Википеди

Википе́ди (инг. Wikipedia, хеза йа ) — йукъара лело дуккха меттанийн универсалан маьрша контент йолу интермаша-энциклопеди, йина викин хьесапашна тӀехь.

Wiki
Википеди
Логотипан сурт
Википеди
Википедин коьрта агӀо
URL: www.wikipedia.org
Са йаккхар: Дац
Мотт/меттанаш: 328
Эхар: (статистика Рейтинг@Mail.ru)
Сервер йолу меттиг: Америкин Цхьаьнатоьхна Штаташ АЦШ: Ашберн, Сан-Франциско, Даллас, Карролтон, Чикаго;
Нидерландаш Нидерландаш: Амстердам
Долахо: Викимедиан фонд
Автор: Джимми Уэйлс а, Ларри Сэнгер а
Болх болийна: 2001 шеран 15 январехь
Карара статус: Болх беш ю, кхуьуш ю
Викилармин логотип Медиафайлаш Викилармехь

Сайтан долахо — америкин коммерцин боцу кхоллам «Викимедиан фонд», цуьнан 37 регионийн вакилат йу. Энциклопедин цӀе схьайаьлла ингалсан дешнех wiki («вики»; шен рогӀехь тӀеэцна гавайн меттара, оцу маттахь цуьнан «сихха» маьӀна ду) а, encyclopediaэнциклопеди») а.

2001 шеран январехь Уэйлс Джиммис а, Сэнгер Ларриса дӀайиллина, Википеди хӀинца уггаре йоккха а, уггаре гӀарайаьлла а Интермашера справочник йу. Хаамийн а, тематика дӀалацаран а чухоамца Википеди лору йерриг адамаллин исторехь мацца а йиначех уггаре йуьзина энциклопеди. Википедин коьртачех дикалла, универсалан энциклопеди хиларе терра лелочун лелочун ненан маттахь хаамаш схьаэца таро хилар йу.

2018 шарахь Википедехь дакъош ду 301 маттахь, кхин а 493 маттахь инкубаторехь. Цунна чохь бу 50 миллион сов йаззам. Википедин интермаша-сайт 10 уггаре дукха дӀайоьлла дуьненан сайташна йукъахь йу.

2018 шарахь Википедехь дакъош ду 301 маттахь, кхин а 493 маттахь инкубаторехь. Цунна чохь бу 50 миллион сов йаззам. Википедин интермаша-сайт 10 уггаре дукха дӀайоьлла дуьненан сайташна йукъахь йу.

Википедин коьрта башхалла йу, йаззам кхолла а цунна чохь хьанна а магар. Шайн лаамхоша бина берриш хийцамаш сихха хьажа тарой у сайтан чубевллачарна. 2013 шеран декабрехь Википеди кхоьллинаУэйлс Джиммин Бор Нильсан Дешин мидалца совгӀат даран хьокъехь ЮНЕСКОс динчу дӀахьедарехь аьлла, иза йу «иза беккъа гӀирс хила ца Ӏа,иза вай дехачу муьран цхьаьнаболхбаран сийлалла, адаман интеллект а, Искандрин библиотекин» гулам а санна шира ойла кхочушйар.

Википедин тешамаллех а, нийсаллех а хеттарш хуьлу. Википеди йемал йо харц йа теллина боцу хаамаш тӀетоха таро хиларна а, цуьнан агӀонаш тӀера вандализм а бахьнехь. Амма Ӏилманан талламаша тешалла до, Википедехь вандализман ларраш сихха дӀайоху.

Оьрсийн маттара Википедин декъехь, 2024 шеран 19 апрелехь, бу тайп-тайпана тематикин 1 975 110 йаззам, лаьтта 7-гӀа меттигехь дерриг меттанийн дакъошна йукъахь йаззамийн барамца.

Функци лелоран модель

Ламаста энциклопедех къаьсташ, масала, Encyclopædia Britannica, Википедин цхьа йаззам Экспертан маххадорера формалан талламах чекх ца йолу. Википедин муьлхха йаззаман редакци йан йиш йу декъашхочун чоьтан йаззам тӀера а, кхин а проектехь регистраци ца йеш а (сих-сиха вандализман кӀела йоьду цхьацца агӀонаш йоцурш, царна хийцамаш бан ло билгала болчу декъашхойн категорешна йа, кхин меттиг ца хилча, беккъа Википедин администраторшна), цу тӀе йаззам йукъахь бина хийцам сихха гуш хуьлу муьлххачу лелорхочунна. Цундела Википедис шен чулацам «бакъ хиларан гаранти ца ло», мухха хилча а, йаззамехь харц хаам чубаьккхинчу моментан а, и хаам Википедин кхин декъахочо (оцу хаарийн областехь гӀоле хууш волу) дӀабаккхаран моментан а йукъахь, цхьа билгала хан йер йу. (Кара а йина, йаззамера гуш йолу вандализм дӀайаккха, оьшу дуккха а кӀезиг хан, и йаззам харц хаамах мукъайаккхарал, нагахь иштта харцо башха гуш йацахь.)

Википедин чулацам АЦШ Виргини штатан законан кӀела боьду (масала, авторийн бакъонан), цигахь йу Википедин серверш а, масех редакцин политик а, куьйгалла а, церан декхар ду Википеди энциклопеди хиларан ойла чӀагӀйар.

Википеде диллина хӀора дакъа энциклопедин темица хила деза. Тема энциклопедин лору, нагахь иза «чулацаме» йалахь Википеди жаргонехь, аьлча а, нагахь иза темин хӀуманах маьрша а йолуш шолгӀа авторитетан хьосташкахь ладаме серлайаьккхинехь (масала центран МХГӀ йа ладаме Ӏилманан журналашкахь).

Википеди 
Википедихоша йаззамашкара хийцамашна терго йо, толлу цӀечу басца къастийна агӀонан шина версешна йукъара башхаллаш

Википедехь хила беза нийса хилар хӀоттийна а, къобал бина а хаамаш. Кхечу дешнашца аьлча, йаззам хила йиш йац хьенна а долара ойланаш, теореш, талламаш, йина хӀумнаш, шена хетарг нахала доху «майда», исбаьхьаллин йемалаллин хьенна йалахь а мах хадор. Йаззамашкара хаамашна, шеко йолуш белахь, оьшу авторитетан хьосташна хьажоргаш. Википедин йукъаралло маьӀна даьккхира цуьнан «таллайаларалла» аьлла, цуо гойту доьшучарна бакъ дерг а, доцург а шеш къасто йиш хилар. Википедис цхьанне агӀо ца лоцу. Википедин йаззаман гуран чохь, йерриг ойланаш а, хетарш а оцу темица серладаьккхина хила деза, нагахь церан арахьара хьосташкахь шайн чӀагӀдарш делахь.

Википедин истори

Википеди 
Википеди дуьххьара йолайелла кхечу энциклопеди кхоллам тӀийра
Википеди 
Джимми Уэйлс — Википеди кхоллинарг ву хӀара
Википеди 
Ларри Сэнгер — Википеди кхоллинарг ву хӀара
Википеди 
Ингалс маттахь йолу вики чохь йаззамаш чутуху хан йола йелла 10 нажи бутт 2001 шарахь кху 9 тав бутт 2007 шарахь
Википеди 
Чубовларш wikipedia.org кху 2008 шарахь

Википедин чувала доза тохар

Хан хене мел йолу цхьацца мехкаша Википеди дӀакъовлу йа дӀакъовла кхерамаш туьйсу. Царна йукъахь:

  • 2015 шеран 24 августехь Википедин блок туьйхира Россехь.
  • 2017 шеран 29 апрелехь Туркойчоьно Википедин тӀекхачар дӀакъевлира бахьна а ца дуьйцуш.

Ӏаткъам а, лелор а

Массачусетсан технологин институтан а, Питтсбурган университетан а талламан коллективо хӀоттийна нисса корреляци Википедехь хаамаш хиларна а, Ӏилманан йаззамашна а, монографешна а тӀехь болх беш Ӏилманчаша уьш лело таро хиларна а йукъахь.

Оьздангаллехь

Хаза факташ

2021 шеран декабрехь Christie’s аукционехь Нью-Йоркехь 750 эзар долларех йоьхкира дуьххьарлера Википедехь йаздина NFT кепара йоза. Фраза «Hello, World!» дӀайаздира Уэйлс Джиммис 2021 шеран 15 январехь. И йоза йаздина Уэйлса iMac, йоьхкира 187,5 эзар долларех.

Гергара проекташ

Викимедин фонд, компани-долахочо а, Википеди йиллинчо а, гӀо лоцу кхин Интермашехь маьрша зорбатоха йиш йолчу проекташна:

  • Викидошам — дуккха функцеш йолу дошам а, тезаурус а;
  • Викицитатник — цитатийн, ира дешнийн, кицанийн, пхьуьцанийн гулам;
  • Викитека — маьрша баржо оригиналан могӀамийн библиотека;
  • Викижайна — маьрша йаржо дешаран литература;
  • Викиверситет, шен меттиг латтайо интержигара дешаран а, йиллина Ӏилманан проекташ йахаран а керла кепо санна;
  • Викикерланаш — дуьненайукъара хаамийн агенталла а, йиллина керланийн интернет-арахецар;
  • Викиларма — Викимедин фондан проектийн агӀонаш чохь латто мультимедийн файлийн йукъара коьрта ларма, включаемых в страницы;
  • Викикепаш — биологин тайпанийн таксономин справочник;
  • Викихаамаш — Викимедин фондо кхоьллина цхьанне редакци йен хаамийн база;
  • Викигид — туризман а, маьрша новкъавуьгургаш йаран а йиллина дуккха меттанийн проект;
  • Мета-вики — Викимедин фондан проектийн координацин а, документацин а лерина веб-сайт.

Хьажа кхин а

  • ДӀабиллина чулацам
  • Семантикин вики
  • Лело контент
  • Википедин логотип
  • Wikitruth
  • Wiki Review
  • Вапеди
  • Метапеди
  • (274301) Википеди
  • Викиолуна
  • Арбитражан комитет
  • Википедех лаьцна талламаш[en]

Билгалдахарш

    Комментареш

Литература

Хьажоргаш

This article uses material from the Wikipedia Нохчийн article Википеди, which is released under the Creative Commons Attribution-ShareAlike 3.0 license ("CC BY-SA 3.0"); additional terms may apply (view authors). Чулацам лело мега CC BY-SA 4.0 лицензица (кхениг билгалйина йацахь). Images, videos and audio are available under their respective licenses.
®Wikipedia is a registered trademark of the Wiki Foundation, Inc. Wiki Нохчийн (DUHOCTRUNGQUOC.VN) is an independent company and has no affiliation with Wiki Foundation.

Tags:

Википеди Функци лелоран модельВикипеди н историВикипеди н чувала доза тохарВикипеди Ӏаткъам а, лелор аВикипеди ОьздангаллехьВикипеди Хаза факташВикипеди Гергара проекташВикипеди Хьажа кхин аВикипеди БилгалдахаршВикипеди ЛитератураВикипеди ХьажоргашВикипедиВикиИнгалсан моттИнтермашаЭнциклопеди

🔥 Trending searches on Wiki Нохчийн:

Жабя-Воля (Гродзискан повет)ПлауруӀаламУстроне-МорскеНохчийн Республика Ичкерин ТӀеман НицӀкъашСулейманов, Ахьмад СулеймановичСахьтан асаЙийБезруков, Сергей ВитальевичЭйзенштейн, Сергей МихайловичНурадилов, Ханпаша НурадиловичЖолкиноБеркаберТоронто (Огайо)Мамакаев, Мохьмад Амаевич2002 шоГӀумОкичоби (гуо, Флорида)FacebookОбаргИранан шахӀрестанашКотамПодлесе (Нискан повет)КагӀлиНохчийчуьра олхазаршИнгалсан моттГаламецМассачусетсСвердловскан областьДжеймстаун (Калифорни)Високосан шоЕвразин экономикин бартМаунтин-БрукВиравул17 апрельЯпонийн моттВикипедиӀаьрбийн моттАЦШ долларИсраилISO 3166Греничери (коммуна)Хьалхара май (Ӏида)ЗаюковоЮлианан рузма(20237) 1998 CC3Лакха НогӀмандиЛинкольн, АвраамHTMLКхазакхстанЭджворт (Пенсильвани)Нью-Йорк.museumЖовте (Славяносербскан кӀошт)Литония (Джорджи)Сидней (Нью-Йорк)🡆 More