Румера Папа

Римера Папа- Руман епископ а, дерригдуьненан Католикийн Килсан мозгӀар а, Ватикан пачхьалкхан куьйгалхо а.

Папалла- Римера Папа Католикийн килсан тхьамда веш йолу динан Ӏилманан а, политикин а институт.

Румера Папа
Румера Папа
Румера Папа
Дин Католицизм
ГӀуллакхалла papacy[d]
Динлелор Католицизм
Сайт vatican.va/holy_f…(ингалс.)
vatican.va/holy_f…(итал.)
vatican.va/holy_f…(нем.)
vatican.va/holy_f…(испан.)
vatican.va/holy_f…(порт.)
vatican.va/holy_f…(Франц.)
vatican.va/latin/…(лат.)
Викилармин логотип Медиафайлаш Викилармехь

Папа Сийлаллин Паччахьаллан лакхара урхалча ву.

Папин резиденци Ватиканехь йу.

Сийлахь цӀе

Римера Папа (латинан маттахь Pontifex Romanus — Риман понтифик; йа Pontifex Maximus — лакхара шен лаамехь волу понтифик)- дуьненйукъара бакъонехь къаьсттина башхала йолу адам ду (persona sui generis). Папан 3 бовваьлла (къаьстина) Ӏалашо ю:

  1. Сийлаллин Паччахьаллан тхьамда а, суверен а.
  2. Сийлахь Пётран (Римера хьалхара епископ) когаметтаниг хиларе терра- Католикийн килсан гуш волу тхьамда а, цуьнан лакхара иерарх а.
  3. Пачхьалкх-гӀала йолу Ватиканан суверен а.

«Папа» дош грекийн маттер тӀеэцна ду — πάππας. Нохчийн маттахь «да» маьӀан ду цуьнан.

Сийлаллин Паччахьаллан суверенитетах схьайолуш йу Ватиканан шен лаамехь хилар. Иза бакъдина 1929-чу шарахь Латеранан бартбарца.

Католикийн хьехамехь дуьйцу Папа хьалхарчу Риман епископан Сийлахьчу Пётран когаметтаниг хилар. Цундела, Килс чохь тхьамдалла йолуш ву иза.

2013 шеран 13-чу мартехь Римера папа хаьржира Аргентинер волу Хорхе Марио Бергольо. Цуьнан керла цӀе Франциск йу.

Римера Папан леррина титулш:

Дукха титулш йу Папан: Риман Епископ а, Ӏийсан викари (гӀовс) а, апостолшан Элан когаметтаниг а, Дуьненан килсан лакхара а, хьалхара мозгӀар а, сийлахь-воккха понтифик а, Италин Примас а, Риман провинцин архиепископ а, митрополит а, гӀала-пачхьакх йолу Ватиканан суверен а, Делан лейн лай.

Латинан маттахь:

  • Episcopus Romanus
  • Vicarius Christi
  • Successor principis apostolorum
  • Caput universalis ecclesiae
  • Pontifex Maximus
  • Primatus Italiae
  • Archiepiscopus ac metropolitanus provinciae ecclesiasticae Romanae
  • Princeps sui iuris civitatis Vaticanae
  • Servus Servorum Dei

2006 шарахь XVI Бенедиктас папан титулатурер «Малхбузера Патриарх» сийлахь цӀе дӀайаьккхира.

Истори

Исторехь къастайо папаллан рогӀера муьраш:

  • Керста динан йуьхь (30-325 шераш).
  • Константин императоран а, остготашан а мур (313—493). Цу муьрехь Риман имперехь керсталла «пачхьалкхан дин» статусехь йара.
  • Остготийн мур (493—537).
  • Византийн мур (537—752).
  • Франкийн мур (756—857).
  • Папалла осалдаьлла мур (1048 шо кхаччалц). Папалла Ӏаткъам болу доьзалшан карахь (порнократи а, Тускулум доьзал а, Крешенци доьзал а).
  • Папалла чӀагӀделла мур (1048—1257).
  • Риман дозанал арахьара резиденцешкахь Ӏийна Папаш (Витербо а, Перуджа а, Орвието а) (1257—1309).
  • Авиньон-гӀалахь папашан «йийсар» (1309—1377).
  • Малхбузехь барт бохар (1378—1417).
  • Ренессансан мур (1417—1534).
  • Реформаци а, Контрреформаци а (1517—1585).
  • Барокко хан а (1585—1689), Серлонан зама а.
  • Папалла карчамаш хилчу хенашкахь (1775—1861).
  • Риман хаттар (1861—1929).
  • Кхузаманан мур (1929 шо дуьйна).

Хьажоргаш

Tags:

Румера Папа Сийлахь цӀеРумера Папа ИсториРумера Папа ХьажоргашРумера ПапаВатиканРум

🔥 Trending searches on Wiki Нохчийн:

КосалариЗуьрхСуннатхойАхура МаздаМанюв (Вроцлавскан повет)Энди УорхолМахараштраВитиния (Рим)Кеплер, ИоганнБоснийхойӀиракъ23 км (Оренбурган область)ТитаникТоронтоСимпсонашПуть (телерадиокомпани)Дерригдуьненан банкМоргантон (Къилбаседа Каролина)ЛойовицеЕвклид26 км (разъезд)ТюпишкиЛансинг (Мичиган)БорзКайл (Техас)20 км (разъезд)Шан ПачхьалкхРоуэн ЭткинсонЛатинан моттИнгалсан моттКосинаМахабхаратаТийна ӀапказЧернелицаВикиманиАбердин (регион)Стравински, Игорь ФёдоровичКавказан расаNGC 6355Балканийн ахгӀайреНохчийчоьнан нах беха меттигашII ЕлизаветаЛубныScooterАбрашкино (Нижни Новгородан область).neГрот-ЗюндертВукоевац1810 шоИсламан пачхьалкхТеркан кӀоштБазантен34 км (Архангельскан область)Систан а, Белуджистан аХиХӀиндиДостоевски, Фёдор МихайловичТеркйист (регион)Лас-ВегасИсраилПештера (Бейца, Хунедоара)Сан Пьетро Капофиюме (Болонья)ЯныхПоварово (Москохан область)Козики (Подлясьен воеводалла)ИсбаьхьаллаКелль-ам-ЗеЛаха НевреАдам (пайхамар)🡆 More