Аборигенаш

О́рамера къа́ьмнаш — кхечу меттигашкара кхин къаьмнаш цига кхалхале даьхна къаьмнаш.

Аборигенаш
Европин орамера саамийн къоман векал — Кескитало Айли, 2005—2007 шерашкахь Норвегин саамийн парламентан президент
Аборигенаш
ХIиндин орамерчу къоман кхондийн векал
Аборигенаш
Филиппинийн орамерчу къоман аэтан (ати) векал. Панай гIайре
Аборигенаш
Бенито Хуарес — орамерачу къаьмнех (сапотек) волу Мексикан хьалхара президент
Аборигенаш
Айнийн къоман векал, 1880 шо гергга

Терминологи

Билгала йукъара тIеэцна кхетаман амалаш йац дуьненайукъарчу бакъонехь цхьацца бахьнашца: уьш тайп-тайпана расийн, оьздангаллин, меттан тобанийн, динан векалш бу, беха массо аьлчи санна нах бехачу континенташ тIехь; уьш бу социалан, экономикин, оьздангаллин кхиаран тайп-тайпанчу тIегIанехь. И бахьна долуш церан тайп-тайпана иэшамаш, гар, хьолаш ду. Вовшахтоьхна Къаьмнийн Кхолламо (ВКЪКХ) Орамера бахархойн дискриминацин баланех башха докладчикан цIарах, ВКЪКХ дискриминацил хьалхадаларан а, кегийра къаьмнаш лардаран а бухара комиссин цIарах Хосе Мартинес Кобос ялайо лахара белхан билгало:

Аборигенаш  «...орамера къам лаьтта, пачхьалкхан хIинцалера махкахь я цуьнан декъехь баьхначеран хIинцалера тIаьхьенех, цига дуьненан кхечу дакъошкара, кхин оьздангаллера а, этносера а, уьш къар а бина, хIиттийна бозучу, колонин хьоле мохк баккхарца а, кхечу гIирсашца а; хIинца и къаьмнаш деха шайн башха гIиллакхашца, социалан, экономикин, оьздангаллин ламасташца. Ца деха пачхьалкхан шеш дакъа долу институташца, цуьнан бух болу къоман, социалан, оьздангаллин башхаллаш йолу олалла дечу бахархойн чкъоьрийн пачхьалкхан структурашца Аборигенаш 

Орамера къаьмнаш деха Дуьненан дерриг дакъошкахь: царна йукъа богӀу, масала, эвенкаш Генара Малхбалехь, эскимосаш а, алеуташ а Къилбаседа Америкин а, Генара Малхбален а Полюсан гуонаннаха, саамаш Скандинавин а, Кольскан ахгӀайрен а тӀаьхь, маори Керла Зеландехь, индахой Америкехь. Уьш бу 300 млн стаг гергга.

«Орамера къаьмнаш» (инг. indigenous peoples) термин йукъайогӀу дуьненайукъара-бакъонийн лексикон йукъа, лелайо Вовшахтоьхна Къаьмнийн Кхолламан тайп-тайпана документашкахь. Российн Федерацин законашкхолларехь лелайо «орамера кегийра къаьмнаш» а, «кегийра къаьмнаш» терминаш. Дешнаш «аборигенаш», «автохтонаш», «бухара махкахой», «орамера бахархой» семантикица терминан гергара ду «орамера къаьмнаш», амма юрисдикцин документашкахь ца лелайо.

Истори

Дуьненан колонизаци йоьдуш, XV бӀешарахь йола а йелла лаьттира XX бӀешо кхаччалц, дукхаха долу орамера къаьмнаш, алсама дуьненан орамера кӀезиг къаьмнаш, дӀадовларна кхерамехь дара. Орамера къаьмнаш, 2007 шеран 13 сентябран хиллачу ВКЪКХ Инарлан Ассамблейн 61/295 резолюцехь ма-яздарра, «историн харцонийн ижу хилира, бахьна, кхечарна йукъахь, царна колонизаци а, церан латташ, мохк, ресурсаш схьадахар а долуш, оцу балхо новкъарло йо, масала, шайн иэшамашка а, лаамашка а терра шен бакъо кхион …».

Орамера къаьмнаш ницкъала хӀаллак деш дацахь а, церан дукхах долу автохтонан меттанаш кхерамехь дара хаъал галдовла а, йукъара дӀадовла а — хенан йохаллица лаамаза меттан ассимиляци йой а, орамера къаьмнаш йукъадахана мехкашкахь пачхьалкхан долу кхечу меттанийн агӀора хууш йинчу лингвоцидаца (алсама — дуьненан меттанашкара). Хаъал галъяха, я дӀаяха кхерамехь ю, тахана а, ерриг автохтонан оьздангаллаш — иза хила тарло титулан къаьмнийн оьздангаллин агӀора Ӏаткъамца а, Ӏаламан глобализацица а.

Ораман къаьмнийн дуьненайукъара башха бакъонаш къобалъяран юьхьиг дӀайолийра 1957 шарахь, № 107 йолу «Маьршачу мехкашкахь тайпанийн, ахтайпанийн дахар лелош болу орамера а, кхин а бахархой ларбарех, интеграци ярех» цӀе йолу тептар Дуьненайукъара белхан кхолламан Конвенци тӀеэцначу хенахь.

Билгалдахарш

Tags:

🔥 Trending searches on Wiki Нохчийн:

Торонто (Огайо)Везачу Валентинан деНохчийчуьра акхаройБиблиСолёни ЗаймищеПономаревКриштиану РоналдуКонин-ЖаганскийТемерханов Юсуп-ХьаьжаЯпонийн моттДжеймстаун (Калифорни)КъонахаллаГуьржийчоьНенан моттНемцойн ВикипедиВиравулIOS 17БоснийхойЖелтойн абатКагӀлиКотамНохчийн Республика Ичкерин ТӀеман НицӀкъашДерригдуьненан могушалла Ӏалашйаран организациСулейманов, Ахьмад СулеймановичГасеЩури (Великопольскан воеводалла)ФутболСатуев, Хусейн ДжунидовичПиен.neПугачёва, Алла БорисовнаКеретароВодемонСахьтан асаНатахтариIP-адресАктёрFacebookБексултанов, Муса ЭльмурзаевичЕвразин экономикин бартЭйзенштейн, Сергей МихайловичСийлахь-Боккха Даймехкан тӀомМархашКадыров, Рамзан АхматовичИнгалсан моттТаьӀна-цӀенБисмарк, Отто фонЭджворт (Пенсильвани)МумбаиГай Юлий ЦезарьГрот-ЗюндертПутин, Владимир ВладимировичАристотельГӀумПрловСеда Дудуркаева🡆 More