Океани: континент

Океа́ни — Тийна океанан йуккъерачу а, малхбузен а декъашкара шортта гулделлачу гӀайренийн а, атоллийн а гулдаран цӀе.

Океанин дозанаш билламе ду. Малхбузен доза лору Керла Гвиней гӀайре, малхбален — Пасхин гӀайре. Дукха хьолахь, Океанин йукъа ца туху Австрали, ткъа кхин а къилба-малхбален Азин, Генара Малхбален, Къилбаседа Америкин гӀайренаш а, архипелагаш а. Географин мехкашӀаморан декъехь, Океани Ӏамайо ша йолу дисциплина санна — океанистика.

Океани: континент
Австрали а, Океани а эхиган картин тӀехь
Океани: континент
Австрали а, Океани а дуьненан картин тӀехь

Географин хӀоттам

Океани: континент 
Австралин а, Океанин а физикин карта (ингалс.)
Океани: континент 
Австралин а, Океанин а регионаш
Океани: континент 
Австралин а, Океанин а политикин карта

Океани дуьненахь уггаре дукха гӀайренаш долу меттиг йу, лаьтта Тийна океанан къилба-малхбузан а, йуккъерачу а декъехь, субтропикийн Къилбаседа а, барамера Къилба эхиган а шораллашна йукъахь. Дуьненан латта дакъошка доькъучу хенахь Океани дукха хьолехь цхьаьнатуху Австралица дуьненан цхьаьна декъе Австрали а, Океани а, наггахь ша лаьтта дуьненан дакъа санна билгала йоккху.

Географин агӀора Океани йекъало масех регионашка: Микронезега (къилбаседа-малхбузехь), Меланезега (малхбузехь), Полинезега (малхбалехь); наггахь билгала йоккху Керла Зеланди.

Океанин гӀайренийн йерриг майда (царех уггаре йоккханиг Керла Гвиней йу) 1,26 млн км² (Австралица цхьаьна 8,52 млн км²) йу, бахархой — 10,7 млн ст. гергга (Австралица цхьаьна 32,6 млн ст.). Австрали чот ца йича, Океанин майда а, бахархойн барам а африкин Чад пачхьалкхаца цхьаьна могӀар хӀотто мегар ду.

Океанин гӀайренийн бердаш дашадо Тийна океанан дукха хӀордаша, масала, Маржанан хӀорд, Тасманан хӀорд, Фиджин хӀорд, Коро хӀорд, Сулейманан хӀорд, Керлагвинейн хӀорд, Филиппинийн хӀорд), кхин а ХӀиндин океанан Арафурийн хӀордо а.

Билгалдахарш

Хьажоргаш

Tags:

АвстралиГӀайре

🔥 Trending searches on Wiki Нохчийн:

ПоэтЦӀонтаройОраматашНохчийнБарабу (Висконсин)Нохчийн Республика ИчкериФранциКъонахаллаСосеМалайн моттВайнах махкахбахарСимпсонашМогочан кӀоштВайнахCOVID-19 уьнан пандемиМогӀамГӀалгӀайн моттИнгалсХьиджаз1778 шоМежиева, Макка ШахидовнаГӀажарийн моттФакундо АранаНеткиСвердловскан областьКорчоваТархДембноволя (гмина Могельниця)Къилбаседа АмерикаУкраинийн моттПускепалис, Сергей ВитаутоШема1745 шоШиӀашВенесуэлаДжуно (Висконсин)Гардендейл (Алабама)КъуръанХӀоьънан герзРасаев ХьусейнНохчийчуьра акхаройАллахӀан 99 цӀеМажарийн моттБукмолТаиланд1727 шоАбаданАньяк9 мартMediaWikiДебёсин кӀоштНасуханова Ляля Ӏандарбекан йоӀКириллицаАлентова, Вера ВалентиновнаДахкильгов, Ибрагим АбдурахмановичЕссе (Иль а, Вилен а)1725 шоКомпьютер1714 шоВашингтон (Колумби гуо)1891 шоКенмор (Вашингтон)Мамакаев, Ӏаьрби Шамсуддинович1715 шоГуьржийчоь1764 шоHTML🡆 More