Кафир

Кафир (Ӏаьр.

Кафир     Кафир     Кафир     Кафир     Кафир     Кафир     Кафир

كافر‎‎ — тешаш воцург), я гавур (турк. gävurневерный) — исламера кхетам, билгалвоккху куфр деш волу стаг. Куфр ду Цхьаъ бен воцучу Делах (АллахӀах) ца тешар, Мухьаммад пайхамар вина ваийтарх къобал ца дар, ткъа иштта веллачул тIаьхьа денвер хиларх, къемат-дийнах, жоьжахатех, ялсаманех ца тешар.

Этимологи

Нохчий маттахь «кафир» дош дукха хьолахь гочдо «тешаш боцурш» я «нийса боцурш». Кхетадо, адамаш кхи дин (бусалбаниг доцург) лелош долу, цу тIе яхIудашна а, керстачарна а лерина термин ю — «Жайнин нах» (Ӏаьр. اهل الكتاب‎‎ — ахль аль-Китаб), хIунда аьлча уьш формалан буьззина ца тешаш бац.

Кхин цхьа дош а ду, этимологица «кафир» дешан гергара — «гавур» (турк. gâvurнийса воцург, схьадаьлла Ӏаьр. الكافرون‎‎), цуьнца билгалйоккхуш хилла ислам дин лелочара (коьртаниг юккъерачу бIешерашкахь) массо а кхечу динехь болчеран цIе, ткъа С. И. Ожеговс маьIна даккхарца — иза бусалбачеран кхечу динера стаг ву. Н. Г. Комлевн хетарехь, «гавур» (giwr) дош ду дуьххьара схьаэцна гIажарийн маттара — gäbr, оцу дашца билгалбоху «цIеран гIуллакхдийриш», аьлчи а зороастризм лелош берш. А. Д. Михельсонан а хетта изза. Л. П. Крысина лору, «гавур» дош схьаэцна гIажарийн меттан йукъарлонца Iаьрбийн маттара. Кхечара лору, и дош дуьххьала дIа схьаэцна Iаьрбийн маттара. ЭСБЕца, «гавур» дош — иза «галдаьккхина Iаьрбийн „Kiafir“ (Дела къобал ца вийриг)» ду.

Юккъерачу бIешерашкахь, Хункар-мехкан заманахь, «кафир» дош а, этимологица цунна гергара «гавур» дош а гIуо дош дара я девнан дош дара, хIунда аьлчи цуьнца туркоша олура массо а динан векалех, ислам дин ца лелочех.

Оьрсийн Йоккха энциклопедин дошамо билгалдоккху, кафир дош леладора бусалба къаьмнаша XIX бIешо кхаччалц имане ца богIу Нуристанан «бусалба боцу бахархошна цIе туьллуш (хилла Кафиристан)».

Хьажа иштта

  • кафр

Билгалдахарш

Литература

  • Али-заде А. А. http://slovar-islam.ru/books/k.html#Kyafir63 // Исламский энциклопедический словарь. — М. : Ансар, 2007. — 400 с. — (Золотой фонд исламской мысли). — ISBN 5-98443-025-8.
  • Гогиберидзе Г. М. Исламский толковый словарь. — Кеп:Ростов н/Д: Феникс, 2009. — 266 с. — (Словари). — 3000 экз. — ISBN 978-5-222-15934-7.
  • Ньюби Г. Краткая энциклопедия ислама = A Concise Encyclopedia of Islam / Пер. с англ.. — М.: Фаир-пресс, 2007. — 384 с. — 3000 экз. — ISBN 978-5-8183-1080-0.
  • Гяур // Энциклопедический словарь Брокгауза и Ефрона: В 86 томах (82 т. и 4 доп.). — СПб., 1890—1907.

Tags:

Кафир ЭтимологиКафир Хьажа ишттаКафир БилгалдахаршКафир ЛитератураКафирАллахӀИсламан пайхамаршКуфрКъемат-деМухьаммадРасульТуркойн моттӀаьрбийн мотт

🔥 Trending searches on Wiki Нохчийн:

23 апрельПрамаджоре Блесальи (Венеци)ЦӀеяйархоАмерикин Цхьаьнатоьхна ШтаташКапитализмБарнаулАльбентосаНесерхоев, Изновр НесерхоевичЧӀебарлойСереньЛенин, Владимир ИльичАхмадов, Муса МагомедовичРоссийн империСевильяПермийн мохк.mh.luУэйлс, ДжиммиСаӀудийн ӀаьрбийчоьКатуниште2002 шоНор ГехиДе Голль, ШарльСибареТитаник26 октябрьИсториАламМонторфано (Вербано-Кузио-Осола)РагӀ (рельеф)Словени21 апрельДагаев, Валид ШитаевичАьчка-ХитӀеМурано (Венеци)ЛатвиШекспир, УильямУошито (кӀошт, Луизиана)Парадайс КейБушице (Мазовин воеводалла)Путин, Владимир ВладимировичКавенчин (Турецкан повет)Три котаСабина ЮсубоваОзтери ал Троваторе (Венеци)КгӀамайКадыров, Рамзан АхматовичХӀостКхазакхстанАлжирДенисовски (Ремонтнин кӀошт)Форкс (Вашингтон)КескТкемлованаБолгариМухьаммад(2088) SahliaПобегиЛандгӀишанHTML1842 шоДевкар-ЭвлаПродюсер🡆 More