Дийнат Газа

Газа (лат. Capra hircus), Авст (1 шо кхаьчна газа) — еса маӀа йолу доьзалан ломан гезарий (Capra) кепара шалго берг йолу дийнатан тайпанан бахаман дийнат.

Газа (дийнат)
Дийнат Газа
Ӏилманан классификаци
Дуьненайукъара Ӏилманан цӀе
Capra hircus Linnaeus, 1758
Дийнат Газа
Гезан сурт нахартан тӀехь

Газа — дуьххьара карадерзинчех цхьа хьайба ду. Карадерзийна Гергара Малхбалехь, 9 эзар шо гергга хьалха. Газа схьаяьлла акха безоаран божах (Capra hircus aegagrus), уьш тахана а хаало Эгейн хӀорд чуьра грекийн гӀайренаш тӀийра, Жимачу Азе, Эрмалойн акъаре тӀе кхаччалц, Хьалхарчу Азера Йуккъера Азе кхаччалц.

Хан бӀенашкара эзар шере кхаччалц йолу, 83 шира гезарийн (51 геноман йукъалацарца) шира кепийн, ДНК митохондриалан а, хӀоьънан а рогӀан секвенированис, ширачу кепашкахь гучуяьккхира митохондриалан гаплотоба A, B, C, D, G. Акха гезарийн палеолитийн кепаш кхета деккъа хьалха дӀахиллачу T (гучуяьккхина акха капридехь, малхбузакавказан хьехехь) а, F (гучуяьккхина безоаран божан а, кӀеззига йолчу сицилин гезарийн а) а тевнех. Кхин а тӀаьхьара постнеолитийн кепашкахь митохондриалан A гаплотоба хуьлу алсама ериг дерриг дуьненахь. Караерзорах йоьзна 2 ген, гучуяьлла гезарийн уггаре кӀезиг а 7200 - 8100 шо хьалха, тӀекхетта лакхарчу лестаме кхаччалц митохондриалан A гаплотоба яржарца цхьаьна.

Йовзийтар

Дийнат Газа 
Буьхьиг

Дукхаха йолчу гезарийн а, бежалойн а маж хуьлу, ткъа дегӀан тӀехь нийса тӀаргӀа бу. Цуьнан бохалла а, дикалла а тайпанах дозуш ду. Масала, ангорин гезарийн тӀаргӀа беха а, чилланах тера а бу, ткъа кашмиран гезарийнаг гӀарабаьлла стомма патарца. Бос хийцало цӀена-кӀайчунна тӀийра таьӀна-боьрачунна, Ӏаьржачунна, къорзачунна тӀекхаччалц. МаӀаш бух тӀехь агӀонашкара тӀеттӀатаьӀна, тӀехьа йирзина хуьлу.

Дийнат Газа 
Буьхиг ненах екхаш

Гезарша юу буц, диттийн къуона маргӀалш, коьллаш, диттийн чкъоьраш. Цара сиха юу дукха юург, ткъа хӀума яаран йукъаметтигехь нохь доккхуш Ӏа. Кхечу нохь доккхучеран санна, йиина юург гулло зорхьан цхьаьна декъан чохь — Искиртиг чохь, цунна чохь цхьа дакъа охьийн сегӀазан авгол бо, иза охьа а Ӏаьттабой, багахь Ӏуьйшу. Газа экаме йац, таро ю кхин даьхний мацаллехь хин долчу меттигашкахь а яха. Цуо лов тӀех шелонаш а, тӀех йовхонаш а, амма тӀуналлийца уьйр йац. Уггаре дика хьелаш ду гезаршна ахъекъа кӀошташкахь, масала, Теркан, Невран, Шелковскан кӀошташ.

Газана дукха хӀума оьшуш дац, тоам бо чӀогӀа гӀийла дожийлех а. Гезарий дика хьалайовлу, кхин даьхний ца дажалочехь а ежа уьш. Еха 9—10 шарахь, уггаре дукха 17 шарахь еха; бахамехь лелоран йуккъера барам 7—8 шо.

Оре лацар хуьлу шарахь цкъа, цхьа бож тоьу 30—50 газа йолчу жен. 21—23 кӀиранах лаьттачу пхораллил тӀаьхьа, дукха хьолахь, ши буьхьиг йо, делахь а кӀезиг ца хуьлу меттигаш алсама йина а (пхеанга кхаччалц). Уьш дуьнен тӀейовлу са а гуш, дика кхиина тӀаргӀанан чкъор а долуш, масех сахьт даьлча аьрха кхийсало.

Гезарий караерзор

ТӀаьхьарчу археологин хаамашца, гезарий бахаме ерзийна 11 зар гергга шо хьалха. Доместикацин регион — Гергара Малхбале, Хьалхара Ази. Цу тӀе караерзор хилла цхьаьна хенахь Гергарчу Малхбузен кхаа регионехь — малхбузен, малхбален, къилба, вовшенца дозуш а доцуш. Кхин тӀаьха, мах леор кхиачи а, регионехь бахархой лелар а бахьнехь, оцу кхаа тайпана гезаршна йукъара башхаллаш дӀаевлла. ХӀоьънан геноман анализо чӀагӀдо, тахана бахамехь лелон гезарийн цхьа да ца хилар, таханлера дийнатийн орамехь лаьтта кхоъ ширачу заман газа. Хьалха анализ яьккхира акхачеран, шира гезарийн популяцин талламо гучудаьккхина, уьш 47 эзар шо хьалха къаьстина хилар. Талламаша гучудаьккхира, доместикации неолитан муьрера тайп-тайпана адамийн популяцеш йина хилар. Ширачу гезарийн генетикера башхаллаш нисса йукъаметтиг йолуш хуьлу, оцу хенахь Гергарчу Малхбалехь баьхначу ахархойн генетикца, уьш бекъабелла шина генна — анатолин а, иранан а.

ХӀинцалера тайпанан европин гезарий генетикица гергара ю Малхбуза Гергара Малхбален неолитан заманан гезарийн. Малхбален Азера хӀинцалера гезарийн генетика Хьеначу лаьттан эха беттан малхбузера ширачу гезарийн популяцех ю. ХӀокху заманан африкин гезарий уггаре гергара ю гезарийн къилба шира генетикин асанан — Левант.

Гезарийн акха да — маж йолу я безоаран бож — муфлон ехачу областашкахь еха. Акха, ахкаршкахь карийна безоаран божан а, неолитан муьрера карийна гезарийн а даьӀахкийн геноман дика талам боьдучу хенахь, карийна план хӀоттош йина селекцин хьесапаш, оцу хьесапашца дийнаташ хоржура тӀаьхьарчу хьесапашца — дегӀ даккхар, метаболизм, пигментаци, репродукци, шуралла.

Дийнат Газа 
Эвлара газа

Бухара тайпанаш (акха а, караерзийна а)

Тайпанан йукъадогӀу ялх бухара тайпа:

  • Capra hircus aegagrus — Безоаран бож — яьржина Туркойчоьнан тӀиера ОвхӀане кхаччалц. Акха да караерзинчу гезан, хӀокху заманахь къобал йо къаьстина Capra aegagrus тайпа олий.
  • Capra hircus chialtanensis — Чилтанан газа — еха Пакистанехь. ХӀаллак хилла чекхйовлуш ю, 500 газа бен ца йисина.
  • Capra hircus cretica — Кри-кри — еха Крит гӀайрен а, гуонахьарчу гӀайренаш тӀаьхь а. Караерзийначул тӀаьхьа юха акхаевлла гезарий.
  • Capra hircus hircus — коьртера караӀамийна кеп, яьржина дерриг дуьненан тӀехь.
  • Capra hircus jourensis — хаало Къилбаседа Спорадашкахь.
  • Capra hircus picta — еха Кикладийн гӀайрен Антимилос тӀехь.

Гезарий лелор

Гезарий оьздангаллехь

Оьздангаллин коннотацийн оьшуш хилира гезарийн амалш, масала, тӀахъаьлла хилар, кхоссаялар, харцхьаралла, хаа гӀертар, шен амале хилар, летар. Гезан кхоссаяларца доьзна авиаторийн говзаллин жаргон, «газа яла», цуо гойту зиеделла воцучу пилото кема охьадоссош кхоссадалийтар. Синтемзаллийца — тардо царех бераш (масала «хӀай газа яьӀ»), ткъа ингалсан маттахь kid (буьхьиг) дашах синоним хилла «бер» дешан. ХӀил долчу гезан амалех дуьйцу оьрсийн халкъан туьйрано «Коза-дереза» (Газа-гуьзалг). «Газа» кунья чӀогӀа новкъа хетийташ ю, иза йоьхку сийдоцуш хиларца, сийсазаллийца, ямартлонца. Жоьлкашна йукъахь цуо билгалвоккху набахтин администрацица лечкъа а ца деш болх беш верг, кхин а яздо, XX бӀешеран 30-50 шерашкахь иштта олура партал гомосексуализмхочух (юха котамаш ала долийра царех]]»).

Фразеологи

Дийнат Газа 
Екатеринбурган яхархочо «Газа» аьлла йоза дитира лулахочуьн автомобилан бӀаьрг тӀехь, иза бахьнехь ара ца ялалалора кертара. 2019 шо

Зударшна йукъахь чӀогӀа даьржина ду кица «Безам дера — газа а еза», цигахь «газа» дешан маьӀна ду сий доцу, боьха хӀума. Оцу маьӀнийца догӀу «берриг божарий — гезарий».

Фразеологизм «Мукъаяьллачу гезан вотанча», билгалвоккху билгала хӀума а ца лелош, миска веха стаг, схьадаьлла оьрсийн XIX бӀешерера буьнан ламасташца, цигахь дукха хьолахь жухарг ловзура газан туьтмӀаьжигца, ткъа хьовса нах кхойкхура вотанчо (дукха хьолахь — къиенбелла мукъа баьхна тӀеман музыканташ).

Газанца уьйр ю Украинехь оьрсашна йолу «кацап» этнофолизм, иза схьадолу бессарабин аларх «как цап» (цап, рум. ţapбож) — оьрсех иштта олура, цара можмаш лелон дера. Кхечу версица и термин схьайолу туркойн «kasap» — «хасапхо», иза юьхьанца ала долийра XVI—XVII бӀешерашкара оьрсийн гӀашлойх, доьзна дара цара лелочу оцу хенан герзах — диг кепарчу бердыш бахьнехь.

Геральдика

Газа йиллина цхьацца пачхьалкхийн а, регионийн а, гӀалийн а хӀосташна тӀехь.

Билгалдахарш

Хьажоргаш

Tags:

Дийнат Газа ЙовзийтарДийнат Газа Бухара тайпанаш (акха а, караерзийна а)Дийнат Газа Гезарий лелорДийнат Газа Гезарий оьздангаллехьДийнат Газа БилгалдахаршДийнат Газа ХьажоргашДийнат ГазаБиологин тайпаЛатинан мотт

🔥 Trending searches on Wiki Нохчийн:

ХьиджазГерзӀарамийн абат29 декабрьИсламан пачхьалкхГуанчжоуПойнт-Робертс (Вашингтон)АллахӀГригорийн рузма1904 шоНосков, Николай ИвановичТехӀранNickelodeon4 январьИнтермашаГоворухин, Станислав Сергеевич15 ноябрьЕвропоцентризмПейсон (Аризона)2002 шоХудург Боб Квадратни ХечаПастер, Луи3 майМалтаАмазонкаш21 декабрьISO 3166ХӀиндиПортугали1853 шоМохкБарт (йукъаметтиг)ИбрахӀимАхмадов, Муса МагомедовичГаза (дийнат)21 март1915 шоИркутскДийнаташПловдивЭфиопиШарлотт (Къилбаседа Каролина)ЯпонИсламан календарьЕзидаш20 июльГалиси (Испани)БашкирашГӀажарийн аймаМисран нехчаИспаниКапла (Табор)ПелеГӀалгӀайн моттХилург29 мартӀумар ибн аль-ХаттӀабЛувгӀ2004 шоКъилбаседа АмерикаIP-адресНохчийШахмарлоГегель, Георг Вильгельм ФридрихЭйфелин бӀовHTMLБеркаберТуьркСуперменИнгалсГуьржийчоь🡆 More