Агванийн Абат

Агванийн абат (я Кавказан Албанин йоза) — хӀинцалера Азербайджанан а, Къилба ДегӀастаан мохк тӀехь хилла, йуккъера бӀешерийн Малбален Чоьхьара Кавказан пачхьалкхан Кавказан Албанин йоза.

Абат карийна 1937 шарахь XV бӀешеран эрмалойн куьйга йаздина тептар йукъахь, йозан шифр дӀадиллина тӀаьхьуо карийначу хьостийн бух тӀехь, зорба тоьхна 2009 шарахь. Агванийн маттах схьабаьлла лору нахийн-дегӀастанан меттанийн лезгийн бухаратобанера хӀинцалера удинийн мотт.

Агванийн абат
Йозан тайпа консонантан-вокалийн йоза
Меттанаш кавказан-албанийн
Кхоьллинарг Месроп Маштоц[d]
Кхоьллина терахь II век в. э. хьалха
Мур V—VII бӀешераш
Йозан агӀо слева направо[d]
ISO 15924 Aghb
Йозан масала

Историн очерк

Агванийн Абат 
Албанхойн абат йукъахь йолу эрмалойн XV бӀешеран тептар

Албанин бевза цхьаъ бен боцу мотт бу агванийн мотт, кхин цӀе «гаргарийн».

Корюн, «Маштоцан дахар», 443—450 шераш герга:
«Оцу хенахь веира и волчу цхьа иерей, алуанхо цӀе Бениамин а йолуш. Цуо (Маштоца) хаьттира цуьнга, теллира варварийн дешнаш алуанийн меттан, цул тӀаьхьа шен даима санна гарца, лакхара доссийна долу, кхоьллира йозанаш (алуанхошна), Делан къинхетамца дуьстира, шен метта дӀахӀиттийра, нисдира.»

V бӀешеран эрмалой хронисто, «Маштоцан дахар» авторо Корюна, хаам бо, Агванийн абат йина хилла (йа йуха йина) эрмалой серлончо а, диндархохочо а Месроп Маштоца епископ Ананийн а, гочдархочун Вениаминан а гӀоьнца 420-гӀа шераш долалуш, и мохк керста бинчул тӀаьхьа. Корюна йаздо:

Иштта хаам бу кхин тӀаьхьарчу историкан Мовсес Хоренацин а, «Албанин историн» авторан Мовсес Каганкатваци а гаргарийн меттан амалца, амма огӀа историкашна (А. Г. Шанидзе, К. П. Паткановс) хета, тӀаьхьарчу хьостан и фрагмент эцна Хоренацигара.

Месропом Маштоца албанийн абат кхоллар бух болуш ца хилар ца карадо эрмалойн доцучу хьосташкахь.

Билгалдахарш

  • J. Gippert, W. Schulze. Some Remarks on the Caucasian Albanian Palimpsests / Iran and the Caucasus 11 (2007).

  • А. Шанидзе. Новооткрытый алфавит кавказских албанцев и его значение для науки // Известия института языка, истории и материальной культуры им. акад. Н. Я. Марра. — 1938. — С. 2.
  • К. Патканов. История Агван Мойсея Каганкатваци. — 1861. — С. xi.
  • Avedis K.Sanjian. The World’s Writing Systems. Oxford University Press, 1996- P.356.

  • This article uses material from the Wikipedia Нохчийн article Агванийн абат, which is released under the Creative Commons Attribution-ShareAlike 3.0 license ("CC BY-SA 3.0"); additional terms may apply (view authors). Чулацам лело мега CC BY-SA 4.0 лицензица (кхениг билгалйина йацахь). Images, videos and audio are available under their respective licenses.
    ®Wikipedia is a registered trademark of the Wiki Foundation, Inc. Wiki Нохчийн (DUHOCTRUNGQUOC.VN) is an independent company and has no affiliation with Wiki Foundation.

    Tags:

    АзербайджанДегӀаста

    🔥 Trending searches on Wiki Нохчийн:

    Нохчийчуьра олхазаршТаьӀна-цӀенБратвинЗелена (Малков)ПортугалиРингвуд (Нью-Джерси)Духаев Адам19 сентябрьВьетнамАвстриСолина1973 шоШонойШотланди1804 шоГуьнгоьренШахидов, Адам СайдалхановичГӀалгӀайн моттНорвегиInternet Movie DatabaseМакаоСелли2011 шоДахкильгов, Ибрагим АбдурахмановичИнжилЛитония (Джорджи)19 ноябрьБеркаберБалтиморТуркойчоьОьрсийн моттТаймин Биболат29 апрель1200 шоЙоккха БританиГугутиХачатурян, Арам ИльичСоверия-СимериНова Весь-ПшивидзькаАбсолютизмӀаьрбийн моттПачхьалкхийн а, бозуш болчу мехкийн а майданан барамца йолу испискаТавратАвстралин долларБерлускони, СильвиоДорпош-ШляхецкийМассийн хаамийн гӀирсашIP-адресБелоруссиНохчийн Википеди9 октябрьВовшахтоьхна Къаьмнийн КхолламРича ГосударственнаяБоккха Цийн пенЛорито (Бреша)СумгаитНемцойн моттИсламехь ТовратСелли-МаринаСтрадзево (Западно-Поморскан воеводалла)Мамакаев, Мохьмад АмаевичКоьрта агӀоДудаев, Ӏабди ДудаевичШанхайн цхьаьнагӀуллакхдаран кхоллам2008 шоУкраина🡆 More