Аббревиатура

Аббревиату́ра (итал.

abbreviatura схьадаьлла лат. brevis «доца») — хьалхарчу элпийн йа дешан аьзнийн абатан цӀерца дацдина дош йа дешнаш.

Аббревиатураш декъало чолхе дацдина дешнашка а, инициалан аббревиатурашка а:

  • чолхе дацдина дош — дешнийн цхьаьнакхетарехь яцйина юьхьанцара элементех хӀоттийна (морфемех) дош;
  • инициалийн тайпана чолхе дацдина дош — дешнийн хьалхара элпаш йа аьзнаш цхьаьнатухуш кхоьллина дешнаш, шен рогӀехь декъало элпийн а, аьзнийн а, элпийн-аьзнийн а аббревиатурашка.

Аббревиатуран долара хилам — акроним.

Тайп-тайпана кепаш

Инициалийн аббревиатура

Элпийн аббревиатура

ХӀоттийна дешнийн цхьаьнакхетар кхуллуш долу дешнийн хьалхарчу элпийн абатан цӀерех.

Нохчийн элпийн аббревиатурашна йукъара цхьадолу элпийн цӀе абатехь йукъара тӀеэцначаьрца ца дан тарло. Иштта, «Ф» («эф») элп деша тарло «фэ» аьлла:

  • ФТБ [фэ-тэ-бэ́] — Федералан талламан бюро
  • ДФК [дэ-фэ-ка́] — дарбанан физикин культура
  • РФФ [эр-фэ-фэ́] — радиофизикин факультет

«С» («эс») а, «Ш» («ша») а элпаш — «сэ» а, «шэ» а санна:

Озан аббревиатура (акрофонетикан аббревиатура)

Кхоьллина дешнийн цхьаьнакхетаран элементийн хьалхарчу элпех, амма доьшу ма-гарра (масала, «ПУТ» [пэутэ] ца доьшу, ткъа доьшу [пут]):

  • АУС — автоматйина урхаллин система
  • ГЭС — гидроэлектростанци

Элпийн-озан аббревиатура

Кхоьллина цхьа дакъа юьхьанцара элпийн цӀерех, цхьа дакъа дешнийн дуьхьанцара аьзнех:

  • СЭЦЦӀ [сэ-цэ-цӀэ] — Советийн эскаран центран цӀа
  • НЛКХПИ [эн-эл-кхэ-пи] — Новкъа леларан кхерамазаллин пачхьалкхан инспекци

Бэкроним

Долуш долчу дешах хӀоттийна аббревиатура. Цу тӀе бэкронимо кхето тарло дош схьадаларан маьӀна а, дешан керла маьӀна дала а тарло.

  • Spam — Seriously Pissing-off Advertising Mail («Боккъал а баленъяьлла рекламан пошт») йа System Post Automatic Mail («Пошт дӀасахьажоран автоматан система»). (ДӀаделларо ло керла маьӀна «спам» дешна. Юьхьанца и дош, чӀогӀа агрессин реклама йолчу, йораха жижиган консервийн йохк-эцаран маркан цӀе SPAM яра).
  • УДАР — Украинин демократийн альянс реформашъяран (политикин парти). ЦӀе ю гӀараваьлла волу боксёр Кличко Виталий коьртехь волу партин аллегори тиллина.

Бэкроним хила тарло иштта йолуш йолчу аббревиатуран забарен шифр дӀаеллар.

  • ВЛКСМ — веллачу Ленинан кашчохь самукъа ма-далийла.

Рекурсиван аббревиатура (рекурсиван акроним)

Шифр дӀаяккхаран йукъа йоьду ша аббревиатура.

  • GNU — GNU‘s Not Unix
  • ALT — ALT Linux Team
  • PHP — PHP Hypertext Preprocessor
  • Wine — Wine Is Not an Emulator

Йолуш ю иштта рекурсиван акроним, шех Ӏотталуш хьажоргаш йолуш, иза HURD аббревиатура. Кхузахь элп H билгалйоккху аббревиатура HIRD, шен рогӀехь H элпо билгалдоккху хьостан аббревиатура HURD. Цул сов, дешнаш «Hurd», а «Hird» а ингалсан маттахь яздаран варианташ ю «Herd» («Бажа, жа»).

Аббревиатураш-дешнаш (маьӀнийн)

Хьалхара элпаш ду долу дош

  • SMILES — инг. Simplified Molecular Input Line Entry Specification
  • SMART — инг. Smiles ARbitrary Target Specification, System Management Arts

Чолхедацдина дешнаш (дешдекъан аббревиатура)

Шинна а, сов а дешнийн хьалхара дакъош тӀеттӀатохар

  • обком — областан комитет;
  • партком — партийн комитет;

Билгалдахарш

Tags:

Аббревиатура Тайп-тайпана кепашАббревиатура БилгалдахаршАббревиатураДошИтальянийн моттЛатинан мотт

🔥 Trending searches on Wiki Нохчийн:

Несерхоев, Изновр НесерхоевичАбертураЛивиЖутиньиЭрмалойн акъариМарксизмКонго (эрк)Воткинс (Колорадо)ХанНеапольУьшнаСевастопольАбсолютизмДиодАнгкор-ВатОйскирхенДомброва (Могиленскан повет)Британийн империМексикаБозеано (Горица)Виктория (Техас)Экономикин лакхара ишколКиевЙайлакоьй (Артуклу)1922 шоФиннийн моттНохчийчуьра акхаройФоьСыма Цянь2006 шоВенетоЧартойМарзлуш долу ловзарДевкар-ЭвлаХьайбахехь нах байар25 октябрьСийлахь-Боккха Даймехкан тӀомВонк (коммуна)Вьетнамера тӀомСократТуркойчоьБагалова ЗулейханШолгӀа Ватиканан гуламПолякийн моттБашкирийчоьСугӀаФранцузашХалкъашна йуккъера валютан фондДжомолунгмаЭнди УорхолЙоза хаарИранМиссисипи (хи)Нохчийн Республика Ичкерин ТӀеман НицӀкъаш2005 шоФранци.plГай Юлий ЦезарьШанхайХьекъалКапане-Прато-Чинквале (Маса-Карара)Дорнешть (Сучава)13 февральАсунсьонСахьтан асаКоледж-Стейшен (Техас)Йукъара адамийн бакъонийн деклараци🡆 More