Къоман Хелхар

Къоман хелхар — фольклоран хелхар, до шен Ӏаламера хьелашкахь, хуьлу билгала меттигерчу ламастан болам а, ритм а , духар а, цунах тераниг а.

Фольклоран хелхар — ша-шаха синхаам, дог айар, эмоци гучуйаккхар хьалха шена, тӀаьхьа — хьожучунна (йукъараллин, тобанна).

Къоман хелхар
Къоман Хелхар
Викилармин логотип Медиафайлаш Викилармехь
Къоман Хелхар
ГӀараваьллачу оьрсийн исбаьхьалчийн Верещагин Василийн сурт «Лезгинка». (1867 шо)
Къоман Хелхар
Йожа Упрка[cs]. Моравийн хелхар
Къоман Хелхар
Ингалсан «МаӀашца хелхар»
Къоман Хелхар
Мексикин хелхар
Къоман Хелхар
Республика Тыван ансамбль «Саянаш». Тувинийн къоман хелхар
Къоман Хелхар
Маламбо, аргентинин къоман хелхар

Терминологи

Термин «къоман хелхар» наггахь даладо, Европин оьздангаллера а, исторера а историн маьӀна долчарна. Кхечу оьздангаллашна терминаш «этносан хелхар» йа «ламастан хелхар» наггахь леладо, кхин а «ламастан хелхарна» йукъахь хила тарло церемонин хелхар[en].

Чухоам боллуш а, йоцца а амал йелла къоман хелхаршна Н. В. Гогола шен «1836 шеран Петарбухан йаззамашкахь»:

Хьовсийша, къаьмнийн хелхарш дуьйлу дуьненан маьӀ-маьӀӀехь: испанхо швейцархо санна ца волу, шотландхо теньеран немцо санна ца волу, оьрсий француз а, азихо а санна ца волу. Цхьаьна пачхьалкхан провинцешкахь хийцало хелхар. Къилбаседа оьрсий малорооссийн оьрси санна ца волу, къилба славянхо поляк а, финн а санна ца волу: цхьаьнан мотт болу хелхар ду, къечунна синхаам боцуш ду; цхьаьнан хьерадаьлла ду, кхечунан паргӀата ду; цхьаьнан дуладелла, деза ду, вукханан дайн, хӀаваан ду. Мичара девлла оццул хелхараш? Хелхар долу къоман амалах, дахарах, гӀуллакхан тайпанах. Сийца, кураллийца дахар хилла къоман хелхаро, гойту изза сий а, куралла а шен хелхарехь; гӀайгӀайоцу а, маьрша а къоман хелхар а хуьлу доза доцуш маьрша а, гӀайгӀабоцуш а; йовхачу климатера къомо дитина шен къоман хелхарехь изза там, шовкъ, эмгаралла.

ХӀинца ду дийнна могӀа хелхарш, масала хип-хоп, уьш кхуьу ша-шеха, амма термин «къоман хелхар», царна ца даладо, церан меттана леладо термин «ураман хелхарш». Термин «къоман хелхар» лерина , ладаме дакъа ламасташца уьйр йолу хелхаршна, кхолладелла миска халкъан а, хьалдолчу халкъан а йукъахь башхаллаш йолучу хенахь.

«Этносан хелхар» а, «ламастан хелхар а» терминаш лелайо, хелхаран оьздангаллин орамаш билгалдаха. Оцу агӀора дерриг къоман хелхарш этносан хелхарш ду.

Къоман-сценин хелхарехь говзаллин исбаьхьалло эстетика йо фольклоран, тойо изао (ткъа наггахь, лууш кӀаргйо), дерриг схьаэцча, — чолхе йоккху, модификаци йо. Хелхарчаш а, хореографаш а гӀерта шайн говзалла гайта, публикин терго тӀейахийта сюжетан сценин композицешца. Къоман хелхаран говзаллин ансамблийн кхоллараллин амалехь бу сценин кечам — ламастан хелхаран бух тӀехь керла исбаьхьаллин кхолламаш бар, ткъа уьш ца хуьлу дерриш фольклоран материал тӀехь, ца хуьлу бакъйолу халкъан исбаьхьалла.

Истори

Берриг славянийн оьздангаллин амалера башхаллаш кхоллайала йолайелла генарчу заманахь дуьйна, иза хьакхало эшарех, хелхарех, духарех, месаш кечйарех. Хьалхара хелхарш кхолладелла гуонахьара Ӏаламах эмоцин битам гайтархьама. Хелхаран боламаш кхуьура иштта акхаройн а, олхазарийн а лелар гойтуш, тӀаьхьуо — куьйгаэшара цхьа билгала къинхьегаман процессаш гойтуш (масала, цхьайолу хороводаш). Йуьхьанца хелхаро, эшаро санна, бозбуунчаллин роль кхочушйора, цундела рузманан-Ӏадатан хелхарашкахь йисина алсама шира аматаш.

Дуьненан къаьмнийн хелхарш

  • Полякийн къоман хелхар
  • Хорватийн къоман хелхар[en]

Оьрсийн хелхар

Оьрсийн хелхарш оьрсийн къоман оьздангаллех дӀакъасто йиш йоцу дакъа ду.

Российн къаьмнийн фольклоран гӀараваьллачу талламхочо Штелин Якоба XVIII бӀешарахь йаздина:

Йерриг пачхьалкхехь халкъан йукъахь генара схьа дуьйна Ӏадат ду аренашкахь йиш локхуш, оцу эшаршца оьрсийн хелхарш деш … Европин йерриг хелхаран исбаьхьаллехь а карор дац оьрсийн эвлан хелхар саннарг, нагахь иза хазачу кхуьуш йолу йоьӀа йа къона зудчо деш делахь, кхин цхьан а дуьненара къоман хелхар шен хазаллица дусталур дац оцу хелхарца.

Цхьадолчу хелхарш гойтура олхазарийн а, акхаройн а леларш, кхечара — гойтура болх бар (йалта дӀадер, йалта хьакхар, кӀадеш дуцар). Йуьхьанцалера хелхаро, эшаро санна, лелайора бозбуунчаллин роль, цундела рузманан-Ӏадатан хелхаршкахь йисина дуккха а шира аматаш.

Оьрсийн къоман хелхаран Ӏадаташца йолу уьйр дукхаха йолчу хороводийн, цхьа долчу хелхарийн тайпанийн йихкина йу. Цхьамма до хелхаран йа кадрилан уьйр йац Ӏадаташца.

Оьрсийн къоман хелхар дечу меттиге хьаьжжина ша-кепара до. Къилбаседехь — паргӀата, дозаллица. Йуккъерачу декъехь — цкъа паргӀата а, лирикица а, йуха сема а, самукъане а. Къилбехахь — сиха а, парталла а. Цуьнца цхьаьна оьрсийн къоман хелхаран йукъара аматаш йу, дукхаха дерг иза йоьзна йу къоман амалца. Божарийн хелхар къастало тамашена дахарах самукъадаларца а, забарца а, шораллица а, шеца хелха йолучуьнца болчу лерамца а. Зударийн хелхар сиха а, дог айаме долушехь, хуьлу дайн болар долуш, догцӀеналла, зудчалла, оьздангалла, йолуш.

Украинийн хелхар

Къоман Хелхар 
«Виорика» ансамбло деш долу сценин украинийн хелхар

Шира малхбалеславянийн тайпанийн — древлянийн, дреговичийн, вятичийн, къилбаседахойн, волынхойн, кӀайн хорватийн, бужанийн, кхечеран а — дахаран кеп, украинийн къоман ша-кепара дахаран, оригиналан, хореографин говзаллин бух бара. Дерриг Ӏадаташ, бозбуунчаллин кхайкхамаш, луьйца йолларш, иштта кхин дӀа а, дуьххьала дӀа доьзна а, уьйр йолуш а дара анималан культаца.

Хелхаран боламаш амалехь бу «Гопакан», «Казачокан», «Метелицин», иза йуккъерачу Украинин хелхарийн бух бу, билгалйоху украинин халкъан хореографин къоман коьрта аматаш, нагахь хьаьжча украинийн хороводашка а, сюжетан хелхаршка а, сихха го, оцу кхолламашна йукъахь бу изза цӀе йолу кхин кхолламаш. Халкъан исбаьхьаллин бахамехь дисина дерриг украинийн къоман хелхарш, до музыкица. Украинийн халкъо кхоьллина ша-кепара, оригиналан хореографин говзалла, цуо лоцу дуьненан синмехаллин оьздангаллехь коьрта меттигех цхьаъ.

Белоруссийн хелхар

Йехачу заманахь белоруссийн хелхар кӀезиг довзара шайн даймахкахь а, наггахь бен эвлара а ара ца долура. Белоруссийн къоман хелхарш сценин майданашкахь Белоруссехь а, арахьа а гучудахаран а, гӀарадахаран а доккха хьакъ ду Буйницкий Игнатан труппин. Иза ву говза похӀмахо, 1907 шарахь кхоьллина белоруссийн халкъан театр, цигахь цуо ша дакъалецира режиссёр а, актёр а, хелхарча а волуш. Концерташкахь кхочушдора халкъан эшарш, белоруссийн поэтий кхолламаш, хелхарш ламаста «траістай» музыкин аккомпанементаца (Ӏад хьокху пондар, цимбал, зурма). Къоман хелхарийн сценин интерпретацехь И. Буйницкий фольклоран бух тӀера дӀа ца волу ала мегар дара.


Белоруссийн къоман хореографис Ӏалашйина йоккха кхоллараллин шира тӀаьхье. Уггаре гӀарадевлла ду белоруссийн халкъан хелхарш — «Лявониха», «Крыжачок», «Юрачка», «Полька-Янка», «Чарот», «Таукачыкi», «Чобаты», «Лянок», «Кола», «Бульба», «Ручнікi», «Млынок», «Касцы», «Козачка», «Мяцеліца», «Мікiта», «Дударыкi», «Бычок», «Казыры».

Белоруссийн хелхаран башхалла динамикаллин а, самукъане хилларан а, чарпаллин а, коллективан а амалехь кхочушдар. ХӀинца белоруссийн къоман хелхар гойту профессионалан хелхаран коллективаша, царех уггаре йевзаш йерш — Беларусин пачхьалкхан хелхаран ансамбль, ансамбль «Хорошки», «Лявониха».

Лезгинка

Лезгинка — йерриг Кавказехула даьржина лаьзгийн къоман хелхар, а также музыкальное сопровождение к этому танцу. Кавказан ламанан къаьмнийн ламастан къоман хелхар.

Йукъара хаамаш

Лезгинка «йуьхьанца тӀемлойн хелхар дара». Хелхар ширачу заманахь дуьйна даьржина Кавказан къаьмнашна йукъахь, шайн къоман цӀераш а техкина:

Къоман Хелхар 
Сурт «Лезгинка хелхар деш болу лаьзгий», XX бӀешо, АхцахӀ эвла, ДегӀастанан область. (1900 шо)

Къоман-сценин хелхар

Къоман-сценин хелхар — говза классикин, къоман дахаран хелхаран, ша-кепара дахар долу фольклоран хьостийн симбиоз йу. Россехь и ша-йолу хореографин гӀуллакхан кеп йукъайаьлла XX бӀешарахь, цхьа могӀа къоман хелхаран ансамблаш йукъайевллачул тӀаьхьа.

Хьажа иштта

  • Къоман кадриль
  • Этнохореологи
  • Къоман эшар
  • Къоман музыка
    • Славянийн къоман музыка
  • Кайтагхой
  • Зилга
  • Исламей
  • Картули
  • Лаьзгий
  • Арцвапар

Билгалдахарш

Литература

Хажоргаш

    Интермаша-сайтийн материалаш
    Видеоматериалаш

Tags:

Къоман Хелхар ТерминологиКъоман Хелхар ИсториКъоман Хелхар Дуьненан къаьмнийн хелхаршКъоман Хелхар Къоман-сценин хелхарКъоман Хелхар Хьажа ишттаКъоман Хелхар БилгалдахаршКъоман Хелхар ЛитератураКъоман Хелхар ХажоргашКъоман ХелхарФольклорХелхарЭмоци

🔥 Trending searches on Wiki Нохчийн:

ПомпеиОьрсий1200 шоМалхбузен ВиргиниИнгалсан моттОфициалан моттПарижИсламан пачхьалкхАляска2014 шо19 декабрьДюбарри, Мари ЖаннаӀаьрбийн Цхьаьнатоьхна Эмираташ15 апрельБахьрайнЧӀинхойАннаполис (Мэриленд)СуперменТеннисУзбекийн моттКъилба КорейТимарланМамакаев, Мохьмад АмаевичМаьрша Европа/Радио Маршо4 январьПастер, ЛуиДюрер, АльбрехтВен кхиэл1908 шо27 майКиранцАвстрийн империКхазакхстанСпорт20 июльЛатинан моттМахатма Ганди3 февралехьШахӀадатФутболДуьне7 сентябрьСахьтан асаЭджворт (Пенсильвани)Ахмадов, Муса Магомедович29 майМохкДаьтта доккху баӀМальдивашТгӀемагӀгатПуленБашкирашИспаниСулейманов, Ахьмад СулеймановичЗударий исламехьХӀиндонезиСедарчийн тӀемашНетайловоНосков, Николай Иванович2012 шо17 июньРашин (Мазовин воеводалла)Калера (Алабама)МаврикиШарлотт (Къилбаседа Каролина)ЦӀерпоштАнимеУфаИсхьакъ НьютонБутт (планета)1986 шоАЦШ долларПермийн мохк🡆 More