджанлиИнтермашаАфинаНохчийчуьра олхазаршКанакераван1952 шоОрковоАмерикин Цхьаьнатоьхна ШтаташИсториБашкирийн моттАлту-ФелисБрад (Филипень, Бакеу)НовотураевоЭкономикаХӀиндонези🡆 More