Бабур-Наме

«Ба́бур-на́ме» (чагат. بابر نامہ; «Бабуран жайна» йа «Бабура дӀайаздинарг») — Тимаран тӀаьхьенах волу, Сийлахь Моголийн импери коьллина ЗахӀир ад-дина Мухьаммад Бабуран дагалецамаш (1483—1530).

Йаздина оцу заманахь «тюрки́» олучу чагатайн маттахь; цу чохь нисло фарси меттара цхьацца фразаш, байташ.

Бабур-наме
Арахецар
Жанр автобиографи[d]
Автор Бабур[d]
Дуьххьара зорба тоьхна XVI век
Бабур-Наме
Бабур-намен чуьра сурт
Бабур-Наме
Бабур-намен чуьра сурт

ЦӀе

«Бабур-наме» цӀе йаьржина хиларна, ша автор шен кхолламанна «Вакъа́иӀ» (Ӏаьр. وقائع‎‎, waqā'iʿ «Хиламаш») тилла дагахь вара, ткъа тӀаьхьабогӀу Империн урхалчаша элира цунах «Wāqiʿāt-i Bāburī — Цуьнан Сийлалло, туьрки маттахь йаздина жайна . Иранан матте йаьккхина Бабур-наме йукъайолу тӀаьхьа гочйина автобиографи оригиналан чагатайн меттара, оцу хенахь шуьйра даьржинчу ламастаца, гӀажарийн мате йаьккхина.

Чулацам

Дийцар долало 12 шо кхаьчна Бабур Ферганехь паччахь хӀоттарца. Шегара Бабура сурт хӀоттадо хьалхара гӀулчийн а, аьттонаш бохарх а, царна йукъахь Самарканд йар а. Шен 23 шо долалуш Бабур Ферганера араваьлла къилбехьа воьду. Иза хьоьжура Хорасане кхалха варианте. Йуьхьанца цуьнца 200 тӀемло бен вацара. Иза сецца меттиг Гиссар йара, цул тӀаьхьа, 1504 шарахь иза Кундузехула Къабуле вахара. ХӀунда аьлча меттигера урхалчо Мукъима Къабул тӀом ца беш дӀайелла дера, цунна бакъо йеллера да волчу Кандагаре дӀаваха. Къабулехь охьахиина, Бабура шен агӀончашна латтанаш дийкъира Газнихь, Кунарехь, Нангархарехь. Хьалхарчу шерашкахь дуьйна Бабур Ӏоттавелира хазарейхойн гӀаттамашца малхбузехь, овхӀанийн малхбалехь. Геннара мостагӀалла долучу Мухьаммад Шейбанин аьттунаша, 1507 шарахь дийзийтира Бабуран Нангархархула ХӀиндостане ваха. Амма кхерам дӀабаьлча Мухьаммад Шейбани дӀавахара Кандагар бухара, ткъа Бабур йухавирзира Къабуле, цигахь 1508 шеран бӀаьста цунна кӀант Хумаюн вира.

1508 – 1519 шерашкара Бабурах лаьцна хаамаш «Бабур-намехь» бац, иза доьзна йа авторан сацамах йа и да́къа да́рах йа тӀаьхьарчу шерашкахь ша хӀаллака дарх.

1525 шо чекхдолуш Бабур 12 эзар эскаран коьртехь тӀелата волавелира ХӀиндостанан, Къабул эркца охьа. ХӀиндах даьлла, цуьнан эскар кхечира Сиалкоте. Оцу тӀелатарехь уггаре боккха толам баьккхина тӀом хилира Панипатан тӀом меттигера ИбрахӀим султанан дуьхьала. 1526 шеран майхь Бабур вара Агрехь, цигахь ийцира гӀарадаьлла алмаз, ваха хиира ИбрахӀим султанан гӀалин чохь.

Бабур шен мемуарашкахь дуьхьала хӀутту эсала, цхьа, бахамехь атта стаг санна, оццу хенахь Бабура шен дийцарехь ша гойту уггаре Ӏовдалчу кепара.

Бабур хила лакхара дешна Йуккъера Азин оьздангалла йолу стаг. Цуьнан йозанаша гойту цунна ша хиллачу мехкашкара истори, хӀусаман бахам, флора, фауна хаа лаар, церан йоккха историн а, литературин а мехалла йу.

Гоччамаш а, арахецарш а

«Бабуран тептарш» Сийлахь Моголийн муьрехь дуьйна императорийн улле дехкина жайнаш хилира, гочдира фарси мате, хаза суьрташ дохкура уггаре дика хӀиндин миниатюрин говзанчаша.

Акбар I Сийлахьволчо, Бабуран кӀентан кӀанта, омар делира кхоллам гӀажарийн матте даккха аьлла, дуккха а миниатюрашца суьрташ дахка аьлла.

Кхоллам европин оьздангаллехь гӀарабелира XVIII бӀешарахь. Хьалхара цхьацца дакъошкара «Бабур-намен» гоччам бира Голландехь 1705 шарахь Витсена. Россехь «Бабур-наме» дуьххьара зорбатоьхна И. Ильминскийс 1857 шарахь, Пилат Тимура 1714 шарахь Бухарехь эцначу испискица.

Арахецарш

    Оьрсийн маттахь
  • Автор-составитель Хамид Сулейман. Альбом «Миниатюры к Бабур-наме» = «Бобирнома расмлари» / Под редакцией академика АН УзССР И. М. Муминова. АН УзССР. Музей литературы им. А. Навои. — Ташкент ГСП: «Фан» УзССР, 1970. — 160 с. — 25 000 экз.
  • Бабур-наме: Записки Бабура / Перевод М. А. Салье. Общ. ред. и доработка С. А. Азимджановой. Институт востоковедения Академии наук Республики Узбекистан. — Изд. 2-е, доработанное. — Ташкент: Главная редакция энциклопедий, 1993. — 464 с. — 30 000 экз. — ISBN 5-89890-060-8. (Гоч.)

Хьажа кхин а

  • Акбар-наме
  • Джахангир-наме

Билгалдахарш

Хьажоргаш

Tags:

Бабур-Наме ЦӀеБабур-Наме ЧулацамБабур-Наме Гоччамаш а, арахецарш аБабур-Наме АрахецаршБабур-Наме Хьажа кхин аБабур-Наме БилгалдахаршБабур-Наме ХьажоргашБабур-НамеТуьркийн меттанашФарси

🔥 Trending searches on Wiki Нохчийн:

Латинан моттВуамоТелятинКорейн Халкъан-Демократин РеспубликаАлламонТуркмениМокшанийн моттСеменовка (Эрмалойчоь)АрапджамиМоллаобаДугаПьемонтЦӀечойАлександрув (гмина Клещув)ЭнциклопедиГендаргнойNGC 4220Нунуев, Сайд-Хьамзат МахмудовичЯнковице (Великопольскан воеводалла)Тувинийн моттБахьрайнРуська Поляна (Румыни)Расаев ХьусейнБисултанов, Апти ДибаевичКоблевоБераххиларСент-Обен-Фосс-ЛувенСлатиниВен кхиэлТагӀбЛядовичиМали1778 шоЭволюци1823 шоВаагнадзорЭль-Мираж (Аризона)Степногорск1989 шоДе-буьйсаХьабиб Ӏали аль-ДжифриПастер, ЛуиГӀезалойн моттПачхьалкхийн а, бозуш болчу мехкийн а майданан барамца йолу испискаСоветийн Социалистийн Республикийн СоюзАбу-ШайхЖузиТорелааниАнглуьгӀВысоки Горан кӀоштЖибрилЛиванЕгийГӀеанКатов (Словаки)1999 шоБерд (боьра)Килия-Веке (коммуна)БийтаройӀапказКоста-Валле-ИманьяИсламан Республикин аз ГӀажарийчоьЭль-Атасар1945 шоФранклин-Лейкс (Нью-Джерси)НьегӀлеСьерра-Леоне🡆 More