Каролина Монакон

Каролина, Монакон а, Ганноверан а принцесса (Каролина Луиза Маргарита Гримальди, фр. Caroline Louise Marguerite Grimaldi; йина 1957 шеран 23 январехь, Монакохь) — Монакон элин Ренье III-гӀачун а, голливудан киноседин Келли Грейсан а йоккхаха йолу йоӀ.

1999 шарахь дуьйна — Ганноверан принцесса (майрачун агӀора). 2005 шарахь да веллачул тӀаьхьа, цуьнан вешин эла Альбер II-гӀачун законехь долу бераш хиллалц, йара монакон Ӏаршан когаметтаерг.

Каролина Ганноверан
фр. Caroline Louise Marguerite Grimaldi
Каролина Ганноверан
Каролина Ганноверан
Монакон принцесса
Дин Католицизм
Йина терахь 1957 шеран 23 январь({{padleft:1957|4|0}}-{{padleft:1|2|0}}-{{padleft:23|2|0}}) (67 шо)
Йина меттиг Элин гӀала, Монако
Тайпа Гримальди
Йича тиллина цӀе фр. Caroline Louise Marguerite Grimaldi
Да Ренье III
Нана Келли Грейс
Майра 1) Филипп Жюно
2) Стефано Казираги
3) Эрнст Август V
Бераш 1-ра марех: дац
2-гӀа марех: Андреа, Шарлотта, Пьер
3-гӀа марех: Александра
Дешар
Динлелор Католицизм
Монограмма Монограмма
СовгӀаташ
Сийлахь Карлан орденан Йоккха жӀар Оьздангаллин гӀуллакх дарна орденан командор
Исбаьхьаллин а, литературин а орденан командор (Франци) Кеп:Йуьртабахаман гӀуллакхийн орденан командор
Сайт palais.mc/fr/la-f…(Франц.)
palais.mc/en/prin…(ингалс.)
Болхбаран меттиг
Викилармин логотип Медиафайлаш Викилармехь

Биографи

Монакон принцесса Каролина йина Монакохь. Бераллехь цуо дукха хан йоккхура шен дененан а, деден а цӀахь Филадельфехь. КхоалгӀачу марехь Эрнст Август V-гӀачуьнгахь, Ганноверан принцехь. ПаргӀата буьйцу французийн, ингалсан, италихойн меттанаш, Ӏамийра немцойн а, испанхойн а меттанаш.

Принцессин хазахета говрийн спорт а, лижаш тӀехь хехкайалар а. 1985 шарахь дакъалецира «Париж-Дакар» ралли-рейдехь раллин экипажан декъахо йолуш спортан киранан Astraceen автомобиль тӀехь, пилот вара цуьнан майра Казираги Стефано. Хелхарш Ӏамийра «l’Ecole de Danse de Marika Besobrasova» Монте-карлохь. Кхиамашца локху фортепиано а, шедаг а.

Шен дахар

Принцесса Каролина дуьххьара маре йахара 1978 шеран 28 июнехь (гражданийн церемони), 29 июнехь (динан церемони) Монакохь Жюно Филиппега (19.04.1940), парижан банкире. ДӀасакъаьстира 1980 шеран 9 октябрехь. 1992 шарахь Руман-католикин килсо официалан бохийра и мах.

Каролина ша шолгӀа маре йахале цхьаьна хенахь гуора Робертино Росселиница, Роберто Росселинин а, Ингрид Бергманан а кӀентаца.

Цуьнан шолгӀа майра хилира Казираги Стефано (08.09.1960 — 03.10.1990), спортхо а, хьалдолчу италин промышленникан когаметтаверг а. Иза маре йахара Монакохь 1983 шеран 29 декабрехь. Церан кхо бер хилира:

  • Казираги Андреа (08.06.1984)
  • Казираги Шарлотта (03.08.1986)
  • Казираги Пьер (05.09.1987)

Жимаха долу шина беран цӀераш йелира церан ненадененан а, ненадеден цӀарах — Монакон принцессин Шарлоттин а, принцан Пьеран а. Воккхахаверг, Андреа, цуьнан ден жимхаллехь хилла доттагӀчун цӀарах тиллинера. Стефано Казираги кхелхира аварехь хин-кема хохкучу хенахь.

Каролинин кхоалгӀа, хӀинца а волу майра ву принц Эрнст Август V Ганноверан (26.02.1954), Ганноверан цӀийнан некъийн корта, тӀаьххьарчу урхаллин герцоган Брауншвейг-Люнебурган кӀентакӀентакӀант Эрнст Август II-гӀа, Камберлендан герцог, Йоккха Британин паччахьан Георг III-гӀачун кӀентакӀентакӀант. 1772 шеран британин Паччахьийн зудайалоран актаца, и мах бан официалан пурба паччахь-аьзнис Елизавета II-гӀачо а, Йоккха Британин Къайлаха кхеташоно а.

Каролина Эрнст Августе йахара Монакохь 1999 шеран 23 январехь. Цуо йитинера шен хьалхара зуда Шанталь Хохули 1997 шеран сентябрехь.

Каролинин а, Эрнст Августан а йоӀ хилира:

  • Александра Ганноверан (20.07.1999, Фёклабрукк, Австри)

СовгӀаташ

Билгалдахарш

Хьажоргаш

Tags:

Каролина Монакон БиографиКаролина Монакон Шен дахарКаролина Монакон СовгӀаташКаролина Монакон БилгалдахаршКаролина Монакон ХьажоргашКаролина Монакон1957 шо23 январьКелли, ГрейсМонакоФранцузийн мотт

🔥 Trending searches on Wiki Нохчийн:

Беков, Тембот ДордагановичЛа-Ноьвиль-ле-ДогӀанВиноградов (Украина)БугӀгонь (МагӀна)Российн кӀошташГермани1915 шоСимакугӀб.cvЙоккха БританиМамакаев, Мохьмад Амаевич1834 шоКанада1999 шо.zaЗударийн накха.umАргентинаЛа-ТугӀ-суьгӀ-ОгӀб1948 шо1986 шо11 август1974 шоХасстоьмашСоьлжа-ГӀала1977 шоБашкирийчоь1970 шоЛенин, Владимир ИльичАрлингтон (Вермонт)Баскино1897 шоИталиДешаран, Ӏилманан, оьздангаллин гӀуллакхийн Вовшахтоьхна Къаьмнийн КхолламДитрих, Марлен.wf(374) БургундияОзарк (Миссури)Миддлбург (Виргини)Бисмарк, Отто фон1978 шоМао ЦзэдунИнгалсТӀехьа-Мартанан кӀоштАрктикаВалле-д’АостаТокиоЭрмалойчоьНорвегиУганда1900 шоМонтовильШамван-ле-МуленСахьтан аса1971 шо1907 шо.idБайтогӀе1972 шоСоциалистийн Федеративан Республика ЮгославиСулейманов, Ахьмад Сулейманович1951 шо2000 шо.mkАтмосфера.ye🡆 More