Барбадос

Барба́дос (инг. Barbados) — Карибийн хӀордан малхбалера Кегийра Антилийн гӀайренийн тобанера иштта цӀе йолчу гӀайрен тӀиера Вест-Индера пачхьалкх.

Лаьтта Къилба Америкин гена йоццуш, 434,5 км къилбаседа-малхбалехьа Венесуэлан.

Барбадос
Barbados
Байракх ХӀост
Байракх ХӀост
Девиз: «Pride and Industry»
Барбадосан Пачхьалкхан Шатлакхан Илли
Барбадос
Маьрша йаьлла терахьаш 30 ноябрь 1966 (Йоккха Британех)
Официалан мотт ингалсан
Коьрта гӀала Бриджтаун
Йаккхий гӀаланаш Бриджтаун
Урхаллин тайпа Йоккха Британи коьртехь йолу ДоттагӀаллин йукъара маьрша пачхьалк;
конституцин монархи
Пачхьалкхан корта
Генерал-губернатор
Премьер-министр
Елизавета II
Мэйсон Сандра
Моттли Миа
Латта
 • Шадерг 439 км² (200-гӀа дуьненахь)
 • % хина тӀехле кӀезиг
Бахархой
 • Мах хадор 277,821 стаг
ДЧС (НЭТ)
 • Шадерг (2015) $4,658 миллиард долл.
 • ХӀораннан а сина $16,653 долл.
ДЧС (номинал)
 • ХӀораннан а сина  ($15,912-гӀа)
АДКИ (2013) 0,776 (лакхара; 59-гӀа меттиг)
Ахча Барбадосан доллар (BBD,код 52)
Интернет-домен .bb
Код ISO BB
Код МОК BAR
Телефонан код +1-246
Сахьтан аса -4
Автомобилийн некъаш аьрру[d]
Викилармин логотип Медиафайлаш Викилармехь

Барбадосан гергахь лаьтта пачхьалкхаш Сент-Люси а, Сент-Винсент а, Гренадинаш а, ший а Барбадосан малхбузехьа. ГӀайренан майда 431 км² ю, иза алсама нийса ю, йуккъехь лоха шунаш а долуш. Лаьттан хӀоттамо гойту, гӀайре тӀапломах даьлла ца хилар, лаьтта коьртаниг маржанех.

ГӀайренан климат тропикийн йу гуттаренна а мехаш болуш — пассаташ — Атлантикин Ӏапказ агӀора. Цхьадолу куьг Ӏоттаза долу гӀайренан дакъошна тӀехь мангрий уьшалаш ду, кхечарна тӀехь шекаран эрзан шуьйра аренаш я даккхий таьӀна, хӀорд хаза гуш а болуш, байдаш ду.

ВКЪКХ Кхиаран программица кхуьуш болчу мехкашна йукъахь Барбадос дахаран тӀегӀа а, бахархойн грамоталла уггаре хьалхарчех цхьаъ йолу пачхьалкх ю, цуьнца мохк йоьалгӀачу меттигехь бу. ЧӀогӀа гӀараяьлла туристийн агӀонца.

Этимологи

«Барбадос» цӀе схьаяьлла я португалихойн Os Barbados дашах, я испанхойн Los Barbados, и ший а дешан маьӀна «мажош ерш» хуьлу. Цхьа могӀа гипотезаш йу цӀе схьайаларх. Царех цхьаьнца, «мажош ерш» дош догӀу гӀайрен тӀехь кхуьучу фикусийн (Ficus citrifolia) деха охкаделла орамашна, кхечуьнца — гӀайренан бахархой хилла болу мажош йолу карибашна. Ю кхин а алсама экзотикан верси, маж гаран иллюзии йора хӀордан чопано, иза кхоллалора арахьара рифашкахь. 1519 шеран генуэзийн картографо Маджиоло Висконтес[en] диллина географин картин тӀехь, гайтина шен меттехь, цӀе а йу Барбадос. Цул сов, Кегийра Антилийн гӀайренийн тобанера Барбуда гӀайрено лелайо цунах терра ала мегар долуш цӀе, и тиллина испахоша Las Barbudas.

Истори

Барбадосера дуьххьарлера бахархой хилла индахойн кхерстарш. Миграцин кхо тулгӀе чекхъяьлла гӀайрен тӀехьула, ткъа уьш Къилбаседа Америкин агӀора дӀаболхара. Хьалхарчу тулгӀенца бара саладоидийн тобанийн векалш — барранкоидаш (Saladoid-Barrancoid), Венесуэлан орамера бахархой, уьш гӀайрен тӀе баьхкира каноэ кеманаш тӀехь Ориноко эркан атагӀера вайн эран 350 шеран гергарчу хенахь. Цара леладора латта, чӀерий лоьцура, кхийра гӀирсаш бора. ТӀаьхьуо, 800 шерашкахь, гӀайрен тӀебаьхкира индахой аравакийн тайпанера, иштта Къилба Америкера. Аравак тайпанан эвланашна йукъайогӀу гӀайрен тӀиера Страуд-Пойнт (Stroud Point), Чендлер-Бэй (Chandler Bay), Сент-Люкс-Галли (Saint Luke’s Gully), Мэпс-Кейв (Mapp’s Cave). Луларчу гӀайренашна тӀиера тайпанан тӀаьхьенийн тептаршца, юьхьанца гӀайрен цӀе хилла Ичиригоуганаим (Ichirouganaim). XIII бӀешарахь гӀайрен тӀехевшина индахой карибийн тайпанара, цара аратеттира цигара ший а хьалхара тайпанаш. Цул тӀаьхьа масех бӀешарахь къаьстина бехира гӀайрен тӀехь.

Административан йекъайалар

ТӀеэцарц Административан
центр
Майда,
км²
Бахархой,
(2000) адам.
Луьсталла,
адам./км²
1 Крайст Чёрч Ойстинс 57 49 498 868,39
2 Сент-Андру Гринленд 36 5 254 145,94
3 Сент-Джордж Булкели 44 17 868 406,09
4 Сент-Джеймс Холитаун 31 22 742 733,61
5 Сент-Джон Блекменс 34 8 873 260,97
6 Сент-Джозеф Бафшеда 26 6 805 261,73
7 Сент-Лючи Краб-Хилл 36 9 328 259,11
8 Сент-Мишель Бриджтаун 39 83 684 2145,74
9 Сент-Питер Спейтстаун 34 10 699 314,68
10 Сент-Филипп Крани 60 20 540 342,33
11 Сент-Томас Хиллеби 34 11 590 340,88
Масо 431 246 881 572,81

Хьажа кхин а

  • Блэкмен, Джордж

Билгалдахарш

Литература

  • Burns, Alan. History of the British West Indies. — London : Allen and Unwin Ltd, 1965. — 849 p.
  • Hamshere, Cyril. The British in the Caribbean. — Harvard University Press, 1972. — 256 p. — ISBN 978-0674082359.
  • Inc. IBP. Caribbean Countries Mineral Industry Handbook. — Lulu.com, 2015. — 328 p.
  • O'Shaughnessy, Andrew Jackson. An Empire Divided: The American Revolution and the British Caribbean. — University of Pennsylvania Press, 2000. — 376 p. — ISBN 978-0812217322.
  • Radula-Scott, Caroline. Insight Guide: Barbados. — Insight Guides, 1999. — ISBN 978-0887290336.
  • Rogozinski, Jan. A Brief History of the Caribbean: From the Arawak and the Carib to the Present. — Facts on File, 1999. — 415 p. — ISBN 978-0816038114.

Хьажоргаш

Правительствон

Tags:

Барбадос ЭтимологиБарбадос ИсториБарбадос Административан йекъайаларБарбадос Хьажа кхин аБарбадос БилгалдахаршБарбадос ЛитератураБарбадос ХьажоргашБарбадосВенесуэлаВест-ИндиИнгалсан моттКарибийн хӀордКъилба АмерикаПачхьалкх

🔥 Trending searches on Wiki Нохчийн:

ОлхазаршКъилба Америка1 декабрьПутин, Владимир ВладимировичПаркер, КэндисСахьтан аса15 сентябрьТгӀезийеГӀезалойЭрзянийн моттПродюсерИспаниМухьаммадВашингтон (Гуо Колумби)Ӏаьрбийн моттБассоль-ОлеЧаплин, ЧарльзЙоккха БританиВьетнамСоловьиха (Нижни Новгородан область)Гарабуджаг (эвла, Куьрдаьмиран кӀошт)БудапештДатхойн мотт16 июньХейримлиКапла (Табор)Еврази2003 шоШайх МансурДинПастер, ЛуиКалера (Алабама)КанадаЛенин, Владимир ИльичФутболУмханов, Шарип ИсаевичОхотскан хӀордIP-адресДиснейКап-д'АгдеСпортПрагаЗандакъойНохчийчуьра олхазаршБахьрайнАвстралиНохчийчуьра акхаройГессенКабо-ВердеНикараВагнер, РихардШийӀашПариж1864 шоЭрмалойВикимедин фонд.neАддис-АбебаИсраилЯпонГуанчжоуЦӀерпоштУрдан хин малхбузен хийист23 августФизикаОвхӀан🡆 More