Мамакаев, Мохьмад Амаевич

Мамака́ев, Мохьмад Ама́евич (1910 шеран 16 декабрь — 1973 шеран 2 август) — нохчийн йаздархо а, поэт а.

Мохьмад Амаевич Мамакаев
Мамакаев, Мохьмад Амаевич
ГӀуллакхан тайпа пачхьалкхан гӀуллакххо, йаздархо, Поэт
Вина терахь 1910 шеран 16 декабрь({{padleft:1910|4|0}}-{{padleft:12|2|0}}-{{padleft:16|2|0}})
Вина меттиг ТӀехьа-Марта, Терски область, Российн импери
Кхелхина терахь 1973 шеран 2 август({{padleft:1973|4|0}}-{{padleft:8|2|0}}-{{padleft:2|2|0}}) (62 шо)
Кхелхина меттиг Соьлжа-ГӀала, Нохч-ГӀалгӀайн АССР, СССР
Корматалла йаздархо, поэт
Гражданалла Мамакаев, Мохьмад Амаевич Российн империМамакаев, Мохьмад Амаевич ССРС

Мамакаев Мохьмадан Биографи

Мохьмад Мамакаев вина 1910 шарахь ТӀехьа-Мартанахь ахархочун доьзалехь. Цо чекхйаьккхира Малхбале къинхьегамхойн Коммунистийн университет а, Лакхара литературин курсаш а Москвахь.

1931 шарахь иза хӀоттира «Грозненски рабочий» газетан редакторан когаметтаниг.

1937 шарахь иза чуьвоьллира Соьлжа-ГӀалин набахтечу. 1940 шарахь иза йуха а чуьвоьллира Элистахь волуш хенахь. 1956 шо кхаччалц иза лагерашкахь вара Игаркехь.

1960 шарахь иза хилира «Орга» цӀе йолу нохчийн альманахан коьрта редактор.

Кхолларалла

Мамакаев, Мохьмад Амаевич  Суна гергга коьрта дарж — сайн халкъан поэт хилар… Аса байташ йазйо цхьаъ бен Ӏалашо йоцуш — оцу байташ нахана бохам хилча гӀо дайтархьам, цера дегнаш хьуьнаре а, дика гӀулкхашка а кхайкхабайта. Мамакаев, Мохьмад Амаевич 

Цуьнан хьалхара произведениш арахийцира 1926 шарахь. «ЧӀегӀардиг» цӀе йолу цуьнан хьалхара байтийн гулам арабелира 1931 шарахь.

Цо йазийна байташ:

  • «Пей вино» (1931)
  • «Другу юности» (1934)
  • «Песня о бессмертных» (1937)
  • «Енисею» (1949)
  • «На свет я рождён не в Сибири» (1954)
  • «В кабинете В. И. Ленина» (1959)
  • «Алхан-Чурт» (1959)

Цуьнан поэмаш:

  • «Родные горы» (1928)
  • «Сестра семи витязей» (1932)
  • «Разговор с матерью» (1934)
  • «День моего рождения» (1956)
  • «У могилы Льва Толстого» (1956)
  • «Шашка» (1957)
  • «Гроздья винограда» (1958)
  • «Песнь о бесстрашных» (1958).

Цуьнан хьалхара проза арайелира 1956 шарахь («Первый гудок»). 1962 шарахь арайелира Мамакаеван хьалхара роман «Революцин мурд». Иза йара Нохчийчохь хилла болу революцин боламех лаьцна. 1968 шарахь арайелира цуьнан роман «Зелимхан». Иза йара Зелим обургех лаьцна.

Иосиф Кобзонс лекхира эшар «Ламрой». Оцу эшеран дешнаш йаздира Мамомет Мамакаевс, композитор Владимир Евзеров.

Билгалдахарш

Хьажоргаш

  • Краткая литературная энциклопедия
  • Мамакаев Мохьмад Амаевич / Х. Туркаев // Ломбард — Мезитол. — М. : Советская энциклопедия, 1974. — (Большая советская энциклопедия : [в 30 т.] / гл. ред. А. М. Прохоров ; 1969—1978, т. 15).

Tags:

Мамакаев, Мохьмад Амаевич Мамакаев Мохьмадан БиографиМамакаев, Мохьмад Амаевич КхоллараллаМамакаев, Мохьмад Амаевич БилгалдахаршМамакаев, Мохьмад Амаевич ХьажоргашМамакаев, Мохьмад Амаевич16 декабрь191019732 августЙаздархоНохчийПоэт

🔥 Trending searches on Wiki Нохчийн:

26 сентябрь1769 шо3 январьТеннисПублий Овидий НазонСаввина, Ия СергеевнаИсраилЛаторкаШолгӀа дуьненан тӀомМаслаченко, Владимир НикитовичХьалхара жӀарахойн тӀелатар1836 шоСагаипова, Макка УмаровнаИсламан пачхьалкхТехӀранЛувгӀ31 октябрьВьетнам2019 шо9 сентябрь22 июльМухьаммадМалхбалеДегӀастаПрагаСевильяIP-адресКонгрессан библиотекаРежиссёрАвстралиВашингтон (Гуо Колумби)ТӀом15 сентябрьТуркойн мотт8 ноябрьКъилбаседа Америка1953 шоӀажКиранцХилургОперационни системаАрсанов, Саидбей АрсановичISO 31661936 шоГригорийн рузмаЭукариоташБассоль-Оле3 май8 апрельГацаев, СаӀид Асланбекан воӀНохчийн ВикипедиТуркойчоь1983 шоИнтермашаТгӀемагӀгатСатуев, Хусейн ДжунидовичМалтаЛатинан моттОьрсийн моттСулейманов, Ахьмад СулеймановичУзбекистанЖелтойчоь1200 шоОклахомаЖуьгтийЭрзянийн моттАвстрийн империЭдисон, Томас АлваХайбулаев, Тагир КамалудиновичГоворухин, Станислав Сергеевич🡆 More