Антарктида: континент

Антарктида (желт.

ἀνταρκτικός — Арктикан дуьхьало) — континент, лаьтта Дуьненан уггаре къилбехахь. Антарктидин йукъ гергга йу Къилба полюсан. Бердашца ду Атлантикин, ХӀиндин, Тийна Ӏапказаш. 2000 шарахь дуьйна Антарктидин бердашкара 60° къ. ш. къилбехьара хишшах, Дуьненайукъара гидрографин кхолламан сацамца олу Къилба Ӏапказ.

Антарктида
Антарктида: Этимологи, ДӀайеллар, Галерей
Мохк14 107 000 км²
Бахархойгуттаренна беха бахархой бац, полюсийн станцийн белхалой: аьхка 4000 стаг гергга, Ӏай 1000 стаг гергга. стаг
Йукъахь йу0 пачхьалкхаш
Моттдац 
Интернет-доменаш.aq 
Викилармин логотип Медиафайлаш Викилармехь

Континентан майда йу 14 107 000 км² (царех шельфан шалаьмнаш — 930 000 км², гӀайренаш — 75 500 км²). Къилбаседехьара къилбехьа кхаччалц 3000 км гергга йеха йу, ткъа малхбузехьара малхбалехьа — 4500 км. Антарктидин локхаллин йуккъера барам массо а континентел боккха бу. Шелонан полюс йоцург, Антарктидехь йу хӀаваан тӀуналлин дустаран уггаре лахара барам болу, уггаре чӀогӀа а, дукха лаьтта а мох болу, уггаре жигара мелхан радиаци йолу меттигаш.

Антарктида кхин а олу Антарктида материках а, гуонахьара гӀайренех а лаьтта дуьненан декъах.

Этимологи

«Антарктида» цӀе йу желтойн дешан ἀνταρκτική роман йина верси — зударийн тайпа ἀνταρκτικός дешах, цуьнан маьӀна ду «Арктикин дуьхьала», «къилбаседин дуьхьала».

Цхь «антарктикин регион» йийцина шен «Метеорологика» жайнахь Аристотела (Вайн эрал 350 шо гергга хьалха). II бӀешеран ширажелтойн географо а, картографо а, математико а Тиран Марина и цӀе лелийна вайн деношка ца кхаьчна дуьненан картин тӀехь. Руман йаздархоша Гай Юлий Гигина а, Апулейс а (I—II бӀешераш) лелийна роман йина желтойн цӀе Pólus antarcticus къилба полюс билгалйоккхуш, цунах схьадаьлла ширафранцузийн pole antartike (хӀинца йаздо — pôle antarctique), дӀайаздина 1270 шарахь, цуо шен рогӀехь даьккхина, йуккъераингалсан pol antartik Чосер Джефринан 1391 шеран трактатехь (тахана йаздо — Antarctic Pole).

ХӀинцалера географин коннотацеш схьаэцале, «Антарктида» термин а, цунах схьайевлла терминаш а лелайора «къилбаседин дуьхьалара меттигаш билгалйохуш. Масала, XVI бӀешарахь Бразилехь йиллина дукха ца лаьттина французийн колони, цунах олура «Антарктикин Франци».

1820 шарахь дуьненна гуотесна антарктикин экспедицехь уггаре хьалха антарктикин шельфан шалаьмнашка кхаьчна оьрсийн хӀордахой Ф. Ф. Беллинсгаузена а, М. П. Лазаревс а, карийначу лаьттана цӀе йелира «шен материк». «Антарктикин материком» цунна цӀе тиллира 1840 шарахь америкин хӀордан эпсаро а, талламхочо а Уилкс Чарлза, иза куьйгалла деш вара 1830-гӀа шерашкахь АЦШ ТӀХӀН картографин департаментанна. Дуьххьара йерриг материк гайтира 1886 шарахь ингалсан Ӏапказографан Мэррей Джонан картин тӀехь, цӀе йазйинера «Хила тарло Антарктикин континент».

ХӀинцалера географин коннотацеш схьаэцале, «Антарктида» термин а, цунах схьайевлла терминаш а лелайора «къилбаседин дуьхьалара меттигаш билгалйохуш. Масала, XVI бӀешарахь Бразилехь йиллина дукха ца лаьттина французийн колони, цунах олура «Антарктикин Франци».

1820 шарахь дуьненна гуотесна антарктикин экспедицехь уггаре хьалха антарктикин шельфан шалаьмнашка кхаьчна оьрсийн хӀордахой Ф. Ф. Беллинсгаузена а, М. П. Лазаревс а, карийначу лаьттана цӀе йелира «шен материк». «Антарктикин материком» цунна цӀе тиллира 1840 шарахь америкин хӀордан эпсаро а, талламхочо а Уилкс Чарлза, иза куьйгалла деш вара 1830-гӀа шерашкахь АЦШ ТӀХӀН картографин департаментанна. Дуьххьара йерриг материк гайтира 1886 шарахь ингалсан Ӏапказографан Мэррей Джонан картин тӀехь, цӀе йазйинера «Хила тарло Антарктикин континент».

Дуьххьара континентан официалан «Антарктида» цӀе 1890-гӀа шерашкахь лелор тӀейаздина шотландин картографан Бартоломью Джон Джорджана.

ДӀайеллар

Антарктида: Этимологи, ДӀайеллар, Галерей 
Кховдийна Антарктидин байракх
Антарктида: Этимологи, ДӀайеллар, Галерей 
Антарктидин спутник тӀера сурт
Антарктида: Этимологи, ДӀайеллар, Галерей 
Антарктидин карта

Антарктида дӀайиллира 1820 шеран 16 (28) январехь куьйгаллехь Беллинсгаузен Фаддей а, Лазарев Михаил а волу оьрсийн экспедицис, уьш шлюп-кеманаш «Малхбале» а, «Машаре» а аьттехьа бахара шельфан шаломан HGЯO меттигехь (хӀинцалера Беллинсгаузенан шельфан шаломан кӀошт). Цул хьалха къилба материк (лат. Terra Australis) хилар чӀагӀдора гипотезашца, дукхаха иза дӀатухура Къилба Америкех (масала, 1513 шарахь Пири-рейса хӀоттийна картин тӀехь) а, Австралех а.

Галерей

Билгалдахарш

Литература

  • Саватюгин Л. М., Преображенская М. А. Карта Антарктиды: имена и судьбы / под ред. д-ра экон. наук, канд. геогр. наук М. В. Слипенчука. — СПб.: ГеоГраф, 2014. — 352 с.: ил. — (Полярные истории) — ISBN 978-5-902211-29-7.
  • Трёшников А. Ф. История открытия и исследования Антарктиды. — М.: Географгиз, 1963. — 432 с. — (Открытие Земли). — 17 000 экз. Архиван копи 2014 шеран 22 февралехь дуьйна Wayback Machine тӀехь
  • Рудой А. Н. Феномен Антарктиды. — Томск: STT, 1999. — 128 с. — 1000 экз.
  • Лосев К. С. Страна вечной зимы: О ледниковом покрове Антарктиды. — Л.: Гидрометеоиздат, 1986. — 112, [16] с. — 92 000 экз.

Хьажоргаш

Tags:

Антарктида ЭтимологиАнтарктида ДӀайелларАнтарктида ГалерейАнтарктида БилгалдахаршАнтарктида ЛитератураАнтарктида ХьажоргашАнтарктидаАрктикаАтлантикин ӀапказДуьнеЖелтойн моттКонтинентКъилба полюсКъилба ӀапказТийна ӀапказХӀиндин Ӏапказ

🔥 Trending searches on Wiki Нохчийн:

КрасногорскЛа-ГудиньяКъилбаседа КавказДела, Паччахь ларвехьа!ТрипураУкраинаХань (некъий)Хомский, НоамИнгалсан моттКиевВоздвиженка (Новосибирскан область)Покшивна (Ополен воеводалла)Дерригдуьненан банкАзиДомброва (Могиленскан повет)ВикихаамашСербийн моттМакдоналдсНохч-ГӀалгӀайн Автономин Советийн Социалистийн Республика22 апрельТарту(243) ИдаАллахӀЧӀуоКазе Нориз (Горица)Франклин-Лейкс (Нью-Джерси)Вьетнамера тӀомДаосизмЦийн йозаАомори (префектура)ГалактикаБисултанов, Апти ДибаевичНью-ЙоркОкуев ШимаНью-ДелиМарчагасЮнусШвециХьиджазЙеараЧартойТрента (Бовець)Бермуда гӀайренашХуанхэСаракаев, Хамзат Ибрагим-Бекович2019 шо1969 шоКубаЭчиг некъ2015 шоУьшнаКерла ЗеландиПарижБосни а, Герцеговина аПойнт-Робертс (Вашингтон)ЭрискирхМейгилл (Нью-Мексико)Нохчийчоьнан нах беха меттигашАджариӀийса денваларЯьЕха буьйсанашЕраносЗамКоледж-Стейшен (Техас)Фома АквинскиПайнал (Аризона)БедарГебремариам Алана ТадегеКаспий-хӀордКриштиану РоналдуКапане-Прато-Чинквале (Маса-Карара)🡆 More