Мадинат: СаӀудийн Ӏаьрбийчоьнан гӀала

Мадинатуль Мунавварат (Ӏаьр.

المدينة المنورة‎‎ — нуьре Мадинат-гӀала‎) — СаӀудийн Ӏаьрбийчоьнан Хьиджаз олучу кӀоштан гӀала ю. Бахархойн дукхалла — 1 102 728 адам. (леррана 2010 шарахь). Мадинат яра Мухьаммад пайхамаран йуьрт. Цундела олура цунах «пайхамаран йуьрт».

ГӀала
Мадинат
المدينة المنورة
Сурт
HGЯO
Пачхьалкх Мадинат: Истори, Климат, ГӀалин панорама (сурт) СаӀудийн Ӏаьрбийчоь
Истори а, географи а
Йиллина Ясриб
Майда 589 км²
Центран локхалла 608 м
Сахьтан аса UTC+3
Бахархой
Бахархой 1 102 728 стаг (2010)
amana-md.gov.sa(Ӏаьр.)
Картин тӀехь
Мадинат картан тӀехь
Мадинат

Истори

622-чу шарахь иман диллинчех шеца 70 стаг а волуш, стундеца Абу Бакарца, девешица Хьамзатца цхьаьна Ясрибе (Мадинат) дӀакхелхина Мухьаммад пайхамар (Делера салам-маршалла хуьлда цунна). Мадинату-н-Набави (Пайхамаран гӀала) аьлла цӀе йоккху цунах цул тӀаьхьа.

Мадинат гӀалина гена йоцуш йолчу Бадрехь 624-чу шарахь дуьххьара тасадалар хилла Маккин элийн эскаран а, бусалба нехан а. Кхузахь кӀезиг хилла бусалбанаш, амма уьш тоьлла. Бекхамна кечам беш 10 эзар дошло вовшахтоьхна маккахоша. Бусалбанаш 2 эзар стаг бен ца хилла, делахь а, Рум-лам тӀехь йолчу гӀоьпехь гӀазот а дихкина, дуьхьалбевлла уьш мостагӀчунна. Оцу тӀамехь бусалбанаш эшийна. Къаьсттина цавезаш хилла маккахошна майра а, доьналла долуш а волу Хьамзат. ТӀехьашха тоьхна охьа а виллина, гобина пхьарс боккхуш, ност йоккхуш, корта боккхуш, къиза вийна цара иза. Чов хилла Мухьаммад пайхамарна а. Бусалба нахана тӀехь толам баьккхинехь а, шаьш а дукха хӀаллакьхилла маккахой.

Цундела Мадинат ца яккхалуш бухабевлла уьш. ТӀом дӀабаьлча, байина асхьабаш дӀабухкуш, Хьамзатан дакъа карош ца хилла.

— ТӀеман зурма лакха, — аьлла хьехардина боху бухабисинчу асхьабаша.

— Зурма лекхча, цуьнан меженаш меттах ца хьовш Ӏийр йац, — аьлла. ТӀеман зурма лекхча, етталуш, тӀеттӀа яхана боху Хьамзатан меженаш. Ухьуд ломана уллохь шерачу арахь дӀабоьхкина гӀазотехь белларш. Оццу кешнашкахь дӀавоьллина ву Хьамзат. Цуьнан коша гонах дехкина тӀулгаш ду. Коьртехь болу цхьа тӀулг жимма боккха а болуш.

Климат

Мадинатан климат
Гайтам Янв. Фев. Март Апр. Май Июнь Июль Авг. Сен. Окт. Нояб. Дек. Шо
Юьззина максимум, °C 35,2 36,0 37,4 39,5 42,6 46,4 47,7 47,0 42,5 38,5 36,6 34,5 47,7
Юккъера максимум, °C 23,6 26,1 30,2 33,9 38,9 41,7 39,3 42,2 41,0 36,4 29,7 25,0 34,0
Юккъера температура, °C 17,7 19,9 23,8 27,6 32,2 35,8 36,0 35,9 34,4 29,4 23,4 19,0 27,9
Юккъера минимум, °C 11,6 13,3 17,4 20,8 24,9 27,9 28,4 28,7 27,1 21,9 17,2 12,9 21,0
Юьззина минимум, °C 0,0 4,6 7,4 10,0 18,8 21,0 25,7 25,5 22,9 15,5 10,6 8,2 0,0
Йочанан норма, мм 8 1,2 8,3 11,9 4,6 0,4 0,2 0,3 0,1 1,1 9,2 3,8 49,1
Хьост: World Climate

ГӀалин панорама (сурт)

Мадинат: Истори, Климат, ГӀалин панорама (сурт) 

Суьрташ

Билгалдахарш


Мадинат: Истори, Климат, ГӀалин панорама (сурт)   СаӀудийчоь Мадинат: Истори, Климат, ГӀалин панорама (сурт)   Ислам Мадинат: Истори, Климат, ГӀалин панорама (сурт)   Мухьаммад

Tags:

Мадинат ИсториМадинат КлиматМадинат ГӀалин панорама (сурт)Мадинат СуьрташМадинат БилгалдахаршМадинатМухьаммадСаӀудийн ӀаьрбийчоьХьиджазӀаьрбийн мотт

🔥 Trending searches on Wiki Нохчийн:

ЧокаПянило (Напуль)ТогӀе-ан-ПленXVIII бӀешоБристоль (Виргини)МузийонДоббиакоДадаев, Муслим ВахаевичМажВикихаамашКононовски (Башкирийчоь)ГоришНохчийн Республика Ичкерин ТӀеман НицӀкъашКитиньяно(1972) Yi XingNGC 6523Монтель (ТагӀн)Пархово.lyЛозАгӀбизОбиньи-ан-ПленНохчийчуьра акхаройИльински (Наро-Фоминскан кӀошт)Эджворт (Пенсильвани)НохчийчоьУрбановБлейденборо (Къилбаседа Каролина)МессегӀиМамакаев, Мохьмад АмаевичЛалархоАуньиРомошГреничери (коммуна)1309 шоМорунгабаРосси1927 шоЛе-БезНемцойн моттБуьзи1704 шоКоблево1692 шоАксамс20 апрельЧалаклиИберзаксенОвертон (гуо, Теннесси)ПольшаАрташесгӀарПоречье (Макарован гӀалин гуо)Хельголанд1653 шоКиранцРедондо-Бич (Калифорни)1816 шоКамбунесКлегӀланд2004 шоСен-СигӀ-ла-ГӀивьегӀ1846 шоСоьлжа-ГӀалаСен-СьегӀж-су-ле-ШелагӀ1953 шоГримальди (Калабри)Тамм (беттан кратер)Александровка (Наро-Фоминскан кӀошт)Ла-Нев-ГгӀанж1635 шо(10965) van LeverinkШолгӀа дуьненан тӀомАрал (Сузакан кӀошт, Таш-Булакан эвлан меттиг)🡆 More