Тира́ж (фр. tirage) — цхьа цӀе йолчу зорбанан арахецаран экземплярийн барам бу.
Термин лелайо коьртаниг арахецаран гӀуллакхна, амма наггахь «тираж» бохучу дашо билгалбоккху кхечу кхолламийн барам а, масала кинематографера фильман копийн тираж.
Муьран арахецарийн (газеташ, журналаш) тираж арахоьцучара уьш яздинчеран бараме хожжий билгалйоккху (оцу тӀе розницехь духкурш а туху); жайнин, брошюрин, кхин долчунан а тираж хӀоттайо арахоьцучара дешаран хьаштога хьаьжжина. Тиражаш йоькъу кегийрачарна (15 эзар экземпляре кхаччалц), юккъерчарна (100 эзар экземпляре кхаччалц), массийнчарна (100 эзар экземпляр сов). Массийн тиражаш полиграфин белхийн барам боккха хилар бахьна долуш дукха хьолахь завод олучохь дакъошкахь зорбатуху.
Цхьа йолу литературин кеп арахоьцуш арахецаран тиражо авторан гонораран барам а хуьйцу шега терра. РФ «Авторан бакъох а, цаьрца хӀоьттина йогӀучу бакъонех а» цӀе йолчу законо боху авторца бинчу барта тӀехь максимум тираж гайта, нагахь барто авторан кхаъ билгалбаьккхинчу барамца бийцахь.
XV—XVI бӀешерашкара муьрера жайнаш зорбатохарах олура инкунабулаш, дукха хьолахь церан тираж 500 экземпляр гергга хилара. 1564 шеран оьрсийн «Апостол» («Асхьаб») цӀе йолу дуьххьарлера жайнин билгалъяьккхина тайп-тайпанчу терхьашца — 600 тӀиера 2000 экземпляре кхаччалц. XVII бӀешарахь оьрсийн жайнин стандартан тираж хӀоьттира 1200 экземпляр (бӀе цӀов). Многие популярные издания превышали это число, например «Азбука» Бурцова 1634 года вышла огромным по меркам того времени тиражом в 6000 экземпляров. Несмотря на общее развитие типографского дела тираж книг вплоть до 1880-х годов оставался низким — 1200 или 2400 экземпляров.
Муьран арахецарийн (журналаш, альманахаш, газеташ) тиражаш кӀезиг хилара. XIX бӀешераш долалуш журналан юккъера тираж 500 экземпляр хӀоьттира, наггахь долу журналаш бен, масала «Библиотека для чтения» («Дешаран библиотека»), «Северная пчела» («Къилбаседан накхармоза») я «Отечественные записки» («Даймехкан йаззамаш»), рекордашка 3—5 эзаре кхечира. XIX бӀешеран шолгӀачу декъехь тиражаш тӀехь-тӀехьа кхуьуш яра: стоммачу журналан юккъера тираж 3—5 эз. экземпляр, дуткъачу — 50 эз. гергга, газетийн — 25 эз. гергга хӀоьттира. Оцу муьрехь литература гӀарайоккхучех коьртаниг хилира журналашна тӀетоьхна жайнаш, масала «Родина» «Даймохк» журналан тираж тӀекхочура 120 эз..
Дуьххьарлерчу «Ведомости» («Ведомосташ») цӀе йолчу российн газетан тираж техкара 30 тӀиера 4000 экземпляре. 1890-гӀа шераш кхочуш цхьадолчу газетийн тираж кхочура 50—70 эз. экземпляре, 1905—1907 шерийн революцил тӀехьа газетийн тиражаш кхин а тӀекхийтира, кхечира малхбузаевропан тӀегӀане.
This article uses material from the Wikipedia Нохчийн article Тираж, which is released under the Creative Commons Attribution-ShareAlike 3.0 license ("CC BY-SA 3.0"); additional terms may apply (view authors). Чулацам лело мега CC BY-SA 4.0 лицензица (кхениг билгалйина йацахь). Images, videos and audio are available under their respective licenses.
®Wikipedia is a registered trademark of the Wiki Foundation, Inc. Wiki Нохчийн (DUHOCTRUNGQUOC.VN) is an independent company and has no affiliation with Wiki Foundation.