Леди Гага

Леди Гага (ингалсан маттахь Lady Gaga; бакъ цӀе — Сте́фани Джоа́нн Анджели́на Джермано́тта (инг.

Stefani Joanne Angelina Germanotta), йина 1986-чу шеран бекарг-беттан (мартан) 28-чохь, Нью-Йоркехь) — америкин эшархо а, эшарийн кхоллархо а, продюсер а, филантроп а, дизайнер а, актриса а йу.

Леди Гага
инг. Lady Gaga
Сурт
Бакъ цӀе инг. Stefani Joanne Angelina Germanotta
ГӀуллакхан тайпа эшархо
Йина терахь 1986 шеран 28 март({{padleft:1986|4|0}}-{{padleft:3|2|0}}-{{padleft:28|2|0}})[…] (38 шо)
Йина меттиг
Да Джо Джерманотта[d]
Нана Синтия Джеманотта[d]
Викилармин логотип Леди Гага Викилармехь

Шен карьера йолалучу муьрехь клубашкахь эшарш локхура цо. 2007-чу шеран чакхенгахь Винсент Херберто иза Interscope Records-ан га долу Streamline Records лейблан тӀеязйира иза. Йуьхьанцара Леди Гага Interscope-ан штатан авторан даржехь болх беш йара, амма рэпер волу Эйконо цуьнан эшарш лакха оьшуш дерш тидаме эцначул тӀаьхьа, цуьнца контракт хӀоттийра.

2008-чу шарахь Леди Гагас арахийцира The Fame цӀе йолу хьалхара альбом. Альбомо коммерцин толам баьккхира, критикаш лакхара мах хадийра. Альбом йуккъара арахийцира пхи сингл, царех шиъ — «Just Dance» а, «Poker Face» — дуьненайукъара хит йара, ткъа «LoveGame-ан» а, «Paparazzi-н» а гӀехьа кхиам бара.

2009-чу шарахь арахийцира The Fame Monster цӀе йолу мини-альбом. Цул хьалха хилла йолу альбом санна йоккхачу тиражца дӀа а ийцира иза. Оцу альбомера «Bad Romance» а, «Telephone» а, «Alejandro» а синглаш дерриг дуьненахь баккхийчу кхиамашца йоьхкира. Альбоман гӀоьнна хӀоттийна «The Monster Ball Tour»  цӀе йолу дуьненайукъара тур исторехь уггаре  са йаьлла чарех цхьаъ йу.

Born This Way цӀе йолчу шолгӀачу студин альбомо дерриг дуьненан пачхьалкхийн чарташкахь хьалхара меттиг йаьккхира. 2011-чу шарахь йохкаран дукхаллехь 2-гӀа меттиг йара цуьнан. Цуьнан гӀоьнна арахийцира пхи сингл, царех йиъ дуьненайукъара хит йара («Born This Way» а, «Judas» а, «The Edge of Glory» а), ткъа «Yoü and I» эшарна гӀехьа кхиам бара.

2013-чу шеран лахьанан-беттан (ноябран) 11-чохь арахецна Artpop цӀе йолу кхоалгӀа студин альбом.

Боуи Дэвидан а, Джексон Майклан а, Мадоннан а, Queen-ан Ӏаткъамца Леди Гагас шен бӀаьрла хатӀ кхоьллира.

2011-чу шеран эсаран-беттан (октябран) баттахь, дуьненахь Леди Гаган альбомийн ткъе кхо миллион копи а, синглийн кхузткъе диъ миллион экземпляр а йоьхкинера.

Эшархочун дукха а совгӀаташ ду, царна йуккъахь 6 «Грэмми» преми а, 13 MTV Video Music Awards а, 8 MTV Europe Music Awards а. VH1 цӀе йолу музыкин телеканалан версица эшар лакхаран исбаьхьаллин бӀе сийлахь-йоккхачу зударех цхьаъ йу Леди Гага. Тайм журнало иза дуьненахь боккха Ӏаткъам болу адамех цхьаъ хилар кхайкхира.

«Седа дуьненчу а баьлла» филмехь уггар дикаха эшар лакхарна «Оскар» преми йелира цунна. «Уггар дикаха зудчун роль» категорехь номинант йара иза.

Дискографи

  • The Fame (2008)
  • The Fame Monster EP (2009)
  • Born This Way (2011)
  • Artpop (2013)
  • Cheek to Cheek (& Тони Беннет) (2014)
  • Joanne (2016)
  • Chromatica (2020)

Концертан тураш

Соло
  • 2009 — The Fame Ball Tour
  • 2009—2011 — The Monster Ball Tour
  • 2012—2013 — The Born This Way Ball Tour
  • 2014 — ArtRave: The Artpop Ball Tour
  • 2017 — Joanne World Tour
  • 2021 — Chromatica Ball
Кхечу артисташца
  • 2014–2015 — Cheek to Cheek Tour

Кхайкхина

  • 2008 — New Kids on the Block: Live
  • 2009 — Doll Domination Tour
  • 2009 — Take That Presents: The Circus Live

Фильмаш

  • «Lady Gaga Presents the Monster Ball Tour: At Madison Square Garden» (2011)
  • «A Very Gaga Thanksgiving (англ.) (2011)
  • «Machete Kills» (2013)
  • «Sin City: A Dame to Kill For» (2014) — Берта
  • «American Horror Story: Hotel» (2015) — Графиня Элизабет
  • «American Horror Story: Roanoke» (2016) — Ската
  • «Gaga: Five Foot Two» (2017)
  • «Седа дуьненчу а баьлла» (2018) — Элли

Хьостанаш

Tags:

Леди Гага ДискографиЛеди Гага Концертан турашЛеди Гага ФильмашЛеди Гага ХьостанашЛеди ГагаИнгалсан моттНью-Йорк

🔥 Trending searches on Wiki Нохчийн:

Жабя-Воля (Гродзискан повет)МумбаиАхмадов, Джамбулат ЖамалайловичГолубева, Вера ВладимировнаПиенЕвразин экономикин бартБоснийхойСулаев, Магомет АбуевичУдмуртиБелагвардия (Пезаро а, Урбино а)ОбаргМулимКолвердеДанвилл (Калифорни)ПрошянЭквадорБеркаберЕрмекееван кӀоштКъилба КорейВезачу Валентинан деНове Двори (Мочеради)Башкирийн моттМежиева, Макка ШахидовнаПсари (Бендзинскан повет)Арсанов, Саидбей АрсановичЛакха НогӀмандиГдувБевзаш болу нохчийВикипедиКагӀлиЧёлмужи.ruДуров ПавелНурадилов, Ханпаша НурадиловичКиранцНохчийн Республика Ичкерин ТӀеман НицӀкъашКоьрта агӀоМассачусетсАлфёрова, Ирина ИвановнаПортугалихойИнженеран гӀуллакхХӀиндонезиГрицевичи (Клецкан кӀошт)Маьрша гӀирсашЖелтойн абатГуьржийчоьАвстралиВикимедин фондЛитония (Джорджи)Греничери (коммуна)Украинийн ССР футболан чемпионатОкичоби (гуо, Флорида)HTMLКадыров, Рамзан АхматовичYouTubeЗаюковоПалм-Бич (гуо, Флорида)Наумово (Ярославлан кӀошт)🡆 More