Сэр Рен Кри́стофер (инг. Christopher Wren; 20 октябрь 1632 — 25 февраль 1723) — 1666 шарахь йоккха цӀе йаьллачул тӀаьхьа Лондонан центр йухайина ингалсан архитектор а, математик а.
Ингалсан архитектурин къоман хатӀ — ренан классицизм — кхоьллинарг . Брокгаузан а, Ефронан а дошамо мах хадорца, «шен кхолламашкахь Рен гӀоле лаьттара низамца Палладион бакъонаш лелош руман хатӀ тӀехь, амма лелайора уьш чӀогӀа Ӏилманан техникин чот йеш».
Рен Кристофер | |
---|---|
инг. Christopher Wren | |
ГӀуллакхан тайпа | Архитектор, математик |
Вина терахь | 1632 шеран 20 октябрь |
Вина меттиг | Уилтшир, Ингалс |
Кхелхина терахь | 1723 шеран 25 февраль (90 шо) |
Кхелхина меттиг | Лондон |
Гражданалла | Ингалс |
Да | Christopher Wren[d] |
Рен Кристофер Викилармехь |
Оксфордера математикин профессор, Лондонан паччахьан йукъараллин уггаре гӀуллакхдечу декъахойх цхьаъ, дуккха а талламаш бина, шен хенарчу Ӏилманчаша (Гюйгенс, Паскаль, кхин а) беш хилла болу, математикин а, механикин а белхаш тӀехь; масала, циклоидан Ӏад нисдаран болх, квадратура, цуо йеш йолу майданийн кубатура, догӀмаш хьийзар, цӀалк техкаран болх, планеташ шайн орбитехь латто ницкъаш. Валлисца а, Гюйгенсца а цхьаьна хенахь цуо гайтина йаккъаш цхьаьна асанца лела кӀеда горгалаш вовшахкхетаран белхан хьесап. Цул сов, цуо лелабора кеманаш даран болх, хин чухула лела догӀмашна хиной о доьхьалонах белхаш, пийсигийн а, гатанийн а механика.
Кеп:Wikiquote
This article uses material from the Wikipedia Нохчийн article Рен Кристофер, which is released under the Creative Commons Attribution-ShareAlike 3.0 license ("CC BY-SA 3.0"); additional terms may apply (view authors). Чулацам лело мега CC BY-SA 4.0 лицензица (кхениг билгалйина йацахь). Images, videos and audio are available under their respective licenses.
®Wikipedia is a registered trademark of the Wiki Foundation, Inc. Wiki Нохчийн (DUHOCTRUNGQUOC.VN) is an independent company and has no affiliation with Wiki Foundation.